Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.01.2020 12:15 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-4 от 09.01.2020 г.

"Гуьмсе а, Гумсхой а"

Журналист, прозаик, поэт, гочдархо волчу Борхаджиев Хожбаудин цIе дика
евзаш ю вайн махкахь. Ткъа шо сов хан ю НР-н хьакъволу журналист, культурин белхало волу Хожбауди «Гумс» газетан коьрта редактор волу.
Бакъду, деккъа цхьана журналистикин гурашкахь чекхйовлуш яц цуьнан
лаккхарчу тIегIанехь долу пох1ма, корматаллин таронаш а. Нохчийн Республикин корматаллин иллиалархоша дIаолуш бIе гергга илли ду Борхаджиев Хожбаудин дешнаш тIехь даьккхина. Масех книга ю, иза автор волуш, араяьлла: «На линии фронта», «На виражах времени», «В дыму надежд». Вайн республикерчу къоначу прозаикийн, поэтийн «Возвращение», «Лирика–90», «Грозный» гуларшкахь зорбане
йийлина цуьнан говзарш. Нохчийчохь дика вевзачу журналистаца Сумбулатов Деница цхьаьна арахецна цо «Культура Чечни. Испытание
временем» книга. Кхин цхьа хIума дара суна билгалдаккха лууш: Борхаджиев Хожбаудин дукхахдолу иллеш, эшарш нохчийн маттахь язйина елахь а, прозехь къахьегар оьрсийн маттахь ду цуьнан. Шина а маттахь цхьабосса дика язйо цо, нохчийн а, оьрсийн а меттанаш дика хууш хиларна. Дуккха а исбаьхьаллин литература ешна а, йоьшуш а Хожбауди хиларан тоьшалла ду иза. ХIокху деношкахь кхин цхьа книга а араяьлла Борхаджиев Хожбаудин – «Гудермес и гудермесцы».
Гуьмсе гIалин кхаа бIешере кхочуш йолчу историх рогIера книга ю и. Цу книгехь цо дуьйцу Гуьмсерчу ширачу маьждигах, хьуьжарх, больницех, школех, хьуьнаречу, говзачу, дикачу, оьздачу адамех. Иштта шен рогIерчу говзарехь авторо дуьйцу Гуьмсе дуьххьара цIерпоштнекъ билларх а, цига цIерпошт кхачарх а. Хожбаудис диц ца дина, Даймахкана тIе бохам беача, герз карахь немцойн фашисташна дуьхьалдевлла турпала
адамаш а. Иштта, шен говзарехь дуьйцу ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн республикехь хиллачу буьрсачу тIамехь шайн синош ца кхоийначу яхь йолчу кIентех а, мехкарех а. Ерриге а ткъе итт очерк ю гуларехь. Уьш дикачу, говзачу маттахь, шен турпалхошка болчу боккхачу безамца, дийцаре диллинарг довзарца язйина ю. Мехала книга ю яздархочо арахецнарг. Гуьмсахошна мерза кхаъ, совг1ат хилла ца 1аш, Iилманчашна, хьехархошна, журналисташна пайдениг карор ду цуьнан агIонаш тIехь.
Иттех шарахь къахьегна авторо цу тIехь, материал гулъеш, цундела иза
чулацаме ю. Тираж цхьа эзар экземпляр ю. Къеггинчу басаршца, дикачу
кехат т1ехь, книга зорбане яьккхина ХIинж-гIаларчу (Махачкала) «Лотос»
цIе йолу издательствехь. Иза арахоьцуш гIо-накъосталла дина
Гуьмсен кIоштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров Iусмана, вежарша
Ахьмада, Заурбека СаидовгIара. Хьаналчу къинхьегамо а, деган комаьршалло а дерриге а дуьне серладоккху. Оцу беркатечу серлонан зIаьнар ю Борхаджиев Хожбаудин «Гудермес и гудермесцы» книга.
Дала тIаьхье беркате йойла!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

21