Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

24.12.2020 11:30 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 53 от 24.12.2020 г.

"Хьоме мохк безалахь, Нанна бер санна",-баьхначу поэтан дош

ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина дуккха а керла исбаьхьаллин произведенеш зорбанера араевлира нохчийн яздархойн. Коммунистически идеологин тIеIаткъам чIогIа болуш а, цхьана гурашкахь бен исбаьхьаллин произведенеш язъян ца мегаш а зама яра иза. Кхоллараллин адамаш декхарийлахь дара шайн произведенешкахь социализм, Сталин, коммунистически парти хесто, цара мел бохург а къобалдан, халкъана керлачу 1едалан дахар хаздарца цхьаьна марздан а. Керла мел язйина произведенешна тIехь само латтош Iедал дара, массо а дош шайн хьежамех чекхдоккхий, луьттуш. Партин идеологин т1едахкарех, къастийначу къилбанах а кхоллараллин стаг
тилла я ца тилла хьовсуш, леррина тIехIиттийна белхалой болу зама
ю иза. Халкъан лерса а, дог а хьосту, синна оьшу дош ала доьналла долуш нах оьшура оцу хьелашкахь. Оцу луьрачу, иттанаш, эзарнаш адамаш
бехк-гуьнахь а доцуш хIаллакдечу хенахь, шайгахь доьналла дуй хаийтинарш нохчийн кхоллараллин интеллигенцин векалш бара. Царах бара Х.Ошаев, М. Мамакаев, М.-С.Гадаев, I.Мамакаев. Уьш бара нохчийн маттахь исбаьхьаллин керла дош аьлларш. Царах
цхьаъ вара Мамакаев 1аьрби. «Рабфак» стихотворени Мамакаев Iаьрбис шен ялхитта шо долуш язйира. 1936-чу шарахь дуьххьара зорбанера араевлира Iаьрбин стихаш. Iилманчо Э.Минкаиловс чIагIдарехь, силлабо-тонически, дактилан кепехь
нохчийн поэзехь дуьххьара стихаш язйинарг Iаьрби ву. Хазачу мукъамехь, цIеначу нохчийн маттахь язйина стихаш хазахеташ йоьшура дешархоша, царах цхьаерш, иллешка,
эшаршка а ерзийна, лоькхура халкъо: «БIаьстенан Iуьйре», «Баркалла хьуна», «Хелхаран бал», «Маржа яI!» БерхIитта-ткъа шо бен дацара поэтан, цуьнан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а Нохч-ГIалгIайн республикехь лоькхучу хенахь. Дукха къона волуш вевзаш а, везаш а волу поэт а хилла дIахIоьттира иза. Вевзаш а, везаш а хиларо цуьнан дахаран сирла, цIена некъ сингаттамо кхуьйлира. Ткъа шо бен дацара поэтан, СССР-н яздархойн Союзан
декъашхойн могIаршка иза тIеэцча. Кхоллараллин новкъахь итт шарахь бен къахьега ца витинчу 1аьрбис дуккха а лаккхара исбаьхьалла йолу произведенеш язйина. ХIора дош,
шен сих а доккхуш, поэто яздина дела, керла васташ кхоьллина дела,
дешархочун сих кхеташ ду. Сих кхеташ а, дог хьостуш ю стихаш, цуьнан
хIора а дашехь хесториг Даймохк, безам, Iаламан хазалла, доттагIалла, ша вина, шен бералла дIаяхана Теркайист йолу дела. Говзанчо исбаьхьа хаза диллина сурт бIаьргашна хьалха хIутту, Iаьрбин «Сарахь Теркан тогIехь» стихотворени ешча. Iаьрби поэт-лирик вара, уггар а ховха шен синхаамаш дешархочун сине а, даге а дIакхачо пох1ма долу лирик. Шен бIаьргашна гушдерг дIаяздарх тоам а бина Iачу поэтех вацара Iаьрби, шена гушдерг куьце, васте дерзийна, бIаьрг хьостучу суьртехь дешархочуьнга дIакхачочу поэтех вара: Даккъаш дийшош, юккъеяьлла Тийна буьйса. Эсал бутт, КIеза санна, аркъалбаьлла,
Мархийн марахь ловзуш бу.
НIаьнеш кхойкхуш, садаьржина,
Стиглахь етташура ю,
Бутт, сахиллалц ца бижарна,
КIолдан мижарг санна бу.
Цундела ларамза дацара пох1ма
долчу Iаьрбин тоьлла стихаш цIеяххана бевзачу поэташа Э.Багрицкийс, А.Тарковскийс, Н.Асановс гочйина, 1938-чу шарахь Москвахь арадовлучу «Халкъийн доттагIалла» («Дружба народов»), «ЦIен седа» («Красная звезда») журналийн агIонаш тIехь арайийлар. 1940-чу шарахь араелира поэтан хьалхара «Теркан тулгIенаш» цIе йолу стихийн, кхаа поэмин дакъойх а лаьтта гулар. Оцу шарахь дешархошка кхечира «Винчу юьрта» цIе йолу повесть. 194I-чу
шарахь араелира «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма, Iаьрбин цIе нохчийн литературехь гуттаренна а яха йитина йолу. Поэтан хIора а произведенино керланиг деара нохчийн литературе. Делахь-хIета, вайн хIораннан а дахаре а веана Iаьрби, башха, тайп-тайпана, амма беркате тIеIаткъам беш. Къона волуш цIеяххана вевзаш поэт а хилла дIахIоьттинчу Iаьрбица
хьагI-гамо йолчара цуьнан дахарна кхераме мел йолу цIе йоккхура цуьнан цIарна уллехь. Царах Iедалан тидам тIехь сецнарг яра уггаре а кхерамениг: антисоветчик. Харцмотт а
бина, йоцу цIе а кхоьллина, 1аьрби, набахтехь яккха итт шо хан а тоьхна,
чувоьллира. Ростов, Красноводск, Чита, Хабаровск, Магадан гIаланашкарчу лагершкахь, набахтешкахь дIаяхара Iаьрбин дахаран ялхитта шо хан. Оцу ялхитта шарах дейтта шо Магаданехь даьккхира цо. СССР пачхьалкхан баьчча И. Сталин веллачул тIаьхьа набахтешкара
арабехира цхьаболу тутмакхаш. 1944 чу шарахь нохчийн халкъаца цхьаьна
Казахстане дIабигначу шен гергарчех, доьзалх 1956- чу шарахь д1акхийтира
Iаьрби. Оцу хенахь «Къинхьегаман байракх» газетан редакце вогIура поэт
шен керла произведенеш йохьуш. Нохчийн маттахь газет арадаккха, наггахь радиохула вайнехан эшаршка, мукъамашка ладогIа коммунистийн партис, Iедалан куьйгалхоша
а бакъо елла хан ю иза. Кхин йоккха маршо, бакъо ца хиллехь а, кхоллараллин нехан кIеззиг
аьтто белира цхьаьнакхета, шаьш язйинарг вовшашна еша, шаьш язйинчех цхьаерш газетан агIонаш тIехь араяха. Нохч-ГIалгIайн республике цIа веанчу Iаьрбис, ша яздархойн Союзехь
йоццачу хенахь литконсультант болх беш, дуккха а къоначарна гIо-накъосталла дора.
Пох1ма долуш хиларна, хьагI йолчарна ца везара; халкъ а, Даймохк
хазачу нохчийн маттахь хесторна, Iедална ца везара. Iаьрби нохчийн литературехь дуьххьарлерниг ву доггах нохчийн къам, Кавказ, Нохчийчоь хестийначех.
Сан лекхий
Я лохий
Хила ца деза:
Юккъера стаг ву со,
Хьан Iин чохь кхиъна.
Кхиийнарг
Iамийнарг со нохчий беза,
Кавказ, хьо яра сан
Да-нана хилла.
Наггахь шена еанчу маьршачу хенахь Iаьрбис язйина стихаш вайн поэзин жовхIарш лара мегар ду. «Даге» стихотворенехь поэто къамелдо дуккха а харцонаш лайначу шен дагца. Къахьега а лууш, къахьега таро ца хилийтинчу, ца хиллачу поэтех ву поэт: Iаьрбина дика евзара, дукхаезара кхечу къаьмнийн поэзи. Къаьсттина дукхаезара цунна С.Есенинан, М.Лермонтовн стихаш. Цаьршиннан стихаш, 30-чу шерашкахь, ша радиохь болх беш волуш, хаза ешарал совнаха, нохчийн матте гочйира цо. 1аьрбис гочйина «Ангел», «Казачья колыбельная», «Горные вершины», «Прощай, немытая Россия», «Измаил-бей» поэмин дакъа гочдаршлахь дика лоруш ю. Шен сил а дукха халкъ деза, халкъана а веза поэт I. Мамакаев, харцонаша дагна ницкъ а бина, Делан Iожалло дIаваьхьира шен доттагI А.Айдамиров волчу Мескита хьошалгIа вахханчохь. Ша яздина исбаьхьа дош, шех ала хастаме дош а дитина, дIавахара
поэт, прозаик, публицист, гочдархо Мамакаев Iаьрби. Iаьрби дIакхелхина шо даьлча дуьненчу ваьллачу Бисултанов Аптис, вевзаш волчу нохчийн поэто, ша Iаьрбина лерина язйинчу стихотворенехь баьстина поэтан Iожалло шен дагна бина хораме шад: Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо. ГIорийна когаш Даймехкан лаьтто
бен ца бохбо. Рояль а ша бу дечигах бина –
Цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.
Полонез лакхийтийша,
Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,
Къастаран ноти тIе кхаччалц.
Iаьрби винчу юьртахь, Лаха-Неврехь, Эдуардан (Iаьрбин кIентан) дIадолорца схьайиллина литературно-мемориальни музей. Оцу музейхь дIахьо поэтан дахаран, кхоллараллин некъана лерина яздархошца цхьаьанакхетарш, Iилманан-практически конференцеш.
Оцу цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцу поэташа, прозаикаша, дешаран, культурин, искусствон а учрежденийн векалша, хьехархоша, Iилманчаша, поэтан юьртахоша.
Нохчийн пачхьалкхан университетан, хьехархойн институтан, училищан аудиторешкахь, школашкахь а хеза Iаьрбин стихаш. Цуьнан озехь хаало Даймахкана, шен халкъана хьанал ваца цуьнан хилла боккха лаам, дуккха а дика гIуллакхаш дан цакхиарна кхерар:
Суьйренга лестина,
Сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь,
Хьалхе ду алий;
Йисинчу хьайн ханна
ГIоза а далий,
ЙогIучу суьренан
Беркат а ларий,
Iуьйренна цадинарг
Дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
Безаммий
Хилийта шорта…
Iаьрбин «КIанте» цIе йолу стихотворени муьлххачу а дас шен кIанте дан
мегар долу весет санна ю тахана а,
иштта хир ю иза кхана а:
Варий, кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву,
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна.
Стаг волчо во-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIиллакх ларделахь,
Вайн дайша санна!
Iаьрбин дахаран некъ шех масал эца а, весет санна тIелаца а хьакъ болуш хилла. Цундела ву 1аьрби, Поэт аьлла цIе яьккхича, дуьххьара дагабогIучийн могIарехь хьалха
лаьтташ.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

112