Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:35 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Нохчийн маттах нохчийн маттахь

Автор: Л.Шалаева
Дешаран урхаллин методически кабинетан куьйгалхо

Ненал дац х1умма а деза, Дахар а цуьнца ду доьзна. Ненан мотт бу вайна беза, Ю иза исбаьхьа хазна. (Борхаджиев Хожбауди)
Шераш д1аоьху, зама хийцало, амма гуттаренна а яха юьсу халкъан дуьхьа дика г1уллакхаш диначин ц1ерш. Халкъан исторехь дикачу аг1ор дакъалацар, цуьнан иэсехь турпалхо хилла висар – ма деза ду и. Историн цхьа дакъа ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.А. Кадыровс, нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина, шен Буьйраца апрель беттан 25-г1а де Нохчийн меттан Де д1акхайкхор.
Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь Нохчийн Республикин Президентан Буьйр 11.05. 2007 шо. Соьлжа-ГIала № 207
Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца: «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина, апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо. «Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха. XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна. Нохчийн Республикин Президент Р.А. Кадыров Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана куьг яздинчу Буьйро яккхий бакъонаш елира нохчийн мотт хьеха, дешаран хьаьрмашкахь 1амо а. Цкъа шен къамелехь г1араваьллачу журналисто, меттан говзанчо Сумбулатов Денис мааллара, «Дархочунна оьшу дарба-молха санна, бан новкъа баьллачу маттана дарба-молха хилла д1ах1оьттира и Буьйр». ООН-ан векалша Россехь д1аяьхьначу Дуьненаюкъарчу Форумехь 2019-г1а шо ненан меттанийн шо д1акхайкхийна. Федеральни т1ег1анехь Россерчу къаьмнийн меттанаш кхиорна т1ехь шаьш терго йийриг хилар билгалдаьккхина лаккхарчу даржашкахь болчу куьйгалхоша. Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министро Байханов Баутдин Исма1ал боккха тидам т1ебохуьйту ишколашкахь нохчийн мотт, литература хьехаран хьелаш лакхарчу т1ег1ан т1е дахарна. Цо тидамехь латтадо Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан белхалоша керла дешаран-методически коьчалш х1иттош (1аматаш, хрестоматиш, г1о-1аматаш, диктантийн гуларш, белхан тетрадаш, юкъарчу хьесапехь белхан программаш) болх бар. Уьш Россин Федерацин дешаран Министество федеральни пачхьалкхан стандарташца йог1уш хилар билгал а
доккхуш, т1е а ч1аг1йина. Нохчийн къоман, массо а къаьмнийн санна, хьалхара меттиг д1алоцуш бу мотт. Нохчийн меттан «Ненан мотт» аьлла ц1е д1аяхана халкъалахь. Цо гойту массо а х1ума ненера схьа хилар. Цуьнгара схьа 1ема адамна дуьххьара мотт бийца а, ког баккха а. Цо шен оьздачу маттаца, эсалчу, хьекъалечу къамелашца, аганан мерзачу иллешца, ц1ийца, сица даг чу юьллу берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Къоман синъоьздангалла, мотт кхиорехь, бийцарехь йоккха меттиг д1алаьцна адамаш ду: вайнзаманан турпалхо – А-Хь.Кадыров, цунна юххехь вайн парг1атонна шайн синош д1аделларш; историн турпалхой: Таймин Биболат, Шайх Мансур, Бенойн Бойсг1ар, харачойн Зеламха, Нурадилов Ханпаша. Мел дукха бу уьш, кхин а бийца йиш йолуш, муьлххачу а къомо дозалла а дийр долуш: нохчийн оьздангаллин зудчун васт лардина Дадин Айбика, Гиххойн Таймасха, Насуханова Ляля... Нохчийн мотт вайн къоман синан аз ду, вайн къоман деган илли ду, вайн къоман хазна ю. Ненан матто 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза. Цу мукъамца схьахеза т1еман аренгахь къоман парг1ато къийсинчу Таймин Биболатан аз, оьздаллин, майраллин васт
шеца лардинчу Дадин Айбикин аз. Цу турпалаллин мукъамца нохчийн меттан васт дагца, сица лардинчийн ц1е, цкъа а ца йовш, лаьттар ю адамийн иэсехь. Поэто Борхаджиев Хожбаудис шен «Ненан мотт» стихотворенехь яздо: Сан ненан маттахь ду аз а, Ненан мотт бу даим сица. Лаьа-кха суна иза хаза! Хаза лаьа-кха бийца. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах х1умма ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массо х1уманан бух а бу. Ненан маттахь девза вайна дахар, цу маттахь вай доьлу я доьлху, цу маттахь йо вай ойланаш, сатийсам, г1айг1а. Нохчийн къоман синбахам – иза нохчийн мотт бу. Б1ешерашкахь халонна хьалха къар ца луш, нохчийн къоман дахарна керла ницкъ луш бекна вайн ненан мотт. Цуьнца ю б1ешерашкахь даьхначу адамийн синмарзонаш, церан сатийсамаш, церан дегнийн йовхо. Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай – нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт – х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо
вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза». Нана санна безаш хила беза ненан мотт, дега санна лерам хила беза цуьнга, бер санна кхио беза иза, воккхачун санна 1уьналла дан деза цуьнан. Т1аккха бехар бу вайн мотт, т1аккха кхочур бу иза вайн массеран дегнашка. Замане терра кхуьуш ду вайн дахар, хийцалуш ду адамаш, мотт а бу карлаболуш, толуш, хазлуш. Уггаре коьртаниг – мотт ларбар. Цхьаццадолчу къаьмнийн санна, дуьненчуьра иза д1ацабайтар! Къоман культура, ламасташ шайн маттаца схьайохьуш ю. Муьлхха а ша лоруш волчу стага дозалла дийр ду шен ненан маттах. Нагахь ненан мотт г1арабаьлла белахь, оцу маттахь къамел деш долу къам а хир ду лераме. Ненан мотт беза бахарх кхачаме
дац. И-м кхио безаш бу, заманца г1улч йоккхуш, къоначу чкъурана масаллина истори йовзуьйтуш. Историца доьзна ду халкъан хиндерг, долушдерг. Дика вевзаш волчу журналисто Д.А.Сумбулатовс ма-аллара: «Кавказехь дуккха а къаьмнийн, меттанийн а векалш бу. Царех шен шира истори йолу цхьа къам нохчийн къам ду… Къам шен маттана херадалар шен орамах хадар ду. Орамах хадар къам доь доцуш дуьненчуьра д1адар ду». Оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс ч1ог1а хастаме дешнаш аьлла вайн маттах: «Нохчийн мотт уггаре а хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна иза кхоччуш дика хууш белахь». Гуьмсен муниципальни к1оштан дешаран урхалло дан леринчуьнца х1окху шеран апрель баттахь шуьйрачу барамехь дахьуш ю нохчийн меттан Денна лерина дуккха а мероприятеш. Ишколашкарчу къовсамийн толамхоша шайн хаарш зиэр д1ахьо к1оштан т1ег1анехь д1ахьучу къовсамашкахь. Царна юкъахь хьалхара бара «Ненан мотт – сан дозалла!» ц1е йолу сочиненеш язъяран къовсам. К1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочун М.И.Куразован омрица нохчийн меттан Де даздарна лерина болх вовшахтоха кхоьллинчу жюрин декъашхоша ишколийн векалша сочиненеш язъеш бинчу белхан мах хадош, талламан болх бира. Klopггepa чулацам болуш, темица йог1уш язйина яра Гуьмсе-г1алин №З йолчу гимназин 11-чу классан дешархочун Муслимова Пет1аматан а, Шоьнарчу юккъерчу ишколан 10-чу классан дешархочун Мачаева Иманин а, Ойсхарарчу коьртачу ишколан 9-чу классан дешархочун Элиханова Раянин а, Ойсхарарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан 10-чу классан дешархочун Аюбова Хьавин а, Илсхан-Юьртарчу коьртачу ишколан 9-чу классан дешархочун Айбулатова Маремин а, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №2 йолчу ишколан 9-чуклассан дешархочун Катаева Раянин а, Лаха Нойберара юккъерчу №1 йолчу ишколан 9чу классан дешархочун Магомедова Дагмарин а сочиненеш. Дешархоша язйина сочиненеш теллича билгалделира: к1оштан ишколашкахь пох1ма долуш дешархой хилар. Кхоллараллин белхаш теллинчу жюрин декъашхоша билгалбехира толаме меттигаш яьхна дешархой: 1-г1а меттиг – Муслимова Пет1аматан, Гуьмсе-г1алин №З йолчу гимназин 11-чу классан дешархо; 2-г1а меттиг – Мачаева Иман, Шоьнарчу юккъерчу ишколан 10-чу классан дешархо, Элиханова Раяна, Ойсхарарчу коьртачу ишколан 9-чу классан дешархо; 3-г1а меттиг – Аюбова Хьава, Ойсхарарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан 10-чу классан дешархо, Айбулатова Марем, Илсхан-Юьртарчу коьртачу ишколан 9-чу классан дешархо. Лакхахь билгалбаьхначу толамхошна Нохчийн меттан Де даздан леринчу фестивалехь к1оштан дешаран урхаллин ц1арах мехала совг1аташ дира. Гуьмсе-г1алин Берийн кхоллараллин кхерчахь 2019-чу шеран апрель беттан вуьрх1итталг1ачу дийнахь д1абаьхьира нохчийн меттан Денна лерина рог1ера шаьш язйина байташ ешархойн къовсам. Вай лакхахь ма-аллара, к1оштахь ламаст хилла д1ах1оьттина х1ора шарахь Нохчийн меттан Де даздарна лерина дешаран урхалло шуьйрачу барамехь мероприятеш д1аяхьар. Иштта бечу белхийн рог1ера г1улч яра х1ара болх а. «Нохчийн мотт – аганан илли» ц1е йолу пох1ма долу дешархой билгалбоху мехала болх д1аболийра к1оштан нохчийн меттан, литературин методически ассоциацин куьйгалхочо. Цо нохчийн маттах хастаме дош а аьлла, рог1ера къовсам д1аболош, дош делира Гуьмсан муниципальни к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочунна Куразова Маликина. Исма1алан Маликас нохчийн меттан Денна лерина д1ахьучу белхийн мехаллах къамел а дина, диканиг лаарца хастаме дош элира. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира къовсамхойн стихотворенеш т1ехь йолуш гулар арахоьцург хилар. К1оштан ишколийн векалша байташ ешаран мах хадо кхоьллинчу жюрин тобанан коьртехь дара Исма1алан Малика а, к1оштан «Гумс» газетан коьрта редактор, поэт Борхаджиев Хожбауди, декъашхой – дешаран урхаллин методически кабинетан доладархо Шалаева Лариса, дешаран урхаллин говзанча Исмаилова Залина, «Гумс» газетан корреспондент Канаев Ибрах1им а. Къовсамехь шайн хьуьнарш гайта гулбеллера к1оштарчу ишколийн векалш. Къовсамхоша йийшира шаьш язйина нохчийн маттах, ненах, Даймахках стихотворенеш. Дуккха а пох1ма долу дешархой хилар гайтира къовсамхоша бечу балхо. Шайн нийсархошна юкъахь къаьсташ, ладуг1уш волчун самукъадолуш, стихотворенеш йийшира Гуьмсе-г1алин юккъеру №7 йолчу ишколан дешархочо Ибрагимов Мохьмада, Шоьнарчу юккъерчу ишколан дешархочо Кулаев Анвара, Комсомольскерчу юккъерчу ишколан дешархочо Шовхалова Марема, Гуьмсе-г1алин юккъеру №8 йолчу ишколан дешархочо Мулаева Хадижата, Къеда-Юьртарчу юккъерчу ишколан дешархо Гачалаева Мархас, Гуьмсег1алин №3 йолчу гимназин дешархочо Юсупова Жанетас, Г1оьрдалара юккъерчу ишколан дешархочо Нанаева Марема, и.д1.кх. Нохчийн меттан Денна лерина рог1ерчу «Нохчийн мотт – аганан илли» ц1е йолчу шаьш язйина байташ ешархойн къовсаман декъашхошна баркалла а олуш, къамел дира дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас а, к1оштан «Гумс» газетан коьрта редакторо Борхаджиев Хож
баудис а. ТОламхойн меттигаш иштта билгалъехира жюрин декъашхоша: 1-ра меттиг – Ибрагимов Мохьмад, Гуьмсе-г1алин юккъеру №7 йолчу ишколан 8-чу классан дешархо; 2-г1а меттиг – Кулаев Анвар, Шоьнарчу юккъерчу ишколан 10-чу классан дешархо; 3-г1а меттиг – Шовхалова Марем, Комсомольскерчу юккъерчу ишколан 7-чу классан дешархо. Гуьмсен муниципальни к1оштан дешаран урхалло Нохчийн меттан Денна лерина д1ахьучу рог1ерчу къовсамехь жигара дакъалецира к1оштан ерриге а ишколийн векалша. Альманахаш арахеца билгалъяьккхина хан 2019-чу шеран апрель беттан борх1алг1ий – шуьйтталг1ий денош дара. Къовсамехь билгалделира к1оштан ишколашкахь пох1ма долуш дуккха а нохчийн меттан, литературин хьехархой а, дешархой а хилар. Альманахийн аг1онаш т1ера статьяш дика чу
лацамаш болуш хиларо тоьшалла дора хьехархойн корматалла лакхарчу т1ег1ан т1ехь хиларна. К1оштан ишколийн векалша бинчу белхан мах хадор д1адаьхьира дешаран урхаллин куьйгалхочун омрица кхоьллинчу тобано. Дешаран урхаллин говзанчийн тобано билгалдехира толаме меттигаш яьхна альманахаш. Альманахийн мах хадоран барамех пайда а оьцуш бинчу балхо къастийра оцу барамашца дог1у альманахаш: 1-ра меттиг – Гуьмсе-г1алин юккъера № 2 йолу ишкол, Шоьнара юккъера ишкол; 2-г1а меттиг – Ойсхарара коьрта дешаран ишкол, Ойсхарара юккъера №3 йолу ишкол; 3-г1а меттиг – Гуьмсе-г1алин №З йолу гимнази, Энгель-Эвлара юккъера №1 йолу ишкол, Лакха-Нойберара юккъера №1 йолу ишкол. Лакхахь билгалъяьхначу толамхойн тобанашна Нохчийн меттан Де даздан леринчу фестивалехь к1оштан дешаран урхаллин ц1арах совг1аташ дира. Гуьмсен муниципальни к1оштан дешаран урхалло Нохчийн меттан Денна лерина д1акхайкхинчу къовсамашна юкъахь шайн корматалла гойтуш белхаш бан дезаш яра ишколийн газеташ арахецархойн тобанаш. Дукхахйолу тобанаш дика ларийра шайна хьалха х1оттийначу 1алашонца. Газеташ арахецаран къовсамехь жигара дакъалецира к1оштан ерриге а ишколийн тобанаша. Иштта д1ахьучу къовсамехь билгалделира, к1оштан ишколашкахь пох1ма долуш дуккха а къона хьехархой а, дешархой а хилар. Газетийн аг1онаш т1ера статьяш, прозин, поэзин произ
веденеш шаьш язйинера цара. К1оштан ишколийн векалша бинчу белхан (газеташ арахецаран) мах хадо вовшахтоьхначу тобанна атта дацара толаме меттигаш яьхна газеташ билгалдаха. Цара, газетийн мах хадоран барамах пайда а оьцуш, бинчу балхо къастийра оцу барамашца дог1у газеташ: 1-ра меттиг – Мелчхера юккъера ишкол, Ойсхарара коьрта дешаран ишкол; 2-г1а меттиг – Гуьмсе-г1алин №З йолу гимнази, Гуьмсе-г1алин юккъера № 3 йолу ишкол; 3-г1а меттиг – Гуьмсе-г1алин юккъера №8 йолу ишкол, Комсомольскера юккъера ишкол, Шоьнара юккъера ишкол. К1оштан «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсамехь толам баьккхина Гуьмсе-г1алин юккъерчу № 3 йолчу ишколан нохчийн меттан кабинето. Лакхахь билгалбаьхначу толамхош
на Нохчийн меттан Де даздан леринчу фестивалехь к1оштан дешаран урхаллин ц1арах совг1аташ дира. …Нохчийн поэта Саидов Билала ч1ог1а хьекъале аьлла х1ара дешнаш: Ненан мотт цахаар, Шен кхерч цаларар ду. Кхерчахь да цахилар, Маьттаза вахар ду. Берийн кхоллараллин Ц1ийнан майданахь апрель беттан ткъе кхоалгIачу дийнахь к1оштан ерриге ишколийн векалша д1ах1оттийра чомечу кхачанийн шаннаш. Х1ора ишколан векалша нохчийн къоман кхача бу лерамечу хьешашна кечбина. Х1усамдайша, лерина маршалла а хоттий, т1еоьцу беза хьеший. Шовзткъа гергга тайпана юург, мерг ю нохчийн кхерчашкахь хьешашна кечйина. Дуккха а шерашкара шира г1ирсаш бу х1усамашкахь гуш. Вайнехан хьалхалера дахар довзуьйтуш ду оцу майданахь х1оттийна сурт. Х1ора х1усамехь нохчийн духаршца к1ант, йо1 ду хьешашка маршала хатта а, шайн шуьнера кхачанаш бовзийта а д1ах1оьттина. Лерамца т1еоьцу х1усамдайша хьомсара хьеший. Уш бовзуьйту к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас: Гуьмсен муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхо Оздамиров Ахьмаран 1усман, Гуьмсен муниципальни к1оштан бусалба динан урхаллин куьйгалхо Мохьмадан 1амир, «Гумс» газетан коьртачу редакторан заместитель Сумбулатов Абу-1алин Дени. Ишколийн векалша кечдинчу дааршка а, ширачу г1ирсашка а ховсуш чек
хбовлу лераме хьеший говзачу къамелашца, иллешца, эшаршца а т1еоьцу х1усамдайша. Нохчийн меттан Денна лерина Берийн кхоллараллин Кхерчахь дешаран урхаллин коьрта говзанчо Джамалдаева Амината вовшахтоьхначу нохчийн маттахь арайийлинчу книгийн а, «К1оштан тоьлла альманах» а, «К1оштан тоьлла газет» а гайтамашка лерина хьовсу хьеший, бинчу белхийн лаккхара мах а хадош… Ишколийн куьйгалхой, нохчийн меттан, литературин хьехархой, дика хаарш гайтина, пох1ма долу дешархой гулбелира дешаран шарахь нохчийн меттан Денна лерина бинчу белхийн жам1аш дан. Нохчийн меттан Денна лерина «Нохчийн мотт – г1иллакхийн хазна!» ц1е йолу цхьаьнакхетар д1адаьхьира Берийн кхоллараллин Кхерчахь. И болх вовшахтухуш а, д1ахьуш а доккха дакъалецира дешаран урхаллин говзанчаша. Йоццачу хенахь к1оштарчу ишколашкара пох1ма долу дешархой схьагулбан а, уьш цхьана низаме бало а йоккха говзалла езаш болх бу. Оцу балхаца дика ларийра вовшахтохархой. Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар д1адолийра Нохчийн Республикин «Нохчо» ансамблан тобано. Доккхачу пох1маллица цхьаьнакхетар д1адаьхьира Лаха-Нойберарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан дешархоша Висингириев Мохьмада а, Аздамирова Линдас а. Цхьаьнакхетар дерзадо Борг1анера а юккъерчу ишколан мехкарийн тобано. Цхьаьнакхетарехь нохчийн маттах хастаме камел дира к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас. Цул т1аьхьа цо хьешашка д1адалуьйту дешаран шарахь дика хуьнарш гайтинчу хьехархошна а, къовсамашкахь толаме меттигаш яьхначу дешархошна а совг1аташ. Г1уьмсен муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров Ахьмаран 1усмана Сийлаллин грамоташца совг1аташ дира дешаран шарахь дика болх бина хьехархой: Сусуркаева Яха (Гуьмсе-г1алин юккъера №8 йолу ишкол). Габаев Лоьма (Лакха-Нойбоьрара юккъера №1 йолу ишкол); Катаев Ибрех1им (Гезлой-Эвлара юккъера №2 йолу ишкол); Оздамиров Асланбек Амалович (Г1оьрдлара юккъера ишкол); Джамалдаева Марха (Дарбанхера юккъера ишкол). Дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас к1оштан дешаран урхаллин ц1арах къовсамашкахь дика хаарш гайтинчу дешархойн а, хьуьнаре хаарш гайтинчу хьехархошна а грамоташца совг1аташ дира: Дакаева Хьаванина (Гуьмсе-г1алин юккъера №4 йолу ишкол); Решидова Хьурматна (Керла-Бенара юккъера ишкол); Самбиева Мархетина (Къеда-Юьртара юккъера ишкол); СаламгериеваАминатна (Ойсхарара юккъера №1 йолу ишкол); Шовхалова Залпаана (Ишхойн-Юьртара юккъера ишкол); Атаева Аминатна (Энгель-Эвлара юккъера №1 йолу ишкол). К1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас «Нохчийн мотт – г1иллакхийн хазна!» цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна а, хьешашна а, декъашхошна а баркалла а олуш, дерзоран къамел дира.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

54