Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.04.2018 17:22 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 22.03.2018 г.

Воккха-Хьаьжин весет

Автор: ХАТУЕВ 1абдулхьамид

Воккха-Хьаьжа, Сесанара-Хьаьжа, Хьаьжа-Индаре, Ташу-Хьаьжа… Уьш ерриге цхьана эвлаяан ц1ераш ю. Цуьнан бакъйолу ц1е Ташу-Хьаьжа хилла. Оьрсийн историкийн йозанийн хьостанаша билгалдаккхарехь, иза луларчу Дег1астанерчу г1умкийн Эндери-эвлара схьаваьлла ву. Амма и шеконе дуьллу Ташу-Хьаьжина т1аьхьа х1иттинчу цхьаболчу нохчийн мурдаша. Цара и Нохчийчуьра вахана хилла боху Эндери-эвла.

Шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: Дег1астанехь г1араваьллла волчу Мохьамадал Яраг1ис бусалба дин 1амийна ву Ташу-Хьаьжа. Иза виначу хенах, бераллах, тайпа-тукхумах, гергарчарах материалаш ца карийра тхуна, оьрсийн дукха документаш, нохчийн шира тептарш кегорах. Бакъду, 2008-чу шарахь 1аьрбийн маттахь зорбатоьхначу жайнахь хьахийна ду: 1810-чу шарахь шен устазо Мохьамадал Яраг1ис шена билгалйинчу нохчийн цхьана юьрта веара Индарера Ташу-Хьаьжа. Оцу юьртахь, цунна накъост, г1оьнча хир ву аьлла, билгалвина, Сесанара аренга охьавеана, юьртахоша лоруш, вехаш-1аш цхьа стаг вара. Цунна т1евоьссира Ташу-Хьаьжа. Х1усамдена бийцира цо ша арабаьккхина некъ. Нохчийчохь бусалба дин ч1аг1дар дара цуьнан коьрта декхар.

Нохчийчохь даьржина ши т1арикъат ду: къадирин, накъашбандин. Къадирин т1арикъат Нохчийчохь а, Къилбаседа-Кавказехь а даржийнарг Илсхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа ву. Мохь туххий зуькар деш, дег1ана ницкъбеш, т1араш детташ, гонехь 1амал ечу къадирийтех къаьсташ бу, го а бина, охьаховший, меллаша зуькар деш, Далла хастам беш болу накъашбандин т1арикъатехь берш. Хаваж-Баудди Накъашбанди ву и т1арикъат дуьххьара бусалбалашлахь даржийнарг. Делан Элчанна т1екхаччалц хьалайоьдуш ю и ши т1арикъат кхайкхош хиллачу 1еламнехан силсил.

Оцу «силсил аз-забат» олучу «дашочу з1енан» ч1агаршна юкъахь хьакъйоллу меттиг д1алоцу Къилбаседа-Кавказехь и т1арикъаташ даржо долийначу г1азг1умкичо Мохьамадал Яраг1ис. Цунна т1аьхьах1иттинчу 1еламнахах бу: Сесанара Ташу-Хьаьжа, Сиржа-эвлара Умалт-Шайх, Зандакъара Г1еза-Хьаьжа, кхиберш а.

Мохьамадал Яраг1ис Ташу-Хьаьжина т1едиллина хилла накъашбандин т1арикъат Нохчийчуьра Анапе кхаччалц болчу махкахь довзийтар, даржор, цунна леррина бакъонаш а, шайхан дарж а луш.

Ташу-Хьаьжин васт шатайпа къаьсташ ду. Иза динан да хилла ца 1аш, г1араваьлла т1емало а хилла. Таймин Биболатан ц1е политикехь хьехор лаг1лучу, 1830-чу шерашкахь, лепа болало Ташу-Хьаьжин сийлаллин седа.

1830-чу шарера 1843 шо кхаччалц болчу муьрехь Нохчийчохь, Дег1астанахь къоман парг1атонехьа къийсамехь имам Шемалца цхьаьна оьрсийн йозанийн тоьшаллашкахь хаддаза хьехош ю Ташу-Хьаьжин ц1е. Ша 1еламстаг хиларна, бусалба дин Къилбаседа-Кавказехь даржор шен декхар хеташ хилла Ташу-Хьаьжина. Кавказехь накъашбандин т1арикъат дуьххьара юкъадаьккхинчу г1араваьллачу г1азг1умкийн шайхан Мохьамадал Яраг1ин мута1елам хилла ву иза. Имамашна Г1еза-Махьмина, Шемална г1азотан идеологи йовзийтина, церан хьехамча хилла ву Мохьмадал Яраг1и.

1819-чу шарахь инарла Ермолов Эндери юьртана уллехь г1алаг1азкхийн г1ап йог1а воьлча, оьг1азбаханчу бахархоша цунна дуьхьало йира. Г1аттамхошна юкъахь вара Ташу-Хьаьжа а. Цу хенахь луларчу Дег1астанахь а, Нохчийчохь а хилла т1еман-политикин хьал шатайпа дара: паччахьан эскаршка ламанхой эша ца луш, ламанхошка колонизаторш шайн латтанаш т1ера д1а ца бахалуш. Къоман маршонехьа латточу къийсамехь яккхий новкъарлонаш йора нохчашна юкъахь яьржинчу вочу амалша: къаьркъа мийларо, томка озаро, кегийрхой баккхийчаьрца эвхьазбовларо, цхьаболчу зударийн маьттаза леларо, г1иллакхаш цалараро.

Оцу хьолехь вуно ледара ларбора динан бехкамаш: ламаз дар, марханаш кхабар, бусалбанийн сийдар. Уьш нисдан а, лардайта а оьшург луьра низам дара. Адамийн дог-ойла г1атто а, уьш шайн къийсамехь ч1аг1бан а бусалба динан хаза г1иллакхаш марздан дерзара, кегий нах ийманехь, оьздангаллехь кхио безара. Ламанца, аренца йолчу нохчийн ярташкахь бусалба дин ч1аг1дан волавелира Ташу-Хьаьжа, даима а шена уллехь Девкар-эвлара Уди-молла а волуш. Дег1астанахь имам кхайкхийна волу Г1еза-Махьма дегайовхонца хьоьжура Нохчийчу: цунна оьшурш нохчийн т1емалой а, эскар кхаба ялтий а дара. Цо мосуьйттазза шен векалш хьажийра нохчашна юкъа, шех схьакхета аьлла. Амма цхьанне а куьйгалла шайна т1ехь ца ловш болу нохчий шаьш д1ахьош бара паччахьан эскаршна дуьхьал къийсам.

Оццу хенахь кхуьуш яра (1818-чу шарахь йилла йолийна) нохчашкахь кхерам латто 1алашо йолуш йоьг1на т1еман г1ап: Грозная (Буьрсаниг). И г1ап юг1уш, йохийна, ягийна, лаьтта т1ера, д1аяьхнера дуккха а нохчийн ярташ: Ч1егана, 1алхан-юрт, Хан-г1ала, Эндере-юрт, Кули-юрт, Т1урт1и-к1отар, Сарачан-юрт, Мамакхин-юрт… Ерриге а ткъе итт сов юрт х1аллакйина паччахьан эскарша, и г1ап юьллуш. Цунна тоьшалла до историк, этнограф волчу Александр Бержес шен «Нохчийчоь, нохчий а» ц1е йолчу книги т1ехь.

И г1ап йилларна дуьхьалболу нохчий хаддаза т1елетара паччахьан эскаршна. Ишта т1елатар хилира 1818-чу шеран 4 августехь. Цхьа а шеко яц, оцу т1амехь дакъалоцуш хиллачу нохчашна юкъахь Ташу-Хьаьжа хилла хилараню. Цу хенахь г1еметтах1оьттина стаг хила везаш ву иза.

И санна долу т1елатарш дуккха хиллехь а, и г1ап ца йог1ийта ницкъ ца кхечира нохчийн. Атта дацара еккъа шаьлтанашца яккхийчу тоьпашна дуьхьал т1ом бан. Инарла Ермоловн акха къизалла бахьана долуш кхихкина Соьлжа т1ехь йоьг1начу г1опана гонах т1емаш. Цу хенахь Кавказан линин штабехь г1уллакхдеш хилла волчу А.С.Зиссермана шен «Ткъе пхеа шарахь Кавказехь» ц1е йолчу книги т1ехь дагахьбалламца яздо: «Нагахь вай вешан 1едал к1аддинехьара, мега долу некъаш дехкинехьара, Соьлжах, Терках дехьа-сехьа довлийлаш йинехьара, промышленность кхиорна г1айг1а бинехьара, цхьаъ мукъна а школа йинехьара, оьрсийн мотт 1амо доьналла долчу туземцийн бераш кхойкхуш, вай-ваьш х1ара мохк, цуьнан бахархой бовза г1оьртинехьара, Грозный хила тарлора кхин: машаре, граждански амал йолуш».

Соьлжа-Г1ала йилларх нохчийн цхьана ширачу иллехь аьлла ду:

Хьо юьллу бехира

Нохчашна базарна,

Хьо йиллина хиллера

Нохчашна балийна.

Соьлжа-Г1ала йилличхьана дуьйна цу чуьра нохчашна дуьхьал долчу массо зуламашна куьйгалла а деш, хаддаза лаьмнашка та1зардаран экспедицеш вовшахъетташ, маьрша нах х1аллакбеш, къинош летийна ву инарла Ермолов. Барам а боцуш дукха ду цо дина зуламаш.

Ямартлонашций, къизаллийций г1араваьллачу инарло шен «Ермоловн йозанаш» ц1е йолчу книжки т1ехь яздо: «Х1инццалц масал дацара нуьцкъах цхьана а нохчичуьнга шен махкахошна дуьхьал герз даккхийтаран, амма х1инца хьалхара г1улч яьккхина: церан коьрта чу дижийна, иза иштта гуттар хир ду аьлла».

Ермоловн 1алашо яра нохчий вовшахлатийтар, церан дуьхьалояран ницкъ малбархьама. 1835-чу шеран аьхка инарла-адъютанте Чернышевга яздинчу кехатехь инарло Розена хаам бо: «Сунженски линин командующи волу подполковник Пулло Энгелик юьртана, Ташу-Хьаьжина, т1елата вахана шеца эскарш, г1алакхазкхий, 200 нохчи а волуш». Цул т1аьхьа, нисса шо даьлча, полковникан дарже ваьккхина волчу Пуллос хаам бо инарла-майор волчу Петровга: «Грозный-г1опехь ша 100 Теркйистера нохчо д1атарвина Ташу-Хьаьжийна дуьхьала», — бохуш.

Шайн мохк ларбеш, нохчаша дуьненахь ца гинчу майраллийца дуьхьало йича, паччахьан 1едал кхийтира, Кавказ караерзор иттаннаш шерашкахь дахлур хиларх. Т1аккха цара яхка йолийра х1ора нохчийн юьртана уллехь г1алаг1азкхийн станицаш, Кавказски лини аьлла ц1е а тиллина. Оцу линин цхьа га 1аьржа х1орда т1ера Г1оба-хи т1е кхаччалц дара: аьтту аг1ор фланг. Важа га Г1ажарин х1орда т1ера (Каспийское море) Теркана т1е кхаччалц дара: аьрру фланг. Оцу флангашкахь боккха т1еман ницкъ бара, шайн командираш а болуш.

1830-чу шеран б1аьста Дег1астанан имам Г1еза-Молла шен эскарца Нохчийчу волавелира. Нохчийчу вог1учу новкъахь цо гобира Бурный ц1е йолчу паччахьан эскарийн г1опана. Т1амца схьаяьккхира Шамхалан коьрта шахьар Таркхи. Имаман 4 эзар эскарна г1оьнна веара 8 эзар г1умкий, нохчий. Июнехь цара гобира Эндерина лулахь йолчу Внезапни г1опанна. Оцу т1амехь куьйгалладеш вара Ташу-Хьаьжа. Августехь гона юкъахь бисинчу салташна орцахвелира Кавказски линин командующи инарла Эммануэль, шеца цхьаьна инарла Бекович-Черкасски а волуш. И дерриге а хиъча, Г1еза-Махьма шен эскарца аьккхийн хьаннашкахь къайлавелира. Цунна та1зар дан т1ахьаваьлла волу Эммануэль, бекхамо корта а хьовзийна, хьуьнах вуьйлира.

Инарлера и г1алат даларе хьоьжуш хилла Ташу-Хьаьжа шен эскарца цунна т1елетира. Оцу т1амехь Эммануэлана чов йира. Шегара командовани инарла Вельяминовга д1адала дийзира цуьнан. Т1ехьашха т1елеттачу Г1еза-Махьмин эскаро йистъяьккхира т1еман: цхьа йоккха топ д1акхуссуш, Внезапни г1опехь къайлабевлира паччахьан салтий.

И боккха толам бара. И толам бахьанехь, нохчийн а, суьйлийн а т1емалойн паччахьан эскарца латточу къийсамехь цхьаьна хила барт хилира. Оцу кхиаман коьртехь лаьтташ вара Ташу-Хьаьжа. Иза даима а вара юкъарчу къийсамехь Къилбаседа-Кавказан къаьмнийн ницкъаш цхьанатохаре кхойкхуш.

1831-чу шарахь Ташу-Хьаьжас ша Кавказан бахархошна юкъахь баржийначу «Кхайкхамехь» г1азотана дуьхьалболчу динан дайшка бохура: «Делах дуй буу ас, вайн Пайхамаран умматах шу дац аьлла. Шу Делан а, Пайхамаран а мостаг1ий ду. Х1инца дуьйна, ца лаахь а, Дала бохург ца дича девр дац шу».

1832-чу шарахь Гуьмсена уллехь нохчаша, х1аллакйира г1алаг1азкхийн дошлойн полк. Цигахь караеана ши йоккха топ нохчаша Бена д1аяьхьира. Цу хенахь Бена паччахьан эскаршна духьалояран туш а хилла д1ах1оьттинера. Кхузахь кест-кеста хуьлура шен хьехамашца Дег1астанан имам Г1еза-Молла, х1етахь башха вевзаш воцу Шемал, кхузахь ч1ог1а лоруш волу Ташу-Хьаьжа. Наха ч1ог1а лерина ладоьг1ура цара бусулба динах бечу хьехамашка.

Гуьмсехь г1алаг1азкхий х1алакбарна бекхам беш, Нохчийчухула ц1арца чекхвелира инарла Розен. Бена яга а йина, иза т1елетира имаман Г1еза-Махьмин г1опанна Г1имрина. Цигахь хиллачу чевнех кхалхар хилира имаман. Оцу т1еман ц1ергахь хиллачу Шемалан аьтту белира эскарийн гона юкъара аравала. Цул т1аьхьа ши бутт балале, 1833 шо долалуш, Дег1астанахь керла имам Хьамзат-Бек хаьржира. Цхьана шарахь эхашарахь имаман даржехь хилла Хьамзат-Бек ч1ирхоша вийра. Шолаг1а имам вийначул т1аьхьа оцу дарже уггар а хьакъволу баьччанаш а хилла д1ах1оьттира Ташу-Хьаьжа а, Уди молла а. Т1аьхьо, Ташу-Хьаьжас г1о а деш, баьчча Шемал хаьржира. Ташу-Хьаьжа имаматан Лакхарчу Кхеташонан декъашхо хаьржира. Оцу хенахь дуьйна Ташу-Хьаьжин ц1е хаддаза хьехош ю оьрсийн т1еман йозанийн тоьшаллашкахь. Царах цхьанна т1ехь аьлла ду: «Ташу-Хьаьжина т1аьхьах1иттинчу т1емалойн барам кхаа эзарне кхочура».

1835-чу шарахь Ташу-Хьаьжас шен т1еман ч1аг1онаш йо Устрада-Эвлахь, Майртуьпахь, Казбек-юьртахь, Сесанахь, Зандакъахь. Оццу хенахь паччахьан инарлаша къаьсттинчу тидаме оьцу Ташу-Хьаьжин б1о. 1835-чу шеран июнехь Ташу-Хьаьжин эскар т1елета Орга-хи т1ехь Пулло отрядашна. Кхаа дийнахь т1ом бинчул т1аьхьа, эшийна Пулло, юхаволу. Амма, шо даьлча, Хошкалда а ягош, нохчийн ярташна т1елетта Пулло юха а эшаво Ташу-Хьаьжас.

1836-чу шеран 26 августехь паччахьан эскарша ягайо Зандакъ. Дег1астанара сихха юха а воьрзий, Уди-моллица цхьаьна Ташу-Хьаьжас гуобо юьрт ягийначу Пулло отрядана. Бевдда Внезапни г1опехь къайлабовларо к1елхьарабоху салтий х1аллакьхиларх.

1837-чу шеран б1аьста инарла Фезис, шина баттахь т1ом бой, схьалоцу Аварин коьрта шахьар Хунзах. Ташу-Хьаьжас, шен эскарца т1е а летий, хаъал зиэ до инарлина. Т1аккха, цаваьлла, Фези бартбан лаам болуш, дийцарш дан волало имам Шемалца. Цул т1аьхьа долу шо машаре деара Нохчийчохь. Амма оцу машарх пайда паччахьан эскаро ийцира. Шайна луъучу аг1ор бусалба динан хьехамаш бан инарлаша Нохчийчу валийнера Казанера г1езало молла Тажаддин Мустафин. Цо хьехамаш бора нохчашна: «К1айчу паччахьана муьт1ахь хила деза, герзанна хьалха охьата1а деза», — бохуш. Цул сов, цо ч1аг1дора бусалба нах вирдашка бекъабалар исламаца ца дог1у, зуькарш дар исламана дуьхьал ду бохуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

161