Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.05.2019 10:52 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 33-34 от 15.05.2019 г.

Ненан-мотт-дахаран хазна

Автор: НАИБОВ Коьра

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?! Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу. Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу. Вайн мотт г1иллакхе, оьзда, мерза а бу. Иза къоман са ду. Ненан мотт… Доккха маь1на д1алоцу оцу шина дашо. Вайн дайшкара дуьйна схьадаьхкина хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман. Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург мотт бу. Иза ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу. Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйлу шога дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллерчунна. Даймохк-Нана, Нана санна, хьоме бу вайна вешан Даймохк, цунах хаьдча, тоха са а доцуш, сатуьйсу вай цуьнга. Иштта, шен нене, Даймахке а санна, хила беза шен матте болу безам а. Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах дешнаш: «…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Вай мотт лар ца бахь, цуьнан сий а ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Мотт д1абаьлча, халкъан тезет, дика-вон, ловзар-синкъерам д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха баьрчче баккха беза вай и. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг?! Мел хала хеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаволчо дозаллица къамел до: «Суна ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш». Ткъа воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Оцу маттахь яздан а, еша а ца хаьа муха эр ду?! Вай нохчий ду, ду-нохчийн мотт вай мел буьйцу,цундела вайх х1ораннан а
сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Тахана вайн мотт 1амон а, бийца а цхьа а новкъарло яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен Буьйраца ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикин а Конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ белла. « Воккхаве со хьуна хуъчу Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш, 1амо дезна Уьш хьуна ца моьттинехь» — яздо Сулейманов Ахьмада. Цу дешнийн маь1нах кхета хала дац. Муьлхха а мотт хаар дика ду. Цхьадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, 1амон а оьшуш бу 1арбийн мотт. Оьрсийн мотт – юьззина бакъонаш йолу Россин гражданаш хила а, лулахошца гергарло, уьйраш лело, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Хиъча дика ду ингалсан, немцойн, французийн а меттанаш. Амма, поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Сайн сочинени ерзош лаьа суна вайн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Со йоккхае тахана, х1ара маьрша мог1анаш сайн яздан аьтто хиларна. Нохчийн къоман баьччанан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин во1а Россин Турпалхочо Рамзан Ахматовича шен ден некъ кхиамца д1акхоьхьуш йоккхае со. Везачу Дала ницкъ, хьекъал а лойла вайна нийсачу новкъа, нохчийн меттан сий-ларам беш, д1адаха! Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъазадовларх!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

1126