Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

16.06.2017 16:06 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 39-42 от 16.06.2017 г.

СИНГАТТАМАН НЕ1САГ1ЕХЬ

Автор: БОРХАДЖИЕВ Хожбауди

Дакъалоцурш:
Лоьма – х1усамда
Тамара – х1усамнана
Турпал – церан 14 шо долу к1ант
Мадина – церан 17 шо долу йо1
Шарип – Турпалца цхьаьна классехь доьшуш волу к1ант
Башир – Лоьмин лулахо, Шарипан да
Асвад – лор
Марха Алиевна – школан директор

Хьалхара сурт.
Буьйса. Лоьмин х1усам.
Лоьма (г1анта т1ера хьалаг1оттий, ц1а чухула волало. Ч1ог1а саготта ву): — Ванах, и к1ант хьиэн х1унда велла-те? Телефон д1атоьхча, вист ца хуьлу… Х1инццалц цо деш х1ума ма дацара и. Цуьнан накъост волчохь вуй хьаьжний шу и?
Тамара (йоьхна ю): — Хьаьжна. Аьлча а, телефон тоьхна… Жоп ца делира. Цуьнан нана ю сагатдеш. Цхьаьнаволчух тера ду и шиъ. Шинне а телефонаш д1аяйина ю…
Мадина: — Телефонаш-м летта яра церан, жоп ца ло-кх.
Лоьма: — И кхин а доьхнарг ду. Т1аккха я з1ене бовла йиш йоцуш 1аш бу уьш, я яйина цара мобильникаш…
Мадина: — Дада… Ахь диннарг суна мегаш ду хьуна, амма вай к1антана эца оьшуш-м яцара и еза мобильник…
Лоьма: — Иштта х1унда боху ахь и? Хьан ваша вац и, нийсархошна луург – лууш, царна деззарг – дезаш. Цхьаъ бен воцчу к1антанна совг1атна еза телефон яла йиш йоцуш ву со?
Тамара: — Йо1, ахь и деза совг1ат хьайна дича, духа ма ца делира?
Мадина: — Мама, цкъа-делахь, со сайн вешел кхо шо йоккха ю. Шозлаг1а делахь, со тхайн классехь уггаре а дика доьшуш ю, я телефонан йийсарехь яц, Турпал санна. Шу т1аьххьара маца х1оьвсина, цуьнан дневник т1ехь х1ун оценкаш ю, иза муха доьшуш ву, низам муха ду? И дешарна юхаваьллий хаьий шуна?
Тамара (цецъяьлла): — Муха ваьлла? Хьастаг1а школехь дай-наной гулбинчу гуламехь Турпал хеста ма вира хьехархочо.
Мадина: — Во хестийна-кх, ма-дарра ца дийцина… вайн дада г1уллакхехь ву бохуш, хьестаелла… Ткъа Турпалан амал кураллехьа йирзина. Цуьнан доттаг1 Шарип ву изза цамгар хьакхаелла. Шайн нийсархошца з1е ца лелайо цаьршимма, хаьдда ву царах…
Лоьма (оьг1азе): — Собардел, собардел… Хьо суна доьзал муха 1амо беза дуьйцуш, хьехамаш беш-м яц? Со лаккхара даржехь болх беш ву, сайн хьекъале а, хьуьнаре а хьаьжжина. Ас сайн к1антанна х1умма ца кхоайо: дикачарех компьютер, мобильник эцна, машен а хохкуьйту… Суна-м ч1ог1а товш ма хета и «Мерседес» хаьхкина, вог1уш гича. Хьуна х1унда дог1у-те и новкъа, цуьнан йиша яц хьо?
Мадина (таь1на-тийна): — И дац ас бохург… Цу компьютер чохь гал мел даьлларг ду. И к1ант мобильник чуьра араволуш вац, аса-м цунна 1уналла дан деза бохура…
Тамара: — Хаза ду и… Тхойшинна цо х1ун леладо ца хууш хилча, ахь дан дезар-кха и 1уналла!
Мадина: — Дера, иза Шарип схьа а кхайкхина, не1 д1ач1аьг1на, и шиъ чувоьлча, ларт1ехь х1ума доций хаа-м мегар ма ду. Цо со тергал ца йо, шуьшиннан ша хьоме вуй хууш…
Лоьма: — Цу компьютеран чохь тахана дерриге бераш ма ду. Царал совваьлла х1ун леладо цо?
Мадина: — Суна гуш дерг: цуьнан хийцаелла амал, и доьшуш цахилар, кхечу берашца и ийна цахилар ду… Кхана дуьйна мукъане а цо х1ун леладо хьовсахьара щу…
Тамара: — Йо1, ахьа-м кхера ма йина со. Цхьа х1умма а хезна дуьйцуш -м яц хьо? Д1атохал цуьнга юха а телефон.
(Мадина, мобильник схьаоьцуш, з1ене яла хьожу, амма цуьнах г1уллакх ца хуьлу).
Мадина (йоьхна ю): — Дада, со-м, ца хьахош, 1ад1аш яра, шуьга са ца гаттадайта. Турпал, Шарип тахана шайн хьехархочуьнца довдаьккхина, цо аьлларг ца деш, урокехь ца соцуш, д1авахна. Со уьш каро хьаьжира… Т1аьххьара и шиъ интернет-клубехь гина…
Арахь мохь туху цхьамма. Лоьмас не1 д1айоьллу. Чувог1у лулахо – Башир.
Башир: — Ассалам 1алайкум, Лоьма! Со-м, шуна х1умма хезний-те, аьлла чувирзира, хьо ц1ахь велахь, больнице цхьаьна ваха дагахь...
Лоьма: — Суна хууш х1умма ма дац. Дийцахьа, х1ун хезна веана хьо? Телефон д1атохарх, вайшин ши к1ант вац з1ене волуш…
Башир: — Дера и шиъ больнице ма кхаьчна. Со волчу х1инцца ишколан директор еанера, хьоьга а хабар д1атоха бохура цо… Ша берашка ладог1а яхара и. Ши к1ант лазийначух тера ду… Больнице г1о вай…
Лоьма: — Машен т1е-м ца кхетта царна?
Башир: — Т1екхеттехьара мегар-м дара…
Лоьма (пальто т1е а юхуш): — Цунах муха кхета веза?!
Башир: — Ч1ог1а галваьлла лелла вайн ши к1ант. Г1алин юккъерачу лекхачу ц1ийнан тхов т1ера чуиккхина… Лайн баьрзнашна т1евожарна, дийна висна…. Ч1ог1а лазийна… Кадаккхий вай? (Берриге арабовлу).

Шозлаг1а сурт.
Больница. Лоьма, Башир а, Асвадана т1екхочу. Уллехь Тамара елхаийзайо. И теян г1ерташ ю Мадина. Царна т1ейог1у ишколан директор Марха Алиевна.
Асвад: — Аша х1инца сагатдан оьшуш х1ума дац. Царна дагадеънарг дара галдаьлларг – вала дагахь цу лекхачу ц1ийнан тхов т1ера чуиккхина и шиъ. Цхьа Делан орца хьалхадаьлла, дийна бисна… Шиннан а когаш лазийна. Оха гипс тоьхна, чохь 1охкуш бу.
Лоьма: — Со ч1ог1а цецваьккхина х1ума ду-кх и, тхойшиннан доьзалшкахь дожа йиш йоцуш. Оха цхьа х1ума кхоийна ма вац и шиъ – я ахча, я т1еюхург, я кху заманан г1ирсаш…
Башир: — Кхузахь цу ишколан директор ю, цо тоьшалла дийр ду-кх сан къамеланна: даима цхьаьнне а доцург-м хилла цаьршиннан…
Асвад: — Бехк ма билла, кхетаме къамел дац аша дийриг. Бахаман хьелаш дукха хьолехь оьшуш ца хуьлу кегийрхойн синкхачанна. Са маьрша ца дуьту хьолан токхено. Схьахетарехь, церан кхетамна оьшург ца дина аша… Директоро х1ун боху хьовсий вай…
Марха Алиевна т1ехуьлу къамел дечарна.
Марха Алиевна: — Шун къамеле ладоьг1уш 1ара со. Дера тахана берашна леррина 1уналла дан ма деза – 1едало, дас-нанас, ишколехь… И ши к1ант шайн лаамехь а, хецна витина а хилла. Уггаре а хьехамаш оьшу хан ю церан. Интернетах ларбан беза уьш: зуламе, питане, вон герз ду и… Къаьсттана ямартчу, сонтачу адамийн карахь.
Лоьма: — Со кхетавейша, х1ун ун ду царах кхеттарг? Церан кхетам талхийнарг мила ву, хаа йиш юй? Ас дан деззарг дийр ду-кх цунна!
Асвад: — Дан деззарг ц1ахь дер ахь… к1ант ц1авеача. Ткъа уьш лебинарг, царна эшам бинарг 1едало д1алаьцна. «Сийна кит» ц1е йолуш цхьа кхераме ловзар ду интернет чохь цхьана ямартчу адамаша чукхоьссина. Церан 1алашо чекхъяьллехь, и ши к1ант дийна хир вацара… Шун ирсанна, дийна бисна уьш…
Башир: — Тховса ган йиш юй и шиъ?
Асвад: — Дера ю-кх, х1инцца а-м..
Лоьро палатан не1 схьайоьллу. Маьнгеш т1ехь 1уьллуш ши к1ант ву…
Тамара: — Ва, са к1ант! Со яла хьан! И х1ун ду ахь динарг?! (йоьлху).
Турпал: — Мама, къинт1ераялахьара хьо… Суна а, Шарипна а ч1ог1а кхерамаш тийсинера…
Башир: — Х1ун кхерамаш? Берашка х1ун бохур ду? Сан а, Лоьмин а мостаг1ий бан ма бац кху лаьтта т1ехь?
Шарип (велха а ийзош): — Шаьш да-нана дуьйр ду бохура… тхойшиъ тхов т1ера чу ца эккхахь… Шу лардан дагахь леллера тхо…
Турпал: — Мама, мел балехь варий со… 1едало д1алаьцна боху и боьху х1ума… Ас кхин сагатдойтур дац шуьга… (шегара мобильник нене д1акховдайо). Суна ца оьшу и – йорахниг тоьар ю…
Шарип: — Суна а ца оьшу… (шениг дега д1ало). Со х1инца парг1ат ву-кх…
Асвад: — Дика ду, х1ара г1уллакх иштта д1адирзина. Хилларг, х1орш кхеттал х1ума ду…
Лоьма: — Асвад, хьуна Дела резахуьлийла. Г1алаташа 1амаво. Тхуна кхул т1аьхьа ишттаниг тхайгара ца далийта хуур ду, г1алатех ларлур ду тхо. Шун 1одикайойла. Дала диканехь вовшахтухийла вай.
Асвад: — Амин…
Кирх1а охьадоьду.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

14