Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.11.2020 20:12 Четверг
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 50-51 от 26.11.2020 г.

Мехала книга-хаза кхаъ

Автор: Дени Сумбулатов

Хууш ма-хиллара, муьлххачу а халкъан культура тайп-тайпанчу дакъойх лаьтташ ю. Халкъо шен ойланаш, синхаамаш, дуьнене болу хьежамаш гойту, бовзуьйту шен культурица. Культурин т1ег1а лахара я лакхара хиларца хадабо халкъан синх1оттаман, синмехаллин а мах. Культура шатайпана куьзга ду, халкъан 1ер-дахар исбаьхьаллин т1ег1анехь гойтуш. Культурин
“маттехула” девза халкъ дуьненахь дехачу халкъашна. Хелхаршкахула, спектаклашца, халкъан 1ер-дахар, амал гайталахь, иллеша, эшарша а мукъамехь къоман мотт хозуьйту. Дуккха а халкъаш дехачу Кавказехь дуккха а культураш ю. Халкъийн санна, культурин
истори ю шираллехь. Говзанчаша бан ма-безза таллам бича, маь1на дича,
гучудолу хьалха хилла дахар, хьежамаш. Оцу декъехь дуккха а дерг гулдина, теллина гуьржийн, эрмалойн, х1ирийн, чергазийн, Дагестанерчу цхьадолчу къаьмнийн 1илманчаша. Халахеташ делахь а, билгал ца даьккхича ца долу — оцу декъехь бан ма-безза болх а
бина, теллина яц нохчийн культура. Билгалдаккха деза, нохчийн драмтеатран
историх, сцени т1ехь х1иттийначу спектаклех, говза васташ кхоьллинчу актерех Гапаев 1абдуллас язйина “Чеченский драматический театр” (г.Нальчик,
2015 шо. 1 эзар экз., 440 аг1о) книга мехала хилар. Оцу декъехь болх 1илманчо Ю.Айдаевс бина. Театрах, актерийн кхоллараллин некъах а дуккха статьяш язйина журналисто Газиева Азас. Нохчийн халкъан цхьайолу эшарш толлуш 1илманан болх язбинера (ч1аг1банза
бисна кандидатски болх) пох1мечу поэто, 1илманчо Дикаев Мохьмада. Дан дезачуьнца дуьстича, динарг 1аламат к1езиг ду, нохчийн культурин хазна тидаме эцча муххале а. Дан дезарг дан деззачохь дуьсу, нагахь цхьаъ, хан ярий-яцарий, могашалла ярий-яцарий
ца бохуш, хьомсара, гергарчу адамашна ма-валлара орцах ца валахь. Иштта орцах а яьлла, ас ца дахь, хьан дийр ду х1ара г1уллакх, ас тахана ца язъяхь, кхана мила хир ву язъян аьлла, доггах язйина книга ю, х1окху деношкахь зорбанера араяьлла “Мукъамийн хьаьрмахь” ц1е йолу Газиева Азин книга. Книга йоккха хилла ца 1аш,мехала ю, дуккха а керланиг довзуьйту дела, х1инццалц цхьаммо а иштта болх бина цахиларна. Цхьана-шина шарахь ца язйина Азас
х1ара книга, дуккха а шерашкахь х1ор а артистах тешаллаш гулдина, шена хезнарг, хуург, гергарчаьрга, бевза-безачаьрга хоьттуш, нисдина, цхьана къепе, хот1е а дерзийна, шен кхетамах, амалх чекхдаьккхина, т1аккха йозанца кехат т1е охьадиллина. Цул т1аьхьа а юх-юха
теллина, дуьстина, нисдина бакъдолчун бух т1ехь. Т1аккха бен зорбане ца даьхна халкъана дукхабезначу, дукхабезачу артистех долу шен йозанаш. 1аламат дукха хиламаш, артистийн,
композиторийн ц1ерш, эшарийн, мукъамийн авторш бовзуьйту А.Газиевас шен
книгин аг1онаш т1ехь. Чулацаме ду «Шахбулатов 1аднанан ц1арах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони» — дакъа. Х1окху декъехь вайна бевза нохчийн культура, къаьсттина мукъамийн
культура, когах1оттош доггах къахьегна Мепурнов Георгий (гуьржи), «НохчГ1алг1айн халхаран, мукъамийн, иллийн ансамбль» вовшахтоьхна волу (1936 шо), дирижер Л.М.Шаргородский а волуш. Оцу оркестрана язйинера Г.Мепурновс «Къилбаседа Кавказан ламанхойн эскизаш», «Аганан илли», «Бердк1елхойн халхаран йиш», «Хьалхамартанхойн халхаран йиш». «Мепурнов Георгий гуьржи вара, 1900-чу шарахь дуьненчу ваьлла. Бераллехь дуьйна мукъамашца гергарло ч1ог1а дара цуьнан. Музыкин школехь дешарх тоам а бина ца 1аш, Москвахь консерватори чекхъяьккхира цо. Муьлххачу а г1алахь болх бан лаккхара
корматалла, мукъамех к1орггера хаарш долуш говзанча вара иза. Делахь а
шен дерриг а дахар д1аделла Георгийс нохчийн мукъамаш лохуш, д1аязбеш,
ноташка берзош. Нохчийн музыкин культура когаяхана, цо къеггина заза хеца лууш, уггар а халачу шерашкахь Г.Мепурновс дукха къахьегна вайнехан мукъамаш нотийн хьаьркашка дерзош. Цунах майрра ала мегар ду – нохчг1алг1айн классикин музыкин бухбиллархо», — яздо Азас. Иштта вовзуьйту «Асланбек» ц1е йолу турпалаллин сюита кхоьллина Н.С.Речменский, композиторш Александр Халебский, Александр Ильич Александров, 1939-чу шарахь кхоьллинчу пачхьалкхан филармонин дуьххьарлера исбаьхьллин куьйгалхо Лев Матвеевич Шарогородский,
солисташ хилла Димаев 1умар, Дикаев Джунид, Сулейманов Баудди, Цицкиев Идрис, Ганукаева Йисита, Анзорова Балкан, Дакашев Ваха, Садыков 1андарбек, и.д1.кх. Бовзуьйту филармонин
белхалоша иттаннаш шерашкахь бина болх: нохчийн халкъ махках даккхале, Г1ум-Азин арахь, Нохч-Г1алг1айн АССР юхаметтах1оттийча, вайн заманахь а. Шен ц1арца ца вовзуьйтуш, хьаха ца веш ца витна Азас цхьа а иллиалархо, эшарлакхархо, композитор.
Йицъеллачарна карлайоху оцу хенахь хилла ансамблаш, кхоллараллин тобанаш: «Илли», «Самукъане сахьт», «Жовх1ар», «Нур-Жовх1ар», «Безаман аз», «Раяна», «Экспансия», «Ламанхой», «Синтар», «Зама», и.д1.кх. Оцу тобанашкахь, ансамблашкахь корматалла, пох1ма а кхиъначу артистех дийцина ца 1аш, А. Газиевас
дуьйцу нохчийн кхечу артистийн дахаран а, корматаллин а некъех. Ц1еначу,
хазачу, аьхначу нохчийн маттахь боккхачу безамца, ларамца, х1ораннан а
хьурмат деш, хастаме дош аьлла Азас: Сулейманов Бауддих, М. Айдамировах,
В. Дагаевх, Ш. Эдисултановх, С. Магомедовх, Б. Дидиговх, Р. Чакараевх, Озиева Маьлх-Аьзних, Ясаев Мохьмадах, И. Абдулкаримовх, С. Пашаевх, К. Гамбулатовх, С. Токкаевх, М. Ужаховх, Т.
Дадашевах, Ж. Шамилевах, йижарех Маликех, Айманих Айдамировг1арах,
Л.Ахматовах, М. Ташаевах, 1.Усмановх, Р. Даудовх, Х. Ульбиевх, А. Далхадовх,
З. Дудаевх, 1. Асхабовх, Х. Махмудовах, С. Шоиповх, С. Цугаевх, Салман
Цугаевх, З. Сардаловах, М.Чикуевах, Р. Паскаевх, М. Шабазовх, М. Буркаевх,
1.Бексултановх, вежарех Димаевг1арах – 1елех, 1амарбеках, З. Хасановх, С-Э.
Януркаевх, З. Чергезбиевх, и.д1.кх. Нохчийн иллиалархойх, эшаршлакхархойх, пондарчех, композиторех язйина кхузткъе вуьрх1итта очерк, пхийтта статья а юкъаяхана книгина. Нохчийн
культурица уьйр-марзо йолчарна мехала хилла ца 1аш, исбаьхьаллин школашкахь, училищехь, институтехь доьшучарна 1амат санна а, къоначу журналисташна масаллина а маго хьакъ ю х1ара книга, нохчийн маттахь х1инццалц ишттаниг язйина цахиларна.
Нохчийн мукъамашкахь, иллешкахь, эшаршкахь хаало, хеза дахаран болар, халкъан 1ер-дахар, г1айг1а-бала, сингаттам, самалхадалар, синпарг1ато. Заманца, Даймахкахь х1оьттинчу хьолах доьзна хуьлу поэтан дешнаш, композиторан мукъамаш а. Ткъех шо хьалха
къаьсттина дукха яра г1айг1ане, сингаттаме эшарш. Бакъду, уьш д1алакха культуран къерч, чоь-м яцара вайн махкахь. Шина т1амо бохийначу махкахь хезарш узамаш, тийжамаш хилла ца 1аш, иллеш, эшарш а яра г1айг1ане, шайн чулацамца дахарх догдуьллуьйтуш, дегайовхо г1елъеш. Хьалххе шена хьалха 1алашо а х1оттийна, х1ара книга язйинчу Азин очеркашкахь, статьяшкахь а дика хаало дахаран болар, адамийн хьежамаш, заманан синпха. Баккхийчу а,
къоначу а артисташна юккъера уьйр, ламасталла лардеш, мукъамийн культурин з1е ца хадош, хьалхарчу аг1он т1ера т1аьххьарчу аг1он т1е кхаччалц
пох1мечу, вайн къоман оьздангалла ларйинчу, кхиийначу, кхиочу а артистех
дуьйцу Азас. Нохчийн культурах дийца а, яздан а, тахана дезар эца а вайн йиш-аьтто хир
бацара, ткъа шо хьалха ц1аро багийначу махкана, эзар дакъа а хилла, дуьне
мел ду даьржинчу, даржийначу халкъана
Ахьмад-Хьаьжера (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) орца а, масла1ате дош,
кханенах тешам ч1аг1бо дегайовхо а ца кхаьчнехь. И иштта хилар шал шера хуучу, дерригенан а ша теш хиллачу Газиева Азас яздо: «Культура йоцург – къам дац!» — элира халкъан баьччано. Вайна массарна а хууш ду: цкъа а аьлла дош дечу г1уллакхашца галморзахдолуш дацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Цо шен къинхетамечу, комаьршачу т1ома к1ел
лецира нохчийн къоман культура… Дерриг нохчийн къомана инзаре ирча даьхкинчу деношкахь Ахьмад-Хьаьжас 1уналла ма-дарра, вайн къоман культура шен
семачу тергонехь латтайо НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Дайх дисначу оьздачу г1иллакхашна мелла а пе тухуш, Европехьа д1аерза самак1амделла къоман культура нохчийн хот1е юхаерзийна НР-н Куьйгалхочо. Халкъан мукъамийн орамех лард йоттийтина цо нохчийн къоман музыкин культурехь. И мехала г1улч массарна а тайна».
Дуьненара яккхийчу залийн сценаш т1ехь нохчийн культура йовзийтинчу, конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъалаьцначу, толамаш баьхначу, синъоьздангалла ларйинчу, синмехаллаш
кхиочу, дебочу са ц1еначу, х1айбатечу адамех йолу Газиева Азин «Мукъамийн хьаьрмахь» книга хьакъ а яра, НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Грантан чоьтах зорба а тоьхна, араяккха. Кхоллараллехь кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла хьан, Аза!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

45