Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

24.05.2018 14:16 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 33-34 от 24.05.2018 г.

Кхоллараллин лехамехь ю журналист

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн НР-хь, Россин тайп-тайпанчу мехкашкахь, дозанан арахьа а сих-сиха зорбанера араюьйлу яздархоша, публицисташа, политологаша Нохчийчоьнах, нохчийн къомах язйина статьяш, книгаш. Церан чулацам а, 1алашо а, вайна ма-хаъара, тайп-тайпана хуьлу, авторийн пох1мане, амале, хьежамашка а хьаьжжина. Хетачунний, моьттачунний, аьллачунний, баьхначунний, хила тарлучунний т1е а тийжаш, шайна хетачух бакъдерг а дина, кхечеран бакъдерг емалдина, тахана а я кхана бакъдерг а хилла даха йиш йоцчу дешнех вовшахтесна книгаш ю царах дуккха а ерш. Гинарг, хезнарг ойланехь литтадаларх а кхачаме дац, нагахь харц-бакъ а къастийна, йозанца кехат т1е охьадилла доьналла дацахь я ша дуьйцург ма-дарра орамера, чуьра дуьйна девзаш дацахь. Ц1ена нигат, хаарш, доьналла, пох1ма а цхьаьна долуш наггахьверг бен ца хуьлу яздархошна, историкашна, политологашна, политикашна, журналисташна юккъехь. Ишттачарах цхьаъ хиллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, Нохчийчуьра юкъараллин-политически хьал хьахаделча, тобанашка бекъабеллачу нохчех ша г1айг1анца, сингаттамца къамел деш, олура: «Нохчийн къоманна оьшуш беана бацара х1ара ши т1ом. Вайна кочатесна бу х1илланечу, сутарчу политикаша. Кху балех довла вайна лаахь, д1ай-схьай лелхар а дитина, яьржина ойланаш гулйина, бакъдерг дийца деза политикаца шайн дахар мел доьзначара. Уггар хьалха чубаьхкинчу а, кху чохь болчу а журналисташа. Ша зуда йоллушехь, бакъдерг яздан ца кхоьру Газиева Аза. Доьналла долуш журналист ю иза. Цо санна статьяш язъеш кхин а пхи-ялх журналист велахьара, цхьадолу бакъдерг мукъане а девзар дара дуьненахь». Йоккхачу политиках, бехк-гуьнахь а доцуш х1алакбинчу доьзалех, нохчийн мух1ажарех, цаьрца лелочу харцонех а А. Газиевас язйина статьяш ша ешча, аьллера и дешнаш Абузара. Дашца а, къинхетамца а г1уллакхца а шайна цхьаьнгара орца кхачаре нохчаша сатуьйсу хан-зама ю иза. Оьшшучу хенахь а, шен меттехь а ца аьлла дош, дахкарлахь кхоьссина топ санна, дов. Шен хеннахь а, шен меттехь а аьлла дош, даш санна, деза а, дезаш а, оьшуш а хуьлу. Халкъан кхолламан чолхечу муьрехь орцане а, дарбане а дара Азин дош, ша б1аьрсине а, лерсине а мел кхаьчначийн кханенах дог тешош, Делан диканах дог ца дуьллуьйтуш. Соьлжа-Г1алахь, Соьлжехь, Алдехь, кхечу ярташкахь а бехачара лайна харцо, къизалла 1орайоккхуш, т1епаза, доьза байначийн лараш лоьхуш, гездора Нохчийчоьнан некъаш журналисто Газиева Азас, герзах боттабелла, карзахбевллачаьрга блокпостехь, со нохчийн журналист ю олий, тоьшалла д1а а ухьий, стешхаллах ларлуш, цаьргахьа букъ а берзош. Хьалха шена бевзаш хиллачу дуккха а журналисташца, керлачу политикашца цхьаьнакхетарш, Нохчийчохь долу юкъараллин-политически хьал дийцаре дар сих-сиха хуьлура Азин. Царах цхьаболу журналисташ Нохч-Г1алг1айн АССР-н телевиденехула а, радиохула а йолчу пачхьалкхан комитетан режиссеран г1оьнча ша йолуш, вуьйш – Хьалха-Мартанан к1оштан а, Нохч-Г1алг1айн республикан юкъараллин-политически «Даймохк» а газетийн редакцешкахь болх бечу хенахь а, ша кхечу газеташца, журналашца кхоллараллин з1е латтош а, уллера бевзинера Азина.

Газетийн аг1онаш т1ехь х1етахь араюьйлучу статьяша Нохч-Г1алг1айн республикехь йовзийтина ца 1аш, Къилбаседа Кавказехь а йовзийтира Азин ц1е. Цунна оьшшу дош карадора 1едалан векалийн белхан кхачамбацарех ала а, хьанал-ц1ена къахьоьгург хасто а. Таллам, хаарийн шоралла, к1оргалла а хаалора Азас театрах, литературах, артистех, актерех, яздархойх язйинчу статьяшкахь. Мила, маца, муьлхачу ролехь, муьлхачу спектаклехь дика я вон левзина дика дийца а, яздан а хаьа Азина. Исбаьхьаллин литературехь дика хаарш хилла ца 1аш, цунна дика хаьа театрийн истори, актерийн кхоллараллин некъ дика бевза. Оцу дерригено а г1о до Азина говзалла лаккхарчу т1ег1анехь латто. И хаарш ийшира Азина НР-н къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан декъан куьйгалхо ша йолуш. Республикехь ара мел долучу газеташна, журналашна т1ехь терго а, 1уналла а латториг хаарш, говзалла йолуш, ша кхечарна кхочушдан т1едуьллург а, лехамаш а ша а бевзаш хилча, редакторийн а, журналистийн резабацарш, дегабаамаш а к1езиг хуьлу я хиллане а ца хуьлу. Газетийн, журналийн куц-кеп, чулацам дика хилийта 1алашо йолуш, Азас а, цуьнан белхан накъосташа а оцу муьрехь бина болх жам1 дика долуш бара. Цундела ларамза дацара, НР-чу газеташа, журналаша Къилбаседа-Кавказехь, Россехь а д1абаьхьначу къовсамашкахь толаме меттигаш яхара а. НР-н къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан декъан куьйгалхо а йолуш Азас «Зорбанан Ц1ийнехь» вовшахтухура яздархойн кхоллараллаш лерина цхьаьнакхетарш, литературин суьйренаш, керла книгаш йовзийтар, цхьайолу исбаьхьаллин произведенеш йийцаре яр. Нохчийчохь наггахь а к1ошт яц цо «Нохчийн меттан Де», «Нохчийн ненан Де» – т1екхочуш, цхьаьнакхетарш вовшахтохаза а, д1адахьаза а, шеца цхьаьна поэташ, артисташ а болуш. Керла схьайиллинчу «Даймохк» телевиденехь Азин проектийн бух т1ехь кхоьллина дуккха а дика нохчийн маттахь передачаш евлира эфире. Аза коьрта редактор а йолуш говза кхоллараллин болх бира къоначу журналисташа. Яздархойн произведенийн меттан хазалла йовзийтина ца 1аш, литература дика евзачара турпалхойн васташ довзуьйтура оцу передачашкахь. Телехьовсархошна дуккха а керланиг девзира яздархойн Исаева Мареман, Курумова Селимин, 1илманчин М.Чентиеван, нохчийн дуьххьарлечу журналистан Саракаева Мареман и.д1.кх. дахарх а, кхоллараллах а. Царах а, кхечу нохчийн зударех а «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!» – книга араяьккхина Азас, дешхьалхенехь х1ара дешнаш а яздина: «Кху жайни чохь вай хьахийнарш бац, йо1 хилла, йиша хилла, нус хилла, х1усамнана хилла я шен доьзалан нана хилла, дахарх кхачо йина, севцца турпалхой. Царна шайн дахаран декхарш мелла а шуьйра го. Хийла зудчо а, стага а б1окъажор болу дахаран чолхалла турпалаллийца эшош чекхбийлина уьш-шайн синош Дала къоман дуьхьа, Даймехкан дуьхьа кхоьллина хеташ долу Адамаш… Оцу мехкарех х1оранна а бакъо ю ала: «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!», амма церан лаам – 1алашо – «Ирсе яхалахь, Нохчийчоь!». Царах х1ора а вайна юьхьк1ам бу! Уьш хьакъ бу шайх дозалла дан. Баккъалла а вайн мехкан дозалла ду царах х1ора а. Сан дехар ду шуьга – безаш уьш т1еэцар».

Зорбанан Ц1ийнахь и книга йовзуьйтуш дакъалаьцначара лаккхара мах хадийра цуьнан, нохчийн хьакъболчу зударшна дика х1оллам а, церан йиша-вешина, верасашна хаза совг1ат ду «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!» Ша телевиденехь, газетийн редакцешкахь болх беш йолуш а, карзахе денош, шераш а Нохчийчу даьхкинчу хенахь а бевзинчу журналистех, шен уьйр-марзо, доттаг1алла хиллачех, уьш дагалоцуш, уьш бара, уьш баьхна, бохуш, дегалазамца, дега1ийжамца статьяш, очеркаш шен язъян дезар ду аьлла, дага а ца деанера Азина. Царах цо язйина статьяш, очеркаш цхьа шатайпана безам, аьхналла, йовхо, марзо шайца хаалуш ю, массо а дош даггара а, доггаха а яздина дела. Царах х1ора а ваха лууш вара, шайн берийн, берийн берийн а диканах воккхавуьйш, машаречу, ирсечу Нохчийчохь. Бакъдерг адамашка д1акхачо, халкъанна а, махканна орцанна арабевллачохь 1ожалла т1еэцна цара, шайл т1аьхьа шаьш аьлла, яздина дош а дуьтуш. Соьлжа-г1алахь, журналистийн бешахь, х1ара дешнаш т1ехь а долуш х1оллам бу лаьтташ: «Журналистам, погибшим за свободу слова. Шайн метта даха аша дитина дош…»

1ожалло хеназа вайх д1акъестийначу журналистех ша язйина очеркаш вовшахтоьхна, «Дешан б1аьхой», Таьнгичу юьртара къонахчух, турпалхочух, РУБОП-н подполковниках Баталов 1елин Вахьидах «Рыцарь доблести и чести» — книгаш язйина. НР-н хьакъйолчу журналисто, НР-н культурин хьакъйолчу белхахочо Газиева Азас, уьш цабевзинчарна бовзийта а, цаьрца уьйр-марзо хиллачарна биц ца балийта а, иэсехь латтийта а.

Азин «Даймохк» газетан, «Орга» журналан аг1онаш т1ехь араюьйлу т1еман турпалхойх, яздархойх, актерех, артистех статьяш чулацамца шуьйра хилла ца 1аш, дуккха а керланиг а карийна, говзачу маттахь язйина ю. Зорбанехь араяккха кийчча (актерех, артистех, 1илманчех, яздархойх) кхоъ книга ю Азин. Дукха бац, халахеташ делахь а, Нохчийчохь нохчийн маттахь, нохчийн йозанца паргг1ат шайн ойланаш кехат т1е д1аязъян хаарш, пох1ма, говзалла ерш, эзарнаша кегийрхоша х1ор шарахь аттестаташ схьаоьцуш делахь а, церан хаарийн тешалла деш. Дика хир дара, Азин а, и санначу кхечу журналистийн а белхан говзалла, корматалла къоначарна йовзийтича, баккхийчу а, къоначу а кхоллараллин адамашна юккъера уьйр, з1е а ца хадийта.

Ламасталле ца йирзинчу корматаллин, говзаллин а (нохчийн журналистикехь муххале а!) оьмар еха ца хуьлу. Нохчийн меттан йозанан хьал тидаме эцча, муххале а сий-ларам бан беза Газиева Аза санначу журналистийн, церан куьйгайозанаш зорбанехь арадаха а сихлуш. Тахана иза ца дахь, кхана т1аьхьа хила кхерам бу, х1унда аьлча гуттар а ца хуьлу кхоллараллин адамашкахь суй, шовкъ я язъян лаам а. Цхьадика, Азин статьяш тахана а газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь еша аьтто бу вайн, иза х1ор а дийнахь кхоллараллин лехамехь йолу дела. Иштта хуьлийла кхана а, кхоллараллин шовкъ г1ел а ца луш!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

67