Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

08.04.2019 12:29 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 21-22 от 08.04.2019 г.

Шен мотт боцуш хила йиш яц къам

Автор: Д.Сумбулатов

Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт. КАДЫРОВ Ахьмад-Хьаьжа Муьлххачу а пачхьалкхан хьал-бахам маьIданаш дукха хилар хилла ца Iаш, цунна чохь деха халкъаш, церан меттанаш, ламасташ, гIиллакхаш, оьздангаллаш а ю. Къаьсттина и хьалбахам цхьанхьа гулбина Дала, комаьршша Iаламан хазаллин дакъа а делла. И меттиг х1окху дуьненахь Кавказ ю. Ширачу за
манахь дуьйна Кавказехь дехачу къаьмнашлахь цкъа а тIом, дов а цахиларо тешалладо: оцу къаьмнийн меттанаш маслаIате хиларал совнаха, царна юкъахь цхьана орамо чIагIдина вошалла а, доттагIалла а хилар. Диканиг, хазаниг, цIенаниг вовшашкара схьаоьцуш, шайх цхьанна тIелеттачу мостагIчух юкъара мостагI а веш, дикавон цхьаьна дIадерзош, гергара мукъамаш болчу иллеша, эшарша лерса хьоьстуш, шовкъечу хелхарша дог-ойла иракарахIиттош, бертахь даьхна, деха Кавказехь иттанаш халкъаш. И дерриге а бакъдерштешаллаш вайга схьакхачийнарш оцу халкъийн меттанаш ду: ширачу йозанашкахь (гуьржийн, эрмалойн), барта кхоллараллехь а. Мотт мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш а. Шен мотт дIатесча, бицбича, доьза дов халкъ. Доьза дайна а, доьзадаран хьоле кхаьчна а халкъаш ду дуьненахь. Царах цхьадерш Кавказехь а ду… Iилманчаша чIагIдарехь, xlopa шина кIиранчохь хIокху дуьненахь халкъан цхьа мотт леш бу. Беллачу маттаца цхьаьна леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iepдахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу, нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа бIе эзар адам къамелдан хууш, и мотт буьйцуш делахь. Луларчу ДегIастанара Iилманчаш, бан ма-беззара талламаш бинчул тIаьхьа, Iожаллин киртиг тIехIоьтинчу цхьадолчу къаьмнийн меттанашна орцахбевлла, барта кхолларалла д1аязъеш, дошамаш х1иттош, грамматикаш язъеш. ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьненахь а вевзачу нохчийн Iилманчо-профессоро Ю.Д.Дешериевс, меттанаш талла а теллина, монографеш язйира: «Бацбийский язык», «Грамматика хиналугского языка». И ши мотт кегийчу къаьмнийн бу. Гуьржийн мотт а, гуьржийн къоман Iep-дахаран тIеIаткъам а бахьанехь наггахь болчарна бен бийца ца хаьа бацойн мотт (Гуьржийчохь, Земо-Алвани юьртахь бехаш бу бацой). Цара буьйцург а, гуьржийн меттан боккха тIеIаткъам хиларна, керла кхин мотт бу, ала мегар ду. Дег1астанарчу меттанашца гергарло долу хиналугийн мотт буьйцурш Азербайджанерчу Хиналург-юьртахь бехаш хилла. И мотт буьйцуш тахана наггахь бен адам дац. Бийца а ца бийцича, къомана эша а ца эшча, дIаболу мотт. Цхьацца бахьанашца царал хьалха а доьза дайна Кавказера иттан
наш меттанаш. Муха ду Нохчийчохь нохчийн мотт ларбаран, кхиоран а хьал? Нохчийн мотт, литература а школашкахь, училищешкахь, университеташкахь хьехар теллича, дешархойн хаарийн мах хадийча, долуш долу хьал ма-дарра гучудолу вайна. Iаматаш, хрестоматеш а хила ма-езза ца хиларна кхачаме дацара литература, мотт хьехар. Программехь билгалйина исбаьхьаллин произведенеш еша аьтто бац хьехархойн, дешархойн а. Бакъду,
царах цхьаерш «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йохуш ю, амма и журнал дIакхочуш дац xьexapxoшка. Бахьана х1ун ду? Уьш цуьнга цаязбалар. Цундела наггахь бен вац «Орга» журнал доьшург. «Орга» журналан лахара тираж хиларо а гойту, вайн мел бала бу нохчийн йозанан маттаца. «СтелаIад» журнал, «Даймохк» газет дешар а ду иштта ледара. Нохчаша олуш хеза: «Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац...» Нохчий дукха хиларх деш долу дозаллаш а дитина, «вай, тхо», – бохуш, бетта мохь а гIелбина, «тхо дерриге а ду нохчийн маттахь язъян, еша, ойлаян а хууш», – xlopa а нохчо ала йиш йолуш велахьара, иза дара дозалладан хьакъдерг. Масех шо хьалха олура: «Тхоьга коммунистийн Iедал долуш нохчийн мотт ца Iамабойтура, цундела ца хаьа тхуна язъян, еша а». Иза оццул ладаме бахьана дац. Коммунисташа де боххург а деш Iийна ду вай? Дукхахболчарна цкъа а, цхьа а Iедал шайн хетта а дац. Цхьаболчарна-м законаца бертахь дахар эхь ду моьттура. Оцу муьрехь вешаниг дицдина-кх вай. Нохчийн мотт Iамийнарш, гIиллакх-оьздангалла дийна латтийнарш, бусалба динца доьзнарг лардинарш пачхьалкхан законна дуьхьалабевлларш а хуьлуш дIанисло ойла. Да-м иштта дац иза. Хьалха а, хIинца а къоман мехаллаш ларйинчарна, ларъечарна хала ду. Цара шайна хIумма а ца доьху, хIумма а ца лоьху. Уьш кханенна дита гIерта шаьш гулдинарг: Iилма, дахаран зиэделларг, къоман синмехаллаш. «Чеченский архив», (Грозный, 2008 г.) гуларехь зорбатоьхначу шен статьяхь («Зов Сеннаара») вевзашволчу нохчийн яздархочо С-Хь.Нунуевс яздо: «Кстати, ЮНЕСКО уже занесло чеченский и ингушский языки в число умирающих языков мира… Что из того, что мы размножаемся количественно, ведь количественно могут размножаться вместе с нами и наша беспечность, и наше беспамятство, и наше малодушие…» Нохчийн халкъан интеллигенцин векалша шайн статьяшкахь, интервьюшкахь а иттанаш шераш ду чIагIдо: «Школашкахь нохчийн берашна юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь хила деза». Иза Iилманан бух болу бакъдерг ду. «Къоман тептар» романан автор волчу яздархочо Юсупов Iусмана сан шеца хиллачу къамелехь элира: «ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь
Башкирерчу школашкахь I-I0 классе кхаччалц дешархошна хьехар церан ненан маттахь дара. Церан хаарш ледара цахилар гойтург уггаре а хьалха цхьаъ дара: лаккхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхнарш церан дукха хилар. ЦхьамогIа шерашкахь оцу республикехь со болх а беш Iийна дела хаьа суна, кхетош-кхиор муха дIахIоттийна дара церан школашкахь. Матто къомана зиэн дина аьлла, дало масал дам дац къаьмнийн Iер-дахаре
хь. Бакъду, шен маттана херадаьллачу адамна, халкъанна а зиэн хуьлий-м хаьа вайна. Хьехар, кхетош-кхиор Дала синош кхуллуш оцу берашна беллачу маттахь хила деза. Нагахь кхечу маттахь хьехар дIахьахь, оцу берийн кхетамна бийриг эшам, тешнабехк а бу». Вай лакхахь билгал ма-даккхара, боккха тидам тIебохуьйту луларчу ДегIастанахь къаьмнийн меттанаш Iаморна. Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бахийта безаш: ДегIастанан халкъан Гуламехь тIеэцначу законца бакъо ю пхеа дешархочунна лерина класс схьаелла. Луларчу Дегестанехь г1умкийн маттахь арадолучу «Ёлдаш» газетана «Времена» ц1е а йолуш юкъадуьллучу газетехь ю А.А.Тахо-Годин ц1арахчу 1илман-талламан институтан директоро Гамидулах Магомедовс язйина «Я считаю, что лишать детей знания родного языка – преступление» статья. Оцу статьяхь Г. Магомедовс боху: «2008-чу шарахь Дагестанерчу халкъийн цхьайтта маттахь 430 эзар экземпляр 1аматаш арахецна. Г1аланашкарчу дешархошна лерина 1-3 классашна, яртийн школашкарчу III классашна. Кхетош-кхиоран болх къоман башхаллаш тидаме а оьцуш д1ах1оттийна хилар коьрта хета суна». Халахеташ делахь а, вайн цхьайолу учебникаш г1алаташ а долуш язйина ю, мотт толлуш 1илманехь керла бина талламаш тидаме а оьцуш, уьш язйина цахиларна. СССР-пачхьалкх йолуш нохчийн мотт хьоьхучарна г1оьнна лерина арахоьцуш таблицаш яра. Эца йиш яра нохчийн яздархойн даккхий сурташ. Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу республикашкарчу школашкахь оьрсийн мотт, Нохч-ГIалгIайн республикехь санна, хьоьхуш бацара. Церан школашна лерина оьрсийн меттан Iаматаш, къаьмнийн меттанийн башхаллаш тидаме а оьцуш, хIиттийна а яра. Цундела оцу республикашкара дешархой оьрсийн мотт дикахо хууш бара. Нохчийн маттанна тIе а тийжаш, цуьнах пайдаоьцуш, хьоьхуш бацара Нохч-ГIалгIайчохь оьрсийн мотт. Цундела берийн хаарш а дара ледара. Цхьана классера (25-30 дешархочух) цхьаъ лакхарчу дешаран заведене деша вахавелча а хаза кхаъ кхочура дай-наношка, хьехархошка а. Дешаран министерство Москва дIало отчеташ мухха хиллехь а, интеллигенцин дукхаллин барам уггаре а лахара бара НохчГIалгIайн республикехь

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

25