Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:19 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Къоначу поэташлахь къовсам

Автор: Джамалдаева Хадия
ЧГУ-н филологин факультетан «Журналистика» говзаллин 5-чу курсан студентка

Гуьмсен к1оштахь ламаст хилла д1ах1оьттина х1ора шарахь Нохчийн меттан Де даздарна лерина шуьйрачу барамехь мероприятеш д1аяхьар. Иштта бечу белхийн рог1ера г1улч яра тахана яьккхинарг а. Гуьмсера Берийн кхоллараллин кхерчахь 2019-чу шеран оханан беттан 17чу дийнахь д1абаьхьира Нохчийн меттан Денна лерина рог1ера «Нохчийн мотт – аганан илли» ц1е йолу барта байташ ешархошлахь къовсам. Пох1ма долу дешархой билгалбоху мехала болх д1аболийра к1оштан «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Хожбауди вистхиларца.
Гуьмсен к1оштан ишколийн векалша байташ ешаран мах хадо жюрин председатель яра дешаран урхаллин куьйгалхо Куразова Малика, цуьнан заместитель «Гумс» газетан коьрта редактор, поэт Борхаджиев Хожбауди, декъашхой – дешаран урхаллин методически кабинетан доладархо Шалаева Лариса, дешаран урхаллин методист Исмаилова Залина, к1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн методически ассоциацин куьйгалхо Абдуразаков Шертбек. Къовсамехь дакъалаца, шайн хьуьнарш гайта а баьхкинера к1оштарчу ишколийн векалш – дешархой. Къов
самхоша йийшира нохчийн маттах, ненах, Даймахках шаьш язйина стихотворенеш. Дуккха а пох1ма долу дешархой ишколашкахь хилар гучуделира къовсамехь. Нийсархошлахь шайн пох1мица къаьсташ, ладуг1учйн самукъадоккхуш, стихотворенеш йийшира дешархоша. Нохчийн метан Денна лерина д1абаьхьначу рог1ерчу «Нохчийн мотт – аганан илли» ц1е йолчу байташ ешар
хойн къовсамехь толаме меттигаш яьхначу дешархошна совг1аташ а деш, къовсамехь дакъа мел лаьцначарна баркалла а олуш, къамел дира жюрин председатело Куразова Маликас

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

2