Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

20.07.2018 17:51 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 54-55 от 19.07.2018 г.

Къоман синмехаллаш сийлахь а, еза ю цунна

Автор: Сумбулатов Дени

Бексултанов Муса вина 1954-чу шеран 1-чу июлехь Каз. ССР-н Мендыкарин к1оштарчу Боровое юьртахь. Кхо шо долу Муса цуьнан дас-нанас шен Даймахка валийна, нохчашна 1едало шайн ц1а бахка бакъо елча. Шайн дайн орамаш, кхерч, ц1а хиллачу, Хилдехьа, д1абаха 1едало бакъо ца елча, сецира Мусан да-нана Олхазар-к1отарахь даха. Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа М.Бексултанов деша вахара НГ1ПУ-н филологин факультете. Школехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литературица гергарло, уьйр-марзо йолчу Мусана университетехь нохчийн, оьрсийн, дуьненан литература, нохчийн, оьрсийн меттанаш а хьийхира к1орга а, шуьйра а хаарш долчу хьехархоша-1илманчаша: Н.Музаевс, Ю.Верольскийс, К.Гайтукаевс, А.Очмана, В.Тимаевс, И.Арсахановс… Кхоллараллин шовкъ йолчу студенташа нохчийн яздархошца цхьаьна вовшахтоьхна «Пхьармат» литцхьаьнакхетараллин декъашхочо М.Бексултановс шен дуьххьарлера дийцарш хьехархойн, накъостийн тидаме а, кхиэле а дехкира. Цаьрга ладоьг1начара а (литцхьаьнакхетараллехь къоначара вовшашна йоьшура я вовшашка еша лора шаьш язйинарг) ешначара а лаккхара маххадийра Мусан дийцарийн, цуьнан меттан говзалла билгалйоккхуш. Бакъду, цул т1аьхьа масех шо даьлча бен цуьнан исбаьхьаллин произведени зорбанехь ара-м ца елира.

Дуьххьара «Берийн ловзар» ц1е йолу дийцар зорбанехь араделира «Заветы Ильича» газетан аг1онехь. 1985-чу шарахь араяьлла Мусан «Мархийн к1айн г1арг1улеш» — ц1е йолу дийцарийн хьалхара киншка. Цул т1аьхьа араяьлла пхиъ киншка: «Юха кхана а, селхана санна…» (1989 шо), «Наггахь, сайн сагатделча…» (2004 шо), «Я хьан тухур буьйсана хьан не1» (2004 шо), «Сан вешин т1ехьийза йо1» (2011 шо), М.Бексултановн дийцарш, «Йо1-б1аьсте» (2018 шо) эссеш, повесташ, статьяш, интервьюш арайийлина газетийн, журналийн («Даймохк», «Орга» Лам», «Вайнах», «Нана», «Стела1ад») аг1онаш т1ехь нохчийн, оьрсийн, ткъа иштта дозанал арахьарчу къаьмнийн меттанашкахь а. Мусас литературехь хьегна къа билгалдаьккхина тайп-тайпанчу совг1аташца, сийлаллин ц1ерашца а: «Литература» номинацехь «Дашо бух1а» совг1атан лауреат (2005 шо), «НР-н халкъан яздархо (2005 шо) и.д1.кх.

НР-н, РФ-н яздархойн Союзан декъашхо волчу Бексултанов Мусас «Стела1ад» журналан коьрта редактор болх бира. Журналан аг1онаш т1ехь берийн исбаьхьаллин произведенеш зорбане яьхна ца 1аш, Мусас берийн тидаме йохкура церан са хьосту, хьекъал шордо, ойла к1аргйо исбаьхьаллин произведенеш, халкъан барта кхоллараллин хазнаш а. «Дийцаран говзанча» аьлла ц1еяхна Бексултанов Мусан, нохчийн исбаьхьаллин литературехь х1инццалц хилла доцург, керланиг цо юкъадалийна дела, кхечу жанрашкахь (повесташ, эссеш) язйинчийн исбаьхьаллин т1ег1а х1умма а лахара дацахь а.

БIеннаш шерийн дохаллехь эзарнаша яздархоша керл-керла произведенеш а язъеш, кхуьуш схьаеанчу дуьненан литературан пхьоьгIанехь шел хьалха цхьаммо а аьлла доцчу дашца вистхила а, йозанца юкъавала а атта дац. Атта дац церачух къаьсташ къамел дан а, шен бен доцу, церачух тера доцу, йозанан хатI каро а. Иштта, дашца дош къовсуьйтуш, чIагIделла лаьтта ламасташ а дохош юкъавериг шен къоман синах а, шен меттан хазнах, ницкъах, говзаллах, шен похIмах а бIобулуш хила веза. Делахь-хIета, дукха хан йоццуш зорбанера араяьлла вевзаш волчу нохчийн яздархочун Бексултанов Мусан «Я хьан тухур буьйсана хьан неI...» – гулйинчу прозин 1-ра том, исбаьхьаллин произведенеш чохь йолчу ц1ийнан, неI а ца тухуш, баьрчче яьлла лара мегар ду. Кхул хьалха Мусан ара мел яьлла киншка: «Мархийн кIайн гIаргIулеш» (1985 шо), «Юха кхана а, селхана санна» (1989 шо), «Наггахь, сайн сагатделча…» (2004 шо); «Сан вешин т1ехьийза йо1» (2011шо), «Йо1-б1аьсте» (2018 шо),  «Орга», «Вайнах», «Лам» а журналийн агIонашкахь зорбане мел девлла дийцарш, повесташ, эссеш а дуккха а керланиг дохьуш вайн литературе даьхкина дела лара мегар ду иза иштта.

Дуккха а шерашкахь цхьа некъ беш, цхьана мукъамехь схьаеанчу литературина кхечу, говзачу маттаца, кхечу турпалхошца, доьналлах буьзначу, хаза амат-васт долчу адамашца юкъавар нохчийн халкъан яздархочо А. Айдамировс лаккхара мах ца хадош ца дисира: «Бексултанов Мусан зорбанехь араевлла ерриге а произведенеш ешна ас, керланиг араяларе сатуьйсуш а Iа. Мусан, цхьаннах тера боцуш, шатайпа литературан мотт а, хатI а ду. Цуьнан произведенийн турпалхой могIарера адамаш хуьлу – оьзда, къинхетаме. Церан дахар, гIуллакхаш, гIиллакхаш, лехамаш, баланаш цхьа шатайпанчу говзачу маттахь, цхьана агIор – самукъане, бегаше; вукху агIор – гIайгIане, ойла йойтуш хуьлу, турпалхой гуттаренна а даг чохь буьсуш. Иштта произведенеш оьздачу, къинхетамечу, догцIенчу, бакъволчу яздархочуьнга бен ца язло».

Керла дош, керла турпалхой, керла васташ, шайх масал эца хьакъдолу, кхоьллина ца Iаш, Мусас шен произ веденешца дешархочуьнга дIакхачадо уьш шайн гIайгIанца, сингаттамца цхьа а, синошца цIена а хилар. Уьш дахарера схьаэцна белахь а, оцу дахарехь цахиллал, оцу дахарехь цабаххал цIена бу шайн ойланашца, хьежамашца, царна адамашца лело луучу юкъаметтигашца. Царна гуттар а ца карабо шайца ойла йог1урш, шайн синдоттагIий а. Бакъду, дешархочун дог-ойла йийсар а йой, шайгахьа-м йоккху Мусан произведенешкарчу турпалхоша Iаьзима, Резета («Iаьржа бIаьрг»), Новразан Довтас («КIелхьара ца велира»), ТоргIас, Баччала («ТоргIа»), кхин а иттаннаша цуьнан турпалхоша шайн оьздачу васташца, шайн бен йоцчу амалшца.

Цхьа шатайпана хилам а, кхиам а бара Бексултанов Мусан (нохчийн литературехь) «Мархийн кIайн гIаргIулеш» киншка (I985 шо) араялар. И киншка араяьлчу муьрехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан актови зала чохь хьехархоша а, студенташа а йийцаре йира, Бексултанов Муса а кхайкхина. Шена хетарг мел олучо а къайла ца боккхура Iаьзиме, Резете а шайн кхоллабелла безам, цара шайн кхоллаялийтина цIена ойланаш. Яздархочун ницкъ кхаьчнера Iаьзиман, Резетан синойх дешархойн синош дIаэдан, церан садеIарца садаIийта, церан дахарца хIора а вахийта. Дахарехь доца хилла безаман ирс дIасакъастаро (Iаьзим тIамтIе ваханчуьра цIа ца вогIу) къахьалле ца дерзош, Резета шен иэсехь кхобучу Iаьзиман аматехь еххачу хенахь деха. Цуьнан цIена а, ховха а синхаамаш кхочу дешархочун синхаамашка, еххачу хенахь даге гIайгIане а, лазаме а ов а доьттуьйтуш. И шиъ вовшийн довзарх а, уьш хьайна бовзарх а долу воккхавер дIа ца долу иэсера: «Iаьзим Резетна дуьххьара Олхазар-кIотарахь, ловзаргахь гира. Кхуьнан вешин зуда йоссийнера цигахь, Бахун Дашлакъина тIе. ХIара нускалан накъост хилла яханера. Ловзар дикка тоделча чоьхьавелира иза, салам а делла. Вуткъачу дегIахь, лекха, богуш Iаьржа ши бIаьрг а болуш. Цунна жима а, воккха а хьалагIаьттира. ХIара шена хаалушшехь кхуьнга бIаьрг таIийра цо, вела а къежна, кIайн цергаш гучу а йохуш.

Моьттур дара, хIара цунна (Iаьзимна) шарахь евзаш ю.

Резет цхьайтта вешин йиша яра. Цундела санна, кура а яра хIара. ЦIе йокх-йоккху кIентий оьхура Хилдехьа, кхуьнца ирахьIен. Уьш Дишмахкара а, Шуьйтара а, Варандара а, ТIерийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бара.

Резета хийла ладегIнера захалошка. Цхьаьнгга а маре яха сацам а ца бинера. Iаьзима шолгIачу дийнахь хитIа кхайкхира кхуьнга. Иза хийистехь, аьрру куьг хаьнтIе а хIоттийна, аьтту куьйга шед а ловзош лаьттара, детица кхелина шаьлтий-доьхкий а долуш гIодаюкъахь.

Кхуо шен де дика дича:

– Дала сийдойла! Марша йогIийла, генара хьаша! – элира Iаьзима.

Iаьзим тем боцуш, алу санна стаг вара. Цуьнан догу бIаьргаш стелахаьштигах уьдура кхуьнан дегIа тIехула.

– ХьошалгIа ях-яханчохь захалонаш дуьйцуьйтуш леллехь, сан ден цIе Хазин Хаси хир яцара хьуна, Iаьзим, – элира кхуо. – Ахь сайна тIеяийтинчу хьан юьртахочунна гергахь хьо юьхьIаьржа ца хIотто еънера со. Сан ден цIа Хилдехьахь ду хьуна, – аьлла.

Iаьзим вайн, халла хозуьйтуш велавелира:

«АхI-ахI-ахI», – аьлла.

ТIаккха шен динан коьрта тIе куьг а тоьхна:

– Вайшимма лехнарг карий-кх вайшинна, Iаьржа бIаьрг, – элира цо говре.

Говро, гаьллаш а Iуьйшуш, аьтту коган берг сихха лаьттах етта йолийра, бай а бохош.

Шен юьртахь Iаьзима кхин хийисте ца кхайкхира кхуьнга.

Юха, Хилдехьа дIа а кхаьчна, буса доккха ловзар хIоттийча, Iаьзим, хьалха санна, чоьхьавелира, салам а луш. Вуткъа-лекха, богуш Iаьржа ши бIаьрг а болуш.

Резет хIетахь дуьххьара кхераелира боьршачу стагах.

Кхунна хиира, и ши бIаьрг шен даг чохь гуттар а богур буйла, сийна алу хилла…»

Яздархочо кIеззигчу дешнашца дуккханнах а аьлла дела лиира вайна и кийсаг масална яло. Ша масех дашца аьллачух тоам а бина, Iаьзима а, Резета а вовшашца дечу къамелаца гайтина церан амал, гIиллакх, аматаш а. КIантана а, йоIана а юккъехь йолу оьзда юкъаметтигаш гайтина ца Iаш, цхьана аларца: «Кхунна хиира, и ши бIаьрг шен даг чохь гуттар богур буйла, сийна алу хилла», – гайтина Резетан даг чохь гуттаренна а биса кхоллабелла цIена безам. Къона-къанъяллалц яьхначу Резетана шен дегайовхо кхачаяла ца лаьа, беттасино цунна тоьшалла дахь а: «Юха кхунна стиглахь, кагъелла ангалин дакъа санна, керла схьакхетта беттаса гира. Дуткъа, цIена, шера, гуттаренна а генахь дисина, шийлачу буьйсанан генара беттаса, жерочун бIаьргийн нуьро къайладала ца дуьту, цкъа мацах кхуьнан ирсах цецдийлла, куьг кхоччехь кхаьзна, юха тIаьхь-тIаьхьа генадолуш, шеллуш, дIадайна хилла беттаса…»

Дегайовхонах буьзна сатийсамаш, дIасакъастар, догдилла дезар а ду вовшашца къийсалуш, дешархочун ойланашка сингаттам, гIайгIа а йоьхуш, оцу шиннах йолу цIена ойланаш г1айг1анечу мукъамехь яха а юьтуш.

Студенташа оцу цхьаьнакхетарехь дукха дийцира Iаьзима а, Резета а шайн кхоллаялийтинчу ойланех, шайна хетачух, Мусан йозанан хотIан башхаллах а, похIмах а хастаме дош а олуш. Хастаме дешнаш ала хьакъ а дара, хIунда аьлча дIадаханчу бIешеран 70-80-гIий шераш нохчоллин орам хадо гIерта мур бара нохчийн къоман дахарехь. Шен кадечу боларца йогIучу социализман реализмехь йолчу литературина тIе партис дохкурш даккхий декхарш дара: цхьана а къомах а боцуш, интернационалисташ кхиор, керлачу дахарна уьш кечбар. Хийистехь, синкъерамехь, ловзаргахь йоIана, кIантана вовшийн довзар «шира 1адат» лоруш, уьш емалдеш, цхьайолчу меттигашкахь «комсомольски ловзарш» вовшахдетта хан ю иза.

Цхьа-ши чкъор шайн дайн гIиллакхашна, оьздангаллина мелла а херадаьккхина а, къоман ламасташ емалдо а зама ю Резет а, Iаьзим а Бексултанов Мусас вайн литературина юкъадалийна зама. Мусас аьлла дош шен хеннахь а, шен меттехь а аьлла а дара. Яздархочо шен исбаьхьаллин произведенехь дешархочун кхиэле бехкинера керла турпалхой.

Уьш дешархоша тIеэцар-цаэцар яздархочун пох1мах доьзна дара, дуьйцург оцу хенахь йолчу идеологица догIуш цахиларна. Хийистехь бовза-безар, ялор-йитар нохчийн г1иллакх-оьздангаллехь д1адерзор хьехочохь а дацара… Оцу шиннан хийистехь хилла къамел, Iаьзима Резет ядаяр, цаьрца доьзна мел яздинарг дIадаьккхича, нохчийн литература «Iаьржа бIаьрг» дийцар а доцуш, къен юьсур яра, оцу хенахь Мусас яздина кхин а дийцарш ца Нохчийн литературехь, дуьххьара ала мегар дара, къона чкъор кхечу мехаллийн ойла ян, кхечу турпалхойх (комсомольцаш, коммунисташ а боцчу) масал эца буьйлабелира. Буьйлабелира, лакхара охьа цхьаммо а дина омра а, тIедахкарш а доцуш. И ницкъ яздархочун кхаьчнера, шен бен доцчу исбаьхьаллин дашца.

Къоман мел доцчо дахар-1ер бехдарна, хилла мел доцург масална дIаоьхьуш къам кхиорна, масех чкъор орамех  дIахаьддера, дайн орам я иэс доцуш кхиънарш вуно херабевллера гIиллакхашна, ламасташна. Цуьнан произведенешкара дош селханенах делахь а, таханенна а, кханенна а аьлла ду, хенаш а, заманаш а, адамаш а вовшашца з1е йолуш хила дезий а хууш. Мусан цхьана а дийцарехь, повестехь хьехам я хьехар дац. Иза дац цуьнан башхачу йозанан хотIехь а. Цуьнан произведенешкахь болчу турпалхойн дахар, церан нахаца а, вовшашца а долу къамелаш, юкъаметтигаш дахаран къилба дина тIеэца а, хьехам, хьехар лара а мегар ду.

Адам дуьненахь мел деха хила еза юкъаметтигаш, гIиллакхаш ду Мусан произведенешкахь («Наггахь, сайн сагатделча…», «ТоргIа», «Буо», и. дI. кх.) болчу нехан. Шайн синойн цIеналлийца, шаьш-шайца а, нахаца а лелочу гIиллакхашца цхьаболчу, доьналла долчу турпалхойн, дахаран йист, чаккхе гIайгIанах, сингаттамах юьзна хилахь а, дешархойн шовкъ-безам шайгахьа боккхуш бу уьш.

Дахарехь шайна хIумма а уьш лоьхуш цахилар гойту М. Бексултановс «Буо» дийцарехь волчу Овтархан Юсупах аьллачу хIокху дешнашца: «Дино сих-сиха ши лерг кхуссура хьалха, кхин чабол а ца лагIдеш. Бере меттах а ца хьовра. Бере Овтархан Юсуп вара, ша тIехь Iаш волу динний, кхелина дато шаьлтий, цIарах богу ши бIаьрг бен, кхин бахам а, хьал а, я доьзал а боцу къу. Иза нахе хаьттича дара».

Яздархочо шен турпалхо цхьана гурашна чу ца вуллу, маьрша вуьту ша-шен маххадо, наха бохучул, хетачул а сов: «Ткъа цунна шена-м ша эла хетара цкъацкъа, цкъацкъа дуьненан да а, шаьлтанна тIе ка даххьал ницкъ мел бу дегIаца, даго цIий а мел хоьхку пхенашкахула дIа». Юха а боху авторо: «Иза кхунна хетара, ткъа нахана, нах…» Цкъа а, шозза а (тайп-тайпана) Овтархин Юсупан амалан башхалла йовзийтинчул тIаьхьа бен яздархочо дешархочун кхиэле ца буьллу цуьнан дахаран некъ, цуьнан синан лехамаш иза дуьненчу ваьллачу (валале) дийнахь дуьйна: «Каг-м дерриге деллера, дуьненчу а валале я эзар шо хьалха, кхуьнан орамийн зIе тудаеллачу юьххьехь. ХIаъ, хIетахь дуьйна я хIара ван цхьа де дисча, пIераскан дийнахь, тIехь корта боцу кхуьнан ден, Овтархин дакъа, йоккхачу Нохчийчуьра, говра тIе а диллина, ламанца ирах хьаладерзийча. Докъах бIаьрг кхетча йоьжна Овтархин зуда, хIара дуьненчу ваккха меттаеънера, шолгIачу Iуьйрана.

Бер доьлуш хааделлера, делхаран метта. «Ца виса ду, – дагатеснера массарна а, – я зуламе хир нахана а.

Иза а, важа а ца хилира, аьлча а…»

«Аьлча а» бохучу хуттурго хаттар хIоттадо дешархочунна хьалха: «ТIаккха хIун хилира-те?» – олий, нагахь я иза а, я важа а ца хилча. Оцу хаттарца шеца цхьаьна дешархочуьнга жоп лахийтаран говзалла юьллу яздархочо дийцаран чулацаме. Мила ву Овтархан Юсуп? Лакхахь вайна девзира Овтархан Юсупах авторо аьлларг, нахана цунах хетарг, цунна ша-шех хетарг а. Ткъа дахарехь боккъал а ша муха ву иза? Иза дахарехь хIумма а дош хеташ вац: «Дош яц цхьа хIума а, цхьа хIума а дош», – элира цо шега, гуттар а ойланашка ваьлча, олуш ма-хиллара». Оцу зил тIе иза кхачийнарг цуьнан декъаза кхоллам, дахар ду.

«Сан дехарна дош дала вуй-те кху дуьненчохь цхьа а стаг? – хаьттира кхуо хIетахь шега, ненан юьхь еш, ша дIахьажийначу стеган букъ геннахь къайлаболуш». Дуккха а халонаш, харцонаш, ямартлонаш, тешнабехкаш лан ша-шеца висначо хIоттийна хаттар ду иза.  Ша-шеца цхьа висинчо хIоттийна, кхуьнан бехкенна а доцуш, дуьне девзинчу дийнахь дуьйна декъаза кхоллам хиллачун хаттар. Шех къахетаре кхойкху, къахоьтуьйту хаттар, кхоллам а. ХIара жима волуш ден, Овтархин, докъа тIера муьжгаша, хIума яккха, корта баьккхинера. «Кхуо дуьххьара, кхойтта шо кхочуш (ненавежарийн бераша бечу тIехбеттамех кхиа воьлча), шен ненадега хаьттинера, шен ден, Овтархин, корта мичахь бу, аьлла. Ненадас дIадийцинера. Юха ялхитта шо кхочуш, кхин цкъа а хаьттинера кхуо: «Наха санна, даьхни а делла, шен ден докъа тIера муьжгаша хIума яккха дIабаьккхина корта схьа хIунда ца ийцира аша, ша даьхни духа ца дерзорна кхоьрура шу… йишин воI вацара ша кху цIийнан? – аьлла»...

Овтархан Юсупа: «Суна бIаьрсица еза лаьара хьо, Масар, ойланца хьеста а хьоьстуш… Суна хьох сайн ХIайкал хуьлийла лаьара, айса цIенна Iалаш а дина, Далла дуьхьал хьондолу», – бохуш, хьистинчу Масаран, Юсупан а дахар ду вайна довзуьйтург. ХIинццалц кхечу яздархоша ца довзийтинчу тайпана.

Ша мел яздинчунна резахила, я реза ма хила боху тIедахкарш дац (кIордавайтар, марздар) Мусан произведенешкахь. Бакъду, хазбан а ца гIерташ, хазбо Мусас дийцаршкара хилам, хасто гIертар гайта а ца гойтуш, хаста а во шен турпалхо. Дешнийн мукъамехь, соцунгIехь, гIийлачу озехь хаалой а, мелла а хаало авторан турпалхошка болу «озабезам», хьагI йоцу ц1ена безам. Турпалхошна орцане, къинхетаме кхойкху аз дека шайна чохь гIайгIа йолчу дешнашкахь. Мацах хьалха хиллачух яздеш а, дуьйцуш а, ойланаш еш яздархо Муса велахь а, цо мел яздинарг таханлерчу дийнаца доьзна хуьлу, тахана дехачу адамашка: «Шу мухха лелахь а, аша хIуъа леладахь а, хIара мехаллаш ца ларахь, селханенах д1ахеда шу, тахане я кхане а яц шун…» – бохуш санна.

ХIокху статьяхь ваьшна хьалха «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI…» (Соьлжа-ГIала, 2004 шо) киншкина таллам бан, оцу юкъаяхана произведенеш (73 дийцарх лаьтташ ю) йийцареян а Iалашо ца хIоттийнера вай. Вайна лиънарг: нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас аьлла дешнаш: «Мусан ницкъ кхаьчна нохчийн бакъйолу амалш, вайн къоман дахаран шатайпаналла шен произведенешкахь исбаьхьаллин гIирсашца говза гайта. И бахьанехь цуьнан дийцарш, повесташ вайн махкахошна мехала хилла ца Iаш, кхечу къаьмнийн дешархойн а тIехь тидам соцур болуш ду. Со теша, нохчийн литература дуьненна йовзар Бексултанов Мусан прозица а хирг хиларх…» – бакъ хилар тIечIагIдар, Мусас литературехь баьхначу кхиамех вай даккхийдеш хилар д1ахаийтар, иза г1еметтах1оттарца декъалван лаар а дара.

Синан шовкъ г1ел а ца луш, г1айг1анечу, сингаттамечу ойланаша са а ца дууш, керла исбаьхьаллин произведенеш кхолла Дала х1окху дуьненахь яккха дуккха а хан лойла хьуна, Муса!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

932