Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

01.06.2018 11:46 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 35-39 от 31.05.2018 г.

Нохчийн мотт 1алашбе вай

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

«Ненан маттах къахета эшац,

цуьнах эхь хета деза»

Хь.Талхадов

Дуьненахь цхьана дозанашца билгалбаьллачу махка т1ехь дехачу адамех къам дийриг уггаре а хьалха цуьнан мотт бу. Меттан г1оьнца тийсало адамашлахь уьйраш, барт, марзо. Маттаца д1ах1уьтту, ч1аг1ло г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ. Уьш дерриге а лардеш, кхетам кхиъначу адамийн хьежамаш, са, амал хуьлу шатайпана, къам а хуьлуш царех. Хан-зама яларца диканиг т1едузу я вочу аг1ор хийцало халкъан дахар-1ерехь. Х1окху дуьненахь даккхийчу къаьмнех д1аийна кегий къаьмнаш ду, шайн мотт, ламасташ а дицделла, делахь-х1ета шайн къоман башхаллаш д1аевлла. И къоман башхаллаш ларъеш 1у-дай хуьлу х1ора къоман, мел хало т1ех1оттарх некъах, къилбанах ца бухуш, нигат ц1ена долуш. Уьш вайн къоман хилла массо а заманахь. Цара лардарна схьакхаьчна вайга мотт, г1иллакхаш, оьздангалла, дин. Цара и къоман хазнаш вайга нохчийн маттаца, нохчийн маттахь а кхачийна. Муьлш хилла халкъан иэсан, синмехаллийн 1у-дай хилла лаьттинарш? Халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнаш ала бакъо йолуш хилла царех х1ора а:

– Со меца 1ийна а, нах бузо!

Со верзина 1ийна, а нах буха!

Со хьогах 1ийна а,

нах чам-мерзачу муттанех, хих 1або!

Со дакъазваьлла а,

нах декъала хилийта!

Нах ирсе а бина,

нехан ирсах воккхаве, суо ирсе хила!

Со велла а, нах бахийта!

Дуьне, дахар хаздан, даздан!

Дуьненахь баьхна шайн дахаран къилба дина эвлаяаш, устазаш, къоман къонахий, куьпан, юьртан бакъболу дай, оьзда къаной, хьехам бан Дала хьекъал, кхетам белларш хилла. Цара латтийна къам бертахь, цхьана гурашкахь, синан низамехь, 1индаг1на, стоьмана дитташ дуг1уш, некъаш, шовданаш тодеш, т1еш тохкуш. И къонахий, къоман г1ортораш д1аевлча, малъелча, некъах туьлу къам, цул т1аьхьа д1ахеда шен орамех…

Т1аьххьалц (ХХ-чу б1ешеран 90-чу шерашкахь) вайн махкахь дай хилла хьийзаш вайн амална хийра амал йолу, вайн хьежамашца хьежамаш ца бог1у кхин адамаш дара, тайп-тайпанчу мехкашкара чудаьккхина. Мехкан баьрччера не1саг1ане баьккхинера нохчийн мотт, ткъа г1иллакхаша-м аракхиссинера. Дег1ана бечу ницкъал а хала дара лан кхетамна, синна, амална йо г1ело. Оцу г1елоно к1елдитна адам к1езиг дацара, ткъа иштта к1езиг бацара кхечу мехкашкара баьхкинчийн хьадалчаш а хилла, царна бохкабелла, церан хьашт-дезарш кхочушдеш хьийзарш а.

Оцу тайпана адамаш к1езиг ца хилла д1адаханчу б1ешеран 30-чу шерашкахь а, вайн къоман оьзда адамаш х1аллакдечу муьрехь, «коммунистийн г1иллакхаш» даржош. Къоман кхетамна, амална бинчу т1е1аткъамо, тохарша а адамийн синошна чевнаш йина ца 1аш, бохийнера доьзалш, херадаьхнера йиша-вешин гергарлонаш. Къам тобанашка декъаделла а ца 1аш, и тобанаш вовшехлеташ яра, х1ора дийнахь, х1ора к1иранах, х1ора баттахь иттаннаш, б1еннаш адамаш х1аллакдеш. Тобанийн ц1ераш тайп-тайпана яра, ткъа х1аллакбийраш нохчий бара. Наггахь а ца хазара Нохчийчу баьхкинчу кхечу къаьмнийн векалех берш байина бохург. Нохчийчоьнан баьрччерчу ярташкахь т1емалойн туьпаш ехкина, нохчийн мехкан дай а хилла хьийзачу шовзткъе итт сов къаьмнийн векалша шайна товриг, шайна луъург бен деш дацара. Шаьш мехкан дай хилар цара ч1аг1дора шайн хьехамаш, хьежамаш баржош, шайна резавоцург х1аллаквеш. Оцу туьпашка, шайн зударий а бина, д1акхуьйлура нохчийн мехкарий. Церан лаамна дуьхьалойинарш наггахь бен бацара. Церан лаамаш кхочушбийраш, церан ахчанах бохкабелларш, церан хьехамаш къобалбийраш вовшахкхетта, йоккха тоба кхоллаелира Нохчийчохь.

Нохчийн амална баккхий эшамаш а беш, оцу тобано даккхий зенаш дира вайн махкахь, шайн зуламаш массо а юьртахь, г1алахь даржош. Кегий бераш, зудабераш, мехкарий, баккхий нах идор, лечкъор д1адоладелира Нохчийчохь. Царех цхьаберш гергарчара ахчанах зуламхошкара оьцуш бара (декъий а цхьаьна). Т1аьхьо, Нохчийчохь т1ом болуш, изза зуламаш дора Россин эскаран салташа, эпсарша а.

Оцу муьрехь Нохчийчохь хьаьшнера нохчалла. Уггаре а хьалха нохчоллин коьрта билгало хилла лаьтта нохчийн мотт. Зорбанехь арадовлуш дацара нохчийн маттахь журналаш: «Стела1ад», «Орга»; «Даймохк» газет. Цхьа а х1ума дацара деш къоман культура кхио. Къоман культура муха кхиайо, нохчийн меттан сий-ларам беш ца хилча? Къоман мел долу сийлахьниг емалдеш «нохчийн пачхьалкх» еш бара нохчийн «патриоташ», кхечу пачхьалкхашкарчу векалшца цхьаьна.

Муьлххачу а къоман сийлахь мехалла ю цуьнан мотт. Т1амо йохийна мел йоккха г1ишло, юрт, г1ала а юхаметтах1оттало.

Юхаметтах1отто халаниг я юхаметтацах1отталург бицбина, бицбайтина, байна д1абаьлла мотт бу. Ишттаниг вайн маттах ца хилийта бан безаш дуккха а болх бу. Дуьненарчу къаьмнаша и болх барна, къахьегарна ларделла церан меттанаш пачхьалкхийн т1ег1анехь. Мотт ларбарехь коьртаниг, 1илманчашна хетарехь, йоза-дешар хилар, йоза-дешар хьехар, 1амор а ду. Дуьненара къаьмнийн меттанаш толлуш бинчу 1илманан белхашна т1е а тевжина,

ЮНЕСКО-н экспертан комиссино дина жам1 иштта ду: «Йоза-дешар 1аморехь уггаре а дика г1ирс ненан мотт хилар гуш ду. Гуш ду, кхин меттанаш 1амор ненан меттан чоьтах я цуьнан меттана а доцуш д1адахьа дезар. Уьш шен мотт 1амийначул т1аьхьа 1амо доло деза» («Дешарехь меттигерчу меттанех пайдаэцар». М.1953 шо).

Къоман мотт 1илма карадерзош коьрта г1ирс хилла ца 1аш, кхин меттанаш 1амош а коьртачийх г1ирс бу. Кхечу меттан дешнех кхета йиш юй, оццу дешан шен ненан маттахь маь1на девзаш, хууш а ца хилча? Яц. Делахь-х1ета, шен маттах пайдаоьцуш, цуьнан г1оьнца 1илма довза г1ерташ воцург цхьа а 1илма а доцуш виса кхерам бу. Шен къоман маттаца, г1иллакхашца, ламасташца, доцца аьлча, шен къоман культурица вехарг атта а сихо а кхочу 1илманан лакхене. Цуьнан хаарш шайна чохь къоман са а долуш хуьлу. «Шайн ламасташца, дог-ойланца, кхоллараллица т1ебуьзна болу муьлхха а мотт шен мах хадалур боцуш а, шатайпа башха а бу, х1ора стеган дахар санна» (ЮНЕСКО-н генеральни директор Мацурра Хантиро).

Нохчийн халкъан поэто, 1илманчо Сулейманов Ахьмада язйинчу «Нохчийчоьнан топоними» белхан лаккхара мах хадийна, и болх бевзаш мел волчо.

Лаккхара мах хадо хьакъ а бу и болх. Махкара меттигаш мичхьа ю билгалдина ца 1аш, церан ц1ераш д1аязйина Ахьмада, царех цхьайолчеран 1илманан бух т1ехь таллам а беш. Цо бинчу талламо вайн ойла б1ешерийн к1оргене д1аюьгу, тайп-тайпанчу культурийн тег1анаш билгалдохуш. Цара гойту, эзарнаш шераш хьалха дуьйна вайнах Кавказехь баьхна хилар, вайн дайн мохк Кавказ хилар. И бакъдерг шеконе дилла г1ерташ кхин 1илманчаш (нохчийн а, кхечу къаьмнийн а) белахь а. Иштта далийначу тоьшаллийна хьалха г1орасиз хуьлу муьлхха а 1илманча. Кхин цхьа мехала дакъа а ду А.Сулеймановн белхан: къоман мотт. Нохчийн мотт шира хилла ца 1аш, и мотт буьйцу адамаш х1окху махкахь даьхна хилар т1еч1аг1до цо. Цул совнаха, Гуьржийчохь (вайн дозанца болу мохк) йолу цхьайолу меттигийн ц1ераш нохчийн маттахь ешаелла а ца 1аш, нохчийн маттахь маь1на далуш ю. Ахьмада д1аязйинчу меттигийн ц1ераша (масех эзар дашца) т1еюзна нохчийн меттан дешнийн хазна. «Мотт – халкъан культуран уггаре а мехала дакъа ду, цо шена чулоцу гонахара дуьне, халкъан юкъараллин кхетам, цуьнан башхалла, 1ер-дахар, къоман амал, г1иллакхаш, оьздангалла, мехаллаш, дуьнене хьежамаш, дуьненца юкъаметтигаш (Тер-Минасова С.Т. «Мотт а, культурашна юкъара з1енаш а». М.2000г.). Хууш ма-хиллара, хаза 1алам долуш мохк бу вайн мохк. Тайп-тайпанчу диттийн хьаннаша д1адуькъна аьрцнаш. Бес-бесара, тайп-тайпана а т1улгаш ду вайн махкахь. 1аьржа, можа, г1амаран а латта ду вайн.

Говзачу пхьеро шайх пайда ца эцча, дитташ а, т1улгаш а, латта а хуьлий, дуьсу уьш. Амма нагахь царех эца ма-безза пайдаэцахь, дечигах дечиг-пондар, кор-не1, тхов-ц1енкъа хуьлу; т1улгах чхо, бух, ц1а, чурт, б1ов йоттало, лаьттах – кхийра пхьег1аш, ц1енош дало, тайп-тайпана кхачанна сурсаташ кхиало. Шайх пайда мел ца оьцу, шайх хаарца куьг мел ца туху чохь са доцуш хуьлу уьш. Иштта бу мотт а. Меттан дешнаш чохь са доцуш ду, шайн маь1на хуучара шайх пайдаэццалц. Шен махкахь, дайн махкахь, къоман меттан меттиг баьрччехь хила еза. И барч схьалаьцна мотт бен хила йиш яц оцу мехкан да. Шайн меттанийн меттиг баьрччехь хилийта г1ерташ дукха къахьегна дуккха а къаьмнийн векалша. Цхьадолу меттанаш дуьненахь девзина, оцу меттанашкахь 1илма кхиарна, исбаьхьа дош культуран лакхенашка кхачарна. Цхьадолу меттанаш, тахана оцу меттанашкахь къамелдинчу къаьмнийн ц1ераш а ца евзаш, доьза дайна. Ткъа царех цхьадерш (меттанаш а, халкъаш а), даккхий мехкаш схьалецна даха охьахевшина, даккхий халкъаш хилла. Ткъа цхьадерш кхечу нуьцкъалчу къаьмнийн т1е1аткъамна хьалха г1орасиз хиларна, шайн къоман башхалла ца ларъярна, дайна. Нагахь хьалха т1е1аткъаман г1ирс кхин хиллехь, тахана 1илман-технически кхиар ду боккха т1е1аткъам беш. Тахана шен мотт, йоза а даржо аьтто берг (телерадиопередачашца, интернетца т1е1аткъам бан йиш ерг) дуьненан а доладеш ву, толамхо ву. Оцу г1уллакхо сагатдечу нохчийн интеллигенцин векалша дукха дийцина, дукха яздина цу хьокъехь, шайна хетарехь, нийса некъаш а къастош. Царалахь 1илманан бух хиларца къаьсташ ду НР-н 1илманан Академин вице-президенто, профессоро Р.Х.Дадашевс яздинарг. Цуьнан «Юьхьанцарчу школехь хьехаран мотт: 1отбаккхамаш, мифаш, баккъала долушдерг» (НР-н 1илманийн Академи. Таллам (1илманан-дешаран тептар) статьяхь яздинарг доладо вай лахахь:

«Меттанаш д1адовларехь нуьцкъала г1ирс бу юкъарадешаран д1ах1оттам а, хаамийн г1ирсаш а. Дуккха а талламхошна хетарехь, школийн ницкъ кхочур бу б1ешерашкахь баьхна мотт цхьа-ши чкъор кхиале буьззина д1абаккха. Цундела кхид1а долчу т1ехь вай дуьйцур ду вайн республикехь цуьнца доьзна долу хьелаш. Х1ун дан деза-теша, нохчийн мотт, кхид1а кхиа ца бахь а, д1а ца болуьйтуш, ларбархьама? Х1окху мог1анийн автор цхьана х1уманах тешна ву: ша буьйцуш берш мел белахь а, мотт д1абер бу, нагахь и болх беш бацахь, кхуьуш бацахь, нагахь и оьшуш бацахь. Нагахь нохчийн мотт, оьрсийниг санна, пачхьалкхан мотт белахь, цхьатерра таронаш мукъана а ло вай цу шинна. Къайле яц, нохчийн маттахь вай тезетахь бен пайдаоьцуш цахилар. Кхидолчохь вай пайдаоьцу сийлахь-боккхачу оьрсийн маттах. Кху т1е а доьг1на аьлча, правительствехь нохчийн маттанна ницкъ ма-кхоччу бакъонаш яла еза. Ткъа тахана вайн республикехь кхочуш ца до ЮНЕСКО-с хьоьхуш долчарех уггаре а коьрта дерш а. Иштта хала ду-те, ЮНЕСКО-с ма-хьеххара, меттигера радио а, телевидени а нохчийн матта т1е яккха? Россин Федерацин законашца ца дог1уш а ма дац и, дерриге а дозуш ду вайн ницкъех а, лаамах а. Цигахь лелошдерг, нохчийн маттанна ницкъбар ду, алар т1ехдаьккхина а дац. Цигахь жигара юкъабоккхуш бу цхьа «керла мотт», 80% оьрсийн, 20% нохчийн дешнех лаьтташ болу. Суна хетарехь, и нохчийн мотт х1аллакбарехьа яьккхина рог1ера г1улч ю, х1унда аьлча кегийрхошна и тати-гота цара 1амайо дела. Радиохь я телевиденехь мукъана а дан ма дезара ц1еначу нохчийн я оьрсийн маттахь къамел».

Нохчийн мотт бийцарехь, юкъараллехь цуьнах пайдаэцарехь, юьхьанцарчу классашкахь хьехарехь, цуьнах говзаллин мотт барехь долу кхачамбацарш билгалдаьхна ца 1аш, Р.Х. Дадашевс долуш долу хьал нисдарехь, цхьана къепе, низаме далорехь шайх пайдаэца хьакъболу мехала хьехамаш а бо законан а, 1илманан а бух т1ехь: «Нормативан керлачу документаша, масала, Росстандарто бакъо ло нохчийн маттахь болх бан лууш болу журналисташ кечбан. И кхочушдархьама, дешаран плана юкъа керла предметаш яло еза. Тахана радиохь а, телевиденехь а болх беш болчу журналисташа НПУ-хь говзалла лакхаяккхаран курсаш вовшахтоха езара… Уггаре а хьалха кхочушдан дезачех дара:

(Чаккхе еша рог1ерчу номерехь)

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

40