Редакцехь хьошлаг1ахь
Х1окху деношкахь Джалкхерачу Д.Б.Абдурахмановн ц1арахчу колледжера 6 «А», «В» классийн дешархой хилира шайн нохчийн меттан хьехархочуьнца Нуржан Хайдаровница цхьаьна поэт, прозаик, журналист, «Гумс» газетан коьрта редактор Х.Р.Борхаджиев волчу редакцехь хьошалг1ахь. Церан коьрта 1алашо яра: хьуьнаречу дешархойн хаарш, нохчийн матте болу безам бовзийтар, вайн къоман уггар сийлахьчу Нохчийн меттан Дийнан шаьш сий-ларам беш хилар д1ахаийтар. Хууш махиллара, адамийн къомалла къасториг цо буьйцуш болу мотт бу. Мотт – вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт – вайн къоман а, х1ора нохчичун а
дахаран хазна ю. Дешархойн кхоллараллин хьалхара г1улчаш, хазачу дешнашца церан дог хьостуш, мах хадийра Хожбаудис. Совг1атана книгаш а елира. «Шен Даймахке бакъ безам хила тарлуш дац, шен ненан матте безам цуьнан бацахь. Шен къоман матте бен а доцуш хьоьжуш верг нийсачу некъах тилла ву. Шен ненан матте бен а доцуш хьежаро гучудоккху: къоман д1адахнарг а, долуш дерг а, хиндерг а цунна бен-башха цахетар», — билгалдира «Гумс» газетан коьртачу редакторо Х.Борхаджиевс. Хьехархочо, дешархоша, церан наноша а даггара баркалла элира Хожбаудина, шаьш хьомсара хьеший а дина, дезаш т1еэцарна.
Добавить комментарий
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.