Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.02.2020 15:30 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 06.02.2020 г.

Къоман селхане а карийна, кханенна бух биллинарг

Автор: Сумбулатов Дени

Нохчийн яздархо, публицист, лингвист, фольклорист Х.Д.Ошаев 1898
шарахь Чахкарахь (Йоккхачу-Атаг1ана генайоццуш хиллачу г1опахь) хьуьнан белхалочун Дудин доьзалехь вина. 1915-чу шарахь Соьлжа-Г1алара реальни училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа дешна Петроградерчу Хьуьнан институтехь. 1917-чу шарахь Россехь революцин хиламаш буьйлабелча, Нохчийчу вог1у Халид. Цо дакъалоцу деникинцашна дуьхьал бечу т1амехь. 1921-1922 шерашкахь Нохчийчоьнан Ревкоман председателан даржехь болх бо Дудин Халида. 1922 шарахь большевикийн партин мог1аршкара д1авоккху Халид, цо продразведкехула партино бо болх нийса цаларарна. 1илманехь, журналистикехь, литературехь болх бан волало Халид 20-чу шерашкахь. Цуьнан бакъдолчун бух болу статьяш «Нефтерабочий» («Грозненский рабочий»), «Революция и горец», «Советский Северный Кавказ», «Советская Автономная Чечня» газетийн, журналийн а аг1онаш т1ехь араюьйлу. 1925 шарахь Халид болх бан волало Нохчийн Автономин областан халкъан дешаран декъехь. Цул т1аьхьа, 1930-чу шарахь, болх бо Владикавказерчу Ламанан хьехархойн институтан ректоран даржехь. 1936-чу шарахь Халид Къилбаседа Кавказерчу 1илман-талламан институтан (Пятигорск) директор х1оттаво. Х.Ошаев автор волуш,
цо дакъалоцуш, кечйира, ара а хийцира учебникаш, кечбира Къилбаседа Кавказерчу республикашна дуккха а хьехархой. Нохчийн халкъан а, мехкан а дуьхьа цо хьоьгу къа, бо пайде болх еххачу ханна сецира, 1937-чу шеран октябрь баттахь, цхьа а бехк боцуш лаьцна, Халид Колымерчу набахте д1ахьажийча. Ткъех шарахь харцонца хьийзинчул т1аьхьа (1957 шарахь) СССР-н Лакхарчу кхиэлан Т1еман коллегино реабилитировать вира Халид. Оцу харцонаша, та1зарша а могашаллина боккха эшам бинехь а, шен халкъанна, махканна а хьанал ваца болчу лаамах ца хадийра яздархо. Нохч-Г1алг1айн республика меттах1оттийча, Халид 1илман-талламан институтан директоран заместитель вахийтира. Оцу даржехь ша волуш цо 1аламат дукха болх бира нохч-г1алг1айн фольклор гулйойтуш, зорбанехь арайоккхуьйтуш. Арахийцира, цо дешхьалхе а язйина, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь фольклоран шиъ книга (Соьлжа-Г1алахь, Москвахь). Оцу хенахь язъян буьйлабеллачу къоначу яздархойх наггахь вац цо хьехам, г1о-накъосталла даза. Цуьнан д1адолорца, г1оьнца меттах1иттийра музейш, театр. Шен кхоллараллин, 1илманан болх ца сацош, кхиамца болх бора хьехархойн институтехь, Халида дукха г1о дира къоначу 1илманчашна, яздархошна, шен дуьнене, историга болчу хьежамашца т1е1аткъам а беш.
Халидан хьежамаш къаьсташ бара кхечу историкийн хьежамех. Цо вайнехан истори, фольклор толлура халкъан дахарца, цуьнан маттаца цхьаьна. ХХг1а б1ешо долалуш, къаьсттина граждански т1ом болу мур, дика бевзара
Халидана, ша а оцу хиламийн декъашхо хилла хиларна. Халидан бакъдерг
къобал а ца деш, шайн «бакъдерг» толийта г1ерта «историкаш» к1езиг бацара. Шен статьяшкахь теллина ца 1аш, и мур исбаьхьаллин произведенешкахь а гайтира Халида. 1959-1964 шерашкахь араелира
Х.Ошаевн «Алун шераш» роман-эпопея. Т1аьхьо и роман оьрсийн матте яьккхира автора. Халид дуккха а дийцарийн, повестийн, пьесийн, 1илманан статьян автор ву. 1969- чу шарахь араелира Ошаев Халидан очеркех, дийцарех, пьесех лаьтташ йолу «Б1аьсте» ц1е йолу книга. Цул т1аьхьа дукха хан ялале компартин мог1аршкара д1аваьккхира иза – СССР-н эскарша Чехословакехь маршонехьа г1аьттинчу халкъан ц1ий 1анорна ша дуьхьал хилар хоуьйтуш цо къамел дарна. Т1аьхьо, шена литературехь къахьега бакъо яьлча, Халида араяьккхира «Тропы времени» (1972 шо), «Боевая слава красномолотцев» (1976 шо), «Мужество снайпера» (1985 шо) – книгаш. Дагна ницкъ а хуьлуш т1еоьцура Халида вайнехан историх долу бакъдерг къайладахар, къомана харц, боьха а мел йолу ц1е тиллар. Цундела хазахетарца т1еийцира Халида А.Айдамировн “Еха буьйсанаш“ роман
араялар. И роман къобалъеш къамел а дира, дика рецензи а язйира Халида. Вайнаха Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь лаьцна дакъа жимдан, лахдан а г1ертар халахетарца дуьйцура цо. Дуккха а лехамаш бина, бакъдерг гулдинчул т1аьхьа Халида язйира Брест-г1ап ларйинчу вайнахах (240 стаг) «Брест – орешек огненный» — документальни-исбаьхьаллин повесть. «Брестская крепость» ц1е йолчу шен йоккхачу книгехь Сергей
Смирновс цхьана а вайнахах волчу т1емалочун ц1е ца яьккхинера. Ша
гулдина тешаллаш а далош Халида шега яздинчу кехатна С.Смирновс
жоп даийтинера: «И тешаллаш соьгахь дац, г1опан музейхь и хаамаш
бац», — аьлла. 1едало ткъе шина шарахь зорбане яккха ца магийна «Брест
– орешек огненный» 1990-чу шарахь араелира. Интернациональни, патриотически дог-ойланехь кегийрхой кхетош-кхио шена чохь дуккха а бакъдерг долу книга яра араяккха цамагийнарг. Вай лакхахь билгаддаьккхина ма-хиллара, Нохч-Г1алг1айн республикехь
вевзина ца 1аш, Къилбаседа Кавказехь а дика вевзаш яздархо, 1илманча вара Ошаев Халид. Халида ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь нохчийн
а, г1алг1айн а халкъийн истори, фольклор, мотт толлуш язйинчу статьяшна,
исбаьхьаллин произведенешна а тидам т1ебахнера дешархойн, 1илманчийн а. Дахаран бакъдерг бухе а диллина, дахарера тешаллаш а далош,
цо язйина нохч-г1алг1айн халкъан историх статьяш тахана а шайн мехалла янза ю. Нохчийн къоман дахарехь наггахь а меттиг яц Халида дакъалацаза. Ша дакъа мел лаьцначу меттехь халкъана пайдениг дитина цо. Халида х1оттийра нохчийн маттанна латинийн элпийн буха т1ехь алфавит. Оцу
элпашца нохчийн маттахь хьехар вовшахтуьйхира 30-чу шерашкахь. Шуьйра а, к1орггера а хаарш долчу Халида хаддаза шен тидамехь латтайора
къоман фольклор, истори. Цо дакъа а лоцуш арахийцира нохчийн фольклоран хьалхара том (1959 шо), нохчийн халкъан барта кхоллараллин поэзин антологи. Цо дуьххьара теллира нохчийн турпаллин иллеш, лаьмнашкара шира б1аьвнаш, маьлхан кешнаш. Халида доккха дакъалецира
НГ1АССР-хь мохкбовзаран музей вовшахтухуш. Делахь а цуьнан дахарехь
коьртаниг исбаьхьаллин дош дара. Массо а жанрашкахь цо язйина произведенеш шайн дикаллийца лакхарчу т1ег1ане йохура критикаша, дешархоша, х1унда аьлча къоман дахар дара цара гойтург.
Дешархоша уьш дика т1еэцахь а, 1едалан аг1ор хастаме дош к1езиг я хаззане а ца хезара яздархочунна. Халидан очеркаш, дийцарш, пьесаш,
повесташ, роман («Алун шераш») — оцу хенахь хиллачу идеологица
массо аг1о а йог1уш яцара. 1едална ма-хетта а, ма-луъу ца яздора
Х.Ошаевс. Ткъа шо сов хан яьккхина Халида набахтехь. Бахьана? Бакъдерг лехар, шена карийнарг халкъанна довзийтар, халкъанна вон а, боьха
а ц1ераш кочатуьйсучу хенахь цунна орцахвийлар. Оцу бахьанашна зорбанехь ара ца довлуш диснера Халидан куьйгайозанаш. 1едалан векалша шайца къамелаш динчул т1аьхьа шен к1енташа: «Нах санна ваха хьажахьара хьо а, т1аккха 1едало, кхинаш санна, лелор вара хьо...», — шега
аьлча, Халида аьллера: «Сан хьомсарниш! Сан бераш: хьо а, Геберт,
хьо а, Майкл (Майрбек), хьо а, Руся (Асланбек), хьо а, сан х1усамнана
1айшат! Сан уггаре а гергара долу шу а ца кхета-те сох? Шуна гуш а, хаалуш а ма ду республикехь вайн дукха халонаш, баланаш лайначу гуттар
а эккхина, лаьллина лелочу халкъах хуьлуш дерг, Юккъерчу Азера, Казахстанера иза ц1а деъчхьана. Хьан лардийр ду иза харцонах, доцург кочатийсарх, цунна бечу ницкъах? Хьан лардийр ду цуьнан сий, дикалла? Цунах хера а ваьлла, сайн токхечу дахаран ойла еш муха вехар ву
со? Цул т1аьхьа суна суо мила хета веза? Шун сий-ларам а ларлой соьга
т1аккха?» И дешнаш Халидан дахаран некъ а, къилба а дара. Царах ца
вухуш, халонашна хьалха корта охьа ца та1ош, шен массо а дашца къоман
дика нах бовзуьйтуш, вехира Халид. Цундела шех ала хастаме дош дити
къоман иэсехь. 1977 шарахь кхелхинчу Халида шел т1аьхьа дуккха а
куьйгайозанаш дитира. Цул т1аьхьа дуккха а х1уманаш хийцаделла дуьненахь, вайн 1ер-дахарехь, пачхьалкхийн д1ах1оттамашка. СССР пачхьалкх йоьхча, баккхий хийцамаш хилла дуьненахь, адамийн кхетамехь, хьежамашкахь. Йисна цхьадолчу адамийн 1ер-дахарехь, хьежамашкахь хийца йиш йоцу мехаллаш: яхь, доьналла, иэс. Иэсо латтадо къам.
Цо ца ходуьйту къам шен орамех, ца туьлуьйту некъах. Делахь-х1ета,
уьш ду-кх Халидан куьйгайозанашкахь. Ирс хилла яздархочун: яхь а,
доьналла а долуш к1ентий хиларна. Цара к1елхьарадехира шайн ден кехаташ. Цхьаболчу наха шайн йишаваша, ков-керташ, ярташ, г1аланаш
юьтуш, махкахь къематде х1оьттича а, цхьана минотехь а дог ца дуьллуш, къоман кхане ларйира Халидан к1енташа Майрбека, цуьнан вашас а.
Халидан куьйгайозанаш халкъана оьшур долу дела лардира цара.
Цара лардина куьйгайозаш ч1ог1а мехала дара, архивашкахь карийначу тешаллийн бух т1ехь уьш яздина хиларна. Оцу куьйгайозанех вовшехтоьхна Нальчикерчу «Эль-Фа» зорбанехь арахецна Ошаев Халидан «НохчГ1алг1айн полках дош» («Слово о полку Чечено-ингушском») 492 аг1о, 5
эзар тираж йолу книга. Иза ялх декъах лаьтташ документально-исбаьхьаллин
произведенийн гулар ю. Яздархочо ша мел яздинарг т1едузу цкъа а зорбанехь хилазчу суьрташца. Суьрташ т1ера вайга схьахьуьйсу дезткъа шо хьалха къона хилла Брест-г1ап ларйина вайнехан майра к1ентий. Иза Халида вайн къомах аьлла бакъ дош ду. Иштта болх яздархочо бина ца хиллехь, цо и бакъдерг гулдина, шен кхетамах, хьекъалх а чекхдаьккхина, охьадиллина а ца хиллехь, Даймохк ларбеш шайн дахар д1аделла и к1ентий доьза байна хир бара. Царах дош а дуьсур дацара къоман иэсехь, иттаннаш шерашкахь дийцинарш юха а дуьйцуш хир дара: «Нохчаша Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь дакъа ца лаьцна, церан уьйр хилла гитлеровцашца, цундела баьхна уьш шайн Даймахках», — бохуш.
Тахана а хаддаза цхьаболчу «историкаша» вайн къомах дуьйцуш
хезарг: «Уьш цкъа а ца хилла тешаме. Хала киртиг т1ех1оьттича,
 Даймахкана ямарт хилла...» Вайна т1ехь рог1ера харцо кхолла, ницкъ бан лиъча далош долу «бакъдерш» дара уьш цхьаболчу «историкша», 1едалан векалша шайна магийча. Халидан книга оцу тайпана къамелаш дечеран мотт сацо тешаллаш шена чохь дуккха а долуш ю. Хазахета, и книга араяьлла. Цо мелла а г1о дийр ду къоначу чкъурана къоман д1адаьлларг довза, халкъашлахь хилла ц1ена, сий-лараме юкъаметтигаш йовзийта а. Цхьа х1ума дац оцу книгехь нохчийн къоман векало шегара ледарло ялийтина я къаьмнашлахь къестамаш бина. Халида шен книгехь юкъалаьцнарг халкъан дахарера хала мур бу: т1еман шераш, Брестг1опехь хиллачу т1амехь вайнаха дакъалацар, Даймахках баьхначеран дийцарш, 255-чу дошлойн полкан т1еман некъ и.д1.кх. Книга зорбане кечъеш доккха г1о
дина HP архиван урхаллин хьаькамо Музаев Мохьмада (Дала гечдойла
цунна), ахчанца оьшу г1о-накъосталла дина НР-н Правительство, мог1арерчу
бахархоша а. Иштта дукха а, хьанал а мехкан, халкъан а дуьхьа къахьегначу Х.Ошаевн ц1арах школа, институт хилча, дика
хир дара вайн республикехь.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

240