Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.03.2016 17:16 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 14-15 от 10.03.2016 г.

Наной декъалбира

Автор: Р.СУМБУЛАТОВА
Гуьмсера № 5-чу юккъерчу школан 11-чу классан дешархо

Дика ламаст хилла д1ах1оьттина х1ора шарахь Дуьненаюкъара зударийн Де даздаран хьолехь билгалдаккхар. Оцу Денца доьзна дуккха а цхьаьнакхетарш, гуламаш, литературин-мукъамийн, поэзин суьйренаш вовшахтуху, совг1аташ до наношна, зударшна, мехкаршна лерина. Доьзал дика кхиийначу, балхахь кхиамаш болчу зударшна 1едалан т1ег1анехь мехала совг1аташ до, концерташ х1иттайо, уьш декъалбеш. Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школехь д1ахьо цхьаьнакхетар а дара оцу Денна лерина. Школан йоккха чоь юьззина гулбеллера наной, зударий, хьехархой, дешархой 8-чу мартана вовшахтоьхначу даздаршка. Цхьаьнакхетар д1ахьочу дешархоша Висангериева Танзилас, Сумбулатова Радимас а наной декъалбеш къамел динчул т1аьхьа дош школан директоран заместителна Берсанова Фаридина делира. Цо шен къамелехь элира: «Б1аьстенан муьрехь зударийн, нанойн Де хьалхарниг ду. Оцу дийнахь вай уггаре а хьалха вешан наной декъалбо, церан дахарехь гуттар а дика мел дерг хила лаарца. Дала ирс-аьтто болуш дахар хуьлийтийла шун, тхан хьоме наной, йижарий! Шайн берех даккхийдоьйла шу! Дала декъалдойла шу!»
Школан дешархоша а, хьехархош а йоккха концертни программа кечйинера наношна лерина. Хьехархочун Мудаева Заремин дешархоша «Кегий седарчий» — хелхар гайтира. Хьехархочун Юнусова Маликин дешархоша «Моя мама» — эшар лекхира, ткъа иштта «Ирсе ду т1едог1у де» эшар лекхира Мудаева Айдимас. Хьехархочо Абубакарова 1айнаа кечйинчу хоро д1алекхира «Настоящий друг» — эшар, ткъа иштта Маилова Айдимас д1алекхира «Б1аьсте яьлла». «Хазна» тобано д1алекхира «Нана» эшар (хьехархо – М.Юнусова).
Дешархочо Сумбулатова Радимас поэтан Борхаджиев Хожбаудин «Нана» — стихотворени йийшира. Дешархоша Темиргаева Айдимас а, Куриева Эльзас а нанна лерина эшар лекхира. Хьехархочо Х.Тужеевс кечбинчу дешархоша (оркестро) кхочушбира нохчийн иллийн, эшарийн а мукъамаш, уггаре а жимачу дакъалацархочо Тужиков Тимура ешначу стихотворенига (хьехархо – Мудаева Зарема), ткъа иштта хьехархочо М. Асхабовс ешначу поэтан 1-1.Асхабовн «Бархолг1а март» стихотворенига а хазахеташ ладуьйг1ира цхьаьнакхетаре баьхкинчара. Наношна лерина цхьаьнакхетар д1адерзийра масачу хелхаршца.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

140