Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:37 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Дохковалар

Автор: Х.Борхаджиев

Дакъалоцурш: Докка – да Руман – нана Санет – Руманин доттаг1 Шарип – хирург Белита – медйиша
Больницин цхьа чоь. Цамогушболчаьрга ладог1а баьхкина нах, лоьраш ган сатуьйсуш бу. Гучуйолу медйиша Белита. Юьстахо лаьттачу шинна (Доккина, Руманина) т1ейоьду… Белита: — Мовсаров Султанан данана шуьшиъ дуй? Докка, Руман (цхьаьний): — Тхо ду… Белита: — Лор х1инцца схьавог1у. Самагатде, операци ян кечамбеш дара тхо. К1ант дика сатухуш ву. Лор схьакхочуш ву. Наркоз ян чуйоьду со… Руман: — И ду хаза. Хирург схьакхаьчна вац, хьо сан к1ант синкхетамера ваккха г1ерта! И хирург схьа ца ваг1ахь, х1ун хир ду цунах? Белита: — Суначул дика хаьа-те хьуна сан болх? Лоьро аьлларг дичхьана йолуш ю со, цунна ма хаьа дарба леладар шен хеннахь д1анисдан. Докка (везаверца): — Цунна дика х1ун хаьа-м суна а, со воцчунна а дика хууш дара. Тхо санначаьргара ахча даккха дика хаьа-кх шуна. Белита: — Аш и дуьйцур дуй хиънехь, со шу ган кху чу йог1ур а яцара. Шун к1анте хьовса дезаш ма ду тхо, ткъа аш х1инцале а лоьрийн догдохо къамелаш деш ду. Докка: — Со цхьа воккха хьаькам велахьара, шу девддий-хьаьвддий лелаш хир дара. Ткъа шуна тхо атта хетта… Руман (дера): — Хьуна моьттург бакъ дац хьуна. Тхо а дац базарара схьадаьхкина. (Ц1ийнадега) Стаг, хьо вовзитахьа цунна, хьуо мичхьара мила ву а хоуьйтуш…Х1ара дан мукъане х1ун ду?! Валлах1и ду х1ара, тхоьца ларам цахилар! Докка: — Операци чекхъяьллачул т1аьхьа со шун коьрта лоьрана т1екхочур ма ву, хьуна а, цу шен хеннахь балха ца вог1учу хирургана дан дезза та1зар дойтур ма ду, 1едале а ваьлла! Белита (к1еда): — Со чуйоьду. Дала маршалла дойла шун к1антана! Дала собар тхуна а лойла! Руман: — Дала собар дера лойла тхуна: кхин х1умма ца хилча а, шуна садетта дезий тхан! Докка (везаверца): — Собардел, собардел! Хьо муха йоьду чу, схьавеана лор воцуш?! Я маца вог1у ца хууш! Белита: — Сайн болх ца бича йолий со? Руман: — Х1ан-х1а! Хьуна бакъдерг хаза ца лаьа. И ду дерриге а. Белита: — Массарга а ладоьг1уш, кхузахь латтий со? Шун к1ант вац цу чохь верг? Цкъа ойлае шаьш дуьйцучуьн… Бехк ма билла, со чуйоьду… (Белита не1арна т1ехьа къайлайолу). Руман: — Гирий хьуна, стаг, цо вайшиннан мел тергойора? Шек д1ам яцара! Вайн к1ант эт1оё чувигна, ткъа х1ара вайшинна хьалха, сетта а сетташ, къамелаш деш, паргг1ат 1аш ю! Ма доккха х1ума ду х1ара, цара дарба дийр ду, аьлла, уьрса к1ел стаг охьавижор! (Т1ейог1у жима зуда, Руман а, Докка а девзий). Докка: — Санет, хьо лаа юй? Хьо ганза мел дукха хан яра! Мичхьа-х1ун лелош ю хьо?
Санет: — Кхин, х1ара ду аьлла, дисина лело х1умма а ма дац. Цкъа йоьдий, Бакохара бедарш йохьу, т1аккха г1аларчу йоккхачу базарахь уьш д1аюхку. Иштта д1а 1аш ю-кх… Руман: — Б1аьста т1еюха тамехь зударийн х1умма юй хьан кестта еана? Санет: — Дера ю-кх. Дукха хаза кучамаш, мачаш ю. Йола, хьайна езарг къастор ю ахь. Руман: — Дала мукъалахь, йог1ур ю, х1ара сингаттам д1аберзийтина. Санет (цецйолуш): — Х1ун сингаттам бу д1аберза безарг? Руман: — Ва-а, хьуна и хаьа моьттуш 1аш ю со: вайн к1ант ма ву операци ян чувигна. Лор схьаваре хьоьжуш ду тхо. Ч1ог1а хьевелла и. Санет (Доккега хьожий): — Ткъа сагатдийриг х1ун дара цуьнан? Докка: — Схьааьлларг – аппендицит ю. Ткъа галдаьлларг – тхо лоьре хьоьжуш долу цхьа сахьт гергга хан хилар ду. Схьава дагахь а вац-кх! Вайн Делора, ас иза-м мерахдоккхур ду хьуна цунна! Санет: — Кхаьргахь цхьа а адамалла йисна яц. Г1иллакх х1ун ю а ца хаьа кхарна . Говзалла мукъане а елхьара… Докка: — Кхечеран болх-м ца хаьа суна, аса-м дохковоккхур ву хьуна и. И гур ду-кха шуна… (Чувог1у лор Шарип, уллехь Белита а йолуш). Шарип: — Цу к1ентан да хьо вуй? Докка (оьг1азе): — Со ву! Шарип: — Операци дика чекхъяьлла. Сагатдан оьшуш х1умма а дац. Шен хеннахь схьавалийна хилла и. К1еззиг хьевеллехь, йоьхь оьккхур долуш хиллера. Дала маршалла дойла цунна! Бехк ма билла. Со сиха ву. Диснарг Белитас дуьйцур ду шуна. 1одикайойла! (Шарип д1авоьду). Докка: — Кхунах муха кхета веза-а? Руман: — Шаьш лелочунна т1аьхьакхуьийтур дарий-те аш тхо? Белита: — Шун к1ант х1инцца операционни чуьра аравоккху. Дехьарчу палати чу вуьгур ву и. Дала маршалла дойла цунна! Шарип т1аьхьо схьаваран а, сихха д1авахаран а доккха бахьана ду. Цуьнан да ву дехьа корпусехь операци ян кечвина. Суна а долуш дерг ма-дарра операционни чохь бен ца хиира. Шен да шу к1антал хьалхаваккха шен йишйолушшехь, шун к1антанна хьалха орцахвелира и, шен да халачу хьолехь воллушехь. Операционни чу т1ехьарчу не1арехула вахара иза, шуьца хан ца яйа… Докка: — Со цунна гучувала, цуьнга вистхила воьду. Хьаштдоцург дийцина хилла ас, ахь карзахвохуш. (зудчуьнга хьожуш) Дукхе- дукха сиха сайна и къинт1ераваккха веза ас. Белита: — Хьайца хьайн зуда а йига – цо летийна къинош а дац х1умма а к1еззиг. Руман (йоьхна-а): — Со соцур ю. Шуна ахча д1адала дезаш ма яй со. Белита: — Ишттаниг хьайна дага а ма даийталахь. Тхуна дала дезаш-м яц цхьа а сом а. Докка: — (Белитехьа а воьрзий) Къинт1ераяла суна, сихвелла хиллера со шух ца оьшург ала. Шух лаьцна дуьйцучу эладитанех тешна-а къамел дара ас динарг, оьг1азло тола а тоьлла. Белита: — Со къинт1ера ели хьуна. Со санна, Аллах1-Дела а волийла хьуна къинт1ера…

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

19