Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.07.2018 17:57 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 52-53 от 05.07.2018 г.

Замано хийцина амалш я амалша хийцина зама?

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

«Республикан Конституци а талхош,
парламентан 41 депутатах, шена нов-
къаволу, 20 депутат д1аэккхийра пре-
зидента. Ша динарг Конституцица
нийса дог1уш дац ца алийта, парла-
менте керла харжамаш ца бан, шена
т1ера бехк д1абаккха, 1еламнехан а,
къанойн а и сацам т1еэцийтира цо».
(«Вайн амалш», Соьлжа-г1ала, 2003 ш.
63 аг1о). Халкъан дахар-1еран хьелаш
тодеш т1еэцна законаш а, сацамаш а
бацара. Де-дийне мел долу, галдалар
бен, толуш, нислуш цхьа х1ума даца-
ра. Цомгашчарна дарба дан, берашна деша меттигаш, аьттонаш бацара. Кол-
хозийн, совхозийн бахамаш лечкъош,
д1асакхоьхьуш бара. Къоланаш а, зу-
ламаш а даьржинера. Массо а х1ума
дика долуш санна, телевиденехула, ра-
диохула къамелаш деш гуттар а цхьа
адамаш дара, «Иштта маршо вайн къо-
мана цкъа а хилла а яц, я хир а яц.
Далла хастам бан беза, х1ара маршо,
парг1ато вайна яларна», — бохуш.
Баку-Ростов ковра некъахула маьрша
д1аса ца вохуьйтуш, пхиъ-итт чаккхар-
ма яккъаш ларъеш, герз карахь адамаш
дара, шаьш цхьацца спецназашкара ду
бохуш. Машинаш а, цаьрца цхьаьна це-
ран дай а т1епаза байна, сингаттамаш
к1езиг бацара. Наггахь а ца гора лу-
лара республикашкара машинаш де-
хьа-сехьа йоьлхуш. Я ц1ерпошташ а
яцара маьрша д1асаяха юьтуш. Зулам-
хой а, къуй а совцош 1едал дацара.
Ц1ерпошта а сацайой, б1еннаша ада-
маша сурсаташ шайна д1ахьора. Пач-
хьалкхан а, цхьана нехан а долахь сур-
саташ дара уьш. «Тахана республикан
куьйгаллехь болу нах декхар бу хар-
цонех, халонех халкъ лардан. Уьш де-
кхарийлахь а, жоьпалле а бу Далла
а, халкъана а хьалха. Ткъа и цхьайо-
лу халонаш а, зуламаш а д1адаха рес-
публикан куьйгалхойн ницкъ бац бох-
ург хабар ду. Царна лаахь, уьш совцо
ницкъ бу цаьргахь, амма ца лаьа. Ма-
сала, Гуьмсен районан махка т1ехула
лела ц1ерпошташ талор. Дийцарехь, и
талорашдечеран декъашхой бу мили-
цин цхьаболу белхалой. Оцу талораша
1аламат вон ц1е яккхийтина нохчийн.
Шайн цигахь д1абоьдуш т1ом бу,
шаьш хала дохку, Нохчийчухула йог1учу
ц1ерпошташкахь дохьург, аша талош
дерг, тхан къоман рицкъа а, долалла а
ду, вай цхьа бусалбанаш а дара, и шайн
махкахула тхо долчу йог1у ц1ерпошташ
талор дитахьара аша бохуш, республи-
кан куьйгалле а, нохчийн халкъе а бал-
хамаш бира телевиденехула Азербай-
джанера баьхкинчу баккхийчу наха.
Ц1ерпошта т1ехь шаьш маьждигашна
хьажийна дохьуш долу к1айн эчиг шун
ярташка даьхьна, иза схьалахьара аша
бохуш, дехарш деш суьйлий а лийлира
Нохчмахкахула. Ткъа и лачкъийна деа-
на эчиг тхан районерчу цхьана юьртан
маьждиган тхов т1е тоьхнера! Вайн де-
рриге а къомана эхь деш, къоман сий
дойуш лела и цхьа нах. Баккхий нах а,
зударий а, бераш а», — яздора Абузара,
нохчийн къоман йоккху вон ц1е дуьнена-
хь а яржа ца яржийта, кхечу къаьмнийн
вайх вон ойла ца кхоллаялийта, б1аьрг
ца бадийта, ойла а йина, дохкодовла-
ре, хьанал-ц1еначу новкъа х1иттаре
сатуьйсуш. Иштта хьал 90 шо хьалха
а хиллера Нохчийчохь. Цу хенахь нох-
чийн къоман сий а, ц1е а ларъян орцах-
велира 1овдин к1ант 1ела (Дала къай-
ле ц1инйойла церан). «Шен шари1атан
полкашца цо (Митаев 1елас) къийсам
латтийра зуламхошна дуьхьал, аьчка-
некъа т1ехь ц1ерпошташ сецош, тало-
раш дан долийча, царах и некъ лар-
бира. Цо динарг Советийн 1едална
резаволуш а, цуьнан дуьхьа а даца-
ра. И зуламхой бахьана долуш, 1еда-
ло халкъана бохам барна кхоьруш, къоман сий лардан г1ерташ, дира». («Вайн
амалш», 44-г1а аг1о).
1овдин 1елас (Дала къайле
ц1инйойла цуьнан) цул хьалха а лар-
динера нохчийн къам зуламах. Петер-
бухехь, карчам а бина (революци хил-
ча), 1едал хийцаделча, Нохчийчохь
имам Шемал волуш дуьйна ехкинчу
т1еман ч1аг1онашкахь, г1аьпнашкахь
а долу эскарш з1е а йоцуш, урхалла а
доцуш, диснера. К1езиг бацара Нохчий-
чохь салтий, эпсарш, герз а. Къаьстта-
на дукха эскар хилла Соьлжа-г1алахь,
Итон-Кхаьллахь, Шуьйтахь, Воздви-
женскехь (Чехкара), Веданахь йолчу г1аьпнашкахь, яккхийчу ярташна ул-
лерчу т1еман ч1аг1онашкахь. Царах
цхьайолчарна, 1едал дохарх пайдаэц-
на, т1амца т1елетта луларчу ярташка-
ра бахархой, эпсарш, салтий а байина,
герз а, чохь дерг а доладаккха 1ала-
шо йолуш. Оцу т1елатарх доккха зулам
даьлла, шина аг1ор дуккха а адам де-
лла. Луларчу ярташкарчу бахархоша
т1е а летта, т1улга т1ехь т1улг а ца буь-
туш, йохийна д1аяьккхина Воздвижен-
ски г1ап (Чехкара), цу чохь болу сал-
тий, эпсарш, церан доьзалш а бойуш.
Цу чуьра арадаьккхинчу герзаца нох-
чаша дехха вовшашца девнаш лелий-
на, 20-чуй , 30-чуй шерашкахь
Советан 1едало и герз схьадаккхалц.
1овдин 1елас бохамах ларбина Веда-
на-г1ап схьаяккха кечбелларш. Росси-
хь а, Къилбаседа-Кавказехь, къаьст-
тана Нохчийчохь, долчу политически
хьолах дика кхетачу, селхана шайна
т1ехь 1азап латтийначарна бекхам бан
лаам болчу нохчийн амал дика евзачу
1овдин 1елас дукха къахьийгира, кар-
захбевлларш синтеме балош, къоман
кханенна пайде хинбоцу т1ом ца хилий-
та, ц1ий ца 1анийта. «1едал коьртехь
хийцаделла, цхьана наха шайна хийци-
на дела. Оцу наха кхайкхочу маршонах
вайна х1ун, мел дакъа кхочур ду хууш
дац вай. И 1едал вайна хийцаделла я
цара шайна хийцина, иза ца хаьа вай-
на. Вай собар дичхьана, долуш дерг ма-
дарра хено гойтур ду. Вай цхьаьнцца а,
вовшашца а къийса х1ума дац. Ведана-
г1опера эпсарш, салтий байина, церан
герз схьаэцча, шу иза муьлхачу аг1ор,
хьанна т1е хьажо дохку?»
«Яьсса топ а, цкъа мацца йолий а,
йолу», — олуш ду вайн. Вай тахана сих-
дала ца деза, я яьсса а, я юьзна а топ
караэца», — баьхна 1овдин 1елас. Адам
кхето 1алашо йолуш къамелаш 1овдин
1елас ярташкахь, к1отаршкахь дира,
т1аьхьо оцу ярташкара адам цхьаьна-
тоьхна а дира. И дерриге а адам цхьа-
на вирдехь ца хиллехь а, цара, лерина
ладоьг1на, 1овдин 1елас боххург дина.
Шолаг1чу дийнахь говр-ворданашкахь
баьхкинчу гонд1арачу ярташкарчу ба-
хархоша Ведана-г1опера эпсарш, сал-
тий, (шайн герзаца а цхьаьна), Гуьмсера
аьчканекъан вокзале д1абигна, Россин
мехкашка д1ахьовсийра. 1едалан ве-
калийн х1илла, ямартло а дика евзачу
(хьалхалера 1едал кхоччуш д1адалаза
а, керланиг кхоччуш ч1аг1далаза а
зама ю и) 1овдин 1елас оцу муьрехь,
цул т1аьхьа масех шарахь а бохамах,
тешнабехках лардира къам. Изза хьал
я цуьнах тера юкъараллин-политичес-
ки хьал дара ХХ-чу б1ешеран 90-чу ше-
рашкахь Нохч-Г1алг1айн АССР-хь дерг
а. Керла, х1ара ду аьлла, цхьа а х1ума
дацара. Нагахь хьалха, ХХ-г1а б1ешо
долалуш, 1917-чу шарахь, большеви-
каш 1едале бог1уш белахь, х1инца, ХХ-
г1а б1ешо чекхдолуш, СССР пачхьалкх
йоха а йина, коммунисташкара 1едал
схьадаьккхина, Россихь керла пач-
хьалкх ян арабевлларш «демократаш»
бара, шайн коьртехь юха а коммунис-
таш а болуш. Доцца аьлча, шина тоба-
не а бекъабелла, СССР пачхьалкх йоха
а йина, керла пачхьалкх ян арабевллера коммунисташ-демократаш. Оцу за-
манахь нийса аг1о лаца НГ1АССР-н
куьйгалхошна лиънехь я хиънехь, вайн
махкахь ши т1ом а, кхидолу зуламаш,
бохамаш хилла а хир бацара. Х1унда
боху вай: лиънехь я хиънехь? Дера
боху, оцу хенахьлера вайн 1едалан
(НГ1АССР-хь!) векалш шайн лаамехь а,
шайн хааршца а лелаш ца хилла дела.
Кхетаме, хьекъале берш бистхуьлуш ба-
цара, ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашка-
хь ишттачарна диннарг шайна а дарна
кхоьруш. 1едалх тешам д1абаьллера,
цо сий-ларам бан хьакъволуш цхьа а
ца витина дела. Цундела, халкъ масех некъ д1асакъаьстачохь нисделча,
оцу халкъе вистхила сий-лараме стаг
вацара махкахь. Адамийн хьежамаш,
лехамаш, мехаллаш кхин яра. Цаьрга
вистхуьлург церачух тера кхетам, хье-
жамаш а болуш, амма хьекъалца мел-
ла а лакхарчу т1ег1анехь хила везара.
Иштанаш а ца битинера 1едало, уьш
20-30-чуй шерашкахь х1аллакбинера,
ткъа биснарш Даймехкан т1аме хьов-
сийнера, ц1ахь бисначарах дуккха а
берш, 1944-чу шарахь махках а баьх-
на, Казахстанехь а, Г1ум-Азин арахь
а х1аллакбинера. 1едалера орца а ца
кхочуш, Делан къинхетам бахьнехь дий-
на бисначийн бераш а, берийн бераш а
дара (октябряташ, пионераш, комсо-
мольцаш, цхьаберш – коммунисташ а)
митингашка арадевллаш. Нахана хаьа-
ра, шайна т1ехь лаьттина 1едал мел
буьрса, мел къиза хилла, къинхетам
х1ун ю ца хууш, динан мехаллаш емал
а еш, ша-шена кхоьллина дин а долуш.
К1еззиг а кхетам болчарна гинарг, цара
лайнарг дара иза. СССР пачхьалкхерчу
республикашлахь а лерринчу тергоне-
хь, 1уналлехь яра НГ1АССР. Идеологи-
чески болх а мелла а жигарабаьккхина
д1ахьора кхузахь. Шира 1адаташ лору-
ра нохчийн г1иллакхашца мел доьзнарг.
Кхетам боцуш я лахара кхетам болуш
лорура нохчийн маттаца, г1иллакх-оь-
здангаллица, 1адаташца уьйр ерг, бак-
кхий нах муххале а. Нохчийн доьзале-
ра бехкамаш, г1иллакхаш, 1адаташ
а, «советски доьзал» а дуьхь-дуьхьал
х1иттадора. Хаддаза оцу хьокъехь деш
къамелаш, кхетош-кхиоран болх бара
беш берийн бошмашкахь, школашка-
хь, лакхарчу дешаран заведенешка-
хь. Компартин векалша шайн тергонехь
латтайора телевидени, радион переда-
чаш, театрехь мел х1оттош йолу спек-
такль, артисто мел локху эшарш, д1а
мел олу илли. Цхьа а дош дацара зор-
банера арадолуш газетийн, журналийн
аг1онаш т1ехь, 1едалан векалша къо-
балдича бен.
Иштта гаттонехь хене бевллачар-
на, баьхначарна моттаделира, шайна
маршо яккха г1ерташ вовшашца къий-
салуш бу Москвахь коммунисташ – де-
мократаш. Оццу 1едало говза кечбин-
чара моттадалийтира цхьаболчарна
шайна луъург. Шайга дуьйцучух теша
сихбеллачарна ца хаьара, уьш сихбин-
чарна хаахь а, пачхьалкхехь массо а
маьрша ца хуьлий, ширачу заманахь
дуьйна пачхьалкх цхьана адамаша кхе-
чу адамашна ницкъбо г1ирс (аппарат)
буйла. «Б1еннаш шерашкахь шаьш
х1аллакдинчу, шайна т1ехь къизал-
ла латтийначу паччахьан 1едална бек-
хам бан хьалаг1овтта, нохчий!» — ХХ-
г1а б1ешеран юьххьехь большевикаша
баьхнехь, х1инца, ХХ-г1а б1ешо чек-
хдолуш: «Коммунисташа х1аллакдира
шу 20-30-чу шерашкахь, 1944-чу шара-
хь, шайн махках а даьхна, х1аллакдира
шу. Хьалаг1овтта, нохчий, коммунис-
тийн 1едал д1адоккхуш!» — бохура ком-
мунистех хиллачу «декомраташа».
Дийнна махкахь сий-ларам а болуш,
нохчашка вистхила цхьа а стаг ваца-
ра: «Сих ма ло, вай юха а, хьалха сан-
на, 1ехош ду. Нахах диснарг а дац вайна кхочур долуш», — аьлла. Вистхилча
а, ладуг1ур долуш бацара дукхахберш,
х1унда аьлча собаре, кхетаме кхойкхуш
къамел мел дийриг а 1едална вохка-
велла ву аьлла, тешна бара митинге
арабевлларш. Царна хаьара, шаьш а,
шайга къамел дан мел г1ертарг а муьл-
хачу идеологин т1е1аткъамехь хьалак-
хиъна, шайн кхетаман бух, хьежамаш
а муьлхачу пачхьалкхехь кхиъна, кхол-
лабелла. Делан гергарчу нехан, эвлая-
ийн, зиярташка некъаш дихкинчу, ком-
мунистийн баьччанна – В.И.Ленинна
– пачхьалкхан коьртачу шахьарахь –
Москвахь – зиярт (мавзолей) дина, цунна сужуде миллионаш адамаш а оь-
хуш хиллачу пачхьалкхехь кхиъначеран
х1ун синмаршо, х1ун синкхетам хир
бара? Дешан маршо-м шен цхьана ба-
рамехь бен яцара. Цуьнан бараман до-
занаш хуурш а бара 1едалан векалш.
Оцу хенахь, оцу муьрехь, НГ1АССР-хь
1едал хийцалуш, 1991-чу шеран август,
сентябрь беттанашкахь къаьсттана, гу-
чуяьлларг нохчийн амал яцара, оцу хе-
нахь гучуяьлларг «советски амал» яра.
Цкъа-делахь, суверенитет
д1акхайкхинарг НГ1ССР-н 1едал дара.
Шолаг1а-делахь, РСФСР-хь (Россихь)
д1ахьочу референдумехь дакъалоцур
дац аьлла д1ахьедар динарг, бахар-
хошка-харжамхошка дакъалаца цама-
гийтинарг а 1едал дара. НГ1АССР-хь
деха халкъаш Москварачу 1едалца эв-
хьазадаьккхинарг (шен 1алашонаш кхо-
чушъян!) меттигера 1едал дара. Бакъ-
ду, т1аьхьо шен урхаллера даьлла
халкъ низаме дало я хьекъал, я поли-
тически само, я ницкъ-м ца кхечира
1едалан векалийн. 1едалца эвхьаза-
бевлларш, 1едална дуьхьалбевлларш
а цара шайн метте д1ах1итто кечбеш
хилла къонанаш бара. Октябряташ, пи-
онераш, комсомольцаш болуш ч1ог1а
х1айт-аьлла, каде хьийзинарш, «кегий-
чу даржийн» дукха хьалха чам кхеттарш
бара шайн верасаш лаьттина баккхий,
къена коммунисташ д1абаьхна, це-
ран меттигаш схьалеца, даржаш схьа-
даха кечбелла. Цкъа-хьалха коьртехь
доха доладелира 1едал. Хьалхарий,
шолаг1ий, кхоалг1ий секретараш (райо-
нехь, обкомехь) вовшашца къовсабели-
ра. Царах х1ора а шен-шен тоба кхол-
ла, парти, болам кхолла волавелира.
Оппозицехь ду шаьш бохуш арабевл-
ларш (церан коьртехь берш) цаьрца
уьйр йолуш бара, шаьш вовшийн 1еха-
бо а моьттуш, дийнна халкъ 1ехош. По-
литически х1илла х1ун ю ца хуу халкъ
делира майданашка, цхьаболчара шай-
на хеттарг а, шайна луъург а дуьйцуш.
Советан 1едал долуш кхоьллина, кхол-
лаялийтина цхьаболчийн амал ма-ярра
гучуяла йолаелира 1едало кхоллийтин-
чу партийн декъашхойн мог1аршкахь.
Нохчийн къоман амалца мел доцург,
цунна хийра мел дерг а керлачу амале-
хь дара.
Соьлжа-г1алахь адам митинге ара-
даьккхина денош а дара шайн билга-
лонаш йолуш. Цкъа-делахь, Москвахь
ГКЧП д1акхайкхина хан ю иза. Шолаг1а-
делахь, НГ1АССР-н куьйгалло СССР-
н куьйгаллица Союзни Барт ч1аг1бан
беза денош ду уьш. Кхоалг1а – 1944-
чу шарахь дуьйна шеъ лаьцна дош ала
а дихкина хилла, варх1 б1е сов маьр-
ша нохчий шена чохь багийначу Хай-
баха дуьххьара НГ1АССР-н куьйгалхой
а, интеллигенцин векалш а бахана де-
нош ду уьш. Иштта хиламаш цхьаьна
ца нисло, леррина цхьаьна ца нисби-
ча. 1едал шайн караэца луучара шай-
на боккха белхи вовшахтуьйхира, шайн
говзачу меттанашца, къамелашца хал-
къан синна а, дег1анна а йина чевнаш
меттахйохуш, историн ирча аг1онаш
карлайохуш. 

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

159