Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.09.2018 16:28 Пятница
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 70-73 от 21.09.2018 г.

Зударий-хьехархой декъалбира

Автор: С.АБУЕВ

НР-н Куьйгалхочо Кадыров
Ахьмад-Хьаьжин Рамзана
2009-чу шарахь шен Буьйраца «Нохчийн зудчун Де»
д1акхайкхичхьана дуьйна,
даздаран хьолехь билгалдоккхуш ду и де пачхьалкхан
т1ег1анехь. Вайн республикерчу массо а пачхьалкхан
хьаьрмашкахь цхьаьнакхетарш д1ахьо зударшна лерина. Балха т1ехь кхиамаш
баьхна, г1иллакх-оздангалла йолуш доьзалш кхиийна
зударий, наной декъалбо,
царна совг1аташ а до оцу
дийнахь. Оцу Денна лерина
цхьаьнакхетар д1адаьхьира
Гуьмсен к1оштан дешаран урхалло (М.И.Куразова)
д1адолорца Берийн кхоллараллин Ц1а чохь а.
К1оштарчу школийн зударий-хьехархой хьошалг1а
кхайкхале хаза кечйинера чоь. Б1аьрг т1ех1уттуш
дара, зударий декъалбеш,
поэташа аьлла дешнаш,
лерса хьоьстура къоман
мукъамаша, самукъане яра
хьехархойн яххьаш.
«Зударийн сий долчу
махкахь…» — коьрта 1алашо а йолуш цхьаьнакхетар
д1адолийра НР-н хьакъволчу хьехархочо 1-1.Асха-
бовс, «Даймехкан курачу
лаьмнийн лекхачу баххьаш-
кара, кураллех дуьзна; Даймехкан шийлачу шовданийн
сирлачу хишкара, ц1еналлах
дуьзна; Даймехкан башхачу 1аламан исбаьхьчу ха-
заллах дуьзна; дикачу даснанас вайнехан 1адатехь
кхиийначу ирсечу, оьздачу,
маьршачу доьзалан ц1арах;
къоман юьхь, сий лардеш,
ийманехь кхиъначу вайнехан дикачу мехкарийн-йижарийн ц1арах; Даймохк
безар, жимчохь дуьйна, да-
гах, дег1ах, т1амарх доьл-
ла, махкана хьанал, тешаме
кхиъначу вайн к1ентийн-
къонахийн ц1арах; Хьалха
– вайн Делера, шолаг1а тхоьгара шуьга ду, йижарий,
даггара маршалла!» — олуш.
Шайн зевнечу аьзнашца Даймахках йиш
д1алекхира Борг1анера
Оьздангаллин Ц1ийнан хоран декъашхоша.
Солтаева Сацитас «Аману» — эшар д1алакхале вистхилира 1абдул-1азиз: «Нохчийн зудчун Денца вайн
массеран а ц1арах даггара декъалъян лаьа шен комаьршаллин йистйоцуш,
къинхетаман чаккхе йоцуш,
оьздангаллин доза доцуш,
ийман барам боцуш йолу
вайн хьомсара йиша, къоман оьздангаллин, бусал-
ба динан лехамашна т1ехь
махкана беркате шен доьзал кхиийна йолу, халкъо
даггара лоруш йолу Кадырова Несин Аймани!» — массеран а ц1арах декъалъяран дешнаш а олуш.
Даздаршкахь дакъалаьцначу Гуьмсен муниципальни к1оштан куьйгалхочун
заместитело Абдулхалимов Якъуба шен декъалдаран къамелехь элира: «НР-
н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс
«Нохчийн зудчун Де» шен
Буьйраца д1акхайкхор ларамза дац. Массо а зама-
нахь, дика-вон ца къестош,
халонех ца уьдуш, божарий яхье а бохуш, тешаме
г1ортор хилла ца 1аш, доьзал эхь-ийманехь кхиош,
кхерч ларбеш, сий лардеш,
яьхна нохчийн зуда. Цундела ларамза ца аьлла: «Зу-
дарийн сий долчу махкахь
бен къонахий кхуьур бац».
Сий-ларам болуш, ирс-аьтто болуш, шайн доьзалийн
вон ца гуш дехийла шу!».
Цхьаьнакхетарехь дакъа-
лаьцначу уггар а жимачу Шарипов Наиба д1аэлира «Бусалба дин» — назма «Вайн
республикерчу пачхьалкхан
хьармашкахь тайп-тайпана
говзаллаш йолу зударий бу
белхаш беш, шайн декхаршца дика ларабеш.
Тахана х1окху чохь бу
уьш. Аш кхетош-кхиабо дешархой. Эхь-ийманехь,
барт-марзо, хаза уьйраш йолуш кхиабо доьзалш. Ц1ахь
а, балха т1ехь ларадо шу.
Аш хьанал-ц1ена бина болх
билгалбаьккхина грамоташца, дипломашца. К1езиг бац
шуна юкъахь, шун говзаллин, корматаллин лаккха-
ра мах а хадийна, НР-н, РФ-
н сийлахь ц1ерш елларш.
Аш лардина вайн къам.
Шаьш бечу балхаца юх-юха
а ч1аг1до аш Кадыров Ахь-
мад-Хьаьжас (Дала г1азот
къобалдойла цуьнан) вайн
мохк когах1уттучу муьре-
хь аьлла дешнаш: «Хьехархочо кхуллу къам». Ас даггара декъалдо шу Нохчийн
зудчун Денца. Ирс-аьтто
болуш дахар хуьлийла шу,
сан хьомсарнаш!» — элира
Гуьмсен к1оштан дешаран
урхаллин хьаькамо Куразова Маликас. Цуьнан чу-
лацаме къамел т1едуьзира
«Нана мел ю…» эшарца
Салдаева Тамилас. «Гумс»
газетан коьртачу редакторан заместитело Сумбула-
тов Денис зударий декъабеш къамел динчул т1аьхьа
хелхар дира ДДТ-хь 1амийначу дешархоша. Иллеш
олуш, эшарш локхуш, хелхарш деш, стихаш а йоьшуш
леррина шайна цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна,
д1адаьхьначарна, дакъалаьцначу дешархошна зударша-хьехархоша доккха
баркалла элира.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

66