Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:34 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Шен мотт боцуш хила йиш яц къам

Автор: Д.Сумбулатов

(Чаккхе.Юьхь еша 27-28 номерехь) Ага чохь долу х1усам къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа лара мегар ду. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а. Ненан куьйгийн йовхо, меттан 1аь, чомехь кхача дег1аца а, сица а боцуш кхио ца дезара бераш, телефонаш кара а
елла, оцу чохь йолчу мультфильмех 1ехаделча, даккхийдуьйш. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а шен сица цамгар йолуш хуьлу, и цамгар дег1ах а, синах а д1акъасто дарюанча а воцуш. ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь бехира цхьаберш: «Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...» – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчийн 1адаташ лера а, лардан а оьшуш дац; бусалба, керста – ши дин ду» кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу. «Бераллехь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза санна ду», – олуш ду. Цундела хIинцца, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьа деза массо а т1ег1анехь. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а? Уггаре а хьалха – дайнаной, тIаккха – школа; уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, Iуналла а дан декхарийлахь ерг юкъаралла, республикин куьйгалхой бу. Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард а хилла, дIахIотта еза. Хьехархой кийча хила беза (лаамца, хьекъалца, хааршца, хьежамашца) халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио а, дIалуш болу а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен маттаца, гIиллакхашца, оьздангаллица зIе, уьйр, шовкъ-безам бо
цург кхераме ву, х1унда аьлча цуьнан зIе яц шен махкаца, халкъаца. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттана аьхна боцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохдал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк». Къоман цхьа а хIума дац лелорхьама лелийна. Жима хIума дара xlapa-м аьл
ла, емалдинарг, цхьа хан дIаяьлча, доккхачу зуламе а доьрзий, дуьхьалдолу. Доцца аьлча, вайн къоман маттаца йоьзна оьздангалла (культура) ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIбан беза нохчийн доьзал. Доьзалан гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш ду къам. Доьзалехь ца ларбелла мотт, бехкамаш, гIиллакхаш, 1адаташ юкъараллехь муххале а ца ларло. Юкъараллехь лардан уьш хила а ца хуьлу, доьзалехь дуьйна уьш ца лардинехь. Къоман синмехаллин кхерч бу доьзал. ХIаъ, доьзал бу коьрта. Доьзалехь дийца деза йиша-вешех, ден-ненан сий-пусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца, махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех. Уьш дерриге а адамашлахь, юкъараллехь ваха везачу стагана ша велла дIаваллалц оьшуш ду. Ткъа къонах, муьлхха къомах иза велахь а, къонах хуьлий вуьсу. Къонахчун сийпусар дан къонахчун амал кхио еза жимчохь дуьйна, ткъа къонахчун мах къонахчо шен хадабайттинарг бу. ТIаккха хир бац нохчашлахь шича, маьхча, верас дешнийн маьIна цадевзарш, гергарлонаш цалорурш а. И гергарлонаш дIадевлча буху доьзалехь, къомалахь болу барт. Вайн цIена са, хаза гIиллакхаш, оьздангалла, эзарнаш шерашкара схьайогIу истори дуьненна а йовзийтаран гIирс (оьрсийн мотт) вайгахь ца хилахь, дукха жимачу гIайри тIехь дисарна кхерам бу вай. Ша-шеца висина стаг бIарзло, шашеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза. Дуьненан шорто вайгахь хир ю, нагахь вайниг лардеш, кхечеран дика а, вон а агIонаш йовзийтарца къона чкъор кхиадахь. Тахана вайн берашна хаза еза шайн эшарш, иллеш берийн бошмашкахь дуьйна. Цигахь дуьйна нохчийн бераш дIадуьйшуш, самадовлуш хила деза аганан иллин мукъамца. Царна дуьйцурш хила деза шайн къоман туьйранаш, болийта беза къоман берийн ловзарех. Бен а цахетар дIадолало шен халкъан, мехкан иллешна букъ тохарна тIера. Вайна дукха гина французийн, ингалсан, немцойн эшаршна хьалха гора а оьгуш, шовкъ йогIуш, амма шен къоман йиш лакха йолийча, лергаш чу потт хIуьтту нах. А.Сулеймановн дешнаш оцу тайпанчу нахе аьлла ду:
Даймехкан иллига Шен безам боцург Ша винчу махкаца
3Iе йоцуш ву.
И зIе меттахIоттор, чIагIъяр уггар хьалха берийн бошмашна, школашна тIехь хила деза. ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш. Муьлхачу кхетош-кхиоран хьаьрмахь бу и болх леррина хIоттийначу программица дIахьош? Муьлхачу произведенешкара масалш а далош дIахьош бу классал арахьара болх? Классал арахьара болх муха тухур бу цхьана низамехь вовшах, классехь бан безарг вовшахтоха а леррина х1иттийна, язйина Iаматаш ца хилча?
Хууш ма-хиллара, литературо, историно кхиабо кхетам. Вон хIума ган а, цуьнан мах хадо а, иза вайн юкъараллера дIадаккха сихдалар дац вайн амалехь. ДIадаханчу бIешарахь дуьйна кхетошкхиоран болх къоман гIиллакх-оьздангаллах боьзна дIацахIоттор бахьнехь, дийнна цхьа чкъор дешар-йоза ледара хууш, къоман амалца зIе йоцуш а кхиъна вайн. Iилманчаша далхорах, телевиденехь, радиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахарIерехь хьашт ца хилахь, иза хьашт хинболу хьелаш ца хилахь. Халкъана шен мотт алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт НР-н Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра пачхьалкхан тIегIанехь дIахIоттабахь. Массо а законаш санна, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон а ду, тIехь терго а латтош, кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а школехь дайннанойн гуламехь нохчийн мотт хезаш бац. Цхьайолчу телевиденин, радион передачашкахь иза хаза, нийса а буьйцуш бац. Республикин т1ег1анехь д1ахьо цхьаьнакхетарш наггахь бен нохчийн маттахь дац, зал юьззина охьахевшинарш нохчий бен боццушшехь. ТIаккха иза башха къоман меттан сийдар хуьлий? Мотт хаар, вовшашка урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт xaap – халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь а, оьшшучохь кица, масал далош, дустар далош, нохчийн меттан бакъонаш ларъеш, къамел дан хаар ду. Нохчийн меттан мукъамехь. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладугIу наха. Иштта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Халкъан мотт, нохчийн мотт бу, бийца а, хьеха а безарг, дешархойн сих, т1амарх а болуьйтуш. Эзарнаш халкъаш, меттанаш ду хIокху малх кхетачу дуьненахь. Царах цхьана маттаца, нохчийн маттаца, схьакхачийна вайга вайн дайша халкъан иэс, амал, гIиллакхаш. Цундела шен халкъан мотт цахуург гена ву шен халкъан диканна, вонна а. Цунна велха а, вела а ца хаьа, шен халкъ доьлуш, доьлхуш. Ша лазаро хьовзийча бо узам, весет, орца дахар, гIенаш а хила деза нохчийн кIентийн а, мехкарийн а нохчийн маттахь. Царах цхьадерш хилла а кхочушхир ду, нагахь вай юьхьанцарчу классашкахь хь
ехар нохчийн маттахь дIахIоттадахь, нохчийн мотт, литература хьехаран сахьташ юккъерчу, лакхарчу а классашкахь алсамдахахь. Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Х-А Кадыровс ша «Даймохк» газетана еллачу интервьюхь (20I0 шо, I8-гIа март, №28) боху: «…Бусалба дино ца боху вайга Къуръан Iаьрбийн маттахь хилла алий а, Дела Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iарби хилла алий, шайн къоман хаза гIиллакхаш тасий дуьтуш, Iарбийн гIиллакхашна тIедерза. Ма дерза! Нохчий долуш, бусалбанаш долуш, вешан къоман хазачу гIиллакхашца дахар а, декъалхилар а лойла вайна вай
кхоьллинчу Дала! Ненан мотт къоман йоцуш йиш йоцу хазна ю. Мотт, ненан мотт, байна долу, и бицбина долу адам мотт буьйцучу къомах херадолу. Дала белла вайна вешан мотт. Шен ненан мотт бицбинарг, ийманах вухур вац, ала ваьхьар вацара со. ДоIа дар шена дезаш дерг Деле дехар ду. Ша хIун доьху а хууш, хазачу шен маттахь Далла хьаставелла, дехар тоьлаш хир ду. Вайн хьуьжаршкахь а, исламан институтехь а, университетехь а ненан мотт Iамабар, Iарбийн мотт Iамабар санна, лаккхарчу тIегIан тIехь хила деза. Ша барта дуьйцург нийса, йозанца дIаяздан хууш Iеламстаг хилар доккха ниIмат ду». Кегийчу къаьмнийн меттанашца къийсам дIахьошболу ехха хан ю. И къийсам дIахьочарна шера хаьа, мотт дIабаьлча, къам дIадолий. Иза хуучу «идеологаша» пачхьалкхехь цхьа мотт хила беза боху политика дIахьо. И политика дIахьо хIилланца, нуьцкъаша а. И политика дIахьочарна ган а, хаза а ца лаьа Малхбузерчу пачхьалкхашкара бакъдерг: кегийчу пачхьалкхашкахь шиъ я масех мотт пачхьалкхан мотт хилар. Муьлххачу а пачхьалкхан уггаре а боккха, мехала хьал-бахам цунна чохь деха халкъаш, церан гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, меттанаш а хилар къобалдан ца лаьа оццу «идеологашна». ДIадаханчу бIешеран 60-чу шерашкахь Москвахь кегийчу къаьмнийн меттанашна лерина дIахьочу конференцехь: «Кегийчу къаьмнийн меттанаш ишколашкара дIадаха деза, уьш хьеха оьшуш дац, шен доьзалехь а, накъосташца а дийцар бен. Кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш…», – кхайкхочийн, чIагIдечийн а къамел, дош а кагдан стогалла, доьналла а тоьъна, царна дуьхьал къамел динера Сулейманов Ахьмада. «Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшахдаьхча, кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан Моттий, Халккъий. Тхо-м – нохчий, гIалгIай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа, карахькуьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохккий, Ненан Моттий, тхешан Къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна», – оцу конференцехь аьллера Ахьмада. Тахана а ду сийлахь-деза и кхоъ – Даймохккий, Ненан Моттий, Къаммий – вовшахкъасто йиш йоцуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

12