Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

07.09.2018 17:01 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 64-67 от 07.09.2018 г.

"Нохчийн х1усамехь"хеза "Вайнехан иллеш"

Кавказехь деха къаьмнаш дуьненахь
а довзийтинарш церан шира а, мукъаме
а меттанаш хилла ца 1аш, церан исбаьхьа
иллеш, эшарш, шовкъе хелхарш,
хаза г1иллакхаш, ламасташ а ду.
Масех б1ешо хьалха а говзанчийн-поэтийн,
композиторийн – тидам т1ебахна
а ца 1аш, цара шаьш керла мукъамаш
кхуллуш, пайдаэцна кавказхойн мукъамех.
Поэташа а, прозаикаша йовзийтира
Кавказ, кавказхой а Россерчу а,
кхечу мехкашкарчу а бахархошна. Оьрсийн
гоьбевллачу поэташа, композиторша
шайна гинарг а, дуьйцучух шаьш
ца кхетахь а, шайна хезнарг а дара,
шайн мехаллех, хьежамех, говзаллех
чекхдоккхий, дешархойн синошка
д1акхачориг. Цуьнах керла, х1инццалц
ца бевзина, синкхача хуьлура царна.
Кавказхойн барта кхолларалла яра уьш
цецбаьхнарг. Шайн йоза а доцуш дехачу
къаьмнийн барта хазна яра «цивилизованни
дуьненара» баьхкинчийн
тидам шена т1ехь сецориг, церан говзарех
д1ауьйриг а, уьш башха, исбаьхьа
йийриг. Барта хазнах цхьадерг говзанчаша
цу хенахь д1аяздарна йозанехь
дисна, ткъа дуккха а дерг, д1а ца яздарна,
лораза дайна. Йоза юкъадаьккхича,
нохчийн хьалхарчу поэташа, прозаикаша
д1аязйора фольклор, цуьнах говза
пайдаоьцура шайн говзаршкахь. Церан
бух т1ехь язйира хьалхара говзарш.
Цу хенахь цхьайолчу говзарийн сюжеташ
яра фольклорера схьаэцна. Поэтийн
стихашкахь халкъан иллийн, эшарийн
мукъамаш бара. Хан-зама яларца
хийцабелира нохчийн поэзин мукъам,
чулацам а. Церан мукъамехь а, чулацамехь
а хаалора кхечу къаьмнийн литературийн
беркате т1е1аткъам. Нохчийн
поэзина керланиг юкъадало буьйлабелира
цхьаболу поэташ. Царах вара цу
хенахь (ХХ-чу б1ешеран 60-г1а шераш)
къона поэт Дикаев Мохьмад. 1илманан
бух т1ехь нохчийн эшарш толлуш вара
Мохьмад. Мохьмада х1оттийна (тоьллачу
гочдархоша оьрсийн матте яьхна)
«Песни вайнахов» боккха кхиам бара
поэзехь. Мохьмадан шен стихаш, композиторша
мукъамаш а бохуш, иллешка,
эшаршка а ерзийна, ц1еяхханчу артисташа
сцени т1ехь лоькхуш, олуш
дара. Цхьаболчара, цаьрга ладуг1ий,
олура: «Вайн мукъамашна хийро ду и
иллеш, эшарш. Эстрадни ду уьш. Дешнаш
1аламат дика ду, музыка ю-кх
вайчуьнца ца йог1уш…» Цуьнан иллеш
вайн музыкальни культурехь керла
дара, цундела цхьаболчарна хийро
хетара.
Фольклорера схьаэцначу иллийн,
эшарийн мукъамаш бен цахезначеран
лерсинна «хийро» хетара уьш. Бакъду,
кегийрхойн синошна хийра дацара,
ткъа мелхо а герагара дара. Тахана
а артисташа уггар а дукха лоькхучарах,
д1аолучарех ю Мохьмадан дешнаш
т1ехь яьхна эшарш а, иллеш а,
уьш ц1еначу нохчийн маттахь, меттан
мукъамехь яздина дела.
* * *

Дикаев Мохьмад 1941-чу шарахь
Соьлжа-г1алахь вина. Бердк1елара
ц1еяххана вевза пондарча Джунайд ву
цуьнан да. Бераллехь дуьйна нохчийн
мукъамаша лерса хьистинчу Мохьмада
шен «Бекалахь, сан мерз-пондар» стихотворенехь
х1ара дешнаш алар цундела
ларамза дацара:
Ас хьоьга къайленаш юьйцу:
Тешаме хьан мерзаш,
Генарчу бераллехь дуьйна
Ойланаш ю хьоьца ийна;
Бекалахь, сан мерз-пондар,
Вайшиннан безаман сийнна.
Бераллехь дуьйна нохчийн иллеша,
эшарша, мукъамаша лерса, дог а
хьоьстуш, Даймахкана генахь хиларна
сингаттамехь, г1айг1анехь кхиъначу
к1ентан дог-ойла нохчийн меттан дашна
т1е ерзар а, оцу дешнашца цо исбаьхьа
васташ кхоллар а дукхе-дукха
хьалхе хилира. Шен кхо шо бен доцчу
хенахь ден а, ненан а марахь-карахь,
Даймахках а ваьккхина, Талды-Кургане
д1авигар иэсехь дисначу к1анта т1аьхьо
г1айг1анечу мукъамехь далхадора:
Хьуна генаваьлча,
Херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма
Суна хьо хетара.
Поэто буьйцург Даймохк бу, «малх
бицбина, нур къагийна, суна хьо лепара»,
- бохуш. Нохчийн къомо Даймахкана
генахь хан токхуш, цунна сахьийзо
а, сагатдан а къайлах бен мегаш
дацара. Сагатдар а, сахьийзор а, Нохчийчоьнан
ц1е а йоккхуш, дешнашца
ала а, мукъамца далхо а дихкинера
1едало. Дихкинехь а, халкъо иллеш,
эшарш, назманаш йохура, уьш шаьш
вовшахкхетчохь д1аолура, суьйренашка,
1уьйренашка шайн г1айг1а-бала
балхош. И г1айг1а-бала шайн дуткъаделлачу
синошца Даймахка бохьуш,
баьхкира дийна биснарш. Д1адаханчу
б1ешеран 60-чу шерашкахь Даймахка
ц1абирзинчарлахь наггахь а поэт,
прозаик вацара шаьш Даймахке тийсина
са стихашкахь, прозехь дийцаза,
далхоза. Церан х1ораннан а произведенехь
къаьхьа къурд, г1орасизалла,
сатийсам, сатийсар, Даймахках дог а
диллина м1аьргонехь уьш 1ийна цахилар
ду. Къаьсттана дика хаало, дешало
иза М.Мамакаевн, 1.Мамакаевн,
М-С.Гадаевн, С.Гацаевн, Хь.Сатуевн,
Я.Хасбулатовн, Ш.Рашидовн,
М.Дикаевн а стихашкахь. Цундела церан
дешнашна т1ехь даьхна иллеш,
эшарш а халкъан хилла д1ах1иттина,
халкъан даггара аьлла, яздина уьш
долу дела. М.Дикаевс шен синна гергарчуьнга,
доттаг1чуьнга къамел деш
санна, Даймахке боху:
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьстина,
Догдиллина,
1алург ца хиллера.
Цуьнан са, ойланаш, дерриге а халкъан
санна, Даймахкаца доьзна дара.
Даймахках догдиллина ца веха поэт,
х1ора дийнахь а ч1аг1лучу дегайовхонца
веха, «малх бицбина, нур къагийна,
суна а хьо лепара», — бохуш. Шен дайн
махках шен са 1аьбча бен ца хьахабо,
ца бовзуьйту цо шен уьйр-безамаш.
Вайн дайша дуьйцуш хезна вайна:
«Вай ц1а маца дохуьйту боху? Даймахках
шайн б1аьргкхетча, лаьтта ког охьабиллича,
адам доьлхуш дара… Лаьттах
барташ бохуш дара адамаш…» Нохчий
Сибрехара ц1абаьхкинчу муьрехь
кхиъначу интеллигенцин мог1аршкара
ву Мохьмад. Тамашийниг кхин цхьа
х1ума а ду: оцу интеллигенцех цхьа
а цхьаъ вац школехь нохчийн мотт
1амийна, хьехархоша матте, халкъе,
Даймахке безам кхоьллина. Церан
цаьрга безам кхиийнарг баккхийчара,
дай-наноша Даймахках дийцар, Даймохк
хестор дара: «Генарчу Кавказехь,
Дег1астанехь, Нохчийчохь х1инца малх
хир бу, йовха хир ю, стоьмаш ношделла
хир ду. Мел шийла дара шовданаш. Ма
исбаьхьа дара бохь лекха лаьмнаш!», -
бохуш. Т1аьхьо ша язйинчу стихашкахь
бовзийтира Мохьмада шен Даймахке
болу безам, ша цунна сагатдар а:
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина,
Нур къагийна,
Суна хьо лепара.
«Даго лоькху зурма» Даймохк а хеташ
ваьхначу поэтан х1ора а дашехь
сингаттам, г1айг1а, ша ц1а кхаьчча а
ц1ерадаьлла, дайн кхерчахь шен меттиг
ца карош, карзахе са хаало. Шайн
дайн махкахь а болуш, ц1ахь бацара
нохчий. Даймехкан баьрчехь бацара,
не1саг1ехь бара нохчийн мотт,
г1иллакх-оьздангалла. Ярташкахь бен
ца буьйцуш, г1аланашкахь бийца а,
школашкахь хьеха а дихкинера нохчийн
мотт. И г1ело шайн ойланашкахь,
сица къуьйлура интеллигенцин векалша.
Оцу садеттарх, харцонех цамгар
хилларш бацара к1езиг. Оцу цамгарша
царех цхьаберш хеназа дахарх хедийра.
Бераллехь Даймахках къастийначу
Мохьмадан синна йина чов ю
цуьнан поэзехь хаалуш, г1айг1анечу
мукъаме йирзина. Мохьмадан нийсархой
шайн уьйрех, маттах, халкъах...
Даймахках д1акъастийнера. Даймахках
д1акъастийначуьн г1айг1анах Даймахках
а къаьстина 1ийнарг кхетар вац.
Мохьмадан дешнех, мукъамах кхетарш
к1езиг бацара, цара уьш шайн дешнаш,
шайн мукъамаш а лорура.
Мохьмадан чкъурах болчара нохчийн
мотт школехь ца 1амийнера, делахь а
церан ц1ийх, т1амарх мотт болийтинарш
дай а, наной а бара, къоман диканах,
вонах, г1иллакх-оьздангаллах
уьш д1ахадарна кхоьруш, уьш кхиийна
болу. Иштта кхиийна волу Мохьмад
Соьлжа-г1аларчу хьехархойн институте
деша воьду филологин факультете,
ша шен Даймахка вухавирзича.
Т1ехдика институт чекхъяьккхинчул
т1аьхьа оццу институтехь литература
хьоьхуш болх бо, стихаш а язъеш, 1илманан
болх а беш. Тахана а мехала бу
Мохьмада нохчийн фольклор (иллеш,
эшарш) толлуш бина болх. Т1аьхьо
оьрсийн поэташа гочйина араелира
Мохьмада вовшахтоьхна «Песни вайнахов»
ц1е йолу гулар. 1963-чу шарахь,
шен ткъе ши шо долуш, Мохьмада
дакъалоцу Ерригроссин къоначу литераторийн
кхеташонехь. Оцу кхеташонехь
цуьнан стихийн лаккхара маххадийра
оьрсийн ц1еяххана бевзачу
поэташа: Н.Тихоновс, А.Твардовскийс,
Н.Прокофьевс и.д1.кх.
Цул т1аьхьа Мохьмадан стихаш зорбанехь
арайийлира Москвахь, Ленинградехь,
Къилбаседа Кавказан республикашкахь
а. Уггаре а коьртаниг дара
– цуьнан стихаш халкъо шен йолуш
санна т1еэцар, цуьнан иллеш, эшарш а
адамийн дегнаш г1айг1анца а, самуъенца
а лекхадолуьйтуш хилар. Мохьмадан
дешнашна т1ехь даьхна иллеш: «Сан
Даймохк», «Кавказан 1уьйре», «Вежарийн
илли», «Ас лоьхург мила ю?»,
«Хьол хаза йо1 суна ца гина», «Ленинградехь
кхиъна йо1», «Хьан дагара хиъна»,
«Нохчо ву со» и.д1.кх. А.Ганаевс,
М. Буркаевс, С.Магомедовс, В.Дагаевс,
М.Айдамировас д1аолуш, лоькхуш а
яра, ткъа тахана къоначара лоькхуш
ю, уьш муьлххачу а хенахь лекха чулацам
дика болуш хиларна. Ц1еяххана
бевзачу композиторша: 1.Шахбулатовс,
А.Хлебскийс, А.Розенберга, халкъо а
мукъамаш бехира цуьнан дешнашна.
Нохчийн эстрадина бухбиллина
поэт лара вог1у Мохьмад. Цуьнан дешнашна
т1ехь мукъамаш баьхна иллеш,
эшарш а яра эстрадин хот1ехь
д1алекхнарш. Оцу хенахь вайн культурехь
кхиаме керланиг дара иза, массара
а къобал ца динехь а. Дикачу, хазачу
нохчийн маттахь, шовкъехь, говза
исбаьхьа васташ а кхуллуш Мохьмада
язйина стихаш, царна т1ехь даьхна иллеш,
эшарш а халкъо дика т1еийцира.
Иза бара поэтан кхоллараллин халкъо
лаккхара хадийна мах. Ц1еначу даггара
х1ара дешнаш аьлла волу поэт халкъо
шен ца лара йиш а яцара:
Нохчо ву со,
Цхьана а къоман
къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла,
халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!
Шен махкахь шен халкъаца цхьаьна
вехарг бен ирсе а, декъал а ца хуьлий
дика хаьара Мохьмадна. Нохчийн мотт
цуьнан сица шовкъехь лекхалора. Нохчийн
мукъам бу цуьнан х1ора а байтехь.
«Нохчий» — бохург, дуьззина цуьнан
маь1на а девзаш, лакхадаккха лиънарг,
лакхадаьккхинарг, цуьнан хьакъ йоллучу
метте и дош х1оттош, цул хьалха
цхьа а вацара.
Цундела жимчо а, воккхачо а езаш
т1еоьцура Мохьмадан поэзи, цуьнан
иллеш, эшарш а радиохула, телевиденехула
нохчийн х1усамашка
д1акхочура. М.Дикаев халкъан истори,
фольклор, литература, мотт
а дика хиъна ца 1аш, дуккха а халкъийн
литература а дика хууш, шен
хаарш НГ1ПУ-н студенташна д1алуш
а вара. Филологин факультетехь хьехархо
вара Мохьмад. Цуьнан хилла
студенташ тахана а болх беш бу газетийн,
журналийн редакцешкахь, школашкахь,
хьехархойн институтехь,
университетехь. Цуьнан студент хила
ирс хилла сан а. Доккха пох1ма долу
М.Дикаев дукха ца вехира. Хеназа
д1авахара иза вайна юкъара, ша аьлла
а, шех аьлла а хаза дош а, “Нохчийн
х1усам“ (1965 шо), “Догу сан дог“
(1967 шо), “Деган мерзаш“ (1971 шо),
“Вайнехан иллеш“ (1972 шо), “Стеган
ц1е“ (1990 шо) — стихийн гуларш а йитина.
Делан 1ожалла ца лелча ца ялахь
а, иштта са ц1ена, доккха пох1ма долу
стаг юкъара д1авахча, дагахьбаллам
буьсу. Шен дагахьбаллам бу халкъан
поэто А.Сулеймановс вайна бовзийтинарг:
«Дикаев Мохьмад, мурйоьлла
дечиг санна, кхерчахь сийсачех вацара.
Иза чоь серла а оьккхуьйтуш, вогучех
вара. Вай и лар а ца вира». Мохьмад
ваьхна зама, Мохьмадан амал,
цуьнан синна кхетта, цхьаболчара кхетийтина,
цамгар евзачу Ахьмада аьлла
и дешнаш бакъ ду. Доккха пох1ма
долу Мохьмад лар ца вира, ткъа хьаг1
йолчара мелхо а новкъарлойира синмаршонехь
ваха.
«Нохчийн х1усамехь» «Деган мерзашца»
«Вайнехан иллеш» олуш «Догу
сан дог» а бохуш, «Стеган ц1е» мел
ларъечаран иэсехь ехар ю Дикаев Мохьмадан
ц1е а, цуьнан поэзи а.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

396