Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.04.2018 15:07 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 23-24 от 26.04.2018 г.

Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин бух

Автор: АБДУРАЗАКОВ Шертбек

Гуьмсан муниципальни к1оштахь дешаран урхалло нохчийн меттан Де даздарна лерина дуккха а мероприятеш вовшахтохар дика ламаст хилла схьадог1у т1аьххьарчу цхьайтта шарахь.

2018-чу шеран апрель баттахь дешаран урхаллин хьаькаман, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочун Куразова Маликин омрица кхоьллинчу вовшахтохаран комитетан декъашхоша к1оштарчу ишколийн векалшца д1абаьхьира «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн маттахь тоьлла альманах», «Нохчийн маттахь тоьлла газет», «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени», «Ненан мотт – аганан илли» — темехула дешархоша шаьш язйина байташ ешаран къовсам, классал арахьара белхаш, кхоллараллин адамашца цхьаьнакхетарш. Оцу къовсамашкахь толамаш баьхначу дешархошна а, церан хьехархошна а Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалло а, к1оштан дешаран урхалло а совг1аташ дира…

«Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин бух» ц1е йолу даздар д1адаьхьира 2018-чу шеран 19-чу апрелехь Берийн кхоллараллин Кхерчахь.

Историн цхьа дакъа ду цхьайтта шо хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочо Кадыров Ахьмад-Хаьжин Рамзана, нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина, апрелан 25-г1а де Нохчийн меттан Де д1акхайкхор.

2007-чу шарахь вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана куьг яздинчу Буьйро аьтто бира нохчийн мотт к1орггера 1амо. Цкъа шен къамелехь дика вевзачу Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, нохчийн меттан говзанчо Сумбулатов Денис ма-аллара, «Дархочунна оьшучу дарба-молханах санна, бан новкъа баьллачу нохчийн маттана дарба-молха хилира Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Буьйрах».

Вайн махкахь а, цул арахь а нохчийн маттах дог лозучу, цунах дозалла дечу нехан дегнаш иракарах1иттош, Дезде хилла д1ах1оьттина х1ора шеран апрель беттан 25-г1а де. Х1ора дешаран хьукматашкахь д1ахьо оцу Денна лерина даздарш, кхоллараллин адамашца цхьаьнакхетарш. Иштта бечу балхо беркате т1е1аткъам бо кхиазхошна, церан дегнашкахь ненан матте безам кхуллуш, марзо совйоккхуш.

Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министро, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочо Байханов Исма1ала боккха тидам т1ебохуьйту ишколашкахь нохчийн мотт, литература хьехаран хьелаш тодарна. Цуьнан омрица вовшахтоьхна Нохчийн дешар кхиоран институтехь нохчийн меттан говзанчийн тобанаш ю федеральни пачхьалкхан стандарташца йог1уш керла дешаран методически коьчалш х1иттош (1аматаш, хрестоматиш, г1о-1аматаш, белхан тетрадаш, юкъарчу хьесапехь белхан программаш, дошамаш).

Вайн меттан сий-ларам, хан-зама мел йолу, вай махкахь кхуьуш, ч1аг1луш хиларан тоьшалла ду Байханов Исма1ала, Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан т1едилларца ишколашкахь нохчийн меттан экзамен пачхьалкхан йина юкъаялор а, арахецархоша шайн лаамехь и харжар а.

Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров 1усмана а, к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас а вайн к1оштарчу ишколашкахь нохчийн мотт хьехарна боккха тидам т1ебахийтаран жам1аш ду к1оштан а, республикин а т1ег1анехь д1аяьхьначу олимпиадашкахь а, кхиболчу къийсамашкахь а дешархоша толамаш бахар. Иштта дешархой вайн к1оштана боккха юьхьк1ам а, дозалла а ду. Ишттачарах ю вайн к1оштарчу Комсомольскерчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархо Буцуева Майса а, Энгель-Эвларчу №1 йолчу юкккъерчу ишколан 9-чу классан дешархо Шабазова Камила а, кхиберш а.

Республикин нохчийн меттан олимпиадашкахь толамаш баьхначу дешархойх цхьаберш Нохчийн пачхьалкхан университетан къоман отделенехь кхиамца доьшуш бу, ткъа иштта нохчийн мотт, литература хьоьхуш бу (Шахгириева Алиса – Гуьсе-г1алин дешаран Кхерч, Хамидова Дагмара – Гуьмсе-г1алин №3 йолу юккъера ишкол, Хамидова Рукъет – Гуьмсе-г1алин Дадагова Данин ц1арах №3 йолу гимнази), кхиберш а.

Нохчийн къоман, массо а къаьмнийн санна, дахарехь коьрта бу мотт. «Ненан мотт» олу нохчаша нохчийн маттах, массо а х1ума ненера хилар ч1аг1деш. Нанас 1амадо шен бер дуьххьара мотт бийца, цуьнга безам а кхуллуш. Нанас шен оьздачу, эсалчу, хьекъалечу къамелашца, аганан иллешца берана даг чу юьллу нохчийн г1иллакх-оьздангалла.

Нохчийн маттахь бевза-безачаьрга хаза, ц1ена, масла1ате мотт бийцина, Делан дош халкъе д1акхачийна эвлаяаша, къоман турпалхоша: Таймин Биболата, Шайх Мансура, Бенойн Бойсг1ара, обарг Зеламхас, Нурадилов Ханпашас, вайнзаманан турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.

Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман хазна ю. Ненан матто 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза. Цу мукъамца схьахеза т1еман аренгахь къоман парг1ато къийсинчу Таймин Биболатан аз, оьздаллин, майраллин васт шеца лардинчу Дадин Айбикин аз.

Цу турпалаллин мукъамца нохчийн меттан васт дагца, сица лардинчийн ц1е цкъа а ца йовш лаьттар ю адамийн дегнашкахь.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, поэта Борхаджиев Хожбаудис шен «Ненан мотт» стихотворенехь яздо:

Сан ненан маттахь ду аз а,

Ненан мотт бу даим сица.

Лаьа-кха суна иза хаза!

Хаза лаьа-кха бийца.

Нохчийн мотт теллина дуккха а 1илманчаша. Яздархоша Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Салихьа, Курумова Селимас, Ахматова Раисас, Айдамиров Абузара, Бексултанов Мусас, Арсанукаев Шайхис и.д1.кх. вай сатедеш, хьостуш, кхетам кхиош нохчийн маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина.

Вайн к1оштахь а бу республикехь а, цул арахьа а дика бевзаш болу поэташ, яздархой: Нохчийн Республикин халкъан поэт Шаид Рашидов, Шарип Цуруев, Хожбауди Борхаджиев, Руслан Юсупов, 1умар Саиев, Мохьмад Алиев, иштта кхиболу. Церан мог1арехь шен ц1е яккха хьакъ ву дика вевзаш волу меттан говзанча Дени Сумбулатов а. Цара лардина, кхиийна нохчийн дош, вай мотт. Дела реза хуьлийла царна!

«Нохчийн мотт хьашт бац, оьшуш бац, цуьнан кхане яц», — бохучу хенахь, нохчий шайн махках а къастийна, г1ело ловш болчу хенахь, Делан диканах дог ца дуьллуш, вовшашка олу дош, буьйцу мотт нохчийн болуш, нохчий шайн махка ц1абирзича мохк, мотт беза а, халкъ деза а 1амийначу хьехархойн ц1ерш х1окху Дийнахь яхар мехала ду. Хьакъ бу уьш шайх дуккха а хаза, хастаме дешнаш ала. Церан ц1ерш яьхча, цхьаболчарна дагайог1ур ю шайн бераллин хаза зама, карладевр ду церан, шайн синош ц1ена хиллачу хьехархойн аматаш. Уьш бу иттанаш шерашкахь нохчийн мотт буьйцуш, хьоьхуш хьанал къахьегна хьехархой: Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо Эльдаров 1абдул-Къах1ир, Бошхаджиева Зарган, Джимнигов Ваха, Хизриева Майсет, Лалаков Халид, Бошхаджиева Малика, Чаплуев Шаид, Шудуев Турко, Шовхалов Сайдселим, Рашидов Шаид, Лакаев Леча, Косумов Мохьадди, Абдурзаков Солтан, Абдулмежидов Нажа, Мусаев Баудди, Ибрагимов Саловди, Дугулаев Бишраку, Исхаджаев Мохьмад, Булаев 1абдуршед, Темиралиев Султан, Кудусова Мета, Абзотов Нурди, Денисултанова Макка, Алхазова Майса, Кесабиева Зараъ, Умханова Пайдат, Алтемирова Джанета, иштта кхиберш а.

Царах цхьаберш дийна бац. Дала гечдола царна! Шайх ала хастаме дош а дитина, д1абахна уьш. Вайн к1оштара, берриге аьлча санна, нохчийн меттан хьехархой церан хилла дешархой бу.

Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай – нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт – х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза».

Нана санна безаш хила беза ненан мотт, дега санна лерам хила беза цуьнга, бер санна кхио беза иза, воккхачун санна 1уналла дан деза цуьнан. Т1аккха бехар бу вайн мотт, т1аккха кхочур бу иза вайн массеран дегнашка.

Замане терра кхуьуш ду вайн дахар, хийцалуш ду адамаш, цаьрца цхьаьна мотт а. Уггаре коьртаниг – мотт ларбар, цхьадолчу къаьмнаш санна, мтт бала цабалийтар.

Къоман культура, ламасташ маттаца ехаш ю. Нохчийн къоман синбахам бу нохчийн мотт. Б1ешерашкахь халонна къар ца луш, нохчийн къоман дахарна керла ницкъ луш, бекна вайн ненан мотт. Цуьнца ю б1ешерашкахь даьхначу адамийн синмарзонаш, церан сатийсамаш, церан дегнийн йовхо.

Тоьаш дац ненан мотт беза бахарх. И-м кхио безаш бу, заманца г1улч йоккхуш, къоначу чкъурана бовзуьйтуш, марзбеш, 1амош.

Журналисто Д. А. Сумбулатовс ма-аллара, «Кавказехь массо а тайпа меттанийн векалш бу. Царах шен шира истори йолу цхьа къам нохчийн къам ду… Къам шен маттана херадалар шен орамах хадар ду. Орамах хадар къам доь доцуш дуьненчуьра д1адар ду».

2018-чу шеран 19-чу апрелехь Гуьмсан к1оштарчу ишколийн векалша ширачу юьртан кеп х1оттайо Берийн кхоллараллин Кхерчан майданахь. Х1ор шарахь, йоккха а хуьлуш, хазлуш ю юрт.

Х1ор ишколан векалша гойту нохчийн къоманан ширачу заманахь хилла дахар, кхачанаш. Х1оттадо хьаша т1еэцаран сурт. Хеза нохчийн къоман шира мукъамаш, турпалаллин иллеш, шира дийцарш, аларш. Х1ор х1усамехь нохчийн духаршца к1ант, йо1 ду хьешашка маршала хатта а, шайн шуьнера кхачанаш бовзийта а д1ах1оьттина.

Нохчийн меттан Денна лерина даздаран шолг1а дакъа д1ахьо кхоллараллин Кхерчахь.

Нохчийн меттан Денна лерина Берийн кхоллараллин Кхерчахь дешаран урхаллин коьрта говзанчо Джамалаева Амината вовшахтоьхначу нохчийн маттахь арайийлинчу книгийн а, «К1оштан тоьлла альманах» а, «К1оштан тоьлла газет» а гайтамашка лерина хьовсу хьеший, церан лаккхара мах а хадош.

Даздаран хьолехь д1адахьа вовшахтоьхна цхьаьнакхетар д1адоладо Соьлжа-Г1алара «Нохчо» ц1е йолчу хелхаран ансамблан декъашхоша хелхаран номер х1отторца.

Цхьаьнакхетар д1ахьуш долчу Гуьмсан муниципальни к1оштан Шоьнарчу юккъерчу ишколан 7-чу классан дешархочо Назиров Ислама, №5 йолчу юккъерчу ишколан 11-чу классан дешархочо Ибрагимова Амината а салам-маршалла хаьттинчул т1аьхьа бовзуьйту хьомсара хьеший: Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхо Оздамиров Ахьмаран 1усман а, цуьнан белхан накъостий а, «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Рамзанан Хожбауди, иштта кхиберш а.

Маршаллин дош ала сцени т1е кхойкху Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин хьаькам Куразова Исма1алан Малика. Цо цхьаьнакхетараллин декъашхошна бовзуьйту к1оштарчу ишколашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Нохчийн меттан Де билгалдоккхуш Буьйр даьккхинчул т1аьхьа хилла кхиамаш. Вайн Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин куьйгалле х1оьттинчул т1аьхьа, цо билгалъяьхначу 1алашонех ишколашкахь дешаран хьал юхаметтах1оттор коьртаниг хилла хилар довзийтира Куразова Маликас. Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла мехала дешнаш довзийтира цо: «Хьехархочо кхуллу къам». Шен дас д1аболийна некъ НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана говза а, нийса а д1абахьаро таханлерачу вайн кхиамашка кхачийна хилар билгалдаьккхира Куразова Маликас.

Шен къамелехь Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров Ахьмаран 1усмана а, «Гумс» газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Рамзанан Хожбаудис а лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн меттан мехалла ойуш болийна болх цуьнан к1анта, НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана лакхарчу т1ег1ан т1ехь д1ахьуш хиларан. Цара дийцира вайн махкахь дикачу аг1ор хуьлуш болу хийцамаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1аболийначу белхан, г1уллакхийн хьост а хилла схьабог1уш хиларх.

Цхьаьнакхетараллин декъашхоша а, ларамечу хьешаша а хестийра ненан мотт, дийцира цуьнан дозаллах.

Цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешийн самукъадоккхуш, шайн пох1ма довзийтира Керла-Бенара юккъерчу ишколан мехкарийн тобано, Гуьмсе-г1аларчу №9 йолчу ишколан ансамбло, Энгель-Юьртарчу №1 йолчу юккъерчу ишколан мехкарийн тобано, Билтойн-Юьртара юккъерчу ишколан мехкарийн тобано а. «Г1арг1улийн аьзнаш» сценка х1оттийра Лаха-Нойбоьрара юккъерчу ишколан дешархойн тобано. «Бусулба дин» нашид элира Шоьнара юккъерчу ишколан дешархочо Шарипов Наиба. Мехала цхьаьнакхетар дерзош, Шоьнара юккъерчу ишколан дешархочо Шарипова Сурьяна хьалхара а олуш, «Ненан мотт» эшар лекхира Шоьнара юккъерчу ишколан а, Лаха-Нойбоьрара юккъерчу ишколан а дешархойн тобанаша.

Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар дуккха а хьехархошна, дешархошна, нохчийн маттаца уьйр-безам болчарна дагахь лаьттар ду. Хаза, сирла дагалецамаш оцу цхьаьнакхетарх хьехархойн, дешархойн бисийта Гуьмсан к1оштан администрацин куьйгалло, дешаран урхалло а царна дала совг1аташ кечдинера. Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас тайп-тайпанчу номинацешкахь совг1аташ д1адала сцени т1е кхойкху баьхкина лараме хьеший.

Гуьмсан муниципальни администрацин куьйгаллин ц1арах нохчийн меттан Денца доьзна, дуккха шерашкахь хьанал къахьегарна а, кхиамаш бахарна а Сийлаллин грамоташца билгалбехира:

Абдулхаджиева Вахин Хеди, Гуьмсе-г1алин №9 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Асхабов 1абдул-1азиз, Лаха-Нойбоьрара №1 йолчу юккъерчу ишколан г1иллакх-оьздангаллин хьехархо;

Мустапаева Султанан Зарема, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Абдурашидова Мохьмадан Тумиша, Мелхчера юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Хасанова Абуса1идан Есират, Лаха-Нойбоьрара юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Эльтукаева Мусан Милан, Ойсхарара №3 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Магомедова 1аловдин Элита, Шоьнара юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Чермыханова Айсолтин Лиза, Гуьмсе-г1алин №7 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Алиева Мусан Лида, Лаха-Нойбоьрара юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

Гераева Г1айрсолтин Маьлхиш, Энгель-Эвлара юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;

«Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсамехь тоьллачарна Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгаллин а, к1оштан дешаран урхаллин а ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира к1оштан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитело Абдулхалимов Джабреилан Якъуба:

1. Гуьмсе-г1алин юккъера №3 йолу ишкол;

2. Гуьмсан муниципальни к1оштан Комсомольскера юккъера ишкол.

«Ненан мотт – аганан илли» номинацехь шаьш язйина байташ йоьшуш д1абаьхьначу къовсамехь шеконза толамчунна, толамаш баьхначарна а к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналисто, поэто, «Гумс» газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Хожбаудис:

1. Даипова Хедина, Хошкалдера Сумбулатов Абузаран ц1арахчу юккъерчу ишколан 8-чу классан дешархочунна – шеконза толамхо;

2. Абубакарова Миланина, Гуьмсе-г1алин №9 йолчу юккъерчу ишколан 8-чу классан дешархочунна – 1-ра меттиг;

3. Пашаева Аминина, Энгель-Юьртара №1 йолчу юккъерчу ишколан 11-чу классан дешархочунна – 1-ра меттиг;

4. Элиханова Раянина, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу юккъерчу ишколан 3-чу классан дешархочунна – 2-г1а меттиг;

5. Хуржаев Мохьмадна, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу гимназин 5-чу классан дешархочунна – 2-г1а меттиг;

6. Берсункаева Зазина, Керла-Бенара юккъерчу ишколан 8-чу классан дешархочунна – 3-г1а меттиг.

К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла газет» ц1е йолчу къовсамехь шеконза толам баьккхинчунна а, толамаш баьхначарна а к1оштан дешаран урхаллин ц1арх грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас:

1. Гуьмсе-г1алин №10 йолу юккъера ишкол – шеконза толамхо:

2. Гуьмсан муниципальни к1оштан Комсомольскера юккъера ишкол – 1-ра меттиг;

3. Гуьмсан муниципальни к1оштан Ойсхарара коьрта ишкол – 1-ра меттиг;

4. Гуьмсе-г1алин №3 йолу юккъера ишкол – 2-г1а меттиг;

5. Гуьмсе-г1алин №12 йолу юккъера ишкол – 2-г1а меттиг;

6. Гуьмсе-г1алин №11 йолу юккъера ишкол – 3-г1а меттиг;

7. Гуьмсан муниципальни к1оштан Мелхчера юккъера ишкол – 3-г1а меттиг.

К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла альманах» ц1е йолчу къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арх грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас:

1. Гуьмсан муниципальни к1оштан Комсомольскера юккъера ишкол – шеконза толамхо;

2. Гуьмсе-г1алин №2 йолу юккъера ишкол – 1-ра меттиг;

3. Гуьмсе-г1алин №3 йолу юккъера ишкол – 1-ра меттиг;

4. Гуьмсан муниципальни к1оштан Энгель-Юьртара №1 йолу юккъера ишкол – 1-ра меттиг;

5. Гуьмсан муниципальни к1оштан Ойсхарара №1 йолу юккъера ишкол – 2-г1а меттиг;

6. Гуьмсан муниципальни к1оштан Ойсхарара №3 йолу юккъера ишкол – 2-г1а меттиг;

7. Гуьмсан муниципальни к1оштан Джалкхера №2 йолу юккъера ишкол – 2-г1а меттиг;

8. Гуьмсан муниципальни к1оштан Къеда-Юьртара №1 йолу юккъера ишкол – 3-г1а меттиг.

К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» ц1е йолчу къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас:

1. Атакаева Зайнапина, Лаха-Нойбоьрара №1 йолчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочунна – 1-ра меттиг;

2. Успахаджиева Хедина, Комсомольскера юккъерчу ишколан 11-чу классан дешархочунна – 2-г1а меттиг;

3. Зайналабдиева Танзилина, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочунна – 2-г1а меттиг;

4. Джимнигова Хедина, Ойсхарара №3 йолчу юккъерчу ишколан 11-чу классан дешархочунна – 3-г1а меттиг.

5. Мачаева Иманина, Шоьнара юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочунна –3-г1а меттиг.

Нохчийн меттан Денна лерина к1оштан дешаран хьукматашкахь дуккха шерашкахь балха т1ехь эвсаралла гайтарна дешаран урхаллин ц1арах к1оштарчу нохчийн меттан хьехархошна Сийлаллин грамоташца совг1аташ дира Гуьмсан муниципальни к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас:

1. Бурчаева Хьасанан Зинина, Гуьмсе-г1алин №9 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;

2. Гагаева Мухьаддин Т1аусана, Ойсхарара коьртачу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;

3. Джамалдиева Хьасанан Мархина, Дарбанхера юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;

4. Дуруева Хасмохьмадан Мадинина, Азамат-Юьртара юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;

5. Имхаджиев Сулайманан Даудана, Ойсхарара №1 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;

6. Халимова Денилбекан Зинина, Гуьмсе-г1алин №4 йолчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;

6. 7. Эльдарова Саламун Ровзанина, Ишхойн-Юьртара юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;

8. Эрсебаева Сайд1алвин Хьаванина, Комсомольскера юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна.

К1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин бух» — цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешашна а, вовшахтоьхначарна а, декъашхошна а баркалла а олуш, дерзоран къамел дира.

Цхьаьнакхетар дерзадо Шоьнарчу юккъерчу ишколан 10-чу классан дешархочо Шарипова Сурьяна хьалхара а олуш, Шоьнарчу а, Лаха-Нойбоьрарчу а юккъерчу ишколашкарчу мехкарийн тобанаша «Ненан мотт» цхьаьнакхетараллин шатлакхца.

Нохчийн меттан Денна лерина «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздагаллин бух» цхьаьнакхетаран болх вовшахтухуш а, д1ахьуш а коьрта дакъалецира к1оштан дешаран урхаллин хааман-бакъонийн а, методически г1о-накъосталладаран а декъан куьйгалхочо Шалаева Ларисас а, цуьнан белхан накъосташа а, дешаран урхаллин коьрта говзанчо Осмаева Хьавас. Йоццачу хенахь к1оштара ишколашкара пох1ма долу дешархой схьагулбар а, уьш цхьана низаме балор а йоккха говзалла езаш болх бу. Оцу балхаца дика ларийра вовшахтохархойн комитетан декъашхой.

Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар д1адахьа кечам беш а, д1ахьош а дика накъосталла дира Берийн кхоллараллин Кхерчан белхалоша, къаьсттина Шерипов Увайса.

Вайн к1оштахь цхьаьнакхетарш, къовсамаш, даздарш лаккхарчу т1ег1анехь д1адахьа аьтто хилира дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас ша коьртехь а йолуш нохчийн меттан Де даздарна лерина говзанчийн тоба вовшахтохарна. Оцу тобанан декъашхой бара: Шалаева Лариса, Джамалаева Аминат, Осмаева Хьава, Исмаилова Залина, Эскерханова Зина, Азиева Тамара, Иблаева Аминат, Асхабова Залина, Токаева Аминат, Абдусаламов Мохьмад а.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

1332