Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.04.2017 14:47 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 27-28 от 26.04.2017 г.

Нохчийн мотт- г1иллакх-оьздангаллин хьост

Автор: Д.АБУАЛИЕВ, Ш.АБДУРАЗАКОВ

«Ша безча, цо воккху т1ома,
Халонехь хуьлу накъост а,
Ю иза башхалла къоман,
Хазачу г1иллакхийн хьоста»
Борхаджиев Хожбауди

Гуьмсан муниципальни к1оштахь дешаран урхалло нохчийн меттан Де даздарна лерина дуккха а мероприятеш шуьйрачу барамехь д1аяхьар ламаст хилла схьадог1у х1окху итт шарахь. 2017-чу шеран апрель баттахь дешаран урхаллин хьаькаман, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочун Куразова Маликин омрица кхоьллинчу вовшахтохаран комитетан декъашхоша к1оштарчу ишколийн векалшца д1абаьхьира «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн маттахь тоьлла альманах», «Нохчийн маттахь тоьлла газет», «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени», «Нохчийн маттахь тоьлла дийцар», «Ненан мотт – аганан илли (ша язйина байташ ешаран къовсам)» ц1е йолчу ша язйина байташ ешаран къовсам, иштта кхиболу а къовсамаш, классал арахьара белхаш, кхоллараллин белхалошца цхьаьнакхетарш. Оцу къийсамашкахь шеконза а, толаме а меттигаш яьхнчу дешархошна а, уьш кечбинчу хьехархошна а Гуьмсан к1оштан администрацин куьйгалло а, к1оштан дешаран урхалло а совг1аташ делира … «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьост» ц1е йолу даздар д1адаьхьира 2017-чу шеран 19-чу апрелехь Берийн кхоллараллин Кхерчахь.
Историн цхьа дакъа ду итт шо хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1е йолу орденлелорхочо Кадыров Ахьмад-Хаьжин Рамзана, нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина, апрелан 25-г1а де Нохчийн меттан Де д1акхайкхор.

Нохчийн меттан
Де дIакхайкхоран хьокъехь
Нохчийн Республикин Президентан
УКАЗ
11.05. 2007 шо. Соьлжа-ГIала № 207
Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-гIа де нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
«Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикин
Президент Р.А. Кадыров

2007-чу шарахь вайн мехкан куьйгалхочо куьг яздинчу Указо яккхий таронаш кхоьллира нохчийн мотт к1орггера 1амо. Цкъа шен къамелехь дика вевзачу Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, дешан говзанчо Сумбулатов Денис ма-аллара, «Дархочунна оьшу дарба-молха санна, бан новкъа баьллачу маттанна дарба-молха хилла д1ах1оьттира и Указ».
Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министро, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочо Байханов Исма1ала боккха тидам т1ебохуьйту ишколашкахь нохчийн мотт, литература хьехаран хьелаш тодарна. Цуьнан омрица вовшахтоьхна нохчийн меттан говзанчийн тобанаш ю федеральни пачхьалкхан стандарташца йог1уш керла дешаран методически коьчалш х1иттош (1аматаш, хрестоматеш, г1о-1аматаш, белхан тетрадаш, юкъарчу хьесапехь белхан программаш).
Вайн меттан сий-ларам, хан-зама мел йолу, вай махкахь кхуьуш, ч1аг1луш хиларан тоьшалла ду Байханов Исма1ала, Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан т1едилларца ишколашкахь нохчийн меттан экзамен пачхьалкхан йина, юкъаялор.
Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров 1усмана а, к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочо Куразова Маликас а вайн к1оштарчу ишколашкахь нохчийн мотт хьехарна боккха тидам т1ебахийтаран жам1аш ду к1оштан а, республикин а т1ег1анехь д1ахьочу нохчийн меттан олимпиадашкахь а, кхиболчу къийсамашкахь а дешархоша толаме меттигаш яхар. Иштта дешархой вайн к1оштана боккха юьхьк1ам бу, дозалла а ду. Ишттачарех ю вайн к1оштарчу Комсомольскерчу юккъерчу ишколан 11-чу классан дешархо Мидиева Седа а, Энгель-Эвларчу юкккъерчу №1 йолчу ишколан 9-чу классан дешархо Шабазова Камила а, уьш санна болу кхиберш а. Республикин нохчийн меттан олимпиадашкахь толаме меттигаш яьхна дешархой цхьаболу дешархой Нохчийн пачхьалкхан университетан къоман декъехь кхиамца доьшуш бу, нохчийн меттан, литературин а хьехархой бу: Шахгириева Алиса – Гуьсе-г1алин дешаран Кхерч, Хамидова Дагмара – Гуьмсе-г1алин юккъера №3 йолу ишкол, Хамидова Рукъет – Нохчийн Пачхьалкхан университетан къоман кафедрин белхало.
Нохчийн къоман, массо а къаьмнийн санна, дахарехь коьрта меттиг д1алоцуш бу мотт. «Ненан мотт» — олий, ц1е йоккху нохчийн меттан халкъалахь. Цо гойту массо а х1ума ненера хилар. Цуьнгара, ненера, 1ема адамна дуьххьара мотт бийца а, когбаккха а. Цо шен оьздачу маттаца, эсалчу, хьекъалечу къамелашца, аганан мерзачу иллешца, сица даг чу юьллу берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла.
Нохчийн мотт – иза къоман дахарехь йоккха меттиг д1алаьцна адамаш ду: вайнзаманан турпалхо – А.-Хь. Кадыров. Историн турпалхой: Таймин Биболат, Шайх Мансур, Бенойн Бойсг1ар, обарг Зеламха, Нурадилов Ханпаша. Мел дукха бу уьш кхин а бийца йиш йолуш, муьлххачу а къомо дозалла а дийр долуш. Нохчийн оьздангаллин зудчун васт лардина Дадин Айбике, Гихойн Таймасхе, Насуханова Ляле...
Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман хазна ю. Ненан маттехула 1ема вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза. Цуьнан аьзнашца, дешнашца, мукъамца схьахеза т1еман аренгахь къоман парг1ато къийсинчу Таймин Биболатан аз, оьздалла ларйинчу Дадин Айбикин аз.
Цу турпалаллин мукъамца нохчийн меттан васт дагца, сица лардинчийн ц1е цкъа а ца йовш лаьттар ю адамийн дегнашкахь.
Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, поэта Борхаджиев Хожбаудис шен «Ненан мотт» стихотворенехь яздо:
Сан ненан маттахь ду аз а,
Ненан мотт бу даим сица.
Лаьа-кха суна иза хаза!
Хаза лаьа-кха бийца.
Нохчийн мотт кхиош, цуьнан хьал долуш хиларх цецбуьйлуш, дуккха а 1илманчаша теллина иза, яздархоша исбаьхьаллин говзарш кхоьллина вайн маттахь.
Вай са тедеш, хьостуш, кхетам кхиош нохчийн маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина: Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Салихьа, Курумова Селимас, Ахматова Раисас, Айдамиров Абузара, Бексултанов Мусас, Арсанукаев Шайхис, иштта кхиболчара а.
Вайн к1оштахь а бу республикехь а, цул арахьа а дика бевзаш болу поэташ: Нохчийн Республикин халкъан поэт Шаид Рашидов, Шарип Цуруев, Хожбауди Борхаджиев, Руслан Юсупов, 1умар Саиев, Мохьмад Алиев. Церан мог1арехь шен ц1е яккха хьакъ долуш ву дика вевзаш волу меттан говзанча, журналист Сумбулатов Дени. Цара лардина, кхиийна нохчийн дош, вайн мотт. Дела реза хуьлда царна!
Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах х1умма ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Ненан маттахь девза вайна дахар, цу маттахь вай доьлу я доьлху, цу маттахь йо вай ойланаш. Нохчийн къоман синбахам – иза нохчийн мотт бу. Б1ешерашкахь халонна къар ца луш, нохчийн къоман дахарна керла ницкъ луш бекна вайн ненан мотт. Цуьнца бу б1ешерашкахь даьхначу адамийн синмарзонаш, церан сатийсамаш, церан дегнийн йовхо.
«Нохчийн мотт хьашт бац, оьшуш бац, цуьнан кхане яц», — бохучу хенахь, нохчий шайн махках а къастийна, г1ело ловш болчу хенахь, Делан диканах дог ца дуьллуш, вовшашка олу дош, буьйцу мотт нохчийн болуш, нохчий шайн махка ц1абирзича мотт беза а, халкъ деза а, мохк беза а 1амийначу хьехархойн ц1ерш оцу цхьаьнакхетарехь яхар мехала дара. Шайх лаьцна дуккха а хаза, хастаме дешнаш ала хьакъболу дела ехира церан ц1ерш. Церан ц1ерш яьхча, цхьаболчарна дагаеара шайн бераллин хаза зама, карладевлира ду церан, шайн синош ц1ена хиллачу хьехархойн, аматаш. Уьш бу иттанаш шерашкахь нохчийн мотт буьйцуш, хьоьхуш хьанал къахьегна хьехархой: Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо Эльдаров 1абдул-Къах1ир, Бошхаджиева Зарган, Джимнигов Ваха, Хизриева Майсет, Лалаков Халид, Бошхаджиева Малика, Чаплуев Шаид, Шудуев Турко, Шовхалов Сайдселим, Рашидов Шаид, Лакаев Леча, Косумов Мохьадди, Абдурзаков Солтан, Абдулмежидов Нажа, Мусаев Баудди, Ибрагимов Саловди, Дугулаев Бишраку, Исхаджаев Мохьмад, Булаев 1абдуршед,Темиралиев Султан, Кудусова Мета, Абзотов Нурди, Денисултанова Макка, Алхазова Майса, Кесабиева Зараъ, Умханова Пайдат, Алтемирова Джанета, иштта кхиберш а.
Царах цхьаберш дийна бац. Дала гечдола царна! Шайх ала хастаме дош дитина, д1абахна уьш. Вайн к1оштара берриге аьлча санна, нохчийн меттан хьехархой церан хилла дешархой бу.
Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай – нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт – х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза».
Нана санна, безаш хила беза ненан мотт, дега санна, лерам хила беза цуьнга, бер санна, кхио беза иза, воккхачун санна, 1уьналла дан деза цуьнан. Т1аккха бехар бу вайн мотт, т1аккха кхочур бу иза вайн массеран а дегнашка.
Заманах доьзна ду вайн дахар, цундела хийцалуш ду адамаш. Вайн дахар вайн маттахь ду. Уггаре коьртаниг – мотт ларбар. Цхьадолу меттанаш санна, дуьненчуьра иза д1ацабайтар!
Къоман культура, ламасташ маттаца ларлуш ду. Шен къоман амал, са долчу адамо дозалла дийр ду шен ненан маттах. Нагахь ненан меттан сий-ларам беш къам делахь, оцу маттахь къамел деш болу нах а хир бу лераме.
Нохчийн къоман синбахам бу нохчийн мотт. Б1ешерашкахь халонна къар ца луш, нохчийн къоман дахарна керла ницкъ луш, бекна вайн ненан мотт. Цуьнца ю б1ешерашкахь даьхначу адамийн синмарзонаш, церан сатийсамаш, церан дегнийн йовхо.
Кхачаме дац ненан мотт беза бахар. Мотт кхио безаш бу, заманца г1улч йоккхуш, къоначу чкъурана масаллина истори йовзуьйтуш. Историца доьзна ду халкъан хиндерг, долуш дерг.
Дика вевзашволчу журналиста Д.А.Сумбулатовс ма-аллара, «Кавказехь дуккха а къаьмнаш ду. Царах шен шира истори йолчу къаьмнех цхьа къам нохчийн къам ду… Къам шен маттана херадалар шен орамах хадар ду. Орамах хадар къам доь доцуш дуьненчуьра д1адар ду».
Оьрсийн яздархочо Л. Н. Толстойс ч1ог1а хастаме дешнаш аьлла нохчийн маттах: «Нохчийн мотт уггаре а хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна иза кхоччуш дика хууш белахь».
Вай лакхахь билгал ма-даккхара, Гуьмсан муниципальни к1оштан дешаран урхалло дан леринчуьнца дог1уш, х1окху шеран апрель баттахь шуьйрачу барамехь д1аяьхьира нохчийн меттан Денна лерина дуккха а мероприятеш. Ишколашкарчу къовсамийн толамхоша шайн хаарш зер д1ахьо к1оштан т1ег1анехь д1ахьочу къовсамашкахь. Шеконза а, толаме а меттигаш яьхна толамхой совг1аташ дала кхайкхинера нохчийн меттан Денна леринчу «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьост» ц1е йолчу цхьаьнакхетарехь.
2017-чу шеран 19-чу апрелехь Гуьмсан к1оштарчу ишколийн векалша нохчийн шира ц1енош д1ах1иттадо Берийн кхоллараллин Кхерчан уьйт1ахь (ДДТ). Царна чохь ишколийн векалша гойту нохчийн къоманан дахар, кхачанаш, х1оттадо хьаша т1еэцаран сурт, хозуьйту нохчийн къоман шира мукъамаш, турпалаллин иллеш, шира дийцарш, аларш. Х1ора х1усамехь нохчийн духаршца к1ант, йо1 ду хьешашка маршала хатта а, шайн шуьнера кхачанаш бовзийта а д1ах1оьттина. Ширачу юьртан майданахь нохчийн синкъерам вовшахтоьхна оцу белхан говзанчаша, х1айт-аьлла хьийза юьртан бахархой.
Нохчийн меттан Денна лерина даздаран шолг1а дакъа д1ахьо Берийн кхоллараллин Кхерчахь.
Нохчийн меттан Денна лерина Берийн кхоллараллин кхерчахь дешаран урхаллин коьрта говзанчо Джамалаева Амината вовшахтоьхначу нохчийн маттахь арайийлинчу книгийн а, «К1оштан тоьлла альманах» а, «К1оштан тоьлла газет» а гайтамашка лерина хьовсу хьеший, бинчу белхийн лаккхара мах а хадабо цара…
Даздаран цхьаьнакхетар д1адоладо «Нохчо» ц1е йолчу хелхаран ансамблан декъашхоша.
Цхьаьнакхетар д1ахьочу Гуьмсе-г1алин юккъерчу №3 йолчу ишколан 11-чу классан дешархочо Ибрагимов Асхьаба а, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №5 йолчу ишколан 10-чу классан дешархочо Ибрагимова Амината а маршалла хаьттинчул т1аьхьа бовзуьйту дезде цхьаьнакхетараллин декъашхошца д1адахьа баьхкина лараме хьеший: Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхо Оздамиров 1усман, Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Юсупов Са1ид, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Висмурадов Абухьасайн, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Тагиев Мурат, Нохчийн Республикин Дешаран а, 1илманан а Министран хьалхара заместитель Тааев Илес, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиев Аза, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, литературни критик Бурчаев Хьаьлим, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт, «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Хожбауди.
Маршаллин дош ала сцени т1е кхойкху Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин хьаькам, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхо Куразова Малика. Цо цхьаьнакхетараллин декъашхошна бовзуьйту к1оштарчу ишколашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденлелорхочо нохчийн меттан Де билгалдоккхуш Указ даьккхинчул т1аьхьа хилла кхиамаш. Вайн Хьалхара Президент, Россин Турпалхо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикан куьйгалле х1оьттинчул т1аьхьа, цо билгалъяьхначу 1алашонех ишколашкахь дешаран хьал юхаметтах1оттор коьртаниг хилла хилар довзийтира Куразова Маликас. Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла мехала дешнаш довзийтира цо: «Хьехархочо кхуллу къам». Шен дас д1аболийна некъ НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана говза а, нийса а д1абахьаро таханлерачу вайн кхиамашка кхачийна хилар билгалдаьккхира Куразова Маликас.
Нохчийн меттан Денна леринчу цхьаьнакхетарехь динчу шайн къамелашкахь Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров 1усмана а, Ночийн республикин Парламентан председателан заместитело Юсупов Са1ида а, Ночийн Республикин Парламентан депутата Висмурадов Абухьасайна а, Нохчийн Республикин Дешаран а, 1илманан а Министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса а, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналиста Газиев Азас а, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, литературни критика Бурчаев Хьаьлима а, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, поэта, «Гумс» газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Хожбаудис а лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-хьаьжас нохчийн меттан мехалла ойуш болийна болх цуьнан к1анта, вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанаа лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1ахьош хиларан. Цара дийцира вайн махкахь дикачу аг1ор хуьлуш болу хийцамаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1аболийначу белхан, г1уллакхийн бух т1ера схьабог1уш хиларх.
Цхьаьнакхетараллин декъашхоша а, ларамечу хьешаша а хастаме дешнаш элира ненан маттах, дийцира цуьнан дозаллах.
Цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешийн самукъадаьккхира шайн эшаршца Илсхан-Юьртарчу коьрта дешаран ишколан дешархочо Усаева Танзилас а, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу гимназин дешархочо Баталова Раянас а. Нашид элира Лаха-Нойбоьрарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан дешархойн тобано, Шоьнарчу юккъерчу ишколан дешархочо Шерипов Наиба хьалхара а олуш. Ша язйина «Даймохк» ц1е йолу стихотворени йийшира Гуьмсе-г1алин №7 йолчу ишколан дешархочо Баймурадов Ибрех1има.
Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар дуккха а хьехархошна, дешархошна, нохчийн маттаца уьйр-безам болчарна дагахь лаьттар ду. Хаза, сирла дагалецамаш оцу цхьаьнакхетарх хьехархойн, дешархойн бисийта Гуьмсан к1оштан администрацин куьйгалло, дешаран урхалло царна дала совг1аташ кечдинера. Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас тайп-тайпанчу номинацешкахь совг1аташ д1адала сцени т1е кхойкху лераме хьеший.
Гуьмсан муниципальни администрацин куьйгаллин ц1арах нохчийн меттан Де даздарна доьзна, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а, кхиамаш бахарна а Сийлаллин грамоташца билгалбехира:
Юсупова Х1ажар Ахьмедовна, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №9 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;
Асхабов 1абдул-1азиз, Гуьмсан к1оштан Лаха-нойбоьрарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан г1иллакх-оьздангаллин хьехархо;
Шабаева Нина Г1азалиевна, Гуьмсан к1оштан Ойсхарарчу юккъерчу №3 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;
Байбатырова Зина Ахьмедовна, Гуьмсан к1оштан Мелхчерчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;
Бетербиева Хьаьлимат Борзалиевна, Гуьмсан к1оштан Энгель-Эвларчу юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо;
Шовхалова Залпаъ Аладиевна, Гуьмсан к1оштан Ишхой-Юьртарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо.
«Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсамехь толаме меттигаш яьхначу совг1атхошна Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгаллин а, к1оштан дешаран урхаллин а ц1арах грамоташ а, кубкаш а елира к1оштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров 1усмана:
1. Гуьмсе-г1алин юккъера №1 йолу ишкол – 1-ра меттиг;
2. Гуьмсан к1оштан Ойсхарара юккъера №2 йолу ишкол – 2-г1а меттиг;
3. Гуьмсе-г1алин юккъера №2 йолу ишкол – 3-г1а меттиг.
К1оштан «Ненан мотт – аганан илли» ц1е йолуш, ша язйина байташ ешаран къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, поэта, «Гумс» газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Хожбаудис:
1. Мовсарова Иманина, Гуьмсан к1оштан Ойсхарарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан 9-чу классан дешархочунна – шеконза толамхо;
2. Баймурадов Ибрех1имна, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №7 йолчу ишколан 10-чу классан дешархочунна –1-ра меттиг;
3. Берсанукаева Зазина, Гуьмсан к1оштан Керла-Бенарчу юккъерчу ишколан 7-чу классан дешархочунна –2-г1а меттиг;
4. Оздемирова Раянина, Гуьмсан к1оштан Ишхой-Юьртарчу юккъерчу ишколан 10-чу классан дешархочунна – 3-г1а меттиг;
5. Касумов Расулина, Гуьмсан к1оштан Лакха-Нойберарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан 5-чу классан дешархочунна – 3-г1а меттиг.
К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла газет» ц1е йолчу къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас:
1. Гуьмсан к1оштан Комсомоьскера юккъера ишкол – шеконза толамхо;
2. Гуьмсан к1оштан Ойсхарара коьрта дешаран ишкол – 1-ра меттиг;
3. Гуьмсе-г1алин №3 йолу гимнази – 2-г1а меттиг;
4. Гуьмсе-г1алин юккъера №10 йолу ишкол – 3-г1а меттиг;
5. Гуьмсан к1оштан Дарбанхера юккъера ишкол – 3-г1а меттиг.
К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла альманах» ц1е йолчу къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитело Юсупов Са1ида:
1. Гуьмсан к1оштан Комсомольскера юккъера ишкол – шеконза толамхо;
2. Гуьмсан к1оштан Ойсхарара юккъера №1 йолу ишкол – 1-ра меттиг;
3. Гуьмсан к1оштан Ойсхарара коьрта дешаран ишкол – 2-г1а меттиг;
4. Гуьмсан к1оштан Ойсхарара юккъера №3 йолу ишкол – 3-г1а меттиг;
5. Гуьмсан к1оштан Хангиш-Юьртара юккъера ишкол – 3-г1а меттиг.
К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» ц1е йолчу къовсамехь шеконза а, толаме а меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Нохчийн республикин Дешаран а, 1илманан а Министран хьалхарчу заместитело Тааев Илеса:
1. Аюбова Хьавина, Гуьмсан к1оштан Ойсхарарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан 9-чу классан дешархочунна – шеконза толамхо;
2. Муслимова Элинина, Гуьмсан к1оштан Комсомольскерчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочунна –1-ра меттиг;
3. Межиева Хьавина, Гуьмсе-г1алин №3 йолу гимназин 9-чу классан дешархочунна –2-г1а меттиг;
4. Исмаилова Линдина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №12 йолчу ишколан 10-чу классан дешархочунна –2-г1а меттиг;
5. Эскиева Пирдозина, Гуьмсан к1оштан Джалкхерчу юккъерчу №2 йолчу ишколан 11-чу классан дешархочунна – 3-г1а меттиг.
К1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла дийцар» ц1е йолчу къовсамехь толаме меттигаш яьхначарна к1оштан дешаран урхаллин ц1арах грамоташца а, кубкашца а совг1аташ дира Тааев Илеса:
1. Ахмаров 1имранина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №4 йолчу ишколан 9-чу классан дешархочунна –1-ра меттиг;
2. Мантаева Анисина, Гуьмсан к1оштан Къеди-Юьртарчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочунна –2-г1а меттиг.
К1оштан дешаран хьукматашкахь дуккха а шерашкахь балха т1ехь дика гайтамаш хиларна а, Нохчийн меттан Де даздарца доьзна а дешаран урхаллин ц1арах к1оштарчу нохчийн меттан хьехархошна Сийлаллин грамоташца совг1аташ дира Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас:
1. Адсаламова Ровза Рамзановнина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;
2. Тахаева Хеди Х1аровнина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №12 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;
3. Жамаева Кхокху Лом-Алиевнина, Гуьмсан к1оштан Азамат-Юьртарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
4. Арцуева Луиза Бекиевнина, Гуьмсан к1оштан Ойсхарарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
5. Гузуева Марха Марзбековнина, Гуьмсан к1оштан Гезлой-Эвларчу юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
6. Габаев Лоьма Лечиевична, Гуьмсан к1оштан Лаха-Нойберарчу юккъерчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
7. Ахмарова Зульфия Ширвановнина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №4 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;
8. Чермыханова Лиза Айсолтовнина, Гуьмсе-г1алин юккъерчу №7 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьерахочунна;
9. Хадиева Лариса Ахьмедовнина, Гуьмсан к1оштан Керла-Бенарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
10. Тозабаева Тамара Халиевнина, Гуьмсе-г1алин №3 йолчу гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
11. Темерсултанова Макка Сайдахьмедовнина, Гуьмсан к1оштан Джалкхерчу юккъерчу №2 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
12. Шамурзаева Зарета Байбулатовнина, Гуьмсан к1оштан Комсомольскерчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна;
13. Селимсултанова Пет1амат Боршиковнина, Гуьмсан к1оштан Энгель-Эвларчу юккъерчу №2 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочунна.
Цхьаьнакхетар дерзийра Шоьнарчу юккъерчу ишколан 9-чу классан дешархочо Шарипова Сурьяна хьалхара а олуш, Борг1анерчу а, Лаха-Нойбоьрарчу а юккъерчу ишколашкарчу мехкарийн тобанаша «Нохчийчоь, 1алашйойла хьо Дала!» цхьаьнакхетараллин шатлакхца.
Нохчийн меттан Денна лерина «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздагаллин хьост» ц1е йолу цхьаьнакхетаран болх вовшахтухуш а, д1ахьош а доккха дакъалецира дешаран урхаллин хааман бакъонийн а, методически г1о-накъосталла даран а декъан куьйгалхочо Шалаева Ларисас а, коьртачу говзанчо Осмаева Хьавас а. Хууш ма-хиллара, йоццачу хенахь к1оштарчу ишколашкара пох1ма долу дешархой вовшахтоха хан а, йоккха говзалла а еза. Оцу балхаца дика ларийра вовшахтохархойн комитетан декъашхой.
К1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас «Нохчийн мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьост» ц1е йолу цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешашна а, вовшахтоьхначарна а, декъашхошна а баркалла а олуш, дерзоран къамел дира.
Нохчийн меттан Денна леринчу цхьаьнакхетарна кечам беш г1о-накъосталла дира к1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн методически ассоциацин куьйгалхочо Ш.Абдуразаковс, Лаха-Нойбоьрара юккъерчу школан хьехархочо 1-1.Асхабовс, Шерипов Увайса, Берийн кхоллараллин Кхерчан белхалоша а.
Вайн к1оштахь цхьаьнакхетарш, къовсамаш, даздарш лаккхарчу т1ег1анехь д1адахьаран хьакъ дара к1оштан дешаран урхаллин хьаькамо Куразова Маликас ша коьртехь а йолуш нохчийн меттан Де даздарна лерина болх вовшахтоха кхоьллинчу говзанчийн тобано: Шалаева Ларисас, Джамалаева Амината, Осмаева Хьавас, Исмаилова Залинас, Эскерханова Зинас, Азиева Тамарас бина болх лакхарчу т1ег1анехь хиларан.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

4163