Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

17.12.2019 14:44 Вторник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 101-102 от 17.12.2019 г.

Даймехкана 1аламо дог хьистина поэт

Автор: Дени Сумбулатов

Нохчийн къомана шайн байташца, дийцаршца, романашца синкхача латтош деха кхоллараллин адамаш. Цара язйинчу байташ т1ехь даьхна иллеш, эшарш цхьа шатайпана хазна ю вайн къоман. Д1адаханчу б1ешеран 60-чу шерашкахь, вайн къам Г1ум-Азера ц1адирзича,
дуккха а кегийрхой баьхкира нохчийн литературе, т1аьхьо шайх пох1ма долу яздархой хилла болу: А.Айдамиров, З.Абдулаев, Ш.Арсанукаев, Хь. Саракаев, Ш.Рашидов, 1.Кусаев, М.Кибиев,
М.Дикаев, Ш.Окуев, Хь.Сатуев, кхиберш а. Церан исбаьхьаллин мотт, кхуллу васташ къаьсташ дара 20-30-чуй шерашкахь нохчийн литературин бухбиллинчу С.Бадуевн, 1.Мамакаевн, А.Нажаевн, 1.Дудаевн, М.Сальмурзаевн кхоллараллех. Цара шайн говзаршкахь хьалауьйурш
юкъараллера 1отбаккхаме г1уллакхаш хилла ца 1аш, церан теманаш, ойланаш кхин яра. Дуьнена дахаре хьежамаш бара церан кхин, ойла к1орга хиларца къаьсташ. Оцу яздархойн мог1арехьвара 1938-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь Дишни-Ведана генайоццуш хиллачу к1отарехь вина Гацаев Асламбекан Саь1ид. Пхеа шарахь бен шен Даймехкан
1аламах, йийсархойх марзо ца ийцира Саь1ида. «Гонахарчу хьуьнхахь декачу олхазарийн зевне эшарш, диттийн баххьаш т1ехь лепа маьлхан з1аьнарш, эсалчу махо ловзош долу диттийн г1аш – оцу исбаьхьчу 1аламан хазаллех марзо оьцуш, ша цецвийлар ду беран хенах
шен эсехь диснарг», — олура шен дагалецамашкахь Саь1ида. Бераллехь цаваьлла дита дезна и исбаьхьа сурт цунна юх-юха а дуьхьалх1уьттура, Даймахках а къастийна, генарчу Сибреха ша д1авигча. Бераллехь Даймахках къастар, цуьнга сатуьйсуш вахар, ц1енаойланаш кхочуш ца хуьлуш, хийрачу махкахь даьккхина кхойтта шо, сингаттаме, г1айг1ане узам а хилла, цуьнан са цкъа а ца тоьйтуш, цуьнца цхьаьна даха дисира. Т1аьхьо цо язйинчу стихашкахь и сингаттам, г1айг1а хеза, б1аьрхих д1аийна, легашкахь хораме шад а х1оттийна:
Йоьлхура б1аьстенаш,
Сан коре х1уьттуш,
Йоьлхура гуьйренаш,
Не1арх т1ам 1уьттуш,
Уьш йоьлхуш, уьш йоьлхуш,
Шераш д1ахьора…
Когавоьдуш дуьххьара лаьттахула ша когбаьккхина, дуьххьара ненан маттахь дош аьлла, б1аьргашна хазахетта, дагна езаелла, 1аламо са хьистина, «гена ма валалахь», — бохуш, нанас т1аьхьа мохь биттина К1отар, Дишни-Ведана, Ведана, Нохчийчоь д1уьхьалх1уьттура, цара гуттар а д1акхойкхуш, ойланаш йора: Дуккха ю сан эшарш,
Кхин цхьаъ ас йоккхур ю,
Дукха ю ган ярташ –
Цхьаъ ю ц1е яккха юрт.
Сан Дишни-Ведана,
Сан нохчийн ламанаш,
Сатуьйсуш, велхийнарш
Ю шух ен ойланаш.
Х1окху дуьненахь шена уггар а дукхадезачу адаме олуш санна, ца кхоош, комаьрша, даггара дош олу Саь1ида, ша даима а ша шен сица мерзачу безамца хьоьстучу Нохчийчоьне:
Лоькхур яц хазчу шен иллехь Цхьаммо а бодане дохк. Хьо бу-кх, цкъа а и хиллехь,
Нохчийчоь, зезагийн мохк. Нохчийчоьнах а, цуьнан исбаьхьа хазачу 1аламах а д1а ца къастабо поэто шен къоман к1ентий, мехкарий, церан дегнашна хьоме мукъамаш, дайн махкара хиш:
Зезагаш – хьан йохье к1ентий,
Зезагаш – мехкарий хьан,
Бацала сирла малх кхетий,
Зезагаш бал боккхуш 1а.
Зезагаш – хьан хаза эшарш,
Зезагаш – хьан хаза хиш,
П1елгех чекх маьлхаш а лешаш,
Кегадо бацалахь тхиш.
Хаза эшарш а, хиш а зезагаш хетарг, «п1елгах чекх маьлхаш а лешаш», бацалахь тхиш кегийнарг, суна шовзткъе пхи шо хьалха вевзира. Цу хенахь тхо, университетан филологин факультетан хьалхарчу курсан студенташ, Ищерски станицин аренаш т1ехь кемсаш лахьош дара. Дийнахь сарралц болх бича, к1адлой, тхо, масех студент, сада1а охьахуура ша лаьттачу дитт к1елахь. НохчГ1алг1айчуьра тайп-тайпанчу ярташкара долчу тхан вовшашка дийца
дуккха а дара. Цкъа иштта тхо 1аш, тхан суьйре дика а йина, тхуна т1евеанчу хьехархочуьнца къамел хилира тхан:
- Кегий нах, муьлхачу ярташкара ду шу?
- Шелара, Теркайистера, ХьалхаМартант1ера, Хошкалдера…-,аьлла,
жоьпаш делира оха.
- Ма дика ду-кх, шу нохчийн, оьрсийн
меттанаш, литератураш 1амочу факультете деша даьхкина! Ч1ог1а хазахета
суна, къаьсттина кегий нах оцу факультетехь доьшуш болуш. Вайн къам Сибрехара ц1а деача, шу санна, тхо дахара, сан нийсархой, оцу факультете деша. Оха нохчийн мотт оцу махкахь школехь 1ама а ца бинера. Школехь хьоьхуш бацара нохчийн мотт я литература а… Цундела
элпаш 1аморна т1ера д1адуьйладелира тхо. Хьалхарчу классан дешархошна санна, деша а, яздан а тхуна А. Мациевс, С. Эльмурзаевс, Х.Ошаевс, Д. Мальсаговс, И. Арсахановс а 1амийра.
Т1аккха, шен къамел а сацийна, тхоьга хаьттира цо:
- Д1о, воьдург вевзий шуна? – аьлла.
Тхуна и ца вевзий хиъча, меллаша
мохь туьйхира цо цуьнга: «Мохьмад,
хьайна хала дацахь, цхьана минотана
схьаволахьа, хьо вовза лууш бу х1ара
кегийрхой», — аьлла.
- Шу ма хаза 1аш ду, Саь1ид! Х1орш
бу боху ахь, со вовза лууш? – элира
т1евеанчу Мохьмада.
Хьалаг1евттинчу тхоьга: «Ирс хуьлийла, ирс хуьлийла! Охьаховшал шу!
– аьлла, тхоьца цхьана охьалахвелира
Мохьмад а.
Саь1ида доцца дийцира тхуна Мохьмадах, иза поэт а, 1илманча а хилар хоуьйтуш. Цуьнан иллеш, эшарш тхуна хезнера, бакъду, церан автор,хьалха вевзина-м дацара тхо. Нохчийн поэт Дикаев Мохьмад вара тхуна вовзийтинарг. Саь1ид эсала стаг вара. Мохьмадан амал сихо, карзахе яра, шеца цхьа шатайпана суй а болуш. Цул т1аьхьа тхуна университетехь хьеха а хьийхира Мохьмада. Тхан хазахетар гуш вара и шиъ. Цхьана сахьтехь гергга тхоьца цхьаьна 1ийначул т1аьхьа, тхан 1одика а еш, Мохьмада Саь1идах масех дош элира: «Тхойшиъ ши доттаг1 ву. Саь1ид нохчийн дика поэт ву. Дешар д1адоладелча, уллера девзар ду вай. Шун коьрта декхар – дика дешар. Вайна ч1ог1а оьшу шуна хьекъал долу нах.»Иштта вевзира суна а, сан накъосташна а нохчийн ши поэт: Дикаев Мохьмад, Гацаев Саь1ид. Суна хьалха 1уьллу «Со-м хьан варий, Нохчийчоь…» книга. Гацаев Саь1идан стихийн, назманийн, легендийн, поэмийн гулар ю иза, 2014-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь араяьлла.
Х1етахь, шовзткъе пхи шо хьалха, Саь1идан ткъе пхийтта шо долуш, суна ца евзара цуьнан стихаш, ца бевзара цуьнан дахаран некъа а. Шен нийсархойн санна, хала хилла Саь1идан дахар. …Нохч-Г1алг1айн республика 1957- чу шарахь юхаметтах 1оттийча, Соьлжа-Г1аларчу Нохч-Г1алг1айн хьехархойн интститутан историко-филологин факультетехь схьадиллинчу нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбечу декъехь дешна ваьлча, Саь1ида масех шарахь Веданан к1оштарчу школашкахь хьехархо, директор белхаш бо. Цул т1аьхьа Москвара Горькийн ц1арахчу Дуьненан литературин институтан аспирантуре деша воьду. Цул т1аьхьа ассистент болх бина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан, литературин а кафедрехь. Школехь доьшуш волуш дуьйна стихаш язъеш волчу Саь1идан кхоллараллина беркате т1е1аткъам бина нохчийн халкъан барта кхолларалло, ткъа иштта оьрсийн, малхбалерчу къаьмнийна лирико. Саь1идан ткъе кхо шо долуш, 1961-чу
шарахь, зорбане яьлла дуьххьарлера стихотворени. Нохч-Г1алг1айн республикехь «дика поэт ву» — аьлла, ц1е яккха йолаелира Саь1идан, цуьнан керла-керла стихаш «Орга» альманахан, к1оштийн, республикин а газетийн аг1онаш т1ехь арайийлинчул т1аьхьа церан критикаша лаккхара маххадийча. Саь1идан ткъе цхьайтта шо долуш, 1969 шарахь, араелира «1уьйре» ц1е йолу стихийн гулар. Оцу гуларера «Сийна, сийна 1уьйре», «Хьоме Даймохк»«Дагна деза…», «Д1а1е хьайна», «Зезагаш, зезагаш тайна», — керлачу васташца, аьхначу, мукъамечу маттаца
къаьсташ яра кхечу поэтийн стихех. Нохчийн литературе, поэзе Саь1ида шен стихашца халкъан мукъамах тераа болуш, шен синан мукъам беара. Цуьнан поэзин мукъамехь долу дешнаш деша а, шай кхета а атта дара. Церан бух т1ехь композиторша даьхна иллеш, эшарш а езаш
т1еийцира халкъо. Лерса хьостуш мукъам хилла ца 1аш, дагах кхеташ, ойлане воккхуш ду цуьнан х1ора а илли, муьлхха а стих. Цуьнансанна дагна мерза, воккхаверца Даймахках дош аьлларш к1езиг бу вайн поэташлахь. Жима волуш Даймахках къастар хала лайначу, цуьнга сатуьйсуш бералла д1аяханчу поэто юх-юха а кхойкху цуьнга, «Ирс долуш со хилча, сахьийзаш висича, г1енаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь», — бохуш. Цхьа а шеко
йоцуш, поэтан дог сингаттамо лаьцча, г1айг1анечу мукъамехь лекхаделча,
кхолладелла х1ара дешнаш: Со гена д1аваха, д1аели жима хан, Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь? Ирс долуш со хилча, сахьийзаш висича,
Г1енаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь.
Ва делла дала хьо, кийрара дилха дог.
Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь?
Ирс долуш со хилча, сахьийзаш висича,
Г1енаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь.
Мох ц1ийза лергашкахь, ц1ий кхехка
пхенашкахь.
Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь?
Ирс долуш со хилча, сахьийзаш висича,
Г1енаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь?
Кхузахь дагаоьху поэто М-С.Гадаевс
къоначу поэте Рашидов Шаиде яздинчу (1969 шо), набахтера даийтинчу кехат
т1ера дешнаш: «Х1ора стихан шен къаьсттина мукъам хила беза. И мукъам бацахь, стих стих яц. Мелла а алссам халкъан матте ладог1а. Дешнийн жур ца хуьлуьйтуш, хьайна схьагучун ма-дарра кхолла сурт». И хьехам, шега бича санна, шен кхоллараллехь кхочушбина Саь1ида шен
говзаршкахь. Къаьсттина дика иза хаало, «Б1аьстенан г1ара» гуларехь араевлла стихаш, поэма а ешча. Цу т1ехь ткъе барх1 стихотворени, цхьа поэма ю. Уьш, ерриге аьлча санна, Даймехкан 1аламах ю, поэтан кхиънаяьллачу говзаллин, поэтически хот1ан, хьежамийн а башхалла
хилар билгалдоккхуш. Саь1идан араевллачу «Хазахетар» (1982 шо), «Суьйренан 1еха» (1988 шо), «Мекара цициг» (1991 шо) – гуларшкахь араевлла стихаш керла ю. Даймахках, халкъан лазамех, чевнех, ненах, адамийн уьйр-марзонех, 1аламах язйина стихаш кхета атта
хилла а ца 1аш, са тедеш а, са карзахдоккхуш, синна парг1ато луш ю. Саь1идана
дукхабезарг сийна бос бу, дуккхазза а цо шен стихашкахь хьахийна, бийцина, говза шех пайдаэцна: «Арахь йолу сийна буц», «сийна к1ур г1уьтту», «хьаннаш сийна ц1анъеш», «Дуьне, дуьне, сийна латта», «И хьан сийна нана-лаьмнаш», «Г1оттур ю и хаза, сийна», «Сийна стигал
схьат1еелхарх, Нохчийчоь!», «сенчу зевналлехь», «сийна поп», «сийна лепаш»,
«сийна г1а», «Самукъане а,сийна а тховса буьйса лестина», «Д1аяьржа сеналла, техкаш», «Д1аяха сан сийна б1аьсте», «сенчу малхе хьежайо», сийна дохк ю хьанний кочахь»… и. д1. кх. Сийначу басца цхьаьна мерза лазам бу цуьнан дагца, дийнна кийра схьалаьцна: «Зезаг доьлу сенчу бай т1ехь», «Бешахь хьоькху мерза х1о. Хезий хьуна, х1аваъ сийна, Бешахь мерза хьоькху мерза х1о? 1алам лепа зевне – сирла», «Мерза лазам бюу сан кийрахь», «Хезий хьуна, лазам кийрахь». 1аьржа буьйса, сийна де, — Ас и х1инца балгалдер, -
Яра даг чохь хьан йовхо,
Х1уъа хиларх со 1ехо.
Арахь йолу сийна буц –
И мел хаза синтем бу –
Гена новкъа д1авахарх,
Охьакхетта, со валарх.
И мерза лазам бу-кх Саь1идан кийрахь, «гурахь д1айоьлхучу г1арг1улешка
т1аьхьахьоьжуш», ша дуьненахь йоккхучу хенан т1аьххьара м1аьрго
т1ех1оьттича, Нохчийчоьнан ц1е йоккхуш, бовзуьйтург, балхориг:
Ма д1айоьлху уьш
1аьнан шелонна,
Йийца Нохчийчоь
Гена мехкашна,
Йийца суьйренаш,
Йиццаяллал и
Нохчийн б1аьстенаш.
* * *
Хиларх со, кхетта, леш
Я тоьхна вуьйш,
Делан ц1е ас йохуш,
Сан дог д1атуьйш,
Хир яра кхин цхьа ц1е
Ас йоккхуериг,
Сан дагна мерзаниг,
Сан дагна товриг, -
И ц1е ю –
Хаза ц1е!
Нох-Чий-Чоь.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

99