Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.01.2020 12:08 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-4 от 09.01.2020 г.

Даймехкан 1аламо дог хьаьстина поэт

Автор: Сумбулатов Дени

(Юьхь еша 101-102 номерехь)
* * *
Буьйса хаза. Буьйса тийна.
Седа боду стиглахь раз.
Хьо со воцуш муха 1ийна,
Ши б1аьрг 1аьржа сан Кавказ?
Буьйса хаза. Буьйса тийна.
Седа боду стиглахь раз.
Вайшиъ цхьаьна к1езиг 1ийна,
К1езиг 1ийна, сан Кавказ!
Саь1идан кхоллараллехь к1езиг яц
адамийн уьйр-марзонах, безамах йоллу стихаш. Уьш чулацам боккха болуш,
екар хаза долуш, маь1на к1орга, доккха долуш ю. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин, эхь-бехкан гураш лардина ца 1аш, аттачу, кхетачу, хазачу нохчийн маттахь язйина ю: «Безам, безам, хьо стен хьекъий?», «Безам! – бохуш, техка бецаш…», «Дашо лаьмнаш х1иттор дара», «Хьох тийшира…», «Мехкарий», «Вайшиннан безам а д1а йисте кхечи…», «И
цхьа суьйре», «Эх1, хьо буьйса!», «Х1ай йо1, делхьа, собарде…», «Мичахь кхиъна, мичахь лелла…», «Вайша лулахь дехира…», «Б1аьргийн сийна ц1е», «Со шун марзо эцна вели-теша?»… Саь1идан масех поэма а, цхьана темина язйина стихийн циклаш а ю. Ша г1еметтах1оьттича, дахарехь дуккха а
некъаш гездича, ша дуьненахь яьккхинчу хенан жам1аш дан волавелча, философски ойланаш мелла а алсамйовлу, к1аргло поэтан. Синхаамашца литтина ца 1аш, шен кхетамца, хьекъалца луьтту поэто дахаро шега схьакхийдийнарг, гинарг, лайнарг. Х1инццалц ша хала лайнарг, Делан диканах дог а ца дуьллуш, ма-дарра т1елоьцу цуьнан лирически турпалхочо. Цундела лов цо т1ех1оьттинарг. Бакъду, стихаш йоьшучеран синош карзах ца дохуш-м ца 1а уьш. Вай лакхахь ма-аллара, к1езиг яц поэтан кхоллараллехь философски ойланаш йолу стихаш. Царалахь шайна т1ехь тидам, ойла сацош ю: «Хала ду дуьненахь ваха…», «Малх схьакхеташ, и д1абузуш дуьне ду», «Некъаш, некъаш, сирла некъаш…», «Маьлхе,
хаза, екхна стигал», «Зезагийн сагатло», «Даге», «И цхьа суьйре», «Эхь, хьо
буьйса!», «Суьйре, суьйре, хьо стенна елхий?», «Хьо д1аваха».
Дахарехь дуьххьара шайн ц1ийнан ц1енкъахь, когбаккха 1емаш, беро бинчу, цул т1аьхьа дуккхазза гездинчу а, дика-вонаш шена т1ехула д1асаихначу
а, адамо т1аьххьара бинчу, бан леринчу а некъах й ина ойланаш шайна чохь йолу говзарш ю нохчийн поэтийн: М.Мамакаевн, Ш.Рашидовн,
С.Юсуповн, Л.Абдулаевн, 1-Хь.Хатуевн, Ш.Цуруевн… К1езиг яц оцу темина
язйина стихаш С.Гацаевн а. Нохчийн иллиалархочун Магомедов Султанан
безамна ша язйина стихотворени иштта д1айолало Саь1ида:
Некъаш девдда ду,
Со д1авоьхуш ду,
Хаза ойланаш
Дагна хьоьхуш ду.
Эх1, шу, акхтаргаш,
Некъан накъостий!
Хьала малха т1е
Ирахъихна гаш.
Ткъа ерзайо сингаттамах, г1айг1анах
дуьзначу х1окху мог1анашца:
Некъаш девдда ду,
Со д1авоьхуш ду,
Хаза ойланаш
Дагна хьоьхуш ду.
Хьаьвдда, девдда уьш
Гена къайлазе,
Кхана совцур ду
Кхаьчна шайн зиле.
Дуьненахь йоккху хан яхъелча, хезарг, дагна 1ийжамениг, г1айг1анца, сингаттамца лан дезарг гулло. Сингаттам, г1айг1а цхьана адаман а, доьзалан а хуьлу. Сингаттам, г1айг1а дийнна мехкан а, дийнна халкъан а хуьлу. Нохчийн халкъан а, дийнна мехкан а сингаттам, г1айг1а, бала, 1ийжаме чов ю Дади-юрт (и санна йохийна, ягийна кхийолу иттаннаш ярташ а), ХIХ-чу б1ешарахь халкъан доккха дакъа Туркойн махка, Иордане дахийтар, ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь х1аллакбинарш, 1944-чу шарахь халкъ
махках даккхар, Хьайбахахь багийнарш,
вайна гиначу, вай ланчу шина т1амо ягийна, йохийна Нохчийчоь, дайина, доьза дайна, заь1апдина эзарнаш адамаш, к1ур байна ков-керташ…
Оцу чевнаша делхадо поэтан дог, и чевнаш ялхайо поэто шен стихашкахь. Хьайбахана, халкъ махках даккхарна лерина язйина стихаш дукха ю
Саь1идан. Нохчийн халкъан иллийн, назманийн хот1ехь, мукъамехь язйина
хиларна, уьш дагах кхеташ ю, хилларг, лелларг а карладоккхуш: Нохчийчоь!.. Хьан къинна Хьайбанаш 1оьхуш ду, Нохчийчоь!
Нохчийчоь! Хьан къинна
Акхарой а уг1уш ю, Нохчийчоь!
Нохчийчоь! Тахана шех
Хиндерг х1ун ду ца
Хууш, хьан г1ийла халкъ
Махкаха доккхуш.
Адамехь дуьйна,
Хан-зама мел ю,
Делха ч1икъ баккхаза
Х1ара жил1алам мел къаьхьа
Тийжаш ду, Нохчийчоь!
Тахана хьан г1ийла
Халкъ махкаха доккхуш,
Мел къаьхьа тийжаш
Ду х1ара дуьне, Нохчийчоь!
* * *
Делхалаш, х1ай лаьмнаш, делхалаш
Делхалаш, делхалаш, делхалаш!
Хьайбахахь баьгнарш
Дага мел баьхки,
Делхалаш, х1ай лаьмнаш, делхалаш, Мохь алий, мохь тоххий делхалаш!
Нохчийн поэтан Сулейманов Ахьмадан зорбанехь араевла стихаш а ешна,
цуьнан накъосто-поэто, забар еш критика йина хиллера: «Ахьмад, хьо даим
воьлхуш ма ву хьайн стихашкахь?», — аьлла. Оцу «критикана» Ахьмада шен
«Доттаг1аша боху соьга» стихотвореница делла жоп массо а поэтийн ц1арах
делла жоп лара мегар ду:
Доттаг1аша соьга боху:
«Хьо даим воьлхуш ву.
Кхача ца ло хьан духдуьйлу
Сирла б1аьрхиш? И Х1ун ду?»
Х1ун ду т1аккха? Лаьттан дег1ах
Х1инцаъ яккхий чевнаш ю.
Ас цу чевнийн даь1наш лайна,
Сайн б1аьрхишца юьлуш ву.
Бакъболу поэташ шайн синошна, дегнашна синтем, там хилчхьана, кхидолчуьнца бала а боцуш, парг1атбовлий, шайна ирсан г1айре а карайой, ца 1а. Бакъболчу поэтийн массарчул а хьалха карзахдолу дог, харцо, къизалла, тешнабехк, ямартло хааелча. Цуьнан дош, синан мукъам а уггар хьалха орцахболу емалвинчуьн, к1елвитинчуьн, г1орасизвинчуьн, дагна йинчу чевнашна шен говза, хаза аьллачу дашца дарба
а деш. Дахарехь дуккха а ирчаниг, вониг, къизаниг доллушехь, хазаниг, ц1енаниг, адамийн дог-б1аьрг хьостудерг лоьхучу а, карочу а поэтех вара Саь1ид. Ша ишттачарах хилар поэто шен б1еннаш стихашца ч1аг1дира. Саь1ид поэт хилла ца 1ара, цо пьесаш а язйора. Саь1идан
«Балеваьлла нуц», «Пелхьонаш» — комедеш нохчийн къоман театран сцени
т1ехь кхиамца х1иттийра. Доттаг1ашна, доттаг1ашка а олу хаза, хастаме дош
шен деган йовхонца а, комаьрша а дара цуьнан. Царах цхьаъ вара, и дийна волуш, Саь1ида х1окху дешнашца дог хьаьстина нохчийн ц1еяххана вевзашволу поэт, цуьнан доттаг1 Дикаев Мохьмад:
Стеган мах – халкъана вацар,
Стеган мах – халкъана эшар,
Стеган мах – халкъана везар,
Стеган мах – и хаза эшарш.
Цо яьхна, цо лекхна
Халкъана эшарш –
Ирс ду и,
Стаг т1аккха эрна ца лелла!
Мохьмад 1979-чу шарахь д1акхелхича,
ша цунна лерина язйинчу стихотворенехь боху Саь1ида:
Деа суна ч1ог1а новкъа:
Лелла ели шийла кхиэл.
Хьо д1аваха гена новкъа,
Хьо д1аваха Бердак1ел.
Йити уьйраш, марзош йити,
Иллех, эшарх хервели…
1941-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь
дуьненчу ваьллачу, бералла Сибрехахь д1аяханчу, 1979-чу шарахь
д1акхелхинчу Дикаев Мохьмадан дай Бердак1елара бара. Гацаев Саь1ид д1акхелхира 2012-чу шеран декабрь беттан 12-чу дийнахь, поэзин маттахь аьлла, язйина дуккха а стихаш, балладаш, легендаш, назманаш, иллеш, эшарш вайна а йитина. Шовзткъе пхи шо хьалха Ищерски
станицин аренашкахь кемсаш а лахьийна, диттан 1индаг1ехь садо1уш 1ачу
тхуна, вуьрх1итта-берх1итта шераш бен доцчу, дика ца евзара Саь1идан
а, Мохьмадан а кхоллараллаш (масех книгийн авторш болчу!), цундела поэзех долу къамел деха ца дира оха. Школан программехь, леррина т1е тидам а бахийтина, церан кхолларалла 1амош цахилар дара цуьнан бахьана. Бакъду, церан иллешка, эшаршка ла-м дег1нера (уьш церан ю-яц а ца хууш) кегий долуш дуьйна. Саь1ид д1акхелхина ши шо даьлча, 2014-чу шарахь, Соьлжа-Г1алахь араяьккхина «Со-м хьан варий, Нохчийчоь…» ц1е йолу книга. Оцу книгина юкъаяхийтина йиъ б1е шовзткъе барх1 говзар ешча,
мелла а уллера вевзар вара, езалур
яра къоначарна:
Со-м 1уьйрене
Мерза хьоьжий,
Со-м малхана
Мерза къежий,
Эх1, хьо латта!
Эх1, хьо латта!
Дац хьоьх валар
Т1аккха атта, -
аьлла, вайна юкъара д1авахана Гацаев Саь1ид а, цуьнан поэзи а.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

67