Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.02.2021 16:57 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 7-8 от 25.02.2021 г.

Х1ума карла ца даьккхича, дицло

Автор: Дени Сумбулатов

Т1аьххьарчу хенахь къаьсттана ч1ог1а хаало вай вешан маттанна, нохчийн маттанна, пе беттар. Оцу пе беттаро херабаьхна а ца 1аш, д1ахадош бу вайх цхьаберш маттах, г1иллакхех, ламастех, доцца аьлча, къоман орамех. Муьлххачу а къоман са, т1ум, лард цуьнан мотт бу. Шен маттахь синхаамаш, ойланаш йовзийта дешнаш ца тоьаш, ца карош, кхечу меттанашкара дешнаш юкъадалош, «керла мотт» буьйцурш к1езиг бац вайлахь. Цуьнан бахьана
х1ун ду-те? Суна хетарехь, бахьана деккъа цхьаъ ду: шен къоман меттан сий-пусар цадар, ша-шех, нахах, кхечу къаьмнийн векалех а эхь цахетар. Тоьлларг машен, т1ек1елдина ц1енош, лекханиг холхазан куй, х1ора дийнахь юуш-молуш чомехь ерг цахилар дац эхьениг.
Эхьениг, вай лакхахь мел дагардинарг а долуш (я доцуш), шен къомах д1ахадар
ду. Шен къомах д1ахадар уггар а хьалха къоман маттах д1ахадар ду. Халахеташ делахь а, ишттанаш вайлахь дуккха а бу. Шена ала луург, шен ойла маттаца схьа ца алалуш, ч1ог1а
къахьоьгу цхьаболчара. Ткъа цхьаболчара иштта а олу: «Оьрсийн маттахь
дийца атта хир дара суна, цундела оьрсийн маттахь дуьйцур дара ас». Дуьйцург оьрсийн маттахь дийца хууш мукъана а велара я оьрсийн маттахь дийца а ма ца хаьа. Доцца аьлча, шина а маттахь къамел д1а ца доьдуш, къахьоьгий, дерзадо пекъаро шен «къамел». Бахьана х1ун ду? Дера ду, и пекъар шен маттахь ойла ян а, къамел дан а хууш цахилар. Къамел дан хууш велахьара, шен дагахь дешнаш, предложенеш гочйичхьана волуш ма вара иза. Дешнаш хаа йиш яц, предложенеш х1итто говзалла а хир яц, нагахь цо дика нохчийн мотт
буьйцучаьрга ла ца дег1нехь, исбаьхьаллин дашца цуьнан уьйр-марзо ца
хиллехь. Дукха бу шаьш буьйцучу маттахь нохчийн меттан дешнех пайдаоьцурш. Нохчийн меттан дешнаш церан маттахь хила йиш яц, х1унда аьлча царна и дешнаш я церан маь1наш ца девза дела. И дерриге тидаме а эцна, оха лерина «Гумс» газетан аг1онаш т1ехь
нохчийн меттан дицлуш лаьтта дешнаш зорбане даха (оьрсийн матте гочдеш я
нохчийн маттахь маь1на а деш). Х1окху аг1онехь шун тидаме дохку оха царах
цхьадерш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

14