Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

28.12.2018 17:43 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 101-104 от 28.12.2018 г.

Сан бераллера муьста-мерза чам

Автор: Сумбулатов Д.

Керла шо т1едог1уш, х1ора а адамо дикачуьнга сатуьйсу, шайн дахаре керланиг дан лууш. Хазачу кхоаца. Баккхийчийн а, кегийчийн а са туьйш,
цара сатуьйсуш буьйса ю, д1адоьдучу а, т1едог1учу а шерашна юккъехь сахьтан цхьамзанаш цхьана м1аьргонехь шийттанна т1ехь а севцна, Керла шо
д1адолало буьйса. Воккхачуьн а, жимачуьн а хазахетар, ойланаш тайп-тайпана хуьлу оцу м1аьргонехь. Воккхачунна жимачуьн ойланаш а евза, х1унда аьлча дикка зама хьалха иза а ма хилла жима, къона, г1еметтах1оьттина, ткъа
х1инца – воккха, къена. Сайн бераллин зама дагайог1у суна, х1ора а Керла шо т1едог1учу буса. Диъ шо дара сан, Кавказе, Нохч-Г1алг1айн АССРе, тхо ц1а дог1учу хенахь. Буьйсанна,
хан яьллачу хенахь, ц1еххьана евллачу г1овг1анаша, хьоькхучу маьхьарша
самаваьккхира со. Тхоьца цхьаьна вагонахь дог1у адамаш хиллера и г1овг1а
яьккхинарш, Керлачу шарца вовшийн декъалдеш. Тхан нанас элира соьга:
«Хьо тховса кхин а цхьа шо воккха хили. Диъ шо кхечи хьан».
Со вина де шайна муьлха ду хууш санна, со декъалвеш, суна тайп-тайпана кемпеташ елира самукъадаьллачара. Царах цхьамма цхьа можа х1ума елира суна. Иза стом буйла хаьара суна, амма х1ун стом бу ца хаьара. И х1ун ю хаа лууш, ас цунах церг тесча, муьста
чам хаабелира суна. Юьхь т1ехь хийцавеллачух тера дара со, муьста чам
ца безабелла. Ч1ачкъина сан юьхь гинчу оьрсичо хаьттира соьга: «Кислый?» -
аьлла. Нанас кхетийра со цо хоьттучух,
«Муьста юй?» — хоьтту цо хьоьга, аьлла. «Ю, ю! Ч1ог1а муьста ю!» — элира ас,
лимон охьакхуссуш. Берриш а бийлабелира. «Я желаю тебе сладкой жизни!»
- элира оццу стага. Нанас нохчийн маттахь элира соьга: «Хьан дахар мерза
хила лаьа шена боху цо», — аьлла, цуьнга «Спасибо» а олуш. Къежа а къежаш,
хиъна 1аш вара тхан да. Т1аьхьо кхийтира со цуьнан иштта 1ерах. Кхечу къомах белахь а, тхоьца цхьаьна
бог1учаьрца вайн 1адат, г1иллакх хилла цо лардийриг. Масех дийнахь некъ
бинчул т1аьхьа, Кавказе кхечира тхо. Тхан дас-нанас сих-сиха олуш хезнера
суна: «Кавказ, Дег1аста…» Тхан ден а, ненан а б1аьргех охьаоьхуш хиш дара.
Церан б1аьрхиш сайна гича, велха волавелира со. Соьга а хьаьжна, тхан дас
элира: «Хьан меттахь а хилла, мохь туххуш, мила воьлхур вацара?! Хьан ден
дас шега сатийсина, сан диъ шо долуш
со шех ваьккхина мохк бу хьуна х1ара.
Велха хьо. Мохь туххуш, велха хьо! Сан
метта а велха хьо…» Дас бохучух дикка
кхеташ вацахь а, мохь тоьххана, велха
х1оьттира со.
Ши шо долу сан йиша а елха йолаелира, воьлхуш волу со а гина. Нене а кхойкхуш. Ц1еххьана тхо делхадуьйладаларх
ца кхетта, тхоьца цхьаьна бог1урш хеттарш дан буьйлира тхан дега а, нене а.
Хиллачух тхан нанас кхетийра уьш. Да
корехула арахьоьжуш вара, вист а ца
хуьлуш, меллаша белшаш а егош. Сарахь юьрта кхечира тхо. Бодашкахь ша
лаьттачу цхьана ц1ийнан кет1ахь тхо а
дитина, лулахошка вахана тхан да схьавеара, латийна мехкадаьттан чиркх а
карахь. И буьйса цу ц1а чохь яьккхира
оха, нанас пеш а латийна. Диъ шо долу
тхан да оцу ц1а чуьра генарчу Казахстане д1авигна хиллера. 1уьйранна гира
суна доккха диллинчу лайлахь ерриге
а юрт. Цхьадолчу ц1енойн туьнкалгашкахула хьалаболуш к1ур ца хаалора.
Сибрехахь беллачийн ц1енош хиллера
уьш, к1ур байна, лаьтташ. Т1аьхьо церан верасаша доладира церан. Дитташна гонаха ло гулдеш вара да. Б1аьста,
ло санна к1айчу, зазалахь яра беш. Аьхка дуккха а тайп-тайпана стоьмаш латийра оцу дитташа. Бешахь цхьацца
шен г1уллакх деш воллучу дена т1е вахара со. Цо, хьалакхевдина, дитта т1ера
баьккхина ц1арула ц1ен бос болу 1аж
кховдийра соьга: «Х1а, схьаэца! Хьан
ден дас боьг1начу 1ожо латийна, мерза чам болуш бу хьуна х1ара», — аьлла.
Ас 1аж кхаьллира. Бан а бара иза мерза, хаза хьожа а йолуш.
Дагадаьхкира лимон еллачо аьлла дешнаш: «Хьан дахар мерза хуьлийла!». «Х1ара хилла-кх цо дийцина
мерза дахар?» — аьлла, ойла еара сан
коьрте. Оцу хенахь ян езза ойла хиллера сан коьрте еанарг. Цул т1аьхьа,
ши-кхо шо даьлча, сентябрь баттахь, со школе деша вахара. Тхан класс
жима яра, чохь яккхий партанаш а йолуш. Жима цхьа кор бен доцу дела, латийна латтабора тховх кхозу цхьаъ бен
боцу чиркх. Тхан хьехархочо ч1ог1а лерина 1амадора тхуна нохчийн, оьрсийн
меттанийн элпаш а, дагардан а. Хьехархочо тхо Керлачу шарна кечдеш,
х1оранга а, шен куьйга яздина, кехаташ делира, шайн ц1ахь болчаьрга
х1окху т1ехь дерг шайна юх-юха дешийталаш аьлла. Цхьа к1ира даьлча
ёлка (база) д1ах1оттийра тхан школерчу уггар а йоккхачу класса чохь. Ёлкина буьххьехь болу ц1ен седа тховх
д1акхетта бара. Оха рогг1ана тхаьш
ц1ахь 1амийна дешнаш элира, ткъа
ладоьг1ачара, тхуна дукха резахилла,
ч1огг1а т1араш деттара. Тхаьш динчух
самукъадаьллачу тхуна хаза кечдина
совг1аташ дира Г1ура-Дадас. Кехатан
т1оьрмигаш чохь. Т1оьрмиг чохь тайптайпана кемпеташ, печенеш, ц1арула
ц1ен цхьа 1аж бара. Массарна а хазахеттера, арахь охьадиллина доккха ло
а долуш, ц1арула ц1ен 1ежаш шайна
делла. Ас сайн 1аж шина декъе бекъа
а бекъна, цуьнан цхьа дакъа сайн йишина делира. Тхан бешарчу 1ежийн
чам бара цуьнан. И чам суна хаалора, рог1ера Керла шо т1екхочуш, сайна совг1ат мел ло.
Т1аьхьо, барх1алг1ачу классехь доьшуш волуш, т1аьхьакхиира со оцу «къайленна». Тхан бешара т1аьхьо хуьлу
1ежаш 1алашдой, Керла шо т1екхочуш,
школан директоре д1алуш хиллера тхан
дас, шен дена а, нанна а, Сибрехахь
д1а мел кхелхинчарна а т1ера саг1ина.
Хала а, къен а хан яра иза. Школа аьтто болуш ца хиллера оцу хенахь дешархошна совг1аташ кечдан. Шайн аьтто
цахилар тхуна хаа ца долуьйтуш, тхуна дика совг1аташ дина-м хиллера директоро а, тхан хьехархоша а. Дикка
т1аьхьа, айса школехь болх беш, пачхьалкх хьал долуш елахь а, атта доций
хиира суна, х1ора а беран совг1атца
дог хьаста. Со жима волуш, тхан юьртарчу наха, тхуна муха, хьан вовшахтоьхна а ца хууш, кечдеш хиллера и чомехь х1уманаш чохь йолу совг1аташ.
Дегнаш ц1ена а, къинхетаме а долуш,
дика адамаш хиллера уьш. Х1инца, дуккха а зама цул т1аьхьа д1аяьлча, тайптайпанчу адамийн амалш евзича, атта
ду суна, уьш ц1ена синош, ойланаш йолуш бара, ала.
Ас дуьненахь йоккхучу хенахь, суна
дага а дог1уш, кхузткъе доьазза деана сан дахаре Керла шо. Царах кхоъ,
къемат-де къемат-денца хийцалуш, деара, доггах дикане сатуьйсуш, Делан
диканах дог ца дуьллуш. Нохчийчохь т1емаш болу зама яра иза. Дикка хан
хьалха д1акхелхина сан дай, наний. Со а х1инца воккха ву. Я къанвелла, берийн
бераш а долуш. Кхузткъа шо хьалха, со санна, школехь доьшучу цара х1окху деношкахь дехар дира соьга: «Дада, тхоьга Керлачу шарна стихаш 1амае аьлла. Дика ешначунна совг1ат дийр ду аьлла. Тхуна, уьш дагахь 1амош, г1о дийр дуй ахь?» — аьлла. Со ойланаша
д1авигира ц1ерпоштан вагона чу. Айса церг тесна лимон а, цуьнан муьста чам
а дагабеара. Дагадеара сайн да-нана. Дагадаьхкира, меллаша, лазорна кхоьруш санна, цара дитт т1ера схьадохуш, дукхе-дукха лерана, цхьацца охьабуьллуш, 1алашдина, школе д1алуш хилла ц1арула ц1ен бос болу 1ежаш. Сайн дахаран денош, шераш хаза а, ирча а
хилла волу со, ойланаша д1а а ваьхьна, б1аьргаш а т1унделла, мацах тхан
да санна, мелаша белшаш егош хиллера, соьга пхоьалг1ачу классехь доьшуш
йолчу Хедас: «Дада, хьо-м вац тхоьга
ладуг1уш… г1о дийр дац ахь тхуна?» -
аьлла, хаьттича, «Шуна г1о а дийр ду,
школе дуккха 1ежаш а дохьуьйтур ду», -
ас аьлча, сох цецбевлла, оццу дехарца
шайн Бабина т1е бахара уьш. Цара сан
кара охьайиллинчу стихотворених ларамза б1аьрг а кхетта, еша волавелира
со. Нохчийн халкъан поэтан Рашидов
Шаидан иллин мукъаме йирзина, хийламмо шега, дог иракарах1уьттуш, шовкъехь ладийг1ина «Алахьа илли» стихотворени яра иза:
Курачу, лекхачу лаьмнех,
Барт болуш дехачу къаьмнех,
Шовданех, исбаьхьчу хьаннех,
Сан доттаг1, алахьа илли.
Турпала белхалой буьйцуш,
Даймехкан сийлалла юьйцуш,
Наношка вайн безам буьйцуш,
Сан доттаг1, алахьа илли.
Хестадеш бай кхолу зезаг,
Стиглане айбина безам,
Малхаца базбина тешам,
Сан доттаг1, алахьа илли.
Мехкарийн хазалла гойтуш,
К1енташка сийлахь некъ бойтуш,
Адамаш машаре кхойкхуш,
Сан доттаг1, алахьа илли.
Сий айдеш хьомечу лаьттан,
Кийчачух, и лардеш, г1атта,
Седарчех, сирлачу баттах,
Сан доттаг1, алахьа илли.
Дуьххьара т1улгийн б1ов йоьг1на,
Пондаран озе ладоьг1на,
Мостаг1ех леташ ца воьхна,
Вехачух алахьа илли.
Дай-нанойх, Даймахках, лаьмнех,
Машаре некъ бечу къаьмнех,
Вайн ирсах, аренех, хьаннех,
Мохь тоххий, алахьа илли.
Ас доггах, массарна а хозуьйтуш, йийшира стихотворени. «Дада, иштта ас
ешахьа-м, суна уггар а дика совг1ат дийр ду», — элира, ела а луш, Хедас. Цул
т1аьхьа, ши-кхо де даьлча, шайн Керла шо а даздина, совг1аташца школера ц1а даьхкира бераш. Хазачу т1оьрмигаш чохь кемпеташ, печенеш, шоколадаш, сникерсаш, апельсинаш а еара цара. Ца карийра, ца гира суна царна юккъехь сан бераллера муьста чам болу лимон, мерза чам болу ц1арула ц1ен 1аж а. Церан чам-м хаабелира суна, юха а цо со сан
бералле д1авуьгуш. Муьста-мерза чам.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

260