Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.02.2018 15:50 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 10-11 от 22.02.2018 г.

Замано хийцина амалш я амалша хийцина зама?

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Бакъдерг, сахуьлуш малх санна, меллаша гучудолу

(Нохчийн кица)

(Юьхь еша 1-2, 8-9 номершкахь) «Нохчийн пачхьалкхан» куьйгалхошкара хезарг кхин дара: «Кхо класс тоьаш ю… Кхин 1илманан лакхе оьшуш а яц». А.Айдамировс шен рог1ерчу статьяхь дуьйцучунна лерина «Даймохк» газетан редакцехь горга стол вовшахтуьйхира оха. Горгачу столехь дакъалаьцначу хьехархоша, 1илманчаша, журналисташа, юристаша дийцира Нохчийчохь долчу юкъараллин-политически хьолах. Тидамза ца дитира дешарехь, культурехь долу ирча хьал а. Абузара аьлларг: «Кхетамна т1аьхьадисинчу, дег1 цомгашчу къоме шен культура а, экономика а кхоллалур яц, шен дахаран хьашташ а кхочушдалур дац, ткъа цуьнга шен пачхьалкх кхоллалур ю бохург хьехочохь а дац» — коьрттехь а долуш, редакцехь д1адаьхьначу цхьаьнакхетаран дакъалацархойн къамелаш т1ехь долу газет арадаьккхира. Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къоман дийнна цхьана чкъоран кхетаме, амале йохкурш амална хийра хилла «мехаллаш» яра: къизалла, сутаралла, саьхьаралла, къоладар…

И «мехаллаш» шайн амалехь а йолуш баьхначу «турпалхойх» статьяш язйинчарна ахчанан преми-совг1ат билгалдоккхуш, конкурс д1акхайкхира «Ичкерия» газетан редакцино. Амалан «мехаллаш» ерг шен дахарехь чекхвалавеллехь, иза «турпалхо» ву, цуьнах статья, очерк язъян хьакъ ду, бохура цара. Шайна бевзачу хьанал-ц1еначу, г1иллакхе-оьздачу нахах ца язъеш, оцу заказаца язйинарш бара. Уьш к1езиг а бацара. «Хене вала х1ума дац, доьзална дан х1ума дац, цундела язйина» — бохура царах цхьаболчара, хьан хьежамаш, амал кхин ма яра, хьуна х1ун хилла, аьлла, шайга хаьттича. Масех шарахь хийцаеллера, хийцинера цхьадолчу адамийн ойланаш а, амалш а. Нохчийчохь дехачу дуккха а адамашна ца хаьара, мила мила ву а, церан некъ а, 1алашо а хьан билгаляьккъина а. Политика вовшахъеттачарах, шаьш-шайн баьччанаш кхайкхинчарах дуккха а берш Нохчийчохь к1езиг баьхна, адамашца уьйраш йоцуш, Москвахь а, Казахстанехь а баьхна, цигахь дешна а, дешанза а бара. Царна х1умма а доцу х1ума хетара гуш лаьтташехь харцдерг дийцар, х1инцца дийцинарг, хуьйцуш, кхечу аг1ор дийцар. Шаьш дуьйцург халкъан а, мехкан а кхолламца доьзна делахь а, шаьш динчу къамело питана, зулам даржор делахь а. Дийнахь а, буса а телевиденехь, радиохь къамелаш деш, газетийн аг1онаш т1ехь статьяш арайохуш 1едалан идеологаш бара: журналисташ, историкаш, политикаш, 1еламнах. Сих-сиха Москвара, кхечу г1аланашкара, республикашкара, пачхьалкхашкара схьаоьхучу политикийн хьехамаш бара схьахезаш: «Шу санна нийсачу некъа т1ехь маршонехьа, парг1атонехьа къуьйсуш цхьа а вац шуна, юха ма довлалаш, шайн къийсам д1ахьолаш!» — бохуш.

Шайн мехкашкахь а, пачхьалкхашкахь а 1едалца юкъаметтиг гал мел яьлларг а вара Нохчийчу схьавог1уш, кху чуьра д1а шайн 1едалшна лен, цаьрга т1ом д1ахьебан. Ишттачарах цхьаъ вара, даржах а воьхна, шен доьзалца а, дуккха а накъосташца а (цхьаболу депутаташ, министраш, 400 т1емало) Нохчийчу веана Гуьржийн мехкан президент хилла З.К.Гамсахурдиа. Т1аьхьо иза Гуьржехахь вийча, Соьлжа-г1алина юккъехь, Кировн ц1арах йолчу парке воьдучохь, аьрру аг1ор, НР-Ичкерин куьйгалхоша боккхачу сий-ларамца д1авоьллира. Циггахь 1аш а вара иза шен доьзалца. Гуьржехахь ша президент волуш националистически политика д1акхехьарца билгалваьллера З.Гамсахурдиа. Абхазийн а, Къилба-Х1ирийн а, Аджарийн а республикаш д1аяьхна, гуьржийн пачхьалкх – Жима импери – вовшахтоха 1алашо яра цуьнан. Керста динехь боцурш Гуьржехахь баха лууш вацара иза. И шен лаам цо д1абовзийтинера (Гуьржехахь бехачу кистоша дийцарехь) Ахмета г1алина генайоццуш Бахтриони крепость лаьттинчохь д1абаьхьначу гуламехь. Гуьржашца цхьаьна кистой а, суьйлий а, х1ирий а бехаш к1ошт ю иза. Кхечу къаьмнийн маршо, парг1ато, дин елмадечуьнца юкъара х1ун дара-те «Маьрша Нохчийн пачхьалкх» д1акхайкхиначеран?

Тамашена кхин цхьа х1ума дара: гуьржашна дуьхьал т1ом бан бахана нохчий а бара, Кавкказан къаьмнийн конференцин ц1арах. Гуттар а валош ма-хиллара, 1едалан векалша Нохчийчу кхайкхина валийна т1еман историк, профессор Х.Ибрагимбейли вара лекцеш йоьшуш, пресс-конференцеш еш, нохчийн къийсам нийсонан бух т1ехь, парг1атонехьа бу, бохуш. Профессоро, конфликтолого М.Шанибовс шен къамелашкахь Абхазехь т1ом беш волу Ш.Басаев ХIХ-чу б1ешарахь Россина дуьхьал т1ом бинчу имам Шемалца д1анисвора, «Кавказехь шолаг1а имам, турпалхо гучуваьлла», — бохуш.

Соьлжа-г1алина юккъерчу майданахь митинг яра профсоюзо вовшахтоьхна. «Болх бечарна алапа ло, болх боцучарна белхан меттигаш хилийта, парг1ат, маьрша а даха хьелаш кхолла, зуламхойх, къуйх д1ац1анъе Нохчийчоь!» — бохура митинге баьхкинчара 1едалан векалшка. Церан д1ахьедарш, дехарш, кхайкхамаш, доху орца а тидамза дитарал совнаха, митингехь жигара дакъалаьцнарш «халкъан мостаг1ий бу» аьлла, д1акхайкхира, цхьаберш чубоьхкира, ткъа царах цхьаберш кхечу мехкашка д1абахара, 1едалах къайлабовла.

1993-чу шеран апрель баттахь дара иза. Оцу деношкахь йоккха пресс-конференци вовшахтоьхна, республикерчу а, кхечу мехкашкарчу а журналистийн хаттаршна жоьпаш луш вара профессор Х-М.Ибрагимбейли. Дуьненан политиках, Россих, Кавказах, нохчаша парг1атонехьа д1ахьочу къийсамах къамелаш дора Москвара веанчу т1еман историко, профессоро. Нохчийчохь долучу юкъараллин-политически хьолах баккхийбуьйш, долуш долчух шайн самукъадалар лечкъа а ца деш, къамелаш а дора, шайна хаа луучух хетта а хоьттура хьешаша-журналисташа. Церан хаттаршна самукъанечу, воккхаверан шовкъехь жоьпаш профессоро а лора. Гуш дара, пресс-конференци, хьалххе кечам а бина, еш хилар. Оцу пресс-конференцехь сан аьтто белира хаттарца цхьаьна сайна хетарг ала: «Хьан Нохчийчу вар сих-сиха нисло, Нохчийчохь карзахе хьал долуш вог1у хьо. Масех де ду майданахь профсоюзо вовшахтоьхна митинг йолу. Ахь х1окху пресс-конференцехь до къамел масла1ате дац. Нохчийчоьнах Россин эскарна рог1ера полигон ян х1унда г1ерта хьо? Луларчу Дагестанехь х1унда ца до ахь къамелаш, цигахь хьайн гергара нах а хилча?» Ас аьллачунна дуьхьал цо, резавоцуш, цхьаъ элира, журналистех цхьаммо а дош ца элира, я со, я иза бакъвеш.

Бакъду, цул т1аьхьа цхьа-ши де даьлча суна дуьхьал, ас аьлларг емалдеш, статья араелира республикански газетехь. Пресс-конференцехь хилла а воцу юрист Ш.Мусаев вара, хьенеха Нохчийчоьнан патриотана Х-М.Ибрагимбейли дуьхьал къамел дира, иза емалвеш бохуш яздора цо шен статьяхь. Оцу хенахь Нохчийчохь долу юкъараллин-политически хьал шайх доьзна ду моьттучарна дог1уш дара: «Аьтту куьйгана ца хаьа аьрру куьйго дийриг».

Дуьненан а, Россин а йоккхачу политикина юкъакхоьссинера нохчийн къам баккхийчу политикаша, цхьаболчу нохчашна шаьш политикаш ду а, шаьш нохчийн къоман кхолламан некъ къастош ду моттуьйтуш. Царах цхьаберш-м, шаьш стенах дохкаделла а, мел мехах шаьш къам а, мохк а боьхкина а хууш, шаьш олу х1ора а дош, шайн х1ора а къамел маца, стенна до а хууш, политикина юкъахь хиллера, дагабовлуш кхечу пачхьалкхашкара хьехамчаш а болуш. Цунах цхьадерг к1еззигчу адамашна (церан гонехь болчарна) девзаш хиллехь, Нохчийчу т1ом беъча, дуккха а дерг гучуделира нохчийн халкъана бина ницкъ, къизаллица х1аллакдар лан ца деллачара, цунах къахеттачара, бакъдерг а, нийсо а езачара. Царна юкъахь бара Россин политикаш а, шайн 1алашоне шаьш ца кхаьчча, дохкобевлла. Нохчий юха а политикина юкъакхуьссуш бара, кхечу политикина, нохчашна пайде хинйоцчу, амма шайна пайдечу. Нохч-Г1алг1айн Республикин Лакхарчу Советехь 1990-чу шеран ноябрь беттан 27-чу дийнахь т1еэцна «Декларация о государственном суверенитете Чечено-Ингушской Республики» нохчийн а, г1алг1айн а халкъашна яккхий бакъонаш луш яра. Ма-дарра аьлча, топ ца кхуссуш, дов а доцуш, пачхьалкх кхолла йиш йолу законан бух а бохийна, карчам а бина, 1едале баьхкинарш, хьалха санна, къобалбора «дохкобевллачу» политикаша, церан аг1о лаьцначу журналисташа а. Царна юха а шайн 1алашоне кхача лаьара кхечу некъашца, цхьана ханна. Декларацин 16-г1а статья: «Любые попытки неконституционным путем изменить государственный строй в Чечено-Ингушской Республике являются тягчайшим преступлением против ее народа» — талхийнарш, карчам а бина, ницкъашха 1едале баьхкинарш пачхьалкх йича а, ца йича а, шаьш бохург хилчхьана. Пачхьалкх ян бина бацара Нохч-Г1алг1айн Республикехь карчам, пачхьалкх я республика а ца яйта байтина карчам бара, Нохч-Г1алг1айн Республика кхолла Дуьненахь къобалдинчу законийн а, Конституцин а бух т1ехь Нохч-Г1алг1айн Республикин Лакхарчу Совето «Декларация о государственном суверенитете Чечено-Ингушской Республики» т1еэцча.

Шаьш 1едал схьадаьккхинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна пачхьалкх кхолла г1ерташ бацара революционераш. Иза иштта хилар ч1аг1дора схьа мел гучу, схьа мел хезачу бакъдолчо. «Ша чохь вехаш волу ц1а тишделча, иза т1екхета гергадахча, керла ц1а дан волало стаг. И керла ц1а д1ах1оттийна валлалц ширачу ц1а чохь веха иза. Т1аккха, оцу керлачу ц1а чу а волий, шираниг вовшах а доккхий, цуьнан мегаш йолчу коьчаллех шен бахамехь пайдаоьцу. Вай х1ун дина? Ваьш чохь дехаш долу дика, ц1ена ц1а тишделла, ширделла аьлла, дохийна, вовшах а даьккхина, шерачу меттехь керла ц1а д1ах1отто доьлла. Иза д1ах1отто ахча а, коьчалш, пхьераш а бац вайн!» — яздора Абузара.

Нохчийчохь 1едал мухха схьалаьцнехь а, карчам бинарш зуламхой белахь а, цара мел динарг Конституцина дуьхьал делахь а, Россин куьйгалхой резабара НР-Ичкери къобалъян. Оцу муьрехь Кремлехь а, дийнна Россихь а хьалхарчу рог1ехь листа дезаш а, д1анисдан дезаш а дуккха а 1отбаккхаме г1уллакхаш дара, цундела Нохчийчоьнца доьзнарг политически т1ег1анехь, барт а бина, сихха д1адерзо лаам бара. Иштта иза д1адерза цалуучара новкъарлонаш йора. Цхьаболчеран 1алашонаш кхочуш ца хуьлуш юьсура, нохчашна пайде барт иза белахь а. Оцу хьелашкахь массо а (политикаш, дарж дезарш!) резаволуш барт хуьлийла а дацара. Бакъду, эзарнаш адамаш а, Нохчийчоь а дийна йисна-м хир яра, и барт бинехь. И барт бан лууш парламентан цхьаболу депутаташ бара, шайн коьртехь парламентан председатель Ахмадов Хьусайн а волуш. Москвара йог1у делегаци т1ехь йолу кема Соьлжа-г1аларчу аэропортехь охьа ца доссийтира, т1улг охьабоьхкина, КамАЗ-аш д1ах1иттийна. Кема, Нохчийчоьнна т1ехула а хьаьвзина, Г1алг1айчохь я Х1ирийчохь охьадоьссира, ткъа Барт ца бира. «Россехь 16 автономни республика яра, царех цхьаерш вайн республикал яккхий а йолуш. Ялхитта сов долчу къаьмнех цхьа а Россих д1акъаста ца г1оьртира, цхьа нохчийн къам доцург. Нохчаша 1991-чу шеран гурахь, Россех д1а а кхъаьстина, шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхира. Россех д1акъаста, шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолла массо а аг1ор уггар а аьтто берш г1езалой бара. Социально-экономически хьелашца а, 1илманца а, культурица а, массо а аг1ор кхиъна къам ду иза. Барамехь дукха а бу уьш – ворх1 миллион. Царна т1е цхьа бохам беъча, мелла а церан г1о лаца цаьрца цхьа мотт, цхьа дин, цхьа культура а йолуш б1е миллион гергга къаьмнаш дара СССР-на чохь а, дозанал арахьа а дехаш: башкираш – 1 млн. 500 эзар, казахаш – 3 млн. 136 эзар, киргизаш – 2 млн. 600 эзар, узбекаш – 17 млн., туркменаш – 3 млн., азербайджанаш – 6 млн. 800 эзар, каракалпанаш – 424 эзар, уйгураш – 263 эзар, г1умкий – 282 эзар, кхарачой, балкхараш, ног1ий, кхиберш а.

Царал совнаха, г1езалошца цхьа мотт, цхьа дин, цхьа культура а йолуш, дуьненарчу пачхьалкхашна юкхъахь сий-лерам а болуш, массо а аг1ор кхиъна, 50 миллион болчу туркойн пачхьалкх а ю. Х1етте а, г1езалой ца г1оьртира, Россех д1а а къаьстина, шайн пачхьалкх кхолла. Москвагара шайна дуккха а политически, экономически, юридически, дипломатически бакъонаш а яьхна, Росси чохь севцца уьш. Иза дан къомана хьекъал а, кхетам а, собар а оьшу. Ткъа нохчаша т1е ца лецира, г1езалошначул а т1ех бакъонаш луш, 1992-чу шарахь Россис шайна кховдийна Барт», — яздира Абузара, и Барт ца бича, шен статьяхь. И Барт бахьнехь 1едалехь берш шина тобане бекъабелира. Парламент а шина тобане екъаелира: цхьана тобано парламентан спикеран Ахмадов Хьусайнан аг1о лецира (Барт бан лаам берш), ткъа вукху тобано президентан Д.Дудаевн аг1о лецира (Барт бан цалуурш). Парламентехь 41 депутат вара. Царех 20 депутато, Нохчийчоьнан куьйгалло къам стенга кхачийна, хила тарлучу бохамах къам а, мохк а ларбан 1алашо йолуш, Россица Барт а бай, х1оьттина юкъараллин-политически хьал ваьштадаладе бохура. «И ткъа депутат новкъарло еш ву йозуш йоцу пачхьалкх кхолла», — бохуш, кхайкхадора телевиденехула, митингехь, газетийн аг1онаш т1ехь Халкъан а, мехкан а мостаг1ий а бина, йохуш яра оцу ткъа депутатан ц1ерш.

Т1аьхьо 1еламнехан а, къанойн а Гуламехь т1еэцначу сацам т1ехь дара: парламентехь 21 депутат хила веза, харжамаш бан ца оьшу, 1еламнахах а, 1илманчех а Лакхара Дагаваларан Кхеташо вовшахтоха еза, уьш кхочушдан Конституци т1ехь хийцамаш бан беза, аьлла.

(Чаккхе еша рог1ерчу номерехь)

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

84