Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

24.05.2019 16:41 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 37-38 от 23.05.2019 г.

Нохчийн нана,Нохчийн мотт а - ц1ийнан баьрччехь

Автор: ТИМИРГИРИЕВ Ахьмад

Нохчийн Нана!.. Х1окху маьлхан дуьненан цхьа дакъа. Къинхетаман х1орд. Доьналлин г1ап. Г1иллакх-оьздангаллин б1ов. Безаман г1ала. Синъоьздангаллин г1арол. Къинхьегаман къано. Ткъалг1ачу б1ешеран чомах, басах ца телхаш, схьабеана мерза стом. Иштта долу дустарш шех ала хьакъ а долуш ехаш ю нохчийн цхьана юьртахь, бертахьчу боккхачу доьзалехь нохчийн Нана. Иза барх1 беран нана ю. Ша дуьненчохь даьккхинчу дезткъе ялх шарахь дезткъе исс беран беро Нана аьлла цунах. Шен къинхетам санна аьхна болу, шен сица бехаш болу шен мотт а бовзийтина цо царна массарна. Дуьххьара мотт 1емаш, нохчийн маттахь ненан ц1е а йоккхуш, диссина цуьнан бераш аганара а. Ненан озаца девзина царна х1ара дуьне. Цуьнга болчу безамо кхи
ийна цуьнан берийн синк1оргенехь матте, къоме, Даймахке а болу безам. Лаьмнашкахь лаьттачу ножан санна, онда хилла-кх цуьнан дахаран ницкъ. Ма доккха ирс ду дахаро цуьнга кховдийнарг! Ма боккха Делан къинхетам бу цунах хьерчаш! Д1аяханчу хенан, лайначу халонийн хьесап дича, иэс, б1аьрса, лерса сема долуш, лазаро ца хьийзош, яхуьйту иза къинхетаме Волчо. Уггаре коьртаниг: ийманехь, нохчийн къоман 1адато ма-бохху шен доьзал хьалакхио ницкъ белла Цо цунна, аьтто бина царах х1ора а шайн дахаран новкъахь д1анисван а. Уьш бахьанехь юьхь1аьржа а ца х1оьттина иза цкъа а. И цо Деле массо а х1уманал ч1ог1а дехнарг, доьхуш дерг а ду, — юьхь1аьржонах, Дела реза воцчух ша а, шен доьзалш ларбар. Кхин цхьа ирс хилира цуьнан дахарехь: шен дахаран некъ цо буьйзира дикачу ц1ийнах волуш, ламаз, марха долуш, хьанал-хьарам дерг къастош, къинхьегамна т1ера волчу шен юьртахочун некъах. Езаш, сий-ларам беш т1еийцира иза керлачу доьзалехь. Шен дел а, ненал а башха ца хеташ, сий -пусар дора цо шен марден а, марненан а. И шиъ цхьаьнакхеттачул т1аьхьа 1арбийн йоза-дешар 1амийна, махкахь а вевзаш 1еламстаг хилира цуьнан ц1ийнадех. Шен оьздачу х1усамдена тешаме накъост хилира цунах. Атта дацара советан 1едал ч1аг1деллачу заманахь, шар1о ма-бохху юьртан дика-вуон д1адерзош хьалхаваьллачу стеган х1усамнана хила а, доьзалан хьашташ, ц1ийнан дукъ а шен эг1азчу белшаш т1е а лаьцна д1ах1отта. Елаелла-екхаелла, хазахетарца т1еоьцура Зураа шайн х1усамехь дуккха хьеший. Сих-сиха мовладаш доьшуьйтуш, оршот-еара ларъеш, мархийн баттахь терхьаш деш, цхьа ша-тайпана Делан ц1а хилла д1ах1оьттира церан кхерч. Беркате яра цу кхерчан йовхо. Церан х1усамехь сих-сиха гуллора махкахь а бевзаш болу 1еламнах: Хосинюьртара 1абдул-Хьамид, Рег1а- т1ера Тимирсолта, Майртуьпара Абубакар, Джуг1уртара Абубакар, Гуьмсера вежарий Борхаджиевг1ар – Джамалайла, Ахьмад, 1абдул-Вах1аб, иштта д1а кхин. Церан х1усамехь цара дукха хьехабора вайн ненан маттахь халкъана Аллах1ан бакъдин, Элчанан (1.с.в.) хьадисаш а довзуьйтуш, ийманан нийса некъ хьехна болу эвлаяаш. Оцу лерамечу нахана хьошалла дан а, цаь
ргахь долчу 1илманах ирс эца аьтто хилира цуьнан. Цара ч1ог1а сатуьйсура х1окху беркате еанчу замане, динан парг1атоне. Х1ара зама йог1ур юй хаьара, дийца а дуьйцура цара: «Чета биллина хьокхам шелбалале Хьажц1а кхочур ву», — бохуш. Кху заманахь баха ирс ца хилира церан. Дукха ца хьистира Зураъ а кхолламо. Шен доьзалх, ц1ийнах а йоккхаеш, д1атаръеллачу хенахь, дог дуьйхира Зураан – 1ожалло д1аваьхьира ц1ийнада Сайдахьмад. И бохам Зурааг1еран доьзале беана ца 1ийра, — «юьртан аг1о д1абели вайн», — бохура дог доьхначу церан юьртахоша, иштта и мел вевзинчара а. И бохам лан доккха собар, доьналла карийра шегахь нохчийн оьздачу х1усамнанна. Жима йолуш дуьйна 1еминера иза баланаш, эшамаш лан. Бералла а ца хиллера цуьнан цхьа а да хьоьгур волуш. Шен ненан марзо, цуьнан деган йовхо, ненан куьйгийн аьхналла муха хуьлу а ца хиънера цунна. Амма цунна шерра дагадог1ура, шен нана барам т1е а йиллина, кешнашка д1айига кечъеш, ша цхьана жимачу коран б1аьргехула цуьнга хьежар а, шена т1ееанчу цхьана шайн гергарчу зудчо, кара хьовлин мижарг а белла, цигара ша д1айигар а. Шен дас ч1ог1а хьоме лелош, кхин цхьа а новкъарло а йоцуш, хьалакхиийра иза. Шен йишин, вешин марзо эца а ца кхиира иза. Хеназа хедийра 1ожалло церан уьйраш. Цунна цкъа а дагара ца долу шен ваша Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1аме вахар а, доьза вар а. Цуьнан б1аьргашна хьалхара ца долу шен вешин сирла амат, цо буй буьззина шекаран б1елигаш а делла: «Са ма гат
делахь, со хьуна дуккха хаза х1уманаш йохьуш, ц1а вог1ур ву», -аьлла, иза д1авахар а. Иштта, мел зама яларх а, диц ца ло цунна, и ц1а ван хьевелча цуьнан жима нускал шайгара д1адахар а. Йиша-м х1инца а ю шен вешина йоьлхуш. Цуьнан даго т1е ца дуьту шен ваша дийна вац бохург. Цуьнан дахаран зама шен хьоме ваша ц1а варе хьоьжуш, цуьнга сатуьйсуш, йоьдуш яра. Маржа йиша, ма йистйоцуш бу-кх хьан вешега болу безам! Дуьненахь а, эхартахь. Эхартахь а хир ю, боху, йиша шен вешин къинойн мохь шега схьаэца г1ерташ. Шен вешин къина йоьлхуш, шена бисина дагахьбалламаш а, дегайовхонаш а, сатийсамаш а шен ненан маттахь х1окху мукъамца ялхайора цо: «Германа т1ом болабелча, яккхийн тоьпийн тата хезча, Д1а ма яхара декъарлойн йо1, хьо дуьненчохь хир вац аьлла, Хьо 1уьйрено валавойла, хьо суьйрено валавойла, Хьоь сатуьйсучу йишин дуьхьа, Везчу Дала валавойла». Амма и мукъам а сецира цхьана ханна. Кегий доьзалш а буьсуш, хеназа дахарх хедаш, Делан кхиэле йирзира цуьнан ялх йо1ах йоьалг1аниг. Цунна йилхина ялале, олуш ма-хиллара, цо шена т1аьхьа д1авигира шен исс шо долу к1ант. Хьалхарчул а 1овжаме елира цунна и чов. Бухадисинчу берех къахета, д1акхелхинчу шинна сагатдан а ца тоьара г1ора. Шен диканах дог ца дуьллуш ехачу нанна Аллах1Дала юха а шен ийманехь собар делира. Говзачу лоьро санна дарба деш, ша-шеца масла1ате къамел деш, шен
долу са, сагатдар, х1ора йог1учу 1уьйренца и ларвар д1ататтийтира цуьнга оцу бохамо. — Нана яларг, нанас винчух херйи-кх ахь ша,- бохуш, г1араяла ца туьгуш, ша йисинчохь г1ийла узам бора цо. Шегахь болчу балина, иэхь хеташ санна, цо кест-кеста олура: «Хьажахьа, шен дег1а вахана доьзалхо кхалхар — иза дел, ненал, йиша-вешел хала хуьлу бохург х1ара хилла-кх»,- олий. Цуьнга кадам бан мел веанчо цуьнга олура: «Ма дика, оьзда йо1 кхиийна хиллера ахь». Цо 1амийна г1иллакх, гайтина некъ бара йо1а д1акхехьнарг. Ткъа цхьана стага, цуьнан логе х1оьттина шад бостуш, дийцира цуьнан йо1а, ша ехаш 1ачу юьртахь, массарах а лачкъийна къайлаха деш хиллачу цхьана дикачу, Делера ял хуьлучу г1уллакхах. Шайн куьпар
чу маьждиг чохь а, кертахь а ц1ано латтош, х1ора аьхка цу чуьра ламазана тийсина кузаш дуьттуш а хиллера цо. Оцу хаамо мелла а хьаам беш, т1егулйира цо шен йоьхна, яьржина ойланаш. Т1аккха, цо ша-шега бехк баьккхира: «Къона къанъяллац яьхча, шен ницкъ ца кхаьчнарг ду-кха и»,- аьлла. Кхин г1атта ницкъ кхочур буй-те аьлла хеттачу хенахь, ша комаьрша 1ено б1аьрхиш а совцийна, нигат дина, х1оьттира и: Делера ял, адамашкара баркалла а хиндолчу новкъа. Хьаьжин хьурматна, шен мардешичас Несас доладеш лелийна хиларна, цо дина хаза г1уллакхаш диц ца далийта, церан з1е ца хадийта, ц1еначу даггара, шен дахаран къилба а дина, т1елаьцнера цо шайн лулахь долчу Кунта-Хьаьжин зияратан керта нуй хьакхар, ламаз эца, мала хи х1оттор. Х1ай нохчийн нана! Хьо 1ехо а, хьан самукъадаккха а кхин х1умма дуй-те кху дуьненчохь? Х1ай нохчийн сийлахь нана! Таханлерчу заманахь яххал ирс хили-кх цуьнан. Т1амо йохийна г1аланаш, ярташ юхаметтах1иттош, маьждигаш деш, хьуьжарш схьайоьллуш, зиярташ ц1индеш, нах Хьажц1а бохуьйтуш, г1ийла-мискачийн терго еш, шен дас д1аболийначу некъа т1ехь къахьоьгуш, цуьнан весеташ кхочушдеш схьавог1учу вайн Мехкан ден Кадыров Рамзанан беркат а кхечира цуьнга. Иштта йистйоцуш шорта бу-кх Делан къинхетам. Даймехкан курачу лаьмнех схьа1ийдало шовда санна ц1ена, кхин д1а а яха дегайовхо кхуллуш, синпарг1ато луш, хаза кхаъ кхечира цуьнга, иза вайн мехкан нанас Айманис Хьаьжц1а йохуьйтуш ю аьлла. Вайн д1абаханчу дайша сатийсина къайле яра керлачу замано яьстинарг. Цунна шен цкъа а ницкъ кхочур бац моьттинарг а дара иза… «Цигахь яллал ирс хир дацара- те», — бохуш, дукха сиха кечам бира цо новкъаяла. Шен йоккхалле хьаьжна доцуш, Дала аьтто бира Ша язйинчу меттигашкахула чекхъяла. Дела дукхавезаран шовкъехь хьастаелла, доггаха Далла 1амал – 1ибадат дира цо цигахь. Бакъду, ша цхьажимма а сиркхоно лаьцча, нана елла дисина шен йоь1ан бераш ца гуш , — «яла йоллу- те ша»,- бохуш, шен Даймахке са-м тесира цо. Цу хенахь кхийтира иза, шен къоме, махке болу безам, мел боккха а, маь1не а бу. Иза г1оза-маьрша ц1а а йирзира шен Даймахка.Цул т1аьхьа, охьакхетта лазийча, цо шен дахарехь къилба дина т1елаьцна г1уллакх а юкъахдисира цуьнан. Зияртехь санна адам лаьтта цуьнан х1усамехь. Шайн дика-вуон цуьнца декъа бог1у уьш. 1еламстагаца яьхна хиларе терра, цуьнгахь карадо царна шайн дуккха а долчу хаттаршна жоьпаш. Шен къамелехь сих а ца луш, к1едамерза, ладуг1ург кхетош, дахарехь зиэделлачух говза дуьйцу цо. Дала шен комаьршаллица доккха совг1ат дина цунна, 1ер-яхар зияртна юххехь а дина. Цига бог1учех дукхахберш и йолчу бог1у, цуьнгара хьалде хаа, ирс эца. Иштта нисделира НРн Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан и йолчу вар а. Бераллехь ша дукха ихначу, левзинчу керташка б1аьрг тухуш, хилларш-лелларш дуьйцуш, беркате къамел дира цара. Зураан ирс хилира зияртехь Хьаьжин т1аьхьенах волу Сайпудди ган а. Совг1атна ша Маккара Хьаьжц1а чуьра деана суьлхьанаш делира Сайпуддис цунна. Ткъа шех лаьцна дуьйцучу хенахь, — «ша декъаза стаг хилла»,- олу цо,- массарал а т1аьхьайисарна. Цунна-м, жиманиг велла аьлла хезча, иэхь хета и шен метта велча санна. Шен суьлхьанаш кара а оьций, веллачунна мел бала сихло и. «Кешнашка д1авигале хьалха д1ахьажийна совг1ат деза ду», — олу цо. Эрна ца йохуьйту цо ша меттахь йоккху хан а. Х1ай нохчийн къинхетаме Нана! И х1ора ламазехь тхо Деле до1анца доьхуш ю. Деле цо доьху массо бусалба стаг ийманехь нисвар, дуьненан паччахьийн бартбар, вовшашца къинхетаме хилар. Иштта, саг1амел ло цо Малхбалений, Малхбузений юккъехь и бала стаг воцуш, кху дуьненчуьра д1а мел кхелхинчу синошна. «Нана д1аяьлча д1аболу дуьненара къинхетаме б1аьрг», — олу. Цу къинхетамах хаьдда ма дуьсийла тхо. Иштта Нана ю-кх Иласхан-юртахь ехаш. Сан ненанана ю шех масал эца хьакъ долуш, кху дуьненчохь ехаш. Тхоьга, шен берийн берашка цо олу: «Сихлолаш диканиг дан, аш дина дика шун ц1арца дехар ду шуна». И санна болу наной мел беха бехар бу вайн нохчийн мотт а. Шайн нанойн хьехарш лоьруш доьзалш мел бу, ненан шен берашна сагатдеш, детталуш дог мел ду,нохчийн нанас шен комаьрша х1оттийначу шуьнехь хьеший т1е мел оьцу, цуьнгахь доьналла, яхь, собар мел ду, шен бераш ийманехь нисдар доьхуш, цо до1анаш мел до бехар бу вайн ненан мотт. Аьхна, масла1ате нохчийн мотт. Цо кхиийначу къонахийн кийрахь яхь йолу дог мел деттало, цуьнан к1енташкахь цуьнга лерам мел лаьтта Нохчийн Ненан, Ненан Меттан меттиг нохчочун доьзалан ц1ийнан баьрччехь хир ю.
Дала яхйойла хьан оьмар, Сийлахь Нохчийн Нана, Сийлахь Нохчийн Мотт! Хьан даим сий хир ду, хьомсара Нохчийн Нана! Хьо даим буьйцур бу, сийлахь Нохчийн Мотт! Сайн ненаненах айса яздина х1ара дийцар д1адерзо лаьа суна, ц1еначу даггара нигат а деш: «Баба, ахь дина хьанал, ц1ена г1уллакхаш дебо, хьан масла1атечу нохчийн матто латтийна доьзалера йовхо ларъян, диканиг, хазаниг даржо ч1аг1о йо ас». 

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

702