Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.11.2020 20:00 Четверг
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 50-51 от 26.11.2020 г.

"Хаза амат даим даг чохь къуьйлуш..." ваьхначу поэтан дош

Автор: Дени Сумбулатов
НР-н хьакъволу журналист

Поэтан дош а, са а ницкъ болуш ду, нагахь цунна шен деган деттадаларца цхьаьна ладугIучийн синошка, дегнашка а йиш, эшар, илли алийталахь:
Хестадеш бай кхолу зезаг,
Стиглане айбина безам,
Малхаца базбина тешам,
Сан доттагI, алахьа илли.
Ницкъ бу поэтан дашехь, мукъамехь,
нагахь ладугIучаьрга шена тIаьхьа гIигI,
узам, мукъам байталахь:
Курачу, лекхачу лаьмнех,
Барт болуш дехачу къаьмнехь,
Шовданех, исбаьхьчу хьаннех,
Сан доттагI, алахьа илли.
Делахь-хIета, «седарчех, сирлачу баттах», «малхаца дагавуьйлуш»,
Дуьххьара тIулгийн бIов йоьгIна,
Пондаран озе ладоьгIна,
МостагIех леташ ца воьхна,
вехачух, иллеш дохуш, ваьхнарг вукх Гуьмсен к1оштарчу Энгель-Эвлахь 1940-чу шеран ноябрь беттан 15-чу дийнахь вина, вайн махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, везаш а волу халкъан поэт Рашидов Шаид. Берриге а нохчий санна, Шаид а шен йиша-вешица, юьртахошца Даймахках а къастийна, Юккъерчу Азе дIавигира. «Со кхо шо кхаьчна хилла оцу хенахь. Суна халла дагадогIу диллина доккха ло, чуьра арадахар, дохийна д1адигар. Къедин-Юьртахь вагонаш чу ховшийна хилла тхо. Нанас дуьйцура, эшелон тIехь дIадуьгуш, со аннийн херонашна юккъехула арахьоьжуш Iара, бохуш. Ламарой хиллера цу чохь, аренца жаш лелош хилла болу. Цара олуш хиллера: «ХIара шена юхаван некъ билгалбеш ву». Иштта дагалоьцура шен бераллин иэсехь йисна и ирча, къиза хан-зама Шаида. ГIум-Азин арахь ша даьккхинчу
кхойтта шарахь дайн лаьтте, хьомечу юьрте, бераллин гIенашкахь а бен ца бисначу Даймахке сатуьйсура кIанта. Баккхийчара шайн доIанашкахь, кегийрхоша эшаршкахь, иллешкахь хестабора, Деле боьхура Нана-Даймохк. КIантана гора, нохчийн иллеш олуш я
ладугIу йиш локхуш, «Маржа, дуьне, яI-кх» – бохуш, гIорасиз мохь бетташ,
бIаьргех хиш девлла къаной:
Вилхира, пондар мел хезнарг,
Нисбина сеттина букъ,
ГIаьттира массо а лезнарг,
Яьстина, йихкина юкъ. («Пондаран аз»)
Къоман цIеначу, хазачу гIиллакхашка, оьздангалле, иллешка, эшаршка
шовкъ-безам оцу хенахь бахара Шаидан. ХьагI йоцу цIена безам, шалхо
йоцу дош шен стихашкахь халкъан сине а кхачош, поэт схьавеара шен кхоллараллин некъахь 65 шарахь. Кхоллараллин оцу еххачу хенахь поэто язйина кхо бIе гергга эшарш, иллеш, халкъан дог хьостуш, догъоьцуш, дог иркарахIиттош дека кIотаршкахь, ярташкахь, гIаланашкахь, лаьмнашкахь, аьрцнашкахь. Шена дукхавеза доьзалхо, шен сица
са доьзна адам дахарх къаьстича а сатоха доьналла кхаьчначийн а, Шаидан
илли олуш хезча, бIаьргех хиш девлла. «Со а, сан накъост а Азаркъе (нохчаша
йиллинчу яртех цхьаъ ю иза) ваха араваьлча, керла Нохчийчуьра деана кассета магнитафон чу диллира ас. Тхойшиъ Заркъара араваьлла, воьдуш вара.
ЦIаьххьана «Иордани, Иордани», олуш хезна, машина юьстахъяьккхина, сацийра ас. Шиннан а бIаьргех хиш дара тхойшиннан. Хазахетар совдаьллера. Юха а вирзина, цIахь ладогIийта, цIа веара тхойшиъ. Да, десте, кхин зударий а чохь болуш, оха кассета магнитафон чу диллира. ШолгIа биъмогIа болабелча, зударийн белхарш иккхира. Дас соьга, магнитофон саца а яй, коьрте а яхийтий, дерриге а цкъачунна арадовлал, элира. Тхо чудаьхкича, цуьнан ши бIаьрг бара бакъабаланза. Цул тIаьхьа тхуна хиира, дешнийн автор мила хилла. «ТIедиллина хьо Иордане кхайкхар», – дуьйцура Шаид Иордане кхайкха веанчу Iабдулбакъин Джамон кIанта ХIарона. Ма ницкъ бу-кх хьоьгахь, илли! Ницкъ бу хьоьгахь Даймахках къаьстинчеран дог тедан, дагалецамаш, мерза сатийсамаш башош бIаьрхиш довлийта:                                      Иордани, Иордани,
Гене, суна ганза мохк,
Бахнарш, тесна Башлам, аре
Муха беха хьуна чохь?
Йицъеллий-те Кавказ царна?
Дицделлий-те шовданаш?
Дагахь дуй-те царах цхьанна
Ваьхна юрт я дедайн каш?
И дешнаш, бIе шо сов хьалха, цабевлла дIабахана, Иорданехь а, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу вайнахе бина шатайпана кхайкхам, Даймехкан, халкъан аз санна тIеийцира ладогIархоша. Нохчийн халкъ Сибрехахь долчу хенахь, дуьххьара Димаев Iумаран пондаран аз
хезча, хийла стаг, хазахетар совдаларна вилхина бохуш, дагалоьцу халкъан
дахарехь оцу халачу муьран теш хиллачара. Тахана а вайн са тIомадохуш,
дегнаш серладохуш бекачу мукъамийн, сийлахьчу пондарчин а сий-ларам беш
Шаида яздина «Пондаран аз» къоман цIеначу синхаамийн гимн хилла дека, Димаев Iумаран кIенташа Iелас, Iамарбека а дIаолуш. Поэтан дешнаш назман, эшаран, иллин, узаман мукъаме доьрзий, деган уггаре а дуткъий, ховха пхенаш лекхадалийта дуьйлало, юх-юха а г1айг1анечу
мукъамо д1авоьхуш: Дуьххьара тIулгийн бIов йоьгIна,
Пондаран озе ладоьгIна,
МостагIех леташ ца воьхна
Вехачух алахьа илли, – бохуш.
Шаидан дуьххьарлера илли «Ломахь зезаг» (ша мукъам баьккхина) дIааьлларг вара хаза аз долу, нохчийн къоман оьзда амалш шеца йолу, адамаллех вуьзна волу, похIма долу Магомедов Султан. Кхузткъа шо гергга хан цул тIаьхьа яьллехь а, тахана а хазахетарца ладугIу оцу эшаре, М. Минцаевс, Л. Ахматовас а д1алокхуш. Цул тIаьхьа «Сатийсар» дешнаш тIехь В. Дагаевс даьккхина илли а, ткъа иштта «Чов», «Илланча сох винарг», «Дог дитна воьду со», «Шоферах
илли», «Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь», «Гечделахь, нана!», «Алахьа, илли», и дI. кх. и иллеш д1аолуш ду корматаллин артисташа. Дегнашка йовхо кхачош, сингаттам, гIайгIа, бала
дIаоьцуш, хьехам беш, гIиллакхе, оьздангалле, адамалле кхойкхуш ду
похIма долчу иллиалархочо Усманов Iимрана дIааьлла «Сатийсар», «Хьуна моьтту», «Ломахь зезаг», «Хьуна ма моьттийла», «Вовшашна гича а…». Хаза аз долчу эшаршлакхархочо Т.
Дадашевас локху «Яьссин йистехь», «Дахаран миноташ», «Шовданехь», «ГIаларчу бешахь», «Зама, хьо сих ма ло», «КъинтIераялалахь», «Ирс ду-кха» эшарш. Тахана вайн махкал
арахьа а дика бевзачу иллиалархойн, эщаршлакхархойн а З. Дудаевн, С. Токкаевн, И. Абдулкеримовн, М. Ташаеван, З. Анасован, Т. Исраилован, А.
Айдамирован, Р. Кагерманован, К. Абдурашитован, Кх. Межидован, М. Межиеван, «ЖовхIар» мехкарийн тобан, божарийн «Илли» тобан, и дI. кх. репертуарехь долу Шаидан дешнаш тIехь даьхна иллеш, эшарш а хазахетарца тIеоьцу ладогIархоша.
Нохчийн халкъан поэт Ш. Рашидов М.-С. Гадаевх шен метта дош дилла
а, М. Мамакаевх къонахчун дош ала а, I. Мамакаевх поэзин хазалла йовзийта а, С. Есенинах шен дагахь дерг мадарра дIаала а Iемаш схьаварна кхаьчна похIмаллин, корматаллин лакхене
а, адамийн сий-лараме а. Школашкахь, лакхарчу дешаран заведенешкахь йовзуьйту, хьоьху Шаидан кхолларалла. Цуьнан стихашна тIехь даьхна иллеш, эшарш а республикехь дIабаьхьначу къовсамашкахь дикачарна юкъахь къастийна ладогIархоша. Шаидан иллеш, царна баьхна мукъамаш а халкъан хилла дIахIиттина, уьш халкъан сих кхеташ а, лерса хьоьстуш а хиларна. Дукха ю поэтан ненах, доттагIаллах, Iаламах, безамах стихаш. Уьш
ерриге а ховхачу даг чохь, ц1еначу синхаамашца кхоллаелла ю, цундела халкъо, шен йолуш санна, тIе а оьцу уьш. Шаидана санна дукха нохчийн мотт иллешкахь, эшаршкахь лекхабалийтина, халкъе, адаме, махке, езачуьнга болу безам бийцина кхин поэт вац. Поэт-лирик волчу Шаидан стихаш эхь-бехкан, гIиллакхан, оьздангаллин бехкамаш
ларбеш, нохчийн къоман цIеначу синхаамех юьзна хиларал а совнаха, вовшех тера йоцуш, шен-шен маьIна долуш, даггара язйина ю:
Ирс ду-кха безамо
Iийжабар кийра,
Сих-сиха мерзачу
Набарха а вохуш.
Я бай тIехь зезагаш,
Я стиглахь сийна
Седарчий хьан хержа
Йиш елахь, вогуш.
(«Ирс ду-кха…»)
Нана бохург дуьненахь сийлахь-деза дош хилла ца Iаш, сийлахь-деза адам
дуйла, аганахь цо техкийна, цо мотт Iамийна, дуьххьара ц1енкъахь когбаккха
Iамийна, дахаран новкъа ша ваьккхиний а хуучу Шаида шен ненан Зайнабин а, массо а нанойн сийдеш, яздин «Гечделахь, нана!», В. Дагаевс дIаолуш долу илли. Т. Дадашевас дIалокху
«Зама, хьо сих ма ло нанна тIе кховда» эшар а иттаннаш шерашкахь локхуш ю,
кхин а лоькхур ю халкъо. Шаидан стихийн, поэмийн, повестийн
а ткъех гулар ю: «Iуьйренан тхи», «Седарчийн буьйса», «Сатийсар», «Ломара цIе», «Дахаран ирс», «Ненан бIаьрхиш», «Дайн латта», «Мои тополя»
(Москвахь), «Исток» (Москвахь), «Родниковое утро»; и.д1.кх. Цуьнан стихаш
гочйина оьрсийн, украинийн, казахийн, таджикийн, хIирийн, гIалгIайн, кхечу
меттанашка а. ТIаьххьарчу шерашкахь прозехь ша язйина исбаьхьаллин произведенеш
а дешархойн кхиэле ехкинера Шаида. НР-н яздархойн Союзан правленин
декъашхо ша волуш, къоначу поэтийн хьанал хьехамча вара Шаид. Къоначарна г1о-накъосталла иттаннаш шерашкахь дира цо. Нохчийн къоман цIена са ша керла
мел кхоьллинчу иллешкахь, эшаршкахь а лекхадолуьйтуш:
Къар ца луш, вогIу со-м,
йоьду сан зама,
Корта а кхели детица,
Амма со мацца а
безамах хадахь,
Дог кийрахь
эккха ду кийча, –
баьхначу, Энгель-Эвлахь ваьхначу халкъан поэто дуккха а шерашкахь къона т1аьхье кхиийна, хьехархо, директор, к1оштан дешаран декъан доладархо ша болх беш волуш:
Гуьйренан хIо тоьхна,
зазанашцанна
ДIадевли сан дашо денош.
Корта а кIайлуш бу,
ло хьоьрсуш санна,
Лелахь а
Безамаш лехьош, –
ваьхна, халкъе, махке а болчу безамах дог дуьзна хилла халкъан поэт Рашидов Шаид тахана вайца вацахь а, даха дисна цуьнан иллеш, эшарш, вайн
синош, ойланаш а хьоьстуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

155