Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

08.04.2019 15:12 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 23-26 от 08.04.2019 г.

Шен мотт боцуш хила йиш яц къам 2

Автор: Д.Сумбулатов

(Юьхь еша 21-22 номерехь) Лакхахь хьахийначу статьяхь («Я считаю, что лишать детей знания родного языка – преступление») Г.Магомедовс боху: «Нашим институтом создан комплект учебников и по русскому языку с учетом особенностей дагестанских языков и краеведения. Я считаю это величайшим достижением. Каждый из комплектов включает в себя 7 наименований: учебник по русскому языку, книгу для чтения, книгу для внеклассного чтения, методическое руководство, дидактический материал, таблицы и другие». Уьш а, кхидолу а хаттарш НР-хь гулдаларна, вайн мотт хьехаран, 1аморан, бийцаран а хьал вон хиларна, НР-н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс шен Буьйраца «Нохчийн
меттан Де» дIакхайкхийна. Нохчийн Республикин Парламентехь тIеэцна, Президента куьг яздина тIечIагIдина «Нохчийн Республикерчу халкъийн меттанийн хьокъехь закон». Вайн республикерчу цхьайолчу школашкахь юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь дIадолийра (2009 шо), амма и болх тидамза битарал а совнаха, лакхарчу классашкахь нохчийн мотт, литература а хьехаран сахьташ хьалха хиллачарал а эшийна. Нохчийн меттан йолуш йолчу алфавитехь (графикехь) хийцамаш бан леррина вовшахтоьхна комисси ю вайн республикехь, шена юкъахь 1илманчаш, журналисташ, хьехархой, яздархой а болуш. Нохчийн меттан алфавитехь шаьш бан лерина хийцамаш (леррина кхоьллинчу комиссино) бовзийтина (проект) хаамийн гIирсашкахула. НР-н Iедалан векалшкара орца кхаьчна нохчийн маттанна. И орца кхачаме дуй-те, нагахь къам шен маттаца уьйр-марзо хила маезза йолуш дацахь? Пачхьалкхан тIегIанехь леррина хIоттийначу планаца нохчийн меттан сийларам хьалабаккхарехула болх дIа ца хьахь, кхане кхин а сингаттаме хир ю. Нохчийчохь нохчийн мотт боллучу хьолехь, ала мегар долуш, бара ткъех шо хьалха ГIалмакхойн республикехь гIалмакхойн мотт а. Пачхьалкхан тIегIанехь бинчу балхо гIалмакхойн мотт халкъо бийцар, эшар дикачу агIор хийцадалийтина. Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо а. Хууш ма-хиллара, юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а, хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледаро ду. Маса стаг ву тахана «СтелаIад», «Орга» журналаш, «Даймохк» газет доьшуш? Нохчийн маттахь зорбанера араевлла исбаьхьаллин произведенеш ешар муха ду вайн? Нохчийн маттахь араевлла книгаш шайна эца paгI ларъеш, нохчий маца гина вайна? Нохчийн маттахь ораматийн, сагалматийн а цIерш а йохуш, меттан мукъам а ларбеш, къамел маца хезна вайна? Нагахь дегIан цхьа меже таза йоцург заьIап лоруш велахь, шен мотт цахуурш заьIап синош долуш ца хуьлу? Вайн къоман кханалера де тахана вайна хьалха кхуьучу берех а, кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Цара буьйцучу маттах, царна Iамочу, Iемачу гIиллакхех, церан оьздангаллах кхуьур ду вайн халкъ. Цаьрга хьаьжна, церан хьекъалан, кхетаман, оьздангаллин мах а хадийна, т1аккха эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела вайна чIогIа оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехьа оцу мехалчу гIул
лакхна бух кечбар, говзалла йолчу нахе болх а бойтуш. Кхетош-кхиоран болх хийца Iаламат чIогIа хала ду. Иза хуучу НР-н дешаран, Iилманан министерствон министро И.Байхановс, меллаша, амма билгалйина Iалашо а йолуш, дIадолийна хийцамаш бар. Нохчийн меттан алфавитехь бан лерина хийцамаш (леррина кхоьллинчу комиссино) бовзийтина хаамийн гIирсашкахула, вай лакхахь ма-аллара. Хийцинчу алфавитан проекташ ю зорбанехь араевлла. Уггаре а коьртаниг хета суна: министро долуш долчу хьолана ша резавацар дIахаийтар. ДелахьхIета, хийцамаш хирг хиларх теша мегар ду. Леррина хIоттийначу планаца кхетош-кхиоран болх дIа ца хьахь, кха
не кхин а сингаттаме хир ю берийн хаарийн декъехь. Ткъа кханено хьалхахIитто декхарш, лехамаш баккхий, хала а бу. Иза иштта хирг хилар гойту таханено. Муха, стенна тIера дIаболийча дика хир дара кхетош-кхиоран болх? Муьлха хьалха, хIун тIаьхьа дича дика хир дара Нохчийчуьрчу школашкахь? Хетарехь, и гIуллакх хьалха дIадоло деза доьзалехь, берийн бошмашкахь ненан маттаца. Аганан иллица, ненан маттаца бен хуьлийла дац нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу хIусамашкара дIадаккхарца, дIадаларца дIадевлла дуккха а хаза гIиллакхаш, бIеннаш, эзарнаш нанойн иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам бу, цо бен ца беш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац нохчийн доьзалехь мукъам, гуш дац ага а, гаьнгали а. …Нахе вахча, гонах хьожий, Хадабо ас цIийнан мах: Чохь бер техкош ага долчу ХIусаман мах бан ма бац. (А.Сулейманов) Кхечу къаьмнех тардала гIертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а хIума цхьана барамехь, низамехь а хилча атта хуьлу къамана, шен мотт, гIиллакхаш, ламасташ лардан. Халахеташ делахь а, тахана нохчийн маттах пайдаэцаран, бийцаран а (хаамийн гIирсашкахь, юкъараллехь а) хьал дог хьостуш, бIаьрг белош а дац. Ага чохь долу х1усам къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа лара мегар ду. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а. Ненан куьйгийн йовхо, меттан 1аь, чомехь кхача дег1аца а, сица а боцуш кхио ца дезара бераш, телефонаш кара а елла, оцу чохь йолчу мультфильмех 1ехаделча, даккхийдуьйш. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а шен сица цамгар йолуш хуьлу, и цамгар дег1ах а, синах а д1акъасто дарюанча а воцуш. ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь бехира цхьаберш:
«Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...» – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчийн 1адаташ лера а, лардан а оьшуш дац; бусалба, керста – ши дин ду» кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу. «Бераллехь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза санна ду», – олуш ду. Цундела
хIинцца, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьа деза массо а т1ег1анехь. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а? Уггаре а хьалха – дай-наной, тIаккха – школа; уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, Iуналла а дан декхарийлахь ерг юкъаралла, республикин куьйгалхой бу. Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард а хилла, дIахIотта еза. Хьехархой кийча хила беза (лаамца, хьекъалца, хааршца, хьежамашца) халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио а, дIалуш болу а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен маттаца, гIиллакхашца, оьздангаллица зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву, х1унда аьлча цуьнан зIе яц шен махкаца, халкъаца. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттана аьхна боцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохдал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк». Къоман цхьа а хIума дац лелорхьама лелийна. Жима хIума дара xlapa-м аьлла, емалдинарг, цхьа хан дIаяьлча, доккхачу зуламе а доьрзий, дуьхьалдолу. Доцца аьлча, вайн къоман маттаца йоьзна оьздангалла (культура) ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIбан беза нохчийн доьзал. Доьзалан гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш ду къам. Доьзалехь ца ларбелла мотт, бехкамаш, гIиллакхаш, 1адаташ юкъараллехь муххале а ца ларло. Юкъараллехь лардан уьш хила а ца хуьлу, доьзалехь дуьйна уьш ца лардинехь. Къоман синмехаллин кхерч бу доьзал. ХIаъ, доьзал бу коьрта. Доьзалехь дийца деза йиша-вешех, ден-ненан сийпусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца, махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех. Уьш дерриге а адамашлахь, юкъараллехь ваха везачу стагана ша велла дIаваллалц оьшуш ду. Ткъа къонах, муьлхха къомах иза велахь а, къонах хуьлий
вуьсу. Къонахчун сий-пусар дан къонахчун амал кхио еза жимчохь дуьйна, ткъа къонахчун мах къонахчо шен хадабайттинарг бу. ТIаккха хир бац нохчашлахь шича, маьхча, верас дешнийн маьIна цадевзарш, гергарлонаш цалорурш а. И гергарлонаш дIадевлча буху доьзалехь, къомалахь болу барт. Вайн цIена са, хаза гIиллакхаш, оьздангалла, эзарнаш шерашкара схьайогIу истори дуьненна а йовзийтаран гIирс (оьрсийн мотт) вайгахь ца хилахь, дукха жимачу гIайри тIехь дисарна кхерам бу вай. Ша-шеца висина стаг бIарзло, шашеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза. Дуьненан шорто вайгахь хир ю, нагахь вайниг лардеш, кхечеран дика а, вон а агIонаш йовзийтарца къо
на чкъор кхиадахь. Тахана вайн берашна хаза еза шайн эшарш, иллеш берийн бошмашкахь дуьйна. Цигахь дуьйна нохчийн бераш дIадуьйшуш, самадовлуш хила деза аганан иллин мукъамца. Царна дуьйцурш хила деза шайн къоман туьйранаш, болийта беза къоман берийн ловзарех. Бен а цахетар дIадолало шен халкъан, мехкан иллешна букъ тохарна тIера. Вайна дукха гина французийн, ингалсан, немцойн эшаршна хьалха гора а оьгуш, шовкъ йогIуш, амма шен къоман йиш лакха йолийча, лергаш чу потт хIуьтту нах. А.Сулеймановн дешнаш оцу тайпанчу нахе аьлла ду:
Даймехкан иллига Шен безам боцург Ша винчу махкаца 3Iе йоцуш ву.
И зIе меттахIоттор, чIагIъяр уггар хьалха берийн бошмашна, школашна тIехь хила деза. ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш. Муьлхачу кхетош-кхиоран хьаьрмахь бу и болх леррина хIоттийначу программица дIахьош? Муьлхачу произведенешкара масалш а далош дIахьош бу классал арахьара болх? Классал арахьара болх муха тухур бу цхьана низамехь вовшах, классехь бан безарг вовшахтоха а леррина х1иттийна, язйина Iаматаш ца хилча? Хууш ма-хиллара, литературо, историно кхиабо кхетам. Вон хIума ган а, цуьнан мах хадо а, иза вайн юкъараллера дIадаккха сихдалар дац вайн амалехь. ДIадаханчу бIешарахь дуьйна кхетош-кхиоран болх къоман гIиллакх-оьздангаллах боьзна дIацахIоттор бахьнехь, дийнна цхьа чкъор дешар-йоза ледара хууш, къоман амалца зIе йоцуш а кхиъна вайн. Iилманчаша далхорах, телевиденехь, радиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахар-Iерехь хьашт ца хилахь, иза хьашт хинболу хьелаш ца хилахь. Халкъана шен мотт алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт НРн Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра пачхьалкхан тIегIанехь дIахIоттабахь. Массо а законаш санна, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон а ду, тIехь терго а латтош, кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а школехь дайн-нанойн гуламехь нохчийн мотт хезаш бац. Цхьайолчу телевиденин, радион передачашкахь иза хаза, нийса а буьйцуш бац. Республикин т1ег1анехь д1ахьо цхьаьнакхетарш наггахь бен нохчийн маттахь дац, зал юьззина охьахевшинарш нохчий бен боццушшехь.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

14