Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.07.2018 17:55 Пятница
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 52-53 от 05.07.2018 г.

Яздархошца цхьанакхетар

Автор: Н.АРЗУЕВА
хьехархо

Джалкхерачу Д.Б.Абдурахмановн ц1арахчу кол-
леджехь хаза ламаст хилла д1ах1оьттина къоман
г1иллакх-оьздангаллина, синмехаллашна, литерату-
рина, историна, маттанна лерина цхьаьнакхетарш вов-
шахтохар, уьш д1адахьар а. Ишттачарах цхьаьнакхетар
дара нохчийн маттанна лерина, «Нохчийн мотт – къо-
ман юьхь, халкъан орам» — темехула д1адаьхьнарг а.
Шайн хьехархошца цхьаьна 7-11 классийн дешархо-
ша цхьаьнакхетараллина дика кечам а бина, колледже
хьошалг1а кхайкхинера: поэт, гочдархо, «Гумс» газетан
коьрта редактор Х.Борхаджиев, яздархо Айдамиров
Машар, Гуьмсен к1оштан кхеташонан депутат, поэт
Эльмурзаев 1усман, культуран белхалой Висирхад-
жиев Маг1арби, Ибрагимов Тамерлан, Джалкхера Оь-
здангаллин Ц1ийнан директор Нагалиева Зарема а.
Цхьаьнакхетарехь дийцира матто доьзалехь, ада-
мийн юкъаметтигашкахь, юкъараллехь, пачхьалкхехь
д1алоцучу, д1алаца езачу а меттигах. Хьешаша дий-
цира нохчийн маттаца йолчу шайн уьйр-марзонах, не-
нан меттан хазаллах, йийшира шайн стихаш. Шайн
ненан маттаца долу шайн гергарло, уьйр-марзо мел
ю хаийтира, ч1аг1дира дешархоша, лаккхарчу дикал-
лин т1ег1анехь диначу къамелашца а, ешначу сти-
хашца а.
Висирхаджиев Маг1арбис а, Ибрагимов Тамерлана
а д1ааьллачу иллешца д1адерзийра нохчийн маттан-
на лерина цхьаьнакхетар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

3