Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

27.10.2017 16:29 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 69-70 от 27.10.2017 г.

Говза хьехархо

Автор: ДАМАЕВА Има

Дуккха а йолчу говзаллех хьехархочун говзалла хаьржина стаг ерриге и юкъаралло лара хьакъ ву.

Цо т1елаьцнарг хала хилла ца 1аш,1аламат жоьпалле г1уллакх ду… Масала, Норвегехь адам кхелхича, иза д1адерзош, цуьнан чурта т1е, говзалла билгалйоккхуш, йоза яздан ца магадо.

Еккъа цхьа говзалла ю цара, сийдеш, чуьрта т1е язъян магийнарг – Хьехархочун говзалла. Шен кхетам лакхара болчу юкъаралехь иштта лакхара мах хадабо хьехархочун белхан.

Хьекъалчаша аьлла а ма ду: «Муьлххачу а юкъараллин кхетам кхиаран барам оцу юкъараллехь хьехархочун дечу сий-пусаре хьаьжжина къастош ду». Иштта маь1не бу хьехархочун болх.

Хьехархочун корматалла, говзалла хаьржинчарех ву Абдурзаков Ибрах1иман Шертбек а. Шен балха т1ехь шортта зеделларг а долуш, баккхий кхиамаш болуш ву Шертбек.

Цуьнан дешархоша республикански олимпиадашкахь а, къовсамашкахь а хьалхара меттигаш йоху: «Стела1ад» журналан а, «Гумс» газетан а аг1онаш т1ехь шайн говзарш а йовзийтина цуьнан дешархоша.

Иштта иза дакъалоцуш ву нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзаменан талламан лараран коьчаллин вовшахтохаран тобанехь.

9-чу классана леринчу пачхьалкхан коьртачу экзаменан эксперт а ву, ЧИПКРО-он-тьютер а ву. Билгалдаккха деза, Шертбек цхьана х1уманна, нагахь и нохчийн маттах а, литературах а хьакхалуш делахь, юьстах 1аш цахилар.

Шен белхан зеделлачух говза пайдаэца а хууш, кхечу хьехархошна оьшшучохь г1о-накъосталла деш, къахьоьгуш ву дуккха а шерашкахь.

Муьлххачу а школехь ахь методически цхьаьнакхетараллин папка схьаэцча, цу юккъехь Шертбекан календарни, урокийн а планех пайдаоьцуш, вовшахтоьхнарг карадо. Хьехархошна г1оьнна араяьхна Шертбека «1аламан совг1аташ», «Нохчийн маттахь нохчийн маттах» — пособеш а.

ЧИПКРО-н – нохчийн меттан а, литературин а кафедран белхахо йолчу аса а Шертбекан белхан зеделлачух пайдаэцна. Цундела сан шортта диканиг бен дац цуьнан балхах лаьцна ала. Шен дешархошна пайде хилла ца 1аш, шен к1оштарчу а, республикерчу а хьехархошна шегара г1о кхачийна ву Шертбек.

Дика хьехархо хилла ца 1аш, оьзда а, г1иллакхе а, коьмаьрша а, оьшучунна орцхволуш ву Шертбек. Ц1ена а, сирла а бу хьан некъ, Шертбек.

Иштта кхимаш а бохуш, дуккха а ваха Дала могашалла лойла хьуна!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

64