Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.05.2019 10:55 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 33-34 от 15.05.2019 г.

Сан дахаран некъаш

Автор: САЙДАЛИЕВ Сайдалш

1971 шарахь Къилбаседа-Х1ирийчу балха вахар нисделира сан сайн воккхахволчу вешица Сайд-Ахьмадца. Алагирскин к1оштарчу Верхний-Згид юьртарчу шахтехь бара болх. Цигахь вайн махкара цхьайолчу ярташкара нохчий а бара. Цара хазахетарца т1еийцира тхойша. Х1етахь сан ваша 24 шо кхаьчна вара, со 18 шо кхочуш вара. Мел хала делахь а, ала деза, царах цхьаберш тахана вайна юкъахь бац, Дала гечдойла царна. Ц1ерш яха лаьа х1етахь тхоьца цхьаьна болх бинчийн, уьйр-марзо а йолуш 1ийначийн: Гарсаев Билал, Кадыров 1абдулхьамид, Гарсаев Велид, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, Умарпашаев Данча, Обуев Абузар, Сайдалиев Сайдмохьмад, Обуев Данско, Сайдалиев Сайд-Эми. Царах пхиъ Бакъдуьнене д1акхелхина. Диканиш бара уьш. Дала Ялсаманин хьеший а бина, безаш т1еэцначарех бойла уьш. Дийца лаьа оха хаза, бертахь яьккхинчу заманах. Советски 1едал а, коммунисташ а болу хан-зама яра иза. Тхо нохчий хиларна, тхоьгахьа цабезам хаалора куьйгалхошкара. Аьмад-Хьаьжица гергарло тесначул т1аьхьа, тхо дерриге юкъара1ойлехь а 1аш, рожехь балха лелаш дара. 1абдулхьамид (Ахьмад-Хьаьжин да) «Профилактори» олучу юкъара1ойлехь Ахьмад-Хьаьжин дехарца д1атарвинера, иза воккха стаг хиларна. Яа-мала, царна цу чу йохьуш, охьаюьллуш яра. Тхо, кегийрхой, столове 5-6 б1е метр охьадаха дезара. Хийца а луш, белхаш бора оха. Болх хала а, беза а бара. Шахти чохь боккхург шех руда олу т1улг бара. Со Ахьмад-Хьажици откаткехь вара, 1абдулхьамид крепильщик вара. Атто болх бара иза, нагнаггахь стойка х1оттош, т1улг т1е ца божийта ч1аг1о йора цо. Ахьмад-Хьаьжас дийцира ша шен да шахте балха валоран бахьана: 1абдулхьамидан пенси, шахтехь болх бича, алсамо хила лууш. Хан-зама д1айоьдура, цуьнца цхьаьна Ахьмад-Хьаьжица гергарло ч1аг1луш дара сан а, тхан массеран а. Цо шегахь долчу ц1еначу низамца гойтура: г1иллакх, яхь, оьздангалла. 1абдулхьамидана оьшург охьадиллинчул т1аьхьа а, цуьнгара бакъо йоцуш, д1а-схьа ца волура АхьмадХьаьжа. Тхан наггахь клубе доьлхуш 1едал дара. Бакъду, наггахь бен дов ца долуш ц1а ца дог1ура тхо. Сан могашалла вон яцара, жимахверг а со вара. Хьалххе клубе охьа а воьдий, сайл баккхийнаш схьакхачале, царна новкъарло ян там берг юьстахвоккхуш, уьш кхетабора ас, сайца болчарна х1умма туса ца долуьйтуш. Клубехь охьатохаран къов
сам бу, аьлла, хьовса дахара тхо. Массо а летта бевлча, цхьа латархо виснера, шеца лата цхьа а воцуш. Зал чу мохь туьйхира цо, шеца лата цхьа вуй аьлла. Сан накъосташа соьга юкъавала элира. Цара бохург а дина, юкъаваьлла, летира со цуьнца, Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, болх Далла т1е а биллина. Бакъду, шозза ас ша бухавоьллича, шоззе а, хьалавелира иза. Кхоазлаг1а ас иза кхоьссина сцени т1ера чувахийтира. Зала чохь берш, т1араш а детташ, хьалаг1евттира. Цул т1аьхьа тхойшиъ кхид1а ца латийтира. Дийцарехь, Згидехь тоьлла латархо, тренер а вара со шех леттарг. Толам цунна д1абаларан бахьана т1аккха девзира суна. Иштта харцонаш а лелайо
ра цара тхоьца. Ахьмад-Хьаьжа, сан воккхахволу ваша а цхьаьна волуш, со цкъа а охьа ца хуура цаьрца, царна оьшшург т1ейохьуш, г1иллакх лело г1ерташ. И шадерриге гушволчу Ахьмад-Хьаьжас олура: «Кху Сайд-Эмигара г1иллакх кхачо ма г1ертал шу. Схьавола, охьахаа суна улле!» — олий, шена улле охьахаавора со. Бакъду, цу заманахь сайл баккхийчаьрца охьахийшар товш ца хетара суна. Муьлхха бахьана а карадой, дехьаволура со, баккхийчаьрца йолу юкъаметтиг ларъярхьама. Сан Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дийца диканаш дуккха а ду. Коьртаниг ала лаьара. Шахтин 4-5 б1е метр бухахь даима а ладарш хуьлура. И хьал гина а, хууш а накъостий х1инца а вайца болуш бу. Ахьмад-Хьаьжас ламазан хан ч1ог1а ларйора. Сахьтана т1е а хьожий, болх сацабой, т1ера духар а хуьйций, ламазана д1ах1уттура иза. Иштта цо гайтинчу лерамечу масалх пайдаийцира ас а. И масал, тахана а сан амалх доьлла, соьца деха. 1973 шарахь, Эскаре кхойкхуш, соьга кехат кхечира. Цул т1аьхьа тхан д1асакъаста дийзира. Оцу шеран январь-февраль беттанашкахь со ц1а веара, май баттахь Эскаре вахара. Карантин чекхъяьлла бутт балале со старшина роты х1оттийра тхан командованис. Соьца Эскарехь г1уллакхдина к1ентий х1инца а болуш бу: Соьлжа-г1алара Чичаев Салман, Нажин-Юьртара Абубакаров Алимхьаьжа, 1аларойн-эвлара
Зеламха, Бенара Хатуев Узум и.д1. кх. Эскарехь со волчу хенахь а ламаз дина ас, Ахьмад-Хьаьжас сайна гайтинчу масаллех пайда а оьцуш. Советийн 1едал долуш хьалакхиъна ву со. Школехь, хьалхарчу классера итталг1ачу классе кхаччалц, Ленин, шен заманахь Сталин а вара вуьйцуш. «Великий гений», «Отец народов», — бохуш, кхайкхавора и шиъ. Царах 1ехаделлера массо а халкъаш. Ленина, цуьнан накъосташа а дуккха а нах х1аллакбайтира. Сталина, дийнна халкъаш х1аллакдина ца 1аш, махках а дехира. Х1ора дийнахь 1едалан адамаша бинчу балхо, бинчу ницкъо а амалш хийцинарш к1езиг бацара. Дуьйцург, кхайкхориг
бакъ ду моьттура. Моттарша, хетарша х1аллакдира вай. Х1ора а адаман шен бакъдерг ду. Масех дош ала лаьа сайн бакъдолчух. 90г1а шерашкахь вайн махка ши т1ом беара. И т1емаш дийнна халкъах хьаьрчира. Халкъ саьрмикан бага доьдуш дара. Делан къинхетам хьалха а баьлла, Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъ цу саьрмикан бага доьдучух к1елхьарадаьккхира. Ас воккхаверца дозалла а до, Далла хастам а бо сайна Ахьмад-Хьаьжа вовзийтарна. Х1окху доккхачу дуьненахь массо а меттехь вевзаш ву иза. Шен мерза са нохчийн халкъан дуьхьа д1аделларг ву иза. Цундела со воккхавоь, сайн иштта дика накъост сан къоначу хенахь хилла хиларх. Дала г1азот къобалдойла цуьнан! Ахьмад-Хьаьжа бусалба 1илма к1орггера 1амийна ц1арвизинчул т1аьхьа цкъа-шозза бен вовшийн гойла ца хилира тхан. Цкъа Соьлжа-Г1алахь, шолаг1а – Гуьмсехь. Ахьмад-Хьаьжа шен балхана сиха хиларна т1екаренаш еш 1ойла ца хилира тхан, хьал-де а хаьттина д1асакъаьстира. Цул т1аьхьа суна Ахьмад-Хьаьжа Бенахь гира. Йоккхачу машенан кузов т1е хьалаваьлла, къамел деш вара иза. Дуккха а адам дара цигахь цуьнга ладоьг1уш. Сан аьтту пхьарс баьккхина хан ю иза. Мелла а адамашна юккъехула Ахьмад-Хьаьжина улле кхача г1оьртира со, цунна со гайта лаарна. Шена уллерачуьнга микрофон д1а а елла охьавуссучу Ахьмад-Хьаьже, сайн аьрру куьг а ойбуш, мохь туьйхира ас. Леррина соьга схьахьаьжна,
охьа а таь1на, цо сайга аьлла дешнаш дагахь лаьтта суна: «Сайд-Эмин (ишта олура цо соьх), хьо вуйла-м хаьара суна, амма хьан пхьарс боций ца хаьара. Хьайн аьтто хилахь, суна т1е кхачалахь». Ца хилира сан Ахьмад-Хьаьжина т1екхочийла. 2004-чу шеран 9-чу майхь г1азотехь д1акхелхира Ахьмад-Хьаьжа. Цу шеран 21-чу июнехь сан воккхахволу к1ант Адам д1акхелхира (выездехь, при исполнении). Аллах1а безаш т1еэцначарех бойла уьш. Абубакар-Сидикъ ц1е йолу биъ бутт кхаьчна к1ант вара цуьнан. Х1етахь дуьйна АбубакарСидикъ соьца ву. Х1инца 16-г1а шо ду цуьнан, 8-чу классехь доьшуш ву иза. Х1ара кехат яздаран бахьана доцца дийца лаьа суна. Азаллехь яздинчух цхьа а вер вац. Сибрехара сайн деца-ненаца тхо ц1а дог1уш, пхи шо дара сан. Халонаш дукха яра. Дерриге дийцина вер а вац. Вайна ма-хаъара, цул т1аьхьа луьра, къиза ши т1ом беара вайн махка. Керта зулам ца дог1уш цхьа а ца висна: кертара стаг венза, лазонза, х1усам йохонза. Сан керта и берриге баланаш, сингаттамаш хьаьвзира. Воккхахволу к1ант (22 шо бен доцу) 1едалан болх беш д1акхелхира, мехкан мостаг1ашна дуьхьал т1ом беш. Сан аьтту пхьарс баьккхира. Кхеттачу йоккхачу тоьпан х1оьо ц1енош дохийра сан. Цул т1аьхьа Гуьмсе охьадаьхкина, шарахь сов квартирехь 1ийра тхо. Суна 1едало пенси х1оттийна. Лаьттан дакъа а эцна, гергарчара г1о а деш, цу т1ехь х1усам йира оха. Халахеташ делахь а, халонаш тахана а, нахана санна, т1е1иттало суна. Декхар ву хьо, аьлла, цкъа-шозза токан серий д1ахедийра тхан. Сайн мел долу тешаллаш: потеря кормильца, заь1апхочун кехат, Сибрехахь вина хилар (льготни кехат) д1агайтича, вайн республикехь льготаш лелаш яц, элира соьга. Кхид1а йолу халонаш йийцина вер вац. Тхан доьзалехь итт адам ду. Х1усамаш йина яха дагахь шиъ кредит эцна, иза такха г1ерташ, тхайн мел болу ницкъ вовшахбетта оха. Оцу бахьанаша гулдинера «декхар». Сингаттамаша, баланаша хьовзийча, ойланаша д1авуьгу т1еман хене. Вайн халкъаца цхьаьна айса лайнарг дуьхьалх1оьттича, синтем хуьлу: «Т1ом д1а а баьлла, машаре дахар деана вайн махка. Кхуьуш, хазлуш ю Нохчийчоь. Дала мукъалахь, дахар таханчул дика хир ду кхана. Шайггара харцонаш лелораш 1едало совцор бу».

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

51