Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

18.02.2019 09:24 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 7-8 от 18.02.2019 г.

Арадаьлла "Орга" журнал

Автор: С.Булатов

Х1окху деношкахь зорбанера арадаьлла рог1ера, 2018-чу шеран №4 йолу, литературин-исбаьхьаллин журнал «Орга». Важа барх1 номер электронни кепатоьхна, сайта т1ехь www. orga-journal.ru, электронни почтехь orgagroz@mail.ru еша йиш ю. Х1окху йоьалг1ачу номерехь дийцарш, повесть, статьяш, стихаш рубрикашка д1анисйина: юбилей, проза, ХХ-чу б1ешеран литература, критика а, литературоведени а; поэзи, хьехархочунна денна, гочдарш, драматурги. «Юбилей» рубрикехь еша йиш хир ю Сумбулатов Денис поэтан 1.Мамакаевн 100 шо кхачарна лерина язйина «Кавказ, хьо яра сан да-нана хилла…» статья, ткъа иштта поэтан «Даге», «Даймохк» сихаш а. Нохчийн халкъан поэтессин Ахматова Раисин 90 шо кхачарна лерина Эльдарханова Зайнапа язйина «Ахматова Раиса – экаме къонах зуда» статья а; «Нене», «К1айн даькхнаш», «Сан шераш д1аэхарх…», «Ас бехк ца буьллу», «Х1ун хилла суна?» — стихаш а еша аьтто бу х1окху рубрикехь. «Проза» рубрикехь, гуттар а деш ма-хиллара, лаккхарчу исбаьхьаллин т1ег1анехь долчу шен дийцаршца («Ирча 1уьйре», «Стигала т1ай») дешархошна совг1ат дина юха а халкъан яздархочо Бексултанов Мусас. Къона яздархо Хабаев Исма1ил вайн махкахь вевзина шен стихашца, дийцаршца а. Х1окху номерехь Исма1илан эссеш: «Ойланаш», «Жайнаш», «Къоман барт», «Маттах дош», «Воккха Дада» — еша аьтто бу. Нохчийчохь дика вевзаш яздархо ву Эльсанов Ислам. Къаьсттина цуьнан кхоллараллина т1е тидам бахийтира 1989-чу шарахь араяьллачу «Ц1ег1ачу даькхнийн боьлак» повесто. «Эльсанов Ислама «Ц1ег1ачу даькхнийн боьлак» повестехь дуьйцу 1824-1959 шерашкахь Кавказан т1ом болуш хиллачух. Повестехь буьйцу исторехь хилла турпалхой а, хиламаш а вайна бевзинера А.Айдамировн говзаршкахь. Амма «Ц1ег1ачу даькхнийн боьлак» ц1е йолчу павестехь и турпалхой а, хиламаш а авторо кхечу хьелашкахь а, кхечу амалшца а гайтина. Масала, Бенойн Бойсаг1ар х1инццалц вайна майра, юхавервоцуш, т1емало санна, вевзаш хиллехь, Эльсановс шен повестехь Бойсаг1аран дог-ойла йовзуьйту, иза къинхетаме, дахаран хазалла гуш а, езаш а хилар билгал а доккхуш. Бойсаг1аран вастехула авторо б1аьрладоккху нохчийн халкъана т1ом к1ордийна а, машаречу дахаре сатесна а хилар», — яздо литературни критико Алиева Заринас. Эльсанов Исламан «Х1инцца бен садарьжаш дацара» — повесть-мозаика еша йиш хир ю шун, вай лакхахь ма-аллара, «Проза» рубрикехь. Д1адаханчу б1ешарахь тоьлла произведенеш (стихаш, поэмаш, дийцарш, повесташ, пьесаш, романаш…) язйина нохчийн яздархоша. Царалахь башхачу меттан хот1аца къаьсташ ву поэт, прозаик, гочдархо Гадаев МохьмадСалахь. «ХХ-чу б1ешеран литература» — рубрикехь деша аьтто бу Мохьмад-Селахьан кегий дийцарш. «Критика а, литературоведени а» рубрикехь дешархойн тидаме йиллина Альбеков Нурвадин «Гадаев Мохьмад-Салахьан прозин лингвокультурин мехалла» — статья. И статья, вайна хетарехь, х1инццалц яздархойн маттанна лерина язйинчу статьях хьалхара хи
ларна мехала ю. «Поэзи» рубрикехь нохчийн дуккха а поэтийн стихаш еша йиш хир ю. Синан ц1еналлица къаьсташ ю Рамадан Самира Бено автор йолу маьрша стихаш. Рамадан Самиа Бено Иорданехь 1аш елахь а, шен дай баьхначу махкаца, нохчийн маттаца а ехаш ю. Иза иштта хилар гучудолу, цуьнан «Хьо воцучу дуьненахь олхазарш декар дац» — ц1е коьрте х1оттийна маьрша стихаш ешча:
Лазам, Мила ву ахь хьегнарг а, хьоьгуш дерг а хууш?! Хьан б1аьргашна хьалххахь муха Марг1аллуш ду хьан оьмаран зезагаш?! Хьан сих масазза ц1ий ихира?! Муха охьаоьгу хьан лазам, Туьха-шоврах иэделла дог1анан т1адамаш санна, Хьан чевнан 1ийжам совбоккхуш?!
Иштта еша аьтто хир бу нохчийн поэтийн: 1.Кусаевн «Сан г1ала», «Пачхьенах белхарш», «Б1аьстенан бай…», «Сан дахаран г1ала», А.Ахматукаевн, С-С.Шахабовн, Хь.Джебиевн а стихаш. «Маршалла ду хьоьга, сан лозу г1айг1а…» — дешнаш коьртехь а долуш, шун тидаме ехкина, вайна хетарехь, нохчийн поэзе керла васташ деанчу поэтан Арцкхин ГАРАН стихаш: «Йо1, хьо суна йиш яц езаяла…», «Г1оза хуьлда некъаш, доьхна некъаш…», «Сан хьоме юрт», «Хазъелла гуьйре», «Маршалла ду хьоьга, сан лозу Г1айг1а», «Вайна юккъехь буьйсанаш ю ехаш» и.д1.кх. «Хьехархочун денна» рубрикехь шун еша йиш хир ю хьехархочун Татаева Хьурматан «Хьомсара хьехархой», «Ненан мотт ца оьшу бохучарна», «Кхойтта шарахь бала хьегнарш» — стихаш; З.Эльдарханован «Халкъан хьехархо», Исраилова Луизин «Ден хьехамашца еха со» — Белг1атойг-Эвларчу халкъан хьехархочух статьяш а, ткъа иштта М.Закраилован «Хьехархо» — стиотворени а. «Гочдарш» рубрикехь Пашаев Абус японийн маттера гочйина стихаш ю шун кхиэле ехкина. «Драматурги» рубрикехь еша аьтто бу нохчйн халкъан яздархочун, прозаикан, драматурган Ахмадов Мусан, Соьлжа-Г1алахь, Нальчикехь, Москвахь, Францехь театрийн сценаш т1ехь х1оттийна йолу, «Шен ц1а – ц1ен ц1а» — трагикомеди. Г1оза доьшийла аш «Орга» журнал! 

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

239