Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

04.10.2019 15:50 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 77-78 от 05.10.2019 г.

Я сий,я хьал шена ца лехна поэт

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Х1окху дуьненахь Дала шена яккха еллачу хенахь адамашца тарлуш, к1едамерза юкъаметтигаш йолуш баьхначу, эхарта бирзинчу нахах олуш хеза вайна: «Дера вара хьенех адамаш дезаш, адамашна везаш». Адамаша адаман лаккхара хадийна мах а, дина тоьшалла а ду иза. Ишттачарах вара нохчийн поэт, прозаик, критик, лор, гочдархо Сулаев Мохьмад а. Сулаев Мохьмадан цIе яьккхича, цуьнан муьлхха а произведени хьахаелча, уггаре а хьалха дуьхьалхIутту цуьнан безамехь васт, амат а: цIена, безамехь юьхь-сибат, хьекъале ши бIаьрг, кIеда-мерза мотт буьйцучу поэтан васт. Мохьмад вевзинчарна дагахь лаьтта цуьнан оьздангалла. Дагаоьху цуьнан исбаьхьа хазачу, аьхначу маттахь язйина стихаш: «Суьйренан ойланаш», «Тамаше зама», «Сайн нене», «Керла Iуьйре, «Де», «КIанте»; поэма «Нохчийн
кIант Волгин йистехь»; повесть «Эскинойхь»; роман «Товсолта ломара дIавоьду». Мохьмад яздархошлахь а къаьсташ вара оьздангаллица, нахаца йолу юкъаметтигаш ц1ена хиларца. Къаьсттина екхна хуьлура цуьнан юьхь дешархошца цхьаьнакхеттачохь. Дагаоьху дIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь Энгель-эвларчу юккъерчу школехь хьехархочо Хь.Аболхановс нохчийн маттанна Денна вовшахтоьхна цхьаьнакхетар. Оцу даздаршкахь дакъалоцуш бара поэташ, Iилманчаш: М. Сулаев, Ш. Арсанукаев, Л. Яхъяев, З. Джамалханов, З. Хамидова, школан директор, поэт Ш. Рашидов, хьехархой, дешархой. Цхьаьнакхетарехь дина къамелаш нохчийн къомах, маттах, гIиллакх-оьздангаллах, литературах дара. Оцу цхьаьнакхетарехь З.Джамалхановна Гуьмсен кIоштарчу нохчийн меттан, литературин хьехархоша холхазан куй белча, шозлагIа шена дош а дехна, вистхиллачу Мохьмада элира: «Тахана х1окху кIоштарчу хьехархоша Зайндин коьрта нохчийн куй а тиллина, сий-ларам би Зайнадин а, нохчийн меттан а», — аьлла, шен «Зама» стихотворени юкъара биъ могIа бийшира: Замано дерриг а дойу, Замано дерриг а кхуллу, Стаг воцург лораза войу, Къонаха шен маравуллу. Зайндис забар йира: «Куйннал дегI ас а даьккхи тахана», – аьлла. Амалехь, кхоллараллехь а йолу оьздалла дайн кхерчахь, винчу юьртахь орам, хьоста долуш яра поэтан. 1920чу шеран сентябрь беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь вина, школе ваххалц йолу хан оцу юьртахь яьккхина волчу Мохьмада тIаьхьо яздора: Со юха а винчу юьртахь ву!.. Геннахь лаьтта, курра хьоьжуш, лаьмнаш, Ойлане а яхна, тийна хьаннаш – Винчу юьртахь дагна хьоме ду! Бажа балош вогIу цIехьа Iу, ЦIечу аьттан логах бехчалг кхозу, Хьалха санна, гаьн тIехь дека хьоза – Винчу юьртахь дагна хьоме ду! Шовзткъе ялх шо долчу, Г1ум-Азин арахь кхойтта шо а текхна ц1авеанчу поэтана хьоме ду шен бералла дIаяханчу юьртаца мел доьзнарг. Оцу ехачу хенахь шен кхолламах дахаро мел къиза кадиттинехь а, бевзачех, безачех шен къеста дезнехь а, юх-юха а дагаоьху бералла: Бераллехь левзинчу ß ñèé ,ÿ õüàë øåíà öà ëåõíà ïîýò хиэ ла а доьгIуш, Со Iаш ву, со винчу юьрте а хьоьжуш, Жимчохь мел дайнарг, сама а даьлла… Деша ваххалц йолу хан ГIойтIахь а яьккхина, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу № 16 йолчу школехь а, Асланбковски юьртарчу юьхьанцарчу школехь а доьшу Мохьмада. Деша боккха лаам болу хинволу поэт Баку гIала деша воьду. Цо цигахь чекхйоккху лоьрийн институт. Дуьххьарлера байт «Нохчийн йиш» Мохьмада ша Бакохь доьшуш волуш (1935 шо) язйира. Мохьмадан кхоллараллина беркате тIеIаткъам бира нохчийн халкъан барта кхолларалло а, оьрсийн поэзино а. М. Сулаевс лоьрийн институт чекхъяьккхинчу шарахь СССР-н пачхьалкхана тешнабехкаца тIелетира фашистийн Германи. ТIеман заманахь, массо а кхоллараллин белхалойн санна, Мохьмадан дош а дара мостагIчунна дуьхьала олуш а, яздеш а, шен махкахойн дог-ойла иракарахIиттош. 1943 шарахь цо язйина «Малх тоьлур бу» поэма боккха кхиам бара вайн литературехь. Иза дика т1еийцира дешархоша а, критико а. 1944 шарахь шен Даймахках къастийначу нохчийн халкъаца цхьаьна ГIум-Азехь кхойтта шо даьккхинчу Мохьмадан кхоллараллехь, цуьнан стихийн мукъамашкахь а къаьстташ ешалуш, хезаш ю гIайгIа, сатийсам, шен дайн кхерче, махке сатийсар. Цхьа шатайпа мур бу поэтан кхоллараллехь 1958 шарахь «Безаман эшарш» стихийн гулар араяьлла хан. Нохчийн поэзе керла кеп а, чулацам а болу стихаш еара Мохьмада оцу гуларца. Цуьнан дуккха а стихаш иллийн, эшарийн мукъамашкахь лекха йолийра корматаллин артисташа. Цул тIаьхьа арахоьцу цо поэзин а, прозин а книгаш: «Велларг денвалар» (дийцарш, 1959 шо); «Даймехкан зIаьнарш» (стихаш, 1961 шо); «ДоттагIий юхавовшахкхета» (дийцарш, 1962); «Товсолта ломара дIавоьду» (роман, 1966 шо); «Октябро кхоьллинарг» (критикин статьяш, 1967 шо). Гуш ма-хиллара, Мохьмада поэзехь, прозехь, критикехь а (иттех шарахь) беркате болх бина. Сибрехара ц1адирзинчу халкъана ч1ог1а оьшура цо язйина книгаш. Нохчийн маттахь язйина книгаш к1езиг йолу, амма уьш дуккха а оьшу, ара мел яьлла керла книга, хаза кхаъ санна, т1еоьцу, хьогамца йоьшу хан ю иза. Къаьсттина школашкахь, хьехархойн училищешкахь, институтехь хьехархошна, дешархошна, студенташна а оьшура нохчийн маттахь язйина керла
книгаш. 1964 шарахь «Грозненский рабочий» (20-гIа декабрь) газетехь араяьллачу шен «Поэмы и современность» статьяхь М. Мамакаевс билгалдоккхура: «Поэтан болх цуьнан киншкин стомма хиларца лара мегар дац. Коьртаниг кхин ду: мел кIорга схьагайта хиъна цунна вайн дахаран а, шена гинчун а маьIна. И гайтар цуьнан нисделлехь, жима киншка а дуккха а тоьлу цхьайолчу йоккхачу томал». Гоьваьллачу поэто М. Мамакаевс лаккхара мах хадийнарг М. Сулаевн «Даймехкан зIаьнарш» цIе йолу поэзин гулар яра. Нохчийн къам шен махка юхадирзинчу муьрехь дIаболийра цхьайолчу ансамблаша, исбаьхьаллин самодеятельносташа, корматаллин артисташа шайн болх. Ярташкахь, кIотаршкахь концерташ хуьлура эшаршлакхархоша, иллиалархоша дакъалоцуш. Сих-сиха декара оцу концерташкахь М. Сулаевн
дешнаш тIехь даьхна иллеш, эшарш а. Царал хьалха лоькху эшарш, олу иллеш фольклоран мукъамехь а, кепехь а хиллехь, вай лакхахь ма-аллара, Мохьмада дуккха а керланиг деара нохчийн иллийн, эшарийн а чулацаме. «Безаман эшарш» цIе йолчу гуларо Мохьмад дика лирик хилар тIечIагIдира. Тахана дог а хьостуш ду Мохьмада 1941 шарахь яздина «ГIан» цIе йолу илли, цуьнан дуккха а кхидолу иллеш, эшарш а санна. ЦIеначу мукъамехь, эшарехь лекхало шен дог дара поэто схьадаьстинарг, шен синхаамаш дешархойх а (ладогIархойх) тешош. «Суьйренан ойланаш» цIе йолчу гуларна юкъайогIучу стихаша гойту, хIора а адам ша санна долчу адамна, халкъана, Даймахкана хьалха декхар хилар. Философски маьIна долуш ю и стихаш. Мохьмадан стихашкахь кIорггера ойла ю заманах, адаман адамашна, Даймахкана а хьалха долчу декхарех, дахарехь цуьнан йолчу меттигах, къаьсттина поэтан граждански позицех. Литературин критико Ю. Айдаевс «Сирла суьйре» (1980 шо, Соьлжа-ГIала) книгина ша язйинчу статьяхь (Дешхьалхе) боху: «М.Сулаевн поэтически ойла, къилбанан цхьамза санна, даима а адаман дахаре, цуьнан сийлалле, цо юьтучу лоран маьIнадаре ерзийна ю. Стаг лийр вац, шел тIаьхьа цо дика гIуллакхаш дитинехь, иза шенна ца ваьхнехь, вонна кIел и ца сецнехь». И дешнаш дуьззина Мохьмадан дахаран некъана хьаннал дIадала мегар ду, хIунда аьлча цуьнан хIора а произведени цIеначу сица, ховхачу синхаамашца, хазачу ойланца язйина хиларал совнаха, бакъдерг толо гIерташ язйина хиларна. Цхьа шатайпана хаза кхаъ, хилам бара вайн литературехь М. Сулаевн «Товсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман араялар. И роман араяьллачу муьрехь ярташкахь, гIаланашкахь книгашъешархойн конференцеш вовшахтухура. Романан чулацамах, турпалхойх дуьйцура оцу конференцешкахь. Критикаша статьяш язйора, НГIПУ деша боьлхучу абитуриенташа сочиненеш, студенташа дипломни белхаш язбора. Дешархочуьнга ойла йойтура романо, дуккха а хаттарш кхолладолуьйтура, дуккха а хаттаршна жоьпаш а лора. Бакъду, дикка хан яьлча бен цхьадолчу хаттаршна жоьпаш дала йиш-м ца хилира. Роман зорбанера араяьллачу хенахь хьахо йиш яцара халкъ шен Дай
махках къастор, делахь х1ета Товсолта ломара д1авахаран бахьана а. Товсолтин доьзалерчу Iоттабаккхамца («Товсолта ломара дIавоьду» роман, тIаьхьо «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш оьрсийн матте гочйина, араяьлла) гайтина авторо Советан Iедало нохчийн доьзалан оьздачу гIиллакхашна бина вон т1е1аткъам. Товсолтин доьзалан 1ер-дахарехь авторо гайтина нохчийн 1адате дирзинчу гIиллакхашца, ламасташца зIе г1елъяр, баккхийчарна а, къоначарна а юккъе советски идеологино тесна питана. «Дайн» а «берийн» а юкъаметтигаш 1отбаккхаме ерзор говза гайтина авторо, ша хьаьнгахьа «озабезам» болу шву ца гойтуш, иза дешархойн кхиэле дуьллуш. М. Сулаевн оцу муьрехь арайовлу керла гуларш: «Даг чуьра суйнаш» (1968 шо), «Йоврйоцу цIе» (1970 шо),
«Бакъдерг» (1973 шо), «Чинар на скале» (1972 шарахь Соьлжа-ГIалахь; 1975 шарахь Москвахь). Мохьмад говза гочдархо а вара. Цо гочйина Рудакин, К. Хетагуровн, Г. Гейнен, М. Лермонтовн, А. Пушкинан, Р. Гамзатовн, и. дI. кх. стихаш. М.Сулаевн стихаш, поэмаш, дийцарш, роман школашкахь, хьехархойн училищешкахь – дешархошна; институтехь, университетехь тахана а – студенташна хьоьхуш ю, церан мехалла а, маьIна а лакхара долу дела. Цуьнан стихаш гочйина оьрсийн, украинийн, гуьржийн, казахийн, ДегIастанан къаьмнийн, хIирийн, гIебартойн, балкхаройн, иштта дозанал арахьарчу къаьмнийн а меттанашка. Шен «Адамашка» цIе йолчу стихотворенехь, лечкъа ца деш, Я сий, я хьал со сайна лоьхуш вац, ХIетте а-м лаьа илли сайн хезийла, Даггара лаьа – ас и лечкъадац, – Шу дезарна, шуна со везийла! – бохуш, вайна юкъара 1992 шарахь дIавахана шен накъост, доттагI Сулаев Мохьмад дагалоцуш, халкъан поэто Ш.Арсанукаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Вайн яздархойх суна дуьххьара вевзинарг Сулаев Мохьмад вара. Говза поэт а, дика лор а вара Мохьмад. Бер санна догцIена а, шатайпа оьздангалла хиларца а билгалвуьйлура иза. Уггаре суна цуьнгахь товш хетарг – кхечеран кхиамех воккхавер. Газетан, журналан агIон тIехь ша резаволуш стихотворени, дийцар дешча, кхаьънаш дохуш хир вара хьуна: «Хьуна вевзий и хьенех, ешний ахь цо язйина хIума, суна вовзийталахь иза!», – бохуш. Нохчийн гоьваьллачу поэто МохьмадСалахь Гадаевс аьлла дешнаш дагаоьху, адамашца, Даймахкаца цIена юкъаметтигаш ларъеш ваьхначу Сулаев Мохьмадан дахаран некъан ойлайича: Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой, Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов… Делахь-хIета, уьйрашна, накъосташна, доттагIашна, нохчийн халкъана а вицвелла вац, «Мел ирсе хетарх а – и ирс ма дац, ша винчу Даймахкахь доцург», – баьхна, шех лаьцна ала хастаме дош юьртахошна, махкахошна а дитина, вайна юкъара дIавахана Сулаев Мохьмад.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

39