Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

11.03.2021 09:21 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 10 от 11.03.2021 г.

Къинхетам ца кхиабахь...

Автор: Д.СУМБУЛАТОВ

«Замано ерзайо чов», — олуш хеза халкъалахь. Иштта дан а ду иза. Замано хуьйцу, заманца хийцало адам. Хийцало цуьнан мал, кхетам, дуьнене болу хьежамаш. Ц1ена, г1айг1а-бала боцуш, самукъане, дуьненах воккхавеш хьежна ши б1аьрг г1айг1ано кхулу, хан-зама
яьлча, к1айн марха йог1у царна дуьхьал. Лаа ма ца аьлла: «Шовзткъа шо кхаччалц мекхех кадетташ, шовзткъа шо кхаьчначул т1аьхьа б1аьргех каетташ». Х1аъ, замано
б1аьргашка кхуьйдуьйту куьйгаш, т1ехь т1уналла а хаалуш. Ткъа дог лазамца деттало, ойланаш карзах а йохуш. Б1аьргашна хьалхахула чекхдуьйлу баьхначу, бехачу гергарчийн, йиша-вешин, бевза-безачийн юьхь-сибаташ, аматаш, г1аларташ. Теша ца лаьа, уьш кхин уллехь хирг цахиларх. Ткъа теша везарх кхета, 1уьйре а, суьйре а цхьалла йохьуш
еача. Уггаре а халаниг цхьа а цхьаъ висар ду, бевза-безачаьрга туьйсу са эрна дуйла замано ч1аг1деш. Хала ду татанашка ладег1ар, корах ара а хьоьжуш, цхьамма не1 еллар лардар. Хийламмо лайна, лан езаш ю цхьалла, вайл хьалха лайна а, вайл т1аьхьа лан а езаш йолу. И чов, сингаттаме, синхьийзаме йолу, уггаре а хала ю. И чов ца ерзало, ца ерзайо замано а. Замано к1аргйо, дарйо цхьалло синна йина чов. Цхьаллехь верг цхьа-а цавитаран дарба, ницкъ вайгахь бу. Оцу цхьаволчун лулахошкахь, бевза-безачаьргахь, къинхетамечу адамашкахь.
Вай, адамаш, б1аьрзе а, къора а ду х1окху сихачу заманахь кхечуьн вонна, балина, г1айг1анна, сингаттамна. Вайна цкъацкъа ца хеза орца доьхург. Ца го кет1арчу г1антахь
хиъна 1аш волу воккха стаг я йоккха стаг. Ца го церан, б1аьрхиш а кхачийна, ц1ийбелла б1аьргаш. Хеназа, замано, къиза еанчу замано, бераллехь дех-ненах къастийна,
сийначу Сибрехахь мацалла, шело лайна, Даймахке тийсинчу сино дегнаш а дуткъдина болчу царна улле охьа а лахделла, церан дог хьаста, дог эца хан яц вайн. Вай сиха ду. Сиха ду, кхача йиш йоцчу лакхенашка кхача, каракхача йиш йоцу бахамаш гулбан. Вай кхоадо цаьрга ала аьхна, ховха, дог хьосту дош, куьйгийн йовхо. Х1ун хаьа, дуьненахь царна оьшург цхьа а молха доцуш, цхьа а совг1ат доцуш, дог хьосту вайн дош дуйла! Деган, дешан
комаьршаллина, масла1аталлина б1аьрмецигалла хаало вайн дахарехь. Ца лаьа я ца кхуьу, адамна вон т1едеача, цунна улле д1ах1итта, цуьнца бала бекъа. Вайн к1оштахь ду, массо а
к1ошташкахь санна, т1емаша, хено, замано ц1ийнда, к1ентий, йо1арий, йиша-ваша, гергарнаш
д1абаьхьна адамаш. Царна оьшург латтайо 1едалан векалша, ков-кертахь оьшург до. Баланел а бала бу, г1айг1анел а г1айг1а ю доьза, каш доцуш, ган чурт доцуш гергарниг вар. 1уьйранна а, суьйранна а, кхоьланчу а, декхначу а дийнахь, массо а хенахь царна дуьхьал
х1уьтту уьш, хьалха санна: къона, хаза, дахаре, ирсе сатесна. Шайна уллехула д1асалелачу адамашлахь лоьху, карадо царна шайн гергарчийн аматаш. Карадо, шайна карон лаьа дела шайн синошна гергарчу адамийн аматаш. Хеза, шайна хаза лаьа дела, церан аьзнаш. Тера
хета церан болар, амалш шайн д1акхелхинчарах, т1епаза байначарах. Цара а са хьосту церан. Т1аккха г1енаш, са тедо г1енаш-лаамаш, сатийсамаш. Юха а д1адолало сатийсаме де, буьйса, йочане гуьйре, хеза кхечу махка д1айоьлхучу г1арг1улийн г1айг1анечу иллих
тера тийжаме белхар-узам. Х1аъ, белхар-узам. Къаьхьачу къурдашца бо белхар-узам. Цхьана а 1аламан хийцамо ца беа дог хьосту хаза кхаъ. Юх-юха а сингаттамо, г1айг1ано хьоьшу, дуу са, хан-хене яьлча, зама д1а мел оьху жимло… Ткъа вай сихачу боларца хьоьшу
церан охьаоьху б1аьрхиш, вешан бен а дацарца церан дегнашна юхюха а чевнаш еш.
Хьоьшу, юхахьажар а доцуш. Сихаллехь. Хууш я ца хууш, леррина я ларамза… Царна ца хаьа, ткъа вайна хаьа, муьлхачу дог-ойланца, 1алашонца деха вай, тахане а, кхане а вайн хир ю а моьттуш… Х1аъ, моьттуш, хеташ… «Гумс» газетан редакцехь болх
бечу журналисташна дукха го вайн к1оштахь, республикехь вовшахтоьхна, д1ахьо цхьаьнакхетарш. Царах кегий, яккхий а статьяш язйо оха, церан кхетош-кхиоран маь1на, 1алашо билгалйоккхуш. 1аламат дукха цхьаьнакхетарш ду къона чкъорана
пайде, кханенна бух кечбина, селханенан хьесап а деш, кечйина. Уьш
д1ахьо берийн бошмашкахь, школашкахь, кхечу дешаран хьаьрмашкахь. Шеко йоцуш бакъду цхьаъ: кечам дика бо, стихаш дика йоьшу, эшарш дика локху, г1иллакхех
дийцар лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1адоьду. Дешархоша «артистийн» ролаш ловзайо дика, говза. Уьш дахарехь «дахарх» ловзу, хьехархочун семачу б1аьрсино лерина тергам беш «ловзу», олуш ма-хиллара, школан беа пенна юккъехь. Оцу г1уллакхийн, цхьаьнакхетарийн дукхалло 1индаг1ехь, тергамза дуьту коьртаниг: Къинхетам, нехан Вонна орцахвалар я орцахвала кийча хилар, нехан б1аьрхийх шен деган хиш д1аэйта кийча хилар. Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь олу х1ора а дош дагах, синах кхеташ хила деза. Уьш дагах, синах а кхеташ хир ду, нагахь нохчийн берийн кхетамна, ойланна, хьежамашна, доьзалийн
мехаллашна т1е а хьажийна, яздина, аьлла а делахь. Кхечу меттанашкара гочдина
туьйранаш, дийцарш х1итто сих а ца луш, вешан фольклорера, литературера говзарш х1итто, 1амаяйта хьовса деза вай. Уьш хир ю вайн берийн синошна гергара, уьш д1ауьйр
ю церан ойланех, кхетамах. Ойла, кхетам кхиор бу цара. Цаьргахула –
Къинхетам, Адамалла. Ткъе итт шо хьалха дийцира суна цхьана стага, шайн юьртахь хилла
бохуш: «Тхан юьртахь ша ехаш-1аш цхьа йоккха стаг яра. Ша цхьаъ яра иза, кхобуш цхьа етт, ши уьстаг1, иттех котам а йолуш. Хьаьжк1ашна, картолашна а бешахь асар деш и
гича, хьекъийла хьан олий, керта улле цунна т1е а воьдий, цуьнца къамеле волура со.
- Дела реза хуьлийла! Дела реза хуьлийла хьуна! – олий, суна т1е а йог1ий, къамеле йолура иза. Шеца цхьамма къамел дан луучо цо шен ваша хьахавора, хьох мел
тера вара хаьий хьуна и, олий. Изза кхечаьрга а олура цо. Цунна массо а шен вешех тера хетара я хила лаьара. Шовзткъа шо хьалха т1ам т1е вахана ваша. Иза вийна, велла,
доьза вайна ала ца лаьара цунна. Сибрехахь кхойтта шо а даьккхина, нохчий ц1а бирзича, х1ара а еанера шен ден керта, йиша-ваша дала а делла. Шен доьзал ца кхуллуш,
ша ехачу йоккхачу стеган ц1а жима делахь а, гуттар а к1айн кира а тоьхна, ц1ена, хаза дара. Оцу кертахь ехаш яра и, жимачу ц1ийнан цхьа чоь шен вешина кечйина, иза тахана-кхана ц1а вог1ур ву бохуш. Йоккхачу стагана яха ницкъ лора дегайовхоно, сатийсамаша. Иза шен
ваша ц1а вог1ур хиларх тешарна, цуьнан дог хьостуш, лула-кулахь бехачара олура цуьнга: «Хелист, Дала рицкъанаш ц1ент1е дерзадойла 1елин!» Цунна хаза луург, цо сатуьйсург хазадора цунна. Шен ваша ц1а веача санна хазахетий, елалойекхалой, самукъадолий, хьийзара
Хелист. Оцу Сатийсамца Далла дуьхьал а яхара Хелист. Дала гечдойла
цунна…» Къинхетамо дуккха а х1ума чулоцу. Дерриге а дахар ма ду къинхетамо кхоьллина, Къинхетамо латтош а. Адаман синехь, ойланехь, кхетамехь аганахь дуьйна кхио беза Къинхетам. Берийн бошмашкахь биллинчу бух т1ехь кхио еза Адамалла. Адамалла, Къинхетам кхио беза школашкахь исбаьхьаллин говзаршца, нохчийн маттаца, г1иллакхийн хазаллица. Дешархошка хьалха кхочу хаамаш, хьекъал а дай-наношкара, хьехархошкара, книгашкара бен
кхочуш ца хиллехь, х1инца «хьекъал» (маьхза!) даржош, доькъуш ду телефонаша, интернето. Чолхе, хала, къиза, тешнабехке хиламаш бу ХХI-чу б1ешарахь вай ловш.
Къинхетам хьаьшна, къизалла яьржина дуьненахь. Доьзалшкахь, каппашкахь, ярташкахь,
г1аланашкахь, йхьайолчу пачхьалкхашкахь кхайкхош, даржош ду боьханиг, маьттазниг, къизалла. Ницкъ, г1ора, бахам болчу адамаша, пачхьалкхаша хьоьшу, х1аллакдо кхин
адамаш, кегий пачхьалкхаш. Ц1ий, б1аьрхиш дукха ду х1окху дуьненахь. Эзарнаш, миллионаш адамаш ду хьогалла, мацалла ловш. Дукха дац зовкхе, ирсе деха адамаш. Яккхийчу пачхьалкхийн къизаллин кегий а, даккхий а бахьанаш оцу пачхьалкхашкахь дехачу адамийн
бераллехь ду. Бераллехь амалх доьлларг ду воккхачо шен дахарехь даржориг. Къинхетамечу берах кхуьу, хуьлу къинхетаме адам. Доьзалехь, берийн бешахь, школехь
беро доккху х1ора де – вокхаллина иза т1евог1у терхи, т1ег1а ду. Цунна лаахь а, ца лаахь а, иза дика велахь а, вон велахь а, иза кхача везаш ву оцу дахаран лакхене, мацца
а цкъа чаккхене, анайисте. Х1ун дохьуш вог1у иза кхечарна? Х1ун ду цуьнгахь юкъараллина д1адала? Х1ун ду цуьнгахь шел т1аьхьа бог1учаьрга д1адала? Вай хьехнарг, вай 1амийнарг бен кховдо йиш яц цо цаьрга. Вай кхиъний-техьа оьздангалла, Тешам, Къинхетам, Адамалла, г1иллакх, эхь-бехк церан ц1ийх, т1амарх болийта? И ницкъ буй-техьа таханлерачу литературин урокийн? Ца карабо суна и ницкъ, шегахь исбаьхьаллин дешан аьхна т1е1аткъам а, шайх масал эца хьакъ болу турпалхой, васташ а долуш. Советийн заманахь баьхна бу вайх цхьаберш. Вайна евза и зама, пачхьалкхан низам хилла, идеологи. Пачхьалкхан низам луьра дара,
бехкамаш дукха бара, къизалла йоккха яра. И дерриге а цхьаболчара шайна т1ехь лайна, репрессешна т1ера, дийнна халкъаш махках даххалц. И къизаллаш пачхьалкхера «ахархой, белхалой» ирсе бахийта лелош йолуш санна д1ахьош яра политика. Цунна т1е а доьг1на,
оцу бух т1ехь х1оттийна, д1ахьош а бара идеологин болх. Хаамийн г1ирсаша, исбаьхьаллин литературо, театраша, киноша кхиавора «керла советски стаг», пачхьалкхан вон мел дерг къайладаьккхина, дика мел дерг даржа а деш. Школехь 1амош йолу исбаьхьаллин произведенеш (оьрсийн, нохчийн а) оцу заманца, пачхьалкхан мехаллашца йог1уш яра. Пачхьалкхан мехаллаш кхиорна, яржорна, ч1аг1ъярна
т1ехьажийна бо болх кхочушбийраш баккхий 1илманчаш, яздархой,
говзанчаш бара. Уьш кхиийнера пачхьалкхан дешаран хьаьрмашкахь «керла советски стаг» кхиоран 1алашонца. Коьртачу декъана уьш (идеологаш) шаьш шайна хьалха х1оттийначу 1алашоне кхечира цунна тоьшалла дара кхоьллина
нуьцкъала пачхьалкх, оцу пачхьалкхан литература, театраш, кинофильмаш… Ткъа тахана? Дийнна пачхьалкхехь цхьана низамехь, 1алашонехь, къепехь ца бо кхетошкхиоран болх. Х1ун оьшу а, стенна оьшу а ца хууш (къастийна 1алашо а йоцуш) вовшахдеттарг вовшашца
з1е йолуш ца хуьлу. Цундела цунах цхьана к1иранна, баттанна вовшахтоьхна «белхи» (цхьана ханна) хуьлу. Вайна оьшу, селхане а теллина, таханенан хьесап а дина, къоман
синмехаллийн а, 1илманан а бух т1ехь идеологи. РФ-хь Конституцехь къобалйина, ч1аг1йина идеологи яц, бохуш, хеза вайна. Билгалйина, къобалйина идеологи ца хилча, пачхьалкхан ч1аг1о, цхьаалла а ледара хуьлу. Адамаллин, къинхетаман (халкъийн, динийн мехаллаш тидаме а эцна) а бух т1ехь кхоьллинчу, вовшахкхеттачу пачхьалкхехь нийсо ца хуьлийла дац, ткъа нийсо йолчу пачхьалкхехь маьрша а, ирсе а деха адамаш. Маьрша а, ирсе а
деха адамаш кийча хуьлу шайн ц1а, пачхьалкх муьлххачу а мостаг1чух
ларъян. Иштта бен, оцу тайпанчу бух т1ехь бен кхио йиш яц бакъйолу патриотизм.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

293