Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.08.2020 17:58 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 32-33 (1) от 10.08.2020 г.

Ма к1езиг баьхна уьш...

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Д1адаханчу б1ешеран 20- чу шерашкара 90-чу шерашка кхаччалц берг (Сибрехахь
даьккхина 13 шо доцург) нохчийн мотт 1илманан бух т1ехь теллина, фольклор гулйина, литература кхиъна мур бу вайн къоман дахарехь. Юккъерачу Азехь а, Казахстанехь а цхьа а бакъо йоцуш хан текхна, мацалло а, сингаттамо а хеназа дахарх хединчийн гергарнаш а, т1аьхьенаш а дайн махка юхабаьхкина, когах1уьтту мур бу иза. Цу хенахь Соьлжа-Г1аларчу хьехархойн институте оьрсийн мотт, литература а, нохчийн мотт, литература а школашкахь хьеха говзалла шайна 1амо деша бахара иттаннаш кегийрхой. Царах цхьа а цхьаъ вацара Г1ум-Азин арахь нохчийн мотт школехь 1амийна, арахь нохчийн мотт школехь 1амийна, нохчийн йоза шайн б1аьрга гина а. Царах х1ораннан а сирла, ц1ена лаам, 1алашо яра:
нохчийн къоман г1ад – цуьнан мотт – дакъа ца далийта, дийна латто. Царах, хьалхарчу студентех, махкахь а, махкал арахьа а дика бевза 1илманчаш,
хьехархой, яздархой, журналисташ хилира. Церан 1илманан белхаш, 1аматаш т1ехь,
говзарш 1амош, цара кхетошкхиош къоман керла чкъор хьалакхиира, советски идеологина
нохчаллах ца дохаделла долу. Нохчийн ламасташца, г1иллакхашца, 1адаташца,
маттаца, литературица, историца йолу уьйр-марзо ца хадош, мелхо а уьш кхиош баьхначу к1еззигчу наха лардира къоман са, цуьнан г1ад. Идеологин дай дукха г1иртира нохчийн ловзарех – «комсомольски свадьбаш» дан а, синкъерамех
– «вечеринкаш» ян, тезетан ламасталлин кеп хийца а, цаьрца цхьаьна нохчийн 1ер-дахар
а, амал а хуьйцуш. Цхьаболчара хууш я ца хууш, кхеташ
я ца кхеташ, къоман амалехь д1ах1оттийначу дахар-1еро новкъарлойора идеологашна, цара бечу балханна. Дийнна институташ, 1илманчаш, партин, советийн а белхалой бара
къаьмнийн амална б1останехьа дерг кхуллуш, даржош, марздеш. Къоман орам, амал, хьежамаш а боцу керла «Советски стаг» вара кхио везаш. Бусалба динехь дерг хуучу, лелочу а, нохчалла ларйинчу а наха къилбанах, къоман некъах ца дохуьйтуш, ца туьлуьйтуш,
лардира нохчийн къоман цхьа дакъа. Оцу заманахь цхьадолу даккхий къаьмнаш а шайн орамех д1ахедда, даьржинера, кхечу къаьмнех д1аийнера я цхьана а къоман йоцучу амалшкахь,
1ер-дахарехь хан-зама йоккхуш дара. Оцу къаьмнийн векалша меттанаш дицдинера, цхьана а
къоман билгалонаш шайца йоцчу кепехь ловзарш дара, валарвисар д1адерзадора. Цхьанна а
бехк билла, бахк баккха йиш яц, оцу заманахь шу хийца х1унда делира аьлла. Дог1машна, кхетамна, иэсана, хьежамашна, амална беш т1е1аткъам бара дашца, ницкъаца, 1ер-дахар
хийцарца а. Ша аьлларг цадинарг, къобал цадинарг, шайна т1е цавирзинарг, муьт1ахь
воцург, аьлча а муьт1ахь вац аьлла хетарг, барт-хаттам а боцуш, къайлахчу тешаша тоьшалла дичхьана, доьза войуш вара. Иштта х1аллакбира б1е эзарнаш 1еламнах, 1илманчаш,
яздархой, журналисташ. Хийла да-нана х1аллак а дина, байлахь дисира бераш.
Царах пачхьалкхана муьт1ахь пионераш, комсомольцаш, коммунисташ кхиийра. Уьш а, кхиболу а «советски нах» чекхбовлура Ц1ечу майданахула, «Ленинан зиярта» т1ехь лаьтта
баьчча, чалтач И.В.Сталин декъалвеш хьоькхучу маьхьаршна
юкъа шайн маьхьарий а эдеш, Ша мохь ч1ог1а ца хьаькхча, уллерчо шена моттохарна а кхоьруш. Адам кхерийна, 1адийна, шаьш-шайх дог а диллина, шайн синошкахьа даьлла зама хилла иза. Советийн заманахь йозадешар 1амо аьтто хилларш а, и зама т1еяле 1аьрбийн йоза-дешар 1амийнарш а х1аллакбарца д1айолийра ХХ-чу б1ешарахь нохчийн а, кхидолу а къаьмнаш х1аллакдаран юьхь. 1едалан къизаллина а, харцонна а, г1елонна а дуьхьалбевлира цхьаберш. Халкъалахь обаргаш аьлла ц1е яьржира церан, ткъа 1едало а, 1едалан векалша а «антисоветские элементы», «бандиты», — олура царах. Обаргаш тайп-тайпана хилла: 1едалан харцо лан а ца елла, цабевллачу денна арабевлларш, курхалчаш, обарг бовларан бахьанаш 1едална бен цахуурш а. Мухха делахь а, доккха бахьана а дина,«обаргех» доккха бахьана а дина, дийнна халкъах «мостаг1» а дина, махкахдаьккхина нохчийн халкъ, воккха а, жима а, зуда а, бер а ца къестош. Цхьана юьртара кхечу юьрта хьошалг1а ваха а хала долчу заманахь хадийна къоман орам, «цкъа а шайн Даймахка юхадог1ур дац шу!», — бохург кхетаме дуьллуш. Февраль беттан шийлачу 23-чу дийнахь, новкъана бина кечам а боцуш, арадаьккхинчу халкъо бехачу некъан хало лайна, стенга, х1унда дуьгу ца хуучу хаттаро са а дууш. Эхьбехкан гурашкахь къийлабелла, харцо, Даймахках къастор лан а ца делла, бехачу новкъахь беллачийн хьесап тахана а ца дина, Л.Берияс ша вагонаш чу боьттинарш мел бара аьлла, И.Сталине еллачу телеграммехь билгалдаккхар бен. Бакъду, нохчийн халкъ махкахдаккхаран
бахьана хьехочохь «обаргийн», «бандитийн» а дукхаллийн барам терахьашца «нийса» нисбина, цхьаболчу «историкаша» тахана а т1ехдетта нохчашна, «шун бандиташ дукха хиларна
махкахдаьхнера», — бохург. Оцу хенахьлерчу Конституционо а цхьана стагана кхиэл ян а бакъо
ца лора, бакъонан бух кечбина, «тешаша» тоьшалла ца дича. Оцу хенахь а, я вайн заманахь
а закон дац дийнна халкъ махкахдаккха бакъонанбух болуш. Ахгергга халкъ Казахстанехь, Г1ум-Азин арахь х1аллак а хилла, дийна биснарш ц1а бахкийтира, шайн бакъонашкахь
метта ца х1иттош. «Шу бехказадаьхна дац, къинхетам а
бина,ц1адахкийтина ду», — олура нохчашка.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

2