Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.03.2019 16:02 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 19-20 от 21.03.2019 г.

Яздархочун говзарийн бух - истори тешаллаш

Автор: Алиева Зарина

Эльсанов Ислам вина 1956 шеран август беттан 20-чу дийнахь ГIиргIизехь, Ала-Бука юьртахь, ДжалалАбадан областехь. 1973 шарахь Аргунера №2 юккъера школа чекхъяьккхина. 1974 шарахь ша Эскаре ваххалц, Iамийна слесаран, токаран а говзаллаш. Литературе безам школехь дуьйна кхоллабеллера Исламан. Нохчийн яздархойх уггар хьалха Ошаев Халид вевзира, цуьнга 1977-чу шарахь хьалхарчех шен дийцар деша делира. Ошаев Халида оцу дийцаран хадийначу мехо кхин а яздан дог даийтира. Исламан хьежамашна къаьсттана тIеIаткъам бира оццу хенахь ешначу Ошаев Халидан зорбане ца яьллачу публицистико. Уьш дара яздархочо компартин обкоме, яздархочуьнга Х.-М.Мугуевга а яздина кехаташ. Царах цунна яздархочо бакъонгахьа латточу къийсаман дика масала хилира. Оцу кехаташа кхоллабалийтира историга безам, историн халачу киртигашна тIе тидам а бохуьйтуш. 1978 шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факультете деша вахара Эльсанов Ислам (нохчийн мотт, литература, оьрсийн мотт, литература). ЙоьалгIачу курсера дIа а ваьлла, 1981-чу шарахь деша вахара М. Горькийн цIарахчу Литературин институте, прозин семинаре. 1982 шарахь, гурахь, НохчГIалгIайн АССР-ра баьхкинчу артисташа, культурин кхечу декъахоша а Москвахь яккхий концерташ елира, «Нохч-ГIалгIайчоь шен лаамца Россина юкъаяхана 200 шо кхачарна» лерина. Ала деза, XX-чу бIешеран 70-гIа шераш юккъедевлча дуьйна КПССн Центральни комитето харцисторин и харцконцепци тIеэцнера. Оцу концепцино дIахьулбора I9 бIешеран историн дийнна мур. Л.Толстойн, М.Лермонтовн произведенеш арахецахь а, ара ца хоьцуьйтура оцу хенах лаьцна церан хенарчу кхечу яздархойн, хIинцалерчу яздархойн а книгаш. Масала, иштта вайн республикин библиотекашкара дIаяьккхира Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман. Цуьнан деккъа цхьа бахьана дара и роман оцу харцконцепцица цаяр... Иштта Iилманан-талламан институтера балхара дIабаьхнера историкаш М.Музаев, I.Вацуев, филолог Я.Вагапов а. Уьш балхара дIабахаран бахьана цара оцу концепцина конференцешкахь критика яр дацара, ткъа шайн коллегашца историн хьокъехь къамелаш деш, оцу концепцих шайн яйн шеконаш хилар гучудаккхар дара... 1986 шарахь Литературин институтера дешар чекхдолуш, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательстве редактор балха ийцира Ислам, «Орга» альманахан редакторо Шайхиев Iалвадис, издательствера Саракаев Хьамзата а рекомендаци а язйина Оццу шарахь араелира хьалхара книга «Малх чубузуш». 1989 шарахь «ЦIегIачу де
кхнийн боьлак» – шолгIа книга араелира. Оцу а, цул тIаьхьарчу а шерашкахь республикехь пайденна хилла а, пайденна ца хилла а цхьацца боламаш дIабуьйлабелира. Литература, культура а дуккха а юхакхоьссира цара. Книгаш арахецар галдаьлча, 1992 шарахь НР-н Пачхьалкхан Радиокомпане председателан заместитель балха вахара И. Эльсанов. Цигара берриге а куьйгалхошца I993 шарахь Iедало дIаваьккхира. Оццу шарахь Iилманан-талламан институте Iилманан белхахо балха вахара, цу хенахь нохчийн-оьрсийн дошам вовшахтухучу тобанна куьйгалла дан. Амма I994 шеран апрелехь Iилманан-талламан институт а Iедало дIакъевлира. 1995 шарахь дуьйна литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан коьрта редактор болх бира Ислама, тIеман хьелашкахь иза арадаккхаран халонаш а ловш. 1985 шарахь дуьйна а кинога шовкъ-безам хиларна, «Орга» журналан коьрта редактор волчуьра дIа а ваьлла, 1999 шеран мартехь Москварчу Сценаристийн, режиссёрийн а Лаккхарчу курсашка деша вахара. Уьш 2001 шарахь режиссурехула чекх а ехира. Ислам Нохчийчохь 1аш вац, иза хIокху тIаьххьарчу шерашкахь Норвегехь Iаш ву. Амма литературица йолу зIе хадийна яц цо. Цо гулйина дуккха а материалаш ю нохчийн историх. Церан буха тIехь литературин говзарш язъян, ша хьалха язйинчарна тIехь хийцамаш а беш, уьш араяха а лерина ву иза. Дешархоша дика тIеийцира Эльсанов Исламан 1989-чу шарахь араяьлла «ЦIегIачу декхнийн боьлак» цIе йолу повесть. Оцу повестан дакъош школан программи юкъадахана а ду. Ислам повеста тIехь кхидIа а болх беш ву, историн керлачу тешаллашца т1е а юзуш. «ЦIегIачу декхнийн боьлак» повестехь дуьйцу 1824-1859 шерашкахь Кавказан тIом болуш хиллачух. ТIаьххьалц исторически темина нохчийн литературехь язйина говзарш Арсанов СаьIид-Бейн, Мамакаев Мохьмадан, Ошаев Халидан, Гайсултанов Iумаран бен яцара. Кавказан тIамах, историн тешаллин бух тIехь, «Еха
буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Калугера йийсар» говзарш язйина Айдамиров Абузара. Эльсанов Ислама шен повестехь буьйцу исторехь хилла турпалхой а, хиламаш а вайна бевзинера Айдамиров Абузаран говзаршкахь. Амма «ЦIегIачу декхнийн боьлак» цIе йолчу повестехь и турпалхой а, хиламаш а авторо кхечу хьелашкахь а, кхечу амалшца а гайтина. Масала, Бенойн БойсагIар хIинццалц вайна майра, юхавервоцуш, тIемало санна, вевзаш хиллехь, Эльсановс шен повестехь БойсагIаран дог-ойла йовзуьйту, иза къинхетаме, дахаран хазалла гуш а, езаш а хилар билгал а доккхуш. БойсагIаран вастехула авторо бIаьрладоккху нохчийн халкъана тIом кIордийна а, машаречу дахаре сатесна а хилар. Харцонна къар ца луш, нийсонехьа къуьйсуш, шен са дIадала а кийча волчу нохчочун васт го вайна ГIубашехь. БIаьргаш а дохуш, шена тешнабехк биннашехь, доьналлах а, къонахаллах а ца вухуш, имаман муртазекхех масех воь, Шемална шийтта чов йо цо. Исторехь девзачу адамех дийцина ца Iаш, Эльсанов Ислама шен тидамехь латтабо оцу заманахьлера могIарера нах а, хIунда аьлча тIеман зулам, Iазап хIора нохчочо лайна дела. Царах ю оцу къизачу тIамо шен жималла а, тIаьхьо кхоьллина болу доьзал а дIабаьхьна йолу йоккха стаг а. Повесть мехала ю нохчийн къоман юкъараллин институтах – Мехкан-кхелах – болчу шатайпанчу хаамашца а. Оцу заманахь Мехкан-кхелан тхьамда хилла волу Исхьакъ Шемална тIе воьду, тIамо гIаддайина халкъ кхачош ду, Россица машар бан беза вай, олий, имамо машар хьахийнарг вуьйш вуй хуъушехь. Исхьакъана шен дахарал а деза хета халкъан кхоллам. Шена тIехь лаьтташ Iожаллин кхерам боллушехь, машар бан гIурту иза. Амма, Шемала тIе ца оьцу Исхьакъа шега кховдийна некъ, цунна тоьпаш тохуьйту цо. Оцу повестера вайна хаьа, Мехкан-кхело оьрсийн эскарийн куьйгалхочуьнца бина машаре барт хилла хилар а, шина а агIоно кхочушда деза декхарш билгал а дохуш. Иза Iаьрбийн, оьрсийн йозанца кехат тIе дIа а язбина, Мехк-кхелан декъашхошкахь Iалашбеш хилла. Шемал йийсаре вахча, и барт Россин Iедало бохийра, молланаш, шайхаш дIалеца болийра, барт беш яздина Iаьрбийн маттахь долу кехаташ схьа а дохуш, уьш хIаллакбира. И тешнабехк лан ца луш, Барятинский вуьйр ву ша аьлла, Соьлжа-гIопе вахана, ша дан леринарг чекхдаккха аьтто а ца болуш, цIа вогIу ТIелхаг. Оцу сингаттамах хорам а хуьлий, дIакхелха, Т1елхаг. «ЦIегIачу декхнийн боьлак» нохчийн къоман турпалалла, хьуьнар, бохамаш а гайтарна ю мехала говзар. ХIора а нохчочунна довза деза шен къоман хилла дахар, цунах эца ма-безза пайдаэца.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

116