Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

28.12.2018 17:46 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 101-104 от 28.12.2018 г.

Поэтаца цхьанакхетар хилира

Автор: Н.ДАУДОВ

Вайн махкахь а, цул арахьа а дика вевзаш волчу нохчийн халкъан поэтаца Рашидов Шаидаца, цуьнан кхузткъе берх1ийтта шо кхачар даздеш, цхьаьнакхетар д1адаьхьира Замай-Юьртан культуран Ц1ийнехь. Шаиде маршалла хатта а, цуьнга ладог1а а, Шаидан кхоллараллах хастаме дош ала а баьхкинера: юьртан администрацин
куьйгалхо Цокуев Руслан, Россин яздархойн Союзан декъашхо Даудов Абусупьян, юьртан юккъера школан хьехархо Инеркаев Яхьъя, школан дешархой, шен белхан накъосташца цхьаьна юьртан оьздангаллин кхерчан директор Цабаева Масарат.
Цхьаьнакхетар д1ахьочу Инеркаев Яхьъяс бовзийтира
гоьваьллачу поэтан дахаран а, кхоллараллин а некъ.
- Ницкъ болуш ву поэт, нагахь цунна шен дагца цхьаьна кхечеран дегнашка йиш,
илли алийталахь. Ницкъ бу поэтан дашехь, мукъамехь, нагахь ладуг1учаьрга узам, мукъам
байталахь, — яздо шен Шаидах йолчу статьяхь журналисто Д.Сумбулатовс, — аьлла, билгалдаьккхира шен къамелехь Я. Инеркаевс. — И ницкъ кхаьчнарг а, и ницкъ шен поэзехь
берг а ву: — СССР-н, Россин яздархойн
Союзан декъашхо, — Россин халкъан дешаран отличник, — Нохчийн Республикин халкъан яздархо, — кхерамазаллин а, низам лардаран а Академин академик, — кху заманан гуманитарни Академин сийлахь профессор,
- Нохчийн Республикин Академин коьрта 1илмананча,
Нохчийн Республикин яздархойн Союзехь поэзехула хьехамча хилла волу Рашидов
Шаид. — Байташ язъян ялхалг1ачу
классехь, сайн кхойтта шо долуш, волаваелла со, — дийцира шен дагалецамашкахь Шаида,- дуьххьара г1ирг1изойн маттахь. Сан дуьххьарлера байт зорбане яьлла Буденовски к1оштан газетан аг1он т1ехь. Суна поэзехь хьалхара г1улчаш яха Мамакаев Мохьмада хьехна… Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворени зорбане елира 1958- чу шарахь. Хьалхара байтийн гулам араелира «1уьйренан тхи» ц1е а йолуш. Цуьнан шен
маь1на дара. Малх схьакхетча, 1аьнаре а доьрзий, кхачалой,
д1адолу тхи. Ц1ена а, экам а х1ума а ю иза. Иштта хетара
суна сайн хьалхара гулар а…». Цул т1аьхьа мел ю уьш…. Ткъе цхьаалг1а книга ю х1окху деношкахь зорбанера арайолуш». Дахарехь ирсе кхаж баьллачу
Шаида шен хьалхара кхоллараллин г1улчаш яьхна вайн махкахь
дика бевзачу прозаикашца, поэташца Сулейманов Ахьмадца, Окуев Шимица, Кибиев Мусбекаца, Сатуев Хьусайнаца, Гацаев Са1идаца, Дикаев Мохьмадца, Шайхиев 1алвадица.
Сан кхоллараллина т1е1аткъам бинарш бу Гадаев
Мохьмад-Селахь, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1аьрби,
Есенин Сергей. М-С. Гадаевс шен метта дош дилла 1амийна
суна, М.Мамакаевс къонахчун дош ала, ткъа 1.Мамакаевс поэзин хазалла йовзийтина, С.
Есенина дагахь дерг кхетош д1аала 1амийна со. — Дахарехь стагана кхин х1ун
оьшу? – элира шен къамелехь Цокуев Руслана. — Цо буьйцу къонахий шайн дахарехь а,
кхоллараллин новкъахь а йоккха пох1маллин лар йитина, бакъдуьнене бахана нах бу. Халкъан поэт Рашидов Шаид бахам ца лоьхуш, доттаг1ий лехна къонах ву. Цундела цуьнан, Шайхиев 1алвадис ма-аллара, д1авахханчохь ч1аг1о ю.
Цунна нах беза, ша везийта а хаьа. Атта дац нахана юкъахь, дика ц1е йоккхуьйтуш, корта айъина, чекхвала. Шаидана карийна адамийн дегнашна
т1ебоьду некъ. Къеначун самукъадаккха а, къоначун дог эца а корматалла ю цуьнгахь.
Халкъан поэтаца Ш.Рашидовца цхьаьнакхетар
д1адаьхьира диалоган кепахь: дешархоша а, хьехархоша
а хаттар хоьттуш, Шаида царна
жоьпаш а луш. Авторо масех байт йийшира, масех поэмин чулацам бовзийтира цхьаьнакхетараллин декъашхошна. Школан дешархоша кечйинера Рашидов Шаидан стихаш
т1ехь литератрни композици. Оьздангаллин Кхерчан белхалоша, школан дешархоша д1аэлира Рашидовн дешнаш т1ехь даьхна иллеш, эшарш.
Поэтан Ш. Рашидовн гуларш,
цунах лаьцна материалаш т1ехь йолу журналаш, газеташ дара гайтамна охьадехкина.
Цхьаьнакхетар дерзош, халкъан поэтах Ш. Рашидовх хастаме дош а олуш, цунна баркалла а олуш, къамел дира Даудов Абусупьяна, Цабаева
Масарата.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

206