Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

01.02.2019 11:09 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 5-6 от 01.02.2019 г.

Халкъо шен мотт бицбахь...

Автор: Дени Сумбулатов

Т1аьхьарчу хенахь дукха хаттарш ду къаьмнийн, халкъийн, меттанийн, мехкийн, церан историн а хьокъехь. И хаттарш, дукха хьолахь, кегийрхойн кхоллало. Кегийрхойн шайн хаарш к1аргдан а, шордан а лаам хилар ч1ог1а дика ду. «Х1окху Дуьненахь маса къам, мотт, диалекташ ю-те? Тахана Дуьненахь долчу къаьмнех шира истори муьлхачу къоман ю-те? ЮНЕСКО-с Кавказера цхьадолу меттанаш (царна юккъехь нохчийн мотт а бу) леш ду, боху. Маца, муха, х1ун бахьана долуш д1аболу мотт? – кхоллалучу хаттарех цхьадерш бен дац. Цхьадерш бен дацахь а, дуккха а адамийн сагатдо цара, къаьсттина шайн мехкан, къоман, меттан, историн а ойлаечийн.
Оцу хаттаршна, 1илманан бух т1е а тийжаш, жоп дала дагахь ду вай. Ца олуш диснарг аш т1едузахь (1илманан бух а болуш!) оха зорбане доккхур ду, жоьпаш дуьззина хилийта. 1илманчаша (лингвисташа, этнологаша, этнографаша, историкаша) дийцарехь, 20 эзар мотт бу, цхьаболчара – 10 эзар, 5 эзар, ткъа цхьаболчара 2 эзар маттахь къамел деш ду, боху х1окху лаьтта т1ера адамаш, боху. Х1ун бахьана ду, 2 эзарна т1ера 20 эзарна т1е кхаччалц башхалла хиларан, цхьа терахь билгал ца деш? Оцу хаттарна лингвисташа шаьш жоп ло. Царна хетарехь, диалект, говор, наречие цхьаболчу 1илманчаша мотт лерина, цундела, меттанаш шайн дукхаллехь алсамдевлла. Х1окху Дуьненахь уггаре а дукха меттанаш долу меттиг Африка ю. Африкехь билггал маса мотт бу 1илманчаша къастийна дацахь а, цхьаболчу лингвисташа ч1аг1дийриг далор ду вай. Масала, 1илманчо Мейнхофа Африкехь 182 мотт бу боху, банту тобанна юкъабог1уш; Джонстона 226 мотт бу боху; Ван-Булька 518 мотт бу боху. Цо ч1аг1дарехь, еккъа цхьана Заир Республикехь 518 мотт бу, диалекташ ца лерича а. 1илманчаша ч1аг1дарехь, Новая Гвинея г1айре т1ехь 1000 мотт бу. И терахь а нийса дац, х1унда аьлча оцу г1айре т1ехь керла-керла тайпанаш карош ду, шайн меттанаш а долуш. Делахь-х1ета, 1000 терахь а нийса дац. Дуьненахь тайптайпана хиламаш хилла. Цхьаболу хиламаш а, бахьанаш а х1унда, мича бахьанина хилла къастош, 1илманчаша теллина. Цателлинарш, йозанехь доцу меттанаш вайна ца бевза. Барамехь доккхачу, ницкъ алсамо болчу, культура, мотт кхиъначу халкъо шел жима, г1орасиз долу халкъ шех д1аэдо я цуьнга шен мотт т1еоьцуьйту. И кхоллам бу хьалха тюрки хиллачу, ткъа х1инца славянаш болчу болгарийн. Д1абаьлла, байна лоручу маттахь къамел дан хууш наггахь адамаш а карадо. Д1адаханчу б1ешеран 70-чу шерашкахь Красноярски махкахь карийнера камансинкех къена ши зуда. Иштта ХIХ б1ешарахь Таджикистанерчу Ягноб ч1ожахь шира сагдийски мотт буьйцуш (Александр Македонскийн заманера) адамаш карийнера. Израиль пачхьалкхехь юхаметтах1оттийна (денбина) жуьгтийн шира мотт – иврит, ши эзар шо даьллачул т1аьхьа. Къаьмнаш а, метанаш а дуккха а долуш мехкаш к1езиг дац х1окху Дуьненахь. Ширачу заманахь 70 сов мотт буьйцуш, «Меттанийн лам», — аьлла, хьахийна Кавказ мехкашталлархоша, историкаша. Оцу меттанашлахь нохчий а бу хьахийна, «нохчаматьянаш» аьлла. Замане а, хьелашка а хьаьжжина, тайп
тайпана хилла вайн кхоллам. Вайн кхолламе хьаьжжина хилла вайн меттан кхоллам а. Хууш ма-хиллара, Кавказерчу къаьмнийн меттанаш орам цхьаъ болуш дац. Уьш, шайн схьадовларан ораме хьаьжжина, тайп-тайпанчу меттанийн доьзалшна юкъадоьлху. Нохчийн мотт нахски тобанера (нохчийн, г1алг1айн, бацойн а меттанаш), иберийскокавказски доьзалера бу. Нохчйн мотт, шира истори йолуш белахь а, тахана а диалекташка, говоршка, наречешка бекъалуш бу. Меттан цхьайолу башхаллаш-м ярташкахь а билгалйовлу. Мотт шира хиларо г1о до къоман шира истори толлуш. Маттахь йисна шираллин лараш, тешаллаш. Лаа олуш ма дац: «Мотт – халкъан истори». Мотт
бицло, д1аболу, цуьнан сий-ларам беш бацахь, иза халкъо буьйцуш а бацахь а. Мел доккхачу халкъаниг а. Дуьненахь долчу халкъашца дуьстича, вайн халкъ кегийчарех ду. Кхин цхьа х1ума а ду. Халкъ жима делахь а, нагахь оцу къоман культура кхиъна елахь, оцу къоман оьмар еха хилла ца 1аш, цо кхечу къаьмнашна а беркате т1е1аткъам бо. Тахана нохчийн меттан хьал (бийцарехь, йозанехь) ледара ду. Берийн бошмашкахь, школашкахь, хьехархойн училишешкахь, университеташкахь хьеха билгалдина сахьташ к1езиг ду. К1езиг хеза нохчийн мотт радион, телевиденийн передачашкахь. Зорбатоьхна наггахь бен ара ца долу литературни журнал «Орга», «Даймохк» газета а доьшурш к1езиг хиларал а совнаха, «Интернетехула» вовшашка яздо «кехаташ» а ду нохчийн маттахь ца яздеш. Нохчаша вовшашка буьйцу мотт а бац ц1ена. Дезткъа шере ваьлларг (яьлларг) ву шена ца хуучу маттера дешнаш юккъе а детташ (оьшучохь а, ца оьшучохь), нохчийн мотт бийца г1ерташ. Цхьана передачехь кхача кечбеш ю цхьа оьзда х1усамнана. Иштта дуьйцу цо: «Хи теплый хила деза, т1аккха смешать дан атта хуьлу. Жижиг а без костей хилча… Укроп (оччам) дукха тоха ца деза. Будет хорошо, если бурч тохахь. Иштта кечбинчу кхачанна гости довольни хуьлу…» Герггарчу хьесапехь, иштта я цуьнах тера къамел хаза йиш ю вайн. Дукха хан яц Иорданерчу нохчаша НР-н Куьйгалхочунна Р.А.Кадыровна баркаллаш баьхна, Нохчийчуьрчу передачашка хьовса шайн аьтто хилийтарна. Ц1еначу нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь передачаш йича, 1аламат дика хир дара, доккхачу Лаьттан жимачу декъа т1ехь (Нохчийчохь) вайн Конституцино елла бакъо а, поэто М.Мамакаевс аьлла дешнаш а: «Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц» диц ца деш. Чохь, арахь, балхахь, базарахь, телевиденехь, радиохь буьйцуш; газетийн, журналийн, книгийн аг1онаш т1ехь зорбане буьйлуш; диканехь, вонехь, вовшашка яздечу йозанехь нохчийн мотт бацахь, ЮНЕСКО-с аьлларг бакъ хила герга хилла а ца 1аш, бакъ а хилла д1ах1уттур ду. Ши нохчи ву вовшашца къамел деш: — Понедельникехь вог1ийла хир дуй хьан? — Х1ан-х1а, в понедельник не смогу, а вот во вторник постараюсь. — Д1авалахьа… Х1ун дуьйцу ахь?! Найди время… Базарахь къамел: — Кемсех х1ун доьху ахь? — Сто рублей (итт туьма я б1е сом ца олуш).
Ша юхкург кхайкхош ю цхьаъ: — Свежий укроп, чеснок схьаэца (керла оччам а, саьрамсекх а схьаэца, — ца олуш). Хуучарна карладаха а, цахуучарна довзийта а лахахь к1иранан денош д1аяздийр ду вай: Оршот – понедельник (Оршот де) Шинара – ворник (Шинарин де) Кхаара – среда (Кхаарин де) Еара – четверг (Еарин де) П1ераска – пятница (П1ераскан де) Шот – суббота (Шоьтан де) К1иранде – воскресенье (К1иранде). Наггахь а стаг вац вайн махкарчу диттийн, ярийн, бецийн, олхазарийн ц1ерш хууш. Хьехархошлахь, яздархошлахь, журналисташлахь а
к1езиг бу я банне а бац и хаарш дерш. Церан ц1ерш йовза а, хаа луучарна лерина араяьхна книгаш ю, царах эца безачара шаьш школашкахь хьоьхуш а, статьяш, исбаьхьаллин говзарш язъеш а пайдаэцчхьана. Цхьаболчара, шайн къамела юккъе оьрсийн маттера ц1ердешнаш, хандешнаш, терахьдешнаш а далош, шина матте берзабо нохчийн мотт. Нийса ца олу нохчийн маттахь нийса ала дезарг. Масала: Бирлантас (ала деза: Бирланта) шен веше элира. Ахьмадас (ала деза: Ахьмада) шен йише элира. Нагахь дош мукъачу (гласный) озаца чекхдолуш делахь (Деши – Дешис; мама – мамас, дада – дадас) с яздо, олу. Нагахь дош (долахь ц1е) мукъазчу (согласный) озаца чекхдолуш делахь (а яздо). Масала: Акхболата (Акхболато ца олу) шен нене хаза кхаъ баьккхира. Вай цхьадерг бен ца хьахийна, вайн лерса човхош долу. Терахьдешнашца доьзнарг ду мелла а буьйцу мотт эрчабаьккхинарг. Цхьа а цхьаъ вац вайх вешан телефонан лоьмар нохчийн маттахь йовзуьйтуш. Масала: барх1, исс б1е ткъе берх1итта, цхьа б1е ткъе цхьаъ, кхузткъе кхоъ, кхузткъе цхьайтта, — аьлла. Вовшашка яздийриг а дац (наггахь бен!) нохчийн маттахь яздеш. Къамел деш ву воккха стаг: Сан восемьдесят два шо ду. Айса дуьненахь йоккхучу хенахь никогда… Тысяч девятсот пийсят седмой годехь Сибрехара Чечено-Ингушете ц1а веара со. Мел хаза хир бара цуьнан мотт, цо нохчийн мотт бийцинехь, ша нийса ца олу оьрсийн дешнаш юкъа а ца эдеш. Ткъе итт шо хьалха Гуьмсера №2 йолчу юккъерачу школехь нохчийн моттий, литературий хьоьхуш вара со. Хьалхарчу рог1ехь таллам д1абаьхьира ас, к1иранан денойн, куьйган п1елгийн ц1ерш евзий-те, эзарна т1е кхаччалц дешархошна дагардан хаьий хьожуш. Хаарш ледара дара. Ц1ахь дуьйна (школе шаьш дахкале) хууш хила дезарг а ца хууш дара бераш. Иза ткъе итт шо хьалха дара. Тахана берийн хаарш кхин а лахара, ледара ду. Мотт бийцар ледара хилла а ца 1аш, нохчийн меттан аьзнаш: кх, къ, к1, ц1, ч1, п1 и.д1. ала ма-дезза ца алалуш бераш ду. Кегийрхой а бу дуккха а. Вайн цхьаболу иллиалархой а бу кх, хь, ц1, б1, д1 аьзнаш нийса ца лекхалуш, ца алалуш а. Вай хьахийнарш вешан къамелера цхьадолу айпаш бен дац. Оцу цхьадолчу айпаша а эрчабоккху меттан мукъам, ладуг1учийн лерса а човхош. Вайна луург деккъа цхьаъ ду: нохчийн мотт буьйцучара нийса, ц1ена, хаза бийца лаар. Оцу т1ехь хила езара вайн вовшашца яхь. Къомана бен ларлур бац шен мотт.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

155