Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

07.03.2019 14:20 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 07.03.2019 г.

Поэт декъалвира

Автор: Д.Сумбулатов

Дика а, хаза а ламаст хилла д1ах1оьттина Гуьмсен к1оштахь пох1мечу адамийн дахаран некъана, церан коллараллина а лерина суьйренаш, цхьаьнакхетарш д1адахьар а. Ишттачарах кхоллараллин суьйре яра Гуьмсера №11-чу юккъерачу школехь к1оштан дешаран а, культурин а урхаллаша поэтан, хьехархочун, культурин белхалочун Асхабов 1абдул-1азизан 55 шо кхачарна лерина д1аяхьнарг а. Поэт а, говза хьехархо а волу 1абдул-1азиз дика вевза вайн к1оштахь, республикехь а. Цуьнан стихаш, назманаш а зорбанехь арайийлина газетийн, журналийн а аг1онаш т1ехь: «Гумс», «Даймохк», «Стела1ад», «Орга», «Вайнах», «Нана». 1абдул-1азизан иллеш, эшарш д1аолуш, лоькхуш а ю корматаллин артисташа. Х1окху суьйренехь а дуккха а адамийн йиш хилира 1абдул-1азиз а, цуьнан кхолларалла а кхин а уллера йовза, керлачу стихех, иллех, эшарех марзо а оьцуш. Суьйре д1ахьочу культурин белхалочо Зухераев Расулас поэтан 11.Асхабовн дахаран, кхоллараллин некъ а бовзийтина, эшар лакха сцени т1е кхайкхира Турпалханова Марха. Ладог1архойн самукъадоккхуш 1абдул-1азизан дешнаш т1ехь яьккхина эшар а лекхна, совг1ат дира Мархас шен ненан дена. Вайн республикин к1ошташкара, ярташкара дуккха а хьеший бара суьйренехь дакъалоцуш. Нажин-Юьртара веанчу Абумуслимов Рамзана «Сан Нохчийчоь, хьо сан ирс ду» илли д1ааьллачул т1аьхьа 1абдул-1азиз декъалван сцени т1е кхайкхинчу Гуьмсен муниципальни к1оштан администрацин векало Микиев Ахьмада элира: «Асхабов 1абдул-1азиза ша кхоллараллин стаг хилар т1еч1аг1до вайн к1оштахь, республикехь а д1ахьочу цхьаьнакхетаршкахь жигара дакъалоцуш. 1абдул-1азизан иллеш, эшарш а хеза республикехь д1ахьочу тайп-тайпанчу мероприятешкахь. Администрацин ц1арах 1-1.Асхабов винчу денца декъалван а, совг1ат дан а векалвина со вайн к1оштан администрацин куьйгалхочо 1.А.Оздамировс. Хьайн кхоллараллехь кхиамаш а болуш, ирс-аьтто болу дахар лойла хьуна Аллах1-Дала!». Касумов Соипа «Вайн диканаш карор ду вайна» илли д1ааьллачул т1аьхьа поэт винчу денца декъалвеш йистхиллачу Гуьмсен к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас элира: «1абдул-1азиз школехь дешархошна вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ довзийтина ца 1аш, уьш царна марздеш, амалех д1аоьйтуш, халкъалахь диканиг, хазаниг, ц1енаниг даржош ву. Адамаш дезаш а, адамашна везаш а стаг ву 1абдул-1азиз, цундела цуьнан х1ора а стих, илли, эшар ц1еналлах, аьхналлах юьзна ю. Дуккха а шерашкахь хьанал-ц1ена школехь берашна хьоьхуш болх барна «НР-н хьакъволу хьехархо» сийлахьчу ц1арца совг1ат дина 1-1.Асхабовна. Дуккха а шерашДика а, хаза а ламасткахь вехийла хьо, 1абдул-1азиз, дешархой кхетош-кхиорехь кхиамаш бохуш, поэзин шовкъехь!». Т1ехьа-Мартант1ера баьхкинчу «Фортанга» ансамблан декъашхоша д1аэлира «Соьлжа-г1ала» илли. «1абдул-1азиз халкъан а, махкан а дуьхьа доггах къахьоьгуш, кхоллараллин стаг ву. Г1иллакхе, оьзда, к1еда-мерза хиларал а совнаха, 1абдул-1азиз дика хьехамча, г1оьнча а ву. Кхуьнан амалан, кхоллараллин а диканаш хиларна, «Синмехаллаш» проектехь жюрин куьйгалхо а, НР-н Куьйгалхо Р.А.Кадыров волчохь культурехула йолчу Кхеташонан декъашхо а, НР-н хьакъволу белхало а ву 1абдул-1азиз. Дуккха а шерашкахь вехийла хьо, 1абдул-1азиз, хьайн Даймахкана, халкъана а дуккха а дика г1уллакхаш а деш!» — аьлла, шен къамел а дерзош, поэтана совг1ат дира НР-н Культуран министран Х.М.Дааевн г1оьнчо Х.Яндиевас. 1абдул-1азизан дешнаш т1ехь яьккхина «Шен ц1а» эшар 2014 шарахь д1абаьхьначу къовсамехь «Шеран эшар» ю аьлла билгалъяьккхина, иза д1алекхначу РФ-н хьакъйолчу артисткина Межиева Маккина Гранпри совг1ат дира. Х1окху суьйренехь а, Межиева Маккас и эшар а лекхна, доккха хазахетар дира ладог1архошна. НР-н хьалхарчу Президентан Кадыров АхьмадХьаьжин ц1арахчу Г1одаран юкъараллин Фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина лерина яьккхина «Аману – Турпалхочун нана» эшар лекхира Солтаева Сацийтас. НР-н Юкъараллин палатин декъашхочо Л.Ахмедовс, Гуьмсен к1оштан культурин урхаллин хьаькамо Р.Бабишевс, «Гумс» газетан коьртачу редакторо Х.Борхаджиевс, Лаха-Нойбоьрара юккъерачу школан хьехархочо Л.Габаевс, «Гумс» газетан коьртачу редакторан заместитело Д.Сумбулатовс, «Даймехкан косташ» клубан декъашхоша М.Учаевас, З.Адиевас а 1абдул-1азизан кхоллараллах хастаме дешнаш а аьлла, декъалвира винчу денца. Д1адаханчу 2018-чу шарахь «Шеран илли» аьлла къастийра «Таьнги чу» илли (Дешнаш – Х.Борхаджиевн, мукъам – 1-1.Асхабовн), НР-н халкъан артистана Эбиев Илесана совг1ат а деш. И илли а, «Нана, хьо муха йицлур ю?» — илли а, гуттар а санна, дика д1аэлира пох1мечу Эбиев Илеса. Домбаев Мохьмада суьйренехь дуьххьара хазийтира «Хазачу юьрта Таьнги-чу» — илли. Оцу юьртарчу Баталов Ахьъяда, винчу денца декъалвина, 1абдул-1азизана совг1ат дира. Суьйренехь дакъалаьцначарах уггар а къона волчу Шарипов Наиба «Бусалба дин» назма олуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) Кадыров Рамзанна, Даймахкана, мехкан турпалхошна, доттаг1аллина, нанна, безамна лерина иллеш, эшарш а лоькхуш, дешархоша, авторо ша а стихаш а йоьшуш д1аяьхьна суьйре, 1абдул-1азизан вашас-1еламстага Асхабов Ахьмада дакъа мел лаьцначарна баркаллин дош аьллачул т1аьхьа д1аерзийра Зухераев Расулас.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

58