Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.07.2018 18:01 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 52-53 от 05.07.2018 г.

Яхь йолчу къонахех

Автор: УСУМОВ Яхьъя

Пхийтта шо хьалха ма ца моьтту-
ра вайна, х1окху кепара даха, даха-
дахка, дийша-г1овтта парг1ато хир ю.
Вайна иза хилийта Дала Ахьмад-Хьаь-
жех (Дала г1азот къобалдойла цуь-
нан) бахьана х1оттийра. Цуьнан куьй-
галлица вайн халкъо терроризмана а,
экстремизмана а т1ехь толам а баьк-
кхира, вайн дахар маршонан новкъа
а дерзийра. И некъ цо д1аболош, тур-
пала, яхь йолу к1ентий улле х1иттира
Ахьмад-Хьаьжина. Дела реза хуьл-
да царна массарна, шайн синош ца
кхоош, вайн халкъ х1окху маршо-
не кхачош къахьегарна! Ишттачу
к1ентех цхьаъ ву Гумсен к1оштарчу
чоьхьарчу г1уллакхийн министерс-
твон ведомствана юкъа ца дог1учу
г1аролан эпсар волу Дааев 1ийса.
Кхиамца, хьуьнарца шен белхан де-
кхарш кхочушдеш ву иза. Сан шеца
хиллачу къамелехь цуьнан замести-
тель волчу Ахмадов Лом-1елас дий-
цира шайн белхан хьокъехь: «Карар-
чу хенахь ялхитта объект ларъеш ду
тхо, тхан белхалой декхаршца ларош
а бу. Муьлххачу а балхахь кхиамаш
хуьлу, нагахь белхан накъосташлахь
барт белахь. Ткъа барт-марзо йоьзна
ю куьйгалхочун амалх, цуьнан ийма-
нах. Дика мел дерг ду тхан куьйгалхо-
чун амалехь».
Подполковникан Ахмадов Лом-
1елин къамелехь хаалора иза де-
ган ц1еналла, адамашца хьаг1 йоцу
юкъаметтигаш, шен балхана т1ера
а, хьакъ а хилар. Адамийн уггаре
а лакхара дарж – иза ша а, халкъ
а маьрша дехаш хилар, хета суна.
Тахана ишта хьал ду вайн махка-
хь. Цундела вайн бахархошка, къаь-
сттана кегийрхошка, ала луур дара
суна: «Харцкъамелех а, дег1ана зу-
ламе долчух а ларло. Мохк машаран
некъахь кхуьуш белахь, оцу халкъан
х1ора адамна иза лакхара дарж ду,
аьлла хета суна. Тахана оцу новкъа
вайн халкъ а, мохк а буьгуш, догга-
ха къахьоьгуш ву НР-н Куьйгалхо
Кадыров Рамзан. Цуьнан накъостий
хилла, кхин а жигара къахьега деза
вай. Пхийтта шо хьалха дагахь а ма
дацара, вайн мохк иштта зазадаьк-
кхина, хазбелла, д1ах1уттур бу бо-
хург. Нохчийн халкъ а, мохк шена
дукхабезаш хиларна, Кадыров Рам-
зана дуьненан ялсамане а йина д1а
а х1оттийна вайн мохк. Цуьнан не-
къан накъост а хилла, Дааев 1ийсас,
цуьнан белхан накъосташа а яьккхи-
на хан эрна цахилар, хаьа суна», -
элира Лом-1елас. Т1еман кхерам
гергаг1оьртинчу хенахь махкара
д1абахара цхьаберш, ткъа шайн
даймахкахь биснарш шайн а, кхе-
черан а синош лардан арабевлира.
Оцу хенахь вайн мехкан а, халкъан
а машаре дахар лардан арабевл-
лачех ву Дааев 1ийса а, цуьнан на-
къостий а. Шайн дахар а ца кхоош,
мехкан дуьхьа шайн синош д1адала
кийча лаьтта уьш. Церан болх таха-
на а ца баьлла аттачу. Кхерам болчу
меттехь юха ца бовлуш, къахьоьгу
цара. Масане хала киртиг т1ех1утту
царна, делахь а уьш толамца царах
чекхбовла хьуьнар кхочуш бу. Лом-
1елас кхид1а а дуьйцура: «Тхан от-
делехь болу белхалой, цхьаъ санна,
массо а тешаме, хьанал, доьналла
долуш, х1ара вукхул г1оле ву аьл-
ла, къасто йиш йоцуш ву. Шайна
т1едиллина г1уллакх, ледарло а ца
еш, чекхдоккху цара».
Белхалойн лааме ладоьг1уш, шен
ницкъ кхочучу барамехь церан аьт-
то бан г1ерташ, церан сий-ларам
а, т1алам а беш схьавог1у церан
хьаькам Дааев 1ийса. Шайн ц1ерш
яха хьакъ бу белхалой: Тимиралиев
Чингисхан, Хаджимурадов 1ела, Ах-
мадов 1абдулла, церан накъостий
а. Дааев 1ийсах шортта ду дийца.
1ийса шен 16-17 шо долуш дуьй-
на Ахьмад-Хьаьжина юххехь хил-
ла. И жима воллушехь, шаьш цунах
тешарна а, шена т1едиллинарг, ша
аьлларг чекхдаккха цуьнгахь доьнал-
ла, майралла хиларна иза хьаькам
х1оттийра. Х1етахь дуьйна цхьаьна
белхаш беш схьабог1у х1орш. Баш-
ха амал йолуш ву 1ийса. Белхало-
чун г1алат, ша хьаькам вара аьлла,
1ора ца доккху цо, мелхо а хьехам-
ца г1о до нисвала, юха г1алат ца
далийта. Комаьрша а, накъостех
дог лозуш ву 1ийса, шен ма-хуьл-
лу белхалочун хьашташ кхочушдан
г1ерташ хуьлу иза шен ницкъ кхочу-
чу барамехь. Ша диначу г1уллакхана
баркалла аьлча, ша динарг к1езиг
х1ума ду, и г1уллакх дан аьтто бин-
чу Кадыров Рамзанна алийша бар-
калла, олу 1ийсас. «Рамзан вайн
хенара бен вац. Цо массо а аг1ор
ваьшна г1о деш хилча, деша ваха
луург деша вохуьйтуш хилча, бел-
хан меттигаш луш хилча, дай-наной
хьоьстуш хилча, ц1а доцчунна ц1а
луш хилча, берийн дог совг1аташца
хьостуш хилча, суна лаьара Ахь-
мад-Хьаьжин новкъахь, Рамзанна
накъостий а хилла, вай чекхдовла»,
- элира Лом-1елас. Суна даггара
ала лаьа оцу яхь йолчу к1енташка:
Дела реза хуьлда шуна, Дала аьтто
бойла шун!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

117