Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

19.01.2017 14:18 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-2 от 19.01.2017 г.

Толам массаьргахь а бара

Автор: Иман АДЗИЕВА

Школашкахь, массо тайпачу белхан меттигашкахь х1окху деношкахь д1ахьош ду т1едог1учу 2017-чу шарна лерина цхьаьнакхетарш, даздарш. Тайп-тайпана самукъане программаш кхочушъеш, дакъалацархошна совг1аташ луш д1адоьлху уьш.
Ишттачарах дара Нажин-Юьртан к1оштан Зандакъарчу Культуран ц1ийнехь юьртан № 2 йолчу юккъерчу школан дешархой цхьаьнакхетар а.
Керла шо даздечохь уггаре а самукъанениг ду тайп-тайпанчу ловзоргашца, бес-бесарчу лепаргашца кечйина базалг а, Г1ура-Дада а, Лайн-Аьзни а хилар. Къаьсттина самукъадолу царах кегийчу берийн. Туьйранашкарчу турпалхойх тарлуш, бес-бесарчу духаршца кечло уьш, Керлачу шарна лерина байташ йоьшу цара, исбаьхьа хелхарш до, тайп-тайпанчу къовсадаларшкахь дакъалоцу. Ткъа уггаре а ч1ог1а цара сатуьйсу м1аьрго ю гайтинчу пох1ме хьаьжжина, Г1ура-Дадас совг1ат дар.
Х1ора а классо самукъане а, безаме а гайтарш кечдинера, вайн республикехь д1ахьочу «Синмехаллаш» телевизионни къийсадаларех тарбала а г1ерташ.
Зандакъара № 2- йолчу школан оьрсийн мотт, литература хьоьхучу хьехархочо Юсупова Марета т1едог1учу керлачу шарца декъалбира вайн махкахой, юьртахой иштта баркалла элира вайн Республикин Куьйгалхочунна Кадырова Рамзанна. Вайн махкахь иштта парг1ато латторна вайн цхьанакхетарш д1адахьа, берийн кхане кхуллуш церан некъ ирсе бан вай йиш хиларна.
Хан муха чекхйолу ца хууш, чулацаме а, самукъане а д1адахара цхьаьнакхетар. Кхузахь оцу дийнахь массо а бер тоьлла дара, цхьа а эшна дацара.
Дала беркате а, токхе а дойла вайна т1едог1у Керла 2017 шо!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

27