Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.01.2020 12:19 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-4 от 09.01.2020 г.

Кхоллараллин суьйре

Автор: Нуржан АРЗУЕВА
Хьехархо

Кхолламаш, йистйоцчу есаллех терра,шорто йолуш хуьлу. Х1оранна
а елла Дала шена-шена оьмар, амал, амат, корматталла. Делла рицкъа, белла дуьнене, 1аламе хьежамаш, кхетам а. Вайна го, вай лов: бакъ-харц, дикавон а. Х1ора а яздархо шен корматаллица, пох1маллица къаьсташ ву. Ткъа церан корматаллин дика-вон аг1онаш хьесапе а оьцуш, царах пайдаоьцуш, къона т1аьхье кхетош-кхиош схьабог1у вайн 1илманчаш…
Цундела ларамза дацара МС.Гадаевн 110 шо кхачарна лерина
массо а к1оштийн школашкахь, культуран кхерчашкахь кхоллараллин суьйренаш, къовсамаш д1абахьар. Нажин-Юьртан к1оштан Оьздангаллин кхерчахь д1аберзийра къовсам. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира НРн Іилманийн Академин вице-президенто М.Дадашевс, поэташа Ш.Рашидовс,
Ш.Цуруевс и.д1а.кх. М.Дадашевс дийцира Гадаев Мохьмад-Салахьан дахарх
а, Іилманехь цо бинчу талламех а. «М-С.Гадаев нохчийн тоьллачу яздархойх цхьаъ ву. Иштта цо талламаш бина Іилманехь а. Бакъду, цу тІехь иза
лаккхарчу кхиамашка ца кхаьчнехь а, нохчийн исбаьхьаллин литературехь
цкъа а йоврйоцу лар йитина цо. «Даймахке сатийсар», «ЦІен-Берд», «Дарта», «Гуьйренан зезаг» — М.С.Гадаевн стихотворенеш нохчийн поэзин жовхІарш хилла йисна тІаьхьенна. Ткъа «Йисите» цІе ерг нохчийн маттахь безамах язйинчарна юкъахь хьалхара ларалуш ю. Мах хадийна а вер вац поэто вайна шел тІаьхьа йитинчу поэзин хазнин», – аьлла, дерзийра М.Дадашевс шен къамел. Литературин критико Бурчаев Хьаьлима дийцира Гадаев Мохьмад-Салахьан ши киншка зорбанна кечъеш НР
Іилманийн Академин белхахоша бинчу балхах. «Рашидов Шаида, Цуруев Шарипа, ас а дукха къахьийгира материалаш гулъеш, уьш зорбанна кечъеш а. И болх хала бара, делахь а Гадаевн кхолларалло цхьа шатайпана бечу тІеІаткъамо къахьега догдоуьйтура тхан. Цунах лаьцна карийначу цхьана могІанах а боккха кхаъ хуьлура тхуна. Къаьсттина баркалла ала лаьа, и гІуллакх хаарца вовшах а тоьхна, даима шен тергонехь а латтош, тхоьца цхьаьна къазьегначу М.Дадашевна», – элира Хьаьлима. Кхоллараллин суьйре хазйира Нажин-Юьртан к1оштара Сетиханов Салади куьйгалхо волчу №3-чу школерчу дешархоша: Абдулханова Хьавас, Тикиева Лианас, Матрашова Раянас, Матрашова Каринас, Кереева Хедас, Дужиева Фаридас, Сабдулаев Мохьмада, Кайпиев Дамира, Исраилова Амината. Цу къовсамехь тоьллачех цхьаъ яра Д.Б.Абдурахмановн ц1арах йолчу колледжера 9-чу «Б» классан дешархо Нагалиева Товрат. Гадаевн Мохьмад-Салахьан дешнаш
тІехь даьхна иллеш а олуш, лаккхарчу вовшахтохаран т1ег1анехь дІадаьхьира и цхьаьнакхетар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

10