Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.05.2017 15:47 Суббота
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-30 от 06.05.2017 г.

Нохчийн маттах нохчийн маттахь… (дийцира Гуьмсера «Личность» ц1е йолчу доларчу школехь)

Автор: С.АБУАЛИЕВ

Замано а, 1ер-дахаро а кхоьллинчу хьелашка хьаьжжина д1ах1оттийна, д1адоьдуш а ду къона чкъор кхетош-кхиор берийн бошмашкахь, школашкахь а. Кхечу к1ошташкахь санна, вайн к1оштахь а ю пачхьалкхан а, долахь а берийн бошмаш, школаш. Гуьмсан к1оштахь дуьххьара схьайиллинчарах ларалуш ю Израилова Лайлаа, Сайханова Лизас схьайиллина, шен ламасташ а долуш, кхиамца болх беш йолу «Личность» ц1е йолу долахь школа. Урокашкахь кхетош-кхиоран болх дика д1ах1оттийна ца 1аш, нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла, синмехаллаш дешархошна йовзийтаран 1алашонца вовшахтуху школехь тайп-тайпана цхьаьнакхетарш. Ишттачарех цхьаъ дара «Гумс» газетан коьрта редактор, поэт Борхаджиев Хожбауди и, цуьнан заместитель Сумбулатов Дени а хьошалг1а а кхайкхина, Нохчийн меттан Денна лерина д1адаьхьнарг а.
Цхьаьнакхетар шена чохь д1адахьа кечйинчу залан пенаш чубаьхкинчаьрца «нохчийн мотт буьйцуш ду», — ала мегар ду. Сцени т1ехь: к1удалш, кхабанаш, юьйцина керт, Даймехкан 1аламан сурт, шен т1ехь тидам сацош йоза: «Нохчийн мотт – къоман юьхь, халкъан орам». Оцу йозанан маь1нан к1оргенах дика кхетачу хьехархоша шайн дешархошца цхьаьна дина газеташ, журналаш, альманахаш, рефераташ, докладаш, сочиненеш ю гайта охьаехкина.
Къоман дика, оьзда, сийлахь адамаш дешархошна довзийта кечйинчу стенда т1ехь ду: НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Р.А.Кадыровн, А.Айдамировн, Х. Ошаевн, М. Мамакаевн, Ш.Арсанукаевн и.д1.кх. сурташ. Книгийн гайтамехь йовзуьйту нохчийн прозаикийн а, поэтийн а говзарш: Ш.Окуевн «Лай т1ехь ц1ен зезагаш», А.Айдамировн «Еха буьйсанаш», М. Мамакаевн «Зеламха», Ш. Рашидовн, Х. Борхаджиевн, Р. Юсуповн, 1.Саиевн, Ш.Цуруевн а, кхечеран а стихийн гуларш. Чулацаме ю «Бовза, беза хьайн Даймохк!» — стенд а, ткъа иштта нохчийн меттан а, фольклоран а говзанчина Джамалханов Зайндина лерина стенд а.
Лерса хьоьстучу нохчийн мукъамах д1аоь цхьаьнакхетар д1ахьочу Мусханов Аюба а, Израилова Иймана а нохчийн меттан а, нохчийн мехкан а исбаьхьаллах до къамел. Цара дийцира НР-н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс 25-г1а апрель Нохчийн меттан Де д1акхайкхош, куьг яздинчу Буьйран мехаллах, цо вайн дахарехь д1алаьцначу меттигах а. Мероприятин 1алашонца йог1уш яра дещархоша нохчийн маттах, Даймахках ешна стихаш, лекхна эшарш, Яхихажиев Бай-1елас, Мудаев Мохьмада дакъалоцуш, х1оттийна забаре сценка. Хьовсархойн г1айг1ане ойланаш а кхуллуш, вайн махкаца, маттаца, ненаца уьйр-марзо а ч1аг1ъеш яра, Цуцаева Раянас, Кагиров Аюба, Эдилов Мансура, Умаров Заура дакъа а лоцуш, говза х1оттийна «Г1арг1улин илли» — сценка. Шовкъе-маса дара Каимов 1абдуллас, Эдилов Адама, Межидова Аминас, Арсалиева Раянас а дина хелхарш.
Цхьаьнакхетарехь ша динчу къамелехь поэто Х. Борхаджиевс билгалдаьккхира: «Халкъана уггаре а ч1ог1а оьшург мотт бу, нагахь кхечу халкъашлахь шен башхалла, 1ер-дахар, амал, дуьнене хьежамаш а болуш даха а, шен оьмар еха хила а лууш делахь», — аьлла. Дешархоша лерина ладуьйг1ира, езаш т1еийцира цо ешна стихаш: «Нене», «Ненан мотт», «Толаман байташ».
«Нохчийн меттан хазаллах язйина дуккха а стихаш ю, олуш иллеш, лоькхуш эшарш ю. Мукъаме бу нохчийн мотт, деган а, синан а мукъамца бийцича. К1езиг бу, халахеташ делахь а, ойла нохчийн маттахь а еш, доггах а, ц1ена а, хаза а нохчийн мотт буьйцурш. Дукха бу, халахеташ делахь а, нохчийн маттанна букъ тоьхнарш. Ишттачарна хаа ма-безза дика я нохчийн я кхечу къоман а мотт ца хаьа. Шен къоман мотт хаа беза уггар хьалха», — элира шен къамелехь журналисто Д.Сумбулатовс.
Нохчийн меттан Де т1екхачале дуккха а мехала белхаш бинера хьехархоша а, дешархоша а. Оцу денна лерина д1акхайкхинчу к1иранчохь рефераташ, докладаш язйинчу, стихаш ешначу дешархошлахь билгалбаьхначу толамхошна грамоташ д1аелира НР-н хьакъйолчу хьехархочо Кесабиева Зараа.
Дешархойн нохчийн матте, Даймахке шовкъ-безам кхуллуш а, ч1аг1беш а д1аяхара «Личность» школан хьехархоша М.Эртхановас, З.Кесабиевас, Т.Купчиевас, С.Сербиевас дика кечам бина Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

184