Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.03.2018 16:56 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 22.03.2018 г.

Нохчийн мотт, халкъ а

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Дуьненахь цхьана дозанашца билгалбаьккхинчу махка т1ехь дехачу адамех къам олуьйтург, хуьлуьйтург уггаре а хьалха цуьнан мотт бу. Маттаца тийсало адамашлахь уьйраш, ч1аг1ло барт, марзо. Матто лардо г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ. Уьш дерриге а лардеш, кхетам кхиъначу (къоман кхетам кхиъначу) адамийн хьежамаш, са, амал хуьлу шатайпана, кхечарех тера йоцуш. Хан-зама яларца 1ер-дахарехь а, амалехь а диканиг т1едузу я вочу аг1ор хийцало. Х1окху дуьненахь даккхийчу къаьмнех д1аийна кегий къаьмнаш ду, шайн мотт, ламасташ а дайна, делахь-х1ета шайн къоман башхаллаш д1аевлла. И къоман башхаллаш ларъеш 1у-дай хуьлу х1ора къоман, мел хало т1ех1оттарх, нийсачу, ц1еначу некъах, къилбанах ца бухуш, нигат ц1ена долуш. Уьш вайн къоман а хилла массо а заманахь. Цара лардеш схьакхаьчна вайга нохчийн мотт, г1иллакхаш, оьздангалла, дин. Цара и сийлахь-еза, ц1ена къоман хазнаш вайга нохчийн маттаца кхачийна. Муьлш хилла и 1у-дай хилла лаьттинарш? Халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнашца аьлча:

- Со меца 1ийна а, нах бузо!

Со верзина 1ийна, а нах буха!

Со хьогах 1ийна а,

нах чам-мерзачу муттанех, хих 1або!

Со дакъазваьлла а,

нах декъала хилийта!

Нах ирсе а бина,

нехан ирсах воккхаве, суо ирсе хила!

Со велла а, нах бахийта!

Дуьне, дахар хаздан, даздан! – бохуш, баьхна шайн дахаран къилба дина эвлаяаш, устазаш, къоман къонахий, куьпан, юьртан бакъболу дай, оьзда къаной, хьехам бан Дала хьекъал, кхетам белларш. Цара латтийна къам бертахь, 1индаг1на, стоьмана дитташ дуг1уш, некъ, шовда тодеш, т1еш тохкуш. И къонахий, къоман ламастийн, г1иллакхийн, эхь-ийманан г1ортораш, д1аевлча, малъелча, некъах туьлу къам, цул т1аьхьа д1ахеда шен орамех… Т1аьххьалц (ХХ-чу б1ешеран чаккхенехь) вайн махкахь дай хилла хьийзаш вайн амална хийра амал йолу, вайн хьежамашца хьежамаш ца бог1у кхин адамаш дара, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара, мехкашкара чудаьккхина. Цара мехкан баьрччера не1саг1ане баьккхинера нохчийн мотт, ткъа г1иллакхаша-м аракхиссинера. Дег1ана бечу ницкъал а хала яра лан хьекъална, синна, амална йо г1ело. Оцу г1елоно, синна эшам а бина, к1елдитина адам к1езиг дацара, ткъа иштта к1езиг бацара оцу «хьешийн» хьадалчаш а.

Оцу тайпана адамаш к1езиг ма ца хилла д1адаханчу б1ешеран 30-чу шерашкахь а, вайн къоман оьзда адамаш х1аллакдечу муьрехь. Къоман кхетамна, амална бинчу т1е1аткъамо, тохарша а адамийн синошна чевнаш йина ца 1аш, бохийнера доьзалш, херадаьхнера йиша-вешин гергарлонаш. Къам тобанашка декъаделла а ца 1аш, и тобанаш вовшехлеташ яра, х1ора дийнахь, х1ора к1иранах, х1ора баттахь иттаннаш, б1еннаш адамаш х1аллакдеш. Тобанийн ц1ераш тайп-тайпана яра, ткъа х1аллакбийраш нохчий бара. Наггахь ца хазара Нохчийчу баьхкинчу кхечу къаьмнийн векалшна зулам дина бохург. Нохчийчоьнан баьрччерчу ярташкахь т1емалойн туьпаш ехкина, нохчийн мехкан дай а хилла хьийзачу шовзткъе итт сов къаьмнийн векалша шайна товриг, шайна луъург бен деш дацара. Шаьш мехкан дай хилар цара ч1аг1дора шайн хьехамаш, хьежамаш баржош, шайна резавоцург х1аллаквеш. Церан лаамна дуьхьалойинарш наггахь бен вацара. Церан лаамаш кхочушбийраш, церан ахчанах бохкабелларш, церан хьехамаш къобалбийраш вовшахкхетта, йоккха тоба кхоллаелира Нохчийчохь. Нохчийн мотт хуучу, амал евзачу оцу тобано даккхий зенаш дира вайн махкахь, шайн зуламаш массо а юьртахь, г1алахь даржош. Кегий бераш, зудабераш, мехкарий, баккхий нах идор, лечкъор д1адоладелира Нохчийчохь. Царех цхьаберш гергарчара ахчанах зуламхошкара оьцуш бара (декъий а цхьаьна). Т1аьхьо, Нохчийчохь т1ом болуш, изза зуламаш дора Россин эскаран салташа, эпсарша а.

Ялх эзар гергга адам ду Нохчийчохь доьза дайна. Уьш шайн х1усамашкара д1абигнарш бу, тайп-тайпана ц1ераш а тихкина. Ницкъ, дарж, ахча долчийн хьежамашна, церан хетаршна, идеологина резабоцурш, я царна шайна реза бац аьлла хетарш бу и доьза байнарш. Оцу муьрехь Нохчийчохь хьаьшнера нохчалла. Уггаре а хьалха нохчаллин коьрта билгало хилла лаьтта нохчийн мотт. Зорбанехь арадолуш дацара нохчийн маттахь «Стела1ад», «Орга» журналаш, «Даймохк» газет. Цхьа а х1ума деш дацара къоман культура кхио. Къоман культура муха кхиайо, нохчийн меттан сий-ларам беш ца хилча? Къоман мел долу сийлахьниг емалдеш «нохчийн пачхьалкх» еш бара нохчийн «патриоташ», кхечу пачхьалкхашкара векалш а. Муьлххачу а къоман сийлахь мехалла ю цуьнан мотт. Т1амо йохийна мел йоккха г1ишло, юрт, г1ала а юхаметтах1оттало. Бакъду, уьш юхаметтах1иттош а дуккха а къахьега деза, 1аламат дукха харж а еш.

Юхаметтах1отто халаниг я юхаметтацах1отталург байна д1абаьлла къоман мотт бу. Ишттаниг ца хилийта, ша Нохчийн Республикана куьйгалла дан д1а ма-х1оьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) шен тидам т1ебахийтира, тергонехь латтадора къоман синмехаллаш денъяран, юхаметтах1итторан хаттаршна. Оцу декъехь цо дуккха а диканиг дира. Дуьненарчу къаьмнаша и болх барна, къахьегарна ларделла меттанаш пачхьалкхийн т1ег1анехь. Мотт ларбарехь коьртаниг, 1илманчашна хетарехь, йоза-дешар хилар, йоза-дешар школашкахь, кхечу дешаран хьаьрмашкахь хьехар, 1амор а ду. Дуьненара къаьмнийн меттанаш толлуш бинчу 1илманан белхашна т1е а тевжина, ЮНЕСКО-н экспертан комиссино дина жам1 иштта ду: «Йоза-дешар 1аморехь уггаре а дика г1ирс ненан мотт хилар гуш ду. Гуш ду, кхин меттанаш 1амор ненан мотт чоьтах я цуьнан меттана а доцуш, д1адахьа дезар. Уьш шен мотт 1амийначул т1аьхьа 1амо доло деза» («Дешарехь меттигерчу меттанех пайдаэцар». М.1953 шо).

1илма довзуьйтуш, карадерзош, къоман мотт коьрта г1ирс хилла ца 1аш, кхечу къаьмнийн меттанаш 1амош а коьртача г1ирс бу. Кхечу меттан дешнех кхета йиш юй, оццу дешан шен ненан маттахь маь1на девзаш, хууш а ца хилча? Дера яц. Делахь-х1ета, шен маттах пайдаоьцуш, цуьнан г1оьнца, г1ирсашца 1илма довза г1ерташ воцург цхьа а 1илма а доцуш висса кхерам бу. Шен къоман мотт, г1иллакхаш, ламасташ, доцца аьлча, шен къоман культурица вехарг сихо кхочу 1илманан лакхене, цуьнан хаарш шайна чохь къоман са а долуш хуьлу. «Шайн ламасташца, дог-ойланца, кхоллараллийца т1ебуьзна болу муьлхха а мотт шен мах хадалур боцуш а, шатайпа башха а бу, х1ора стеган дахар санна» (ЮНЕСКО-н Генеральни директор Мацурра Хантиро). Нохчийн халкъан поэто, 1илманчо Сулейманов Ахьмада язйинчу «Нохчийчоьнан топоними» белхан лаккхара мах хадийна, и болх бевзаш мел волчо а.

Лаккхара мах хадо хьакъ а бу и болх. Махкара меттигаш мичхьа ю билгалдина ца 1аш, церан ц1ераш д1аязйина Ахьмада, царех цхьайолчеран 1илманан бух т1ехь таллам а беш. Цо бинчу талламо вайн ойла б1ешерийн к1оргене д1аюьгу, тайп-тайпанчу культурийн тег1анаш билгалдохуш. Цара гойту, эзарнаш шераш хьалха дуьйна вайнах Кавказехь баьхна хилар, вайн дайн мохк Кавказ хилар. И бакъдерг шеконе дилла г1ерташ кхин 1илманчаш (нохчийн а, кхечу къаьмнийн а) белахь а. Иштта далийначу тоьшаллийна хьалха г1орасиз хуьлу муьлхха а 1илманча. Кхин цхьа мехала дакъа а ду А.Сулеймановн белхан: къоман мотт. Нохчийн мотт шира хилла ца 1аш, и мотт буьйцу адамаш х1окху махкахь даьхна хилар т1еч1аг1до цо. Цул совнаха, Гуьржийчохь (вайн дозанца долу лаьмнийн дакъа) йолу цхьайолу меттигийн ц1ерш нохчийн маттахь ешаелла а ца 1аш, нохчийн маттахь маь1на далуш ю. Ахьмада д1аязйинчу меттигийн ц1ераша (масех эзар дашца) т1еюзна нохчийн меттан дешнийн хазна. «Мотт – халкъан культуран уггаре а мехала дакъа ду, цо шена чулоцу гонахара дуьне, халкъан юкъараллин кхетам, цуьнан башхалла, 1ер-дахар, къоман амал, г1иллакхаш, оьздангалла, мехаллаш, дуьнене хьежамаш, дуьненца юкъаметтигаш (Тер-Минасова С.Т. «Мотт а, культурашна юкъара з1енаш а». М.2000г.). Хууш ма-хиллара, хаза 1алам долуш мохк бу вайн мохк. Тайп-тайпанчу диттийн хьаннаша д1адуькъна аьрцнаш. Бес-бесара, тайп-тайпана а т1улгаш ду вайн махкахь. 1аьржа а, можа а, г1амаран а латта ду вайн.

Говзачу пхьеро шайх пайда ца эцча, дитташ а, т1улгаш а, латта а хуьлий, дуьсу уьш. Амма нагахь царех эца ма-безза пайдаэцахь, дечигах дечиг-пондар, кор-не1, тхов-ц1енкъа хуьлу; т1улгах чхо, ц1а, чурт, б1ов йоттало, лаьттах – кхийра пхьег1аш, ц1енош далало. Шайх пайда мел ца оьцу, шайх говза, хаарца куьг мел ца туху чохь са доцуш хуьлу уьш. Иштта бу мотт а. Меттан дешнаш делла, чохь са доцуш ду, шайн маь1на хуучара шайх пайдаэццалц. Шен махкахь, дайн махкахь, къоман меттан меттиг баьрччехь хила еза. И барч схьалаьцна мотт бу оцу меттан да. Меттан меттиг баьрччехь хилийта г1ерташ дукха къахьегна дуккха а къаьмнийн векалша. Цхьадолу меттанаш дуьненахь девзина, оцу меттанашкахь 1илманан, культуран лакхенашка кхачарна. Цхьадолу меттанаш, тахана и меттанаш дийцинчу къаьмнийн ц1ерш а ца евзаш, доьза дайна. Царех цхьадерш, даккхий мехкаш схьалецна даха охьахевшина, даккхий халкъаш а хилла, амма шайн мотт боцуш. Уьш кхечу къаьмнийн т1е1аткъамна хьалха г1орасиз хиларна, шайн къоман башхалла ца ларъярна, дайна. Нагахь хьалха т1е1аткъаман г1ирс кхин хиллехь, тахана 1илман-технически кхиар ду боккха т1е1аткъам беш. Тахана шен мотт, йоза а даржо аьтто берг, телерадиопередачашца, интернетца т1е1аткъам бан йиш ерг дуьненан а доладеш ву, иза толамхо а ву оцу къийсамехь. Оцу г1уллакхо, хьелаша сагатдечу нохчийн интеллигенцин векалша дукха дийцина, дукха яздина цу хьокъехь, шайна хетарехь, нийса некъаш а къастош. Царалахь 1илманан бух хиларца къаьсташ ву НР-н 1илманан Академин вице-президенто, профессоро Р.Х.Дадашевс дуьйцург. Цуьнан «Юьхьанцарчу школехь хьехаран мотт: 1отбаккхамаш, мифаш, баккъала долушдерг» (НР-н 1илманийн Академи. Таллам (1илманан-дешаран тептар) статьяхь яздинарг доладо вай лахахь:

«Меттанаш д1адовларехь нуьцкъала г1ирс бу юкъара дешаран д1ах1оттам а, хаамийн г1ирсаш а. Дуккха а талламхошна хетарехь, школийн ницкъ кхочур бу б1ешерашкахь баьхна мотт цхьа-ши чкъор кхиале буьззина д1абаккха. Цундела кхид1а долчу т1ехь вай дуьйцур ду вайн республикехь цуьнца доьзна долу хьелаш. Х1ун дан деза-теша, нохчийн мотт, кхид1а кхиа ца бахь а, д1а ца болуьйтуш, ларбархьама? Х1окху мог1анийн автор цхьана х1уманах тешна ву: ша буьйцуш берш мел белахь а, мотт д1абер бу, нагахь и болх беш бацахь, кхуьуш бацахь, нагахь и оьшуш бацахь. Нагахь нохчийн мотт, оьрсийниг санна, пачхьалкхан мотт белахь, цхьатерра таронаш мукъана а ло вай цу шинна. Къайле яц, нохчийн маттахь вай тезетахь бен пайдаоьцуш цахилар. Кхидолчохь вай пайдаоьцу сийлахь-боккхачу оьрсийн маттах. Кху т1е а доьг1на аьлча, правительствехь нохчийн маттанна ницкъ ма-кхоччу бакъонаш яла еза. Ткъа тахана вайн республикехь кхочуш ца до ЮНЕСКО-с хьоьхуш долчарех уггаре а коьртанаш а. Иштта хала ду-те, ЮНЕСКО-с ма-хьеххара, меттигера радио а, телевидени а нохчийн матта т1е яккха? Россин Федерацин законашца ца дог1уш а ма дац и, дерриге а дозуш ду вайн ницкъех а, лаамах а. Цигахь лелошдерг, нохчийн маттанна ницкъбар ду, алар т1ехдаьккхина а дац. Цигахь жигара юкъабоккхуш бу цхьа «керла мотт», 80% оьрсийн, 20% нохчийн дешнех лаьтташ болу. Суна хетарехь, и нохчийн мотт х1аллакбарехьа яьккхина рог1ера г1улч ю, х1унда аьлча кегийрхошна и тати-гота цара 1амайо дела. Радиохь я телевиденехь мукъана а дан ма дезара ц1еначу нохчийн я оьрсийн маттахь къамел».

Нохчийн мотт бийцарехь, юкъараллехь цуьнах пайдаэцарехь, юьхьанцарчу классашкахь хьехарехь, цуьнах говзаллин мотт барехь долу кхачамбацарш билгалдаьхна ца 1аш, Р.Х.Дадашевс долуш долу хьал нисдарехь, цхьана къепе, низаме далорехь шайх пайдаэца хьакъболу мехала хьехамаш а бо законан а, 1илманан а бух т1ехь: «Нормативан керлачу документаша, масала, Росстандарто бакъо ло нохчийн маттахь болх бан лууш болу журналисташ кечбан. И кхочушдархьама, дешаран плана юкъа керла предметаш яло еза. Тахана радиохь а, телевиденехь а болх беш болчу журналисташа НПУ-хь говзалла лакхаяккхаран курсаш вовшахтоха езара… Уггаре а хьалха кхочушдан дезачех дара:

- хьехар нохчийн маттахь д1адахьар а, хьалхара классана математикан 1амат арахецар а;

- ЧИПКРО-хь юьхьанцарчу классашкара хьехархой юхакечбаран курсаш д1аяхьар;

- къоман школашкахь болх бан говзанчаш кечбар кхочушдархьама дагалаьцнера, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте а, хьехархойн колледже а школе даха хан йоцчу берашна хьеха леррина студенташ д1аэцар.

Ткъа оцу программин коьрта хаттарш кхочуш ца дина. Со кхоьру, х1окху шарахь а, масех кхеташо д1аяьхьначул т1аьхьа, вай и реформа яр т1едог1учу шаре д1ататтарна. Иштта схьадог1уш ма ду ХХ-чу б1ешеран 60-чу шерашкахь дуьйна».

Р.Дадашев вай лардан г1иртинарг, иза кхийринарг, цо шеконехь латтийнарг, халахеташ делахь а, бакъ а хилла д1ах1оьттина вайн дахарехь. Цунна масалаш дуккха а ду. Царех цхьадерш хьахор ду вай.

Тахана муха ду Нохчийчохь нохчийн мотт хьехар, цуьнах пачхьалкхан хьаьрмашкахь, юкъараллехь а пайдаэцар? НР-н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс шен Буьйраца д1акхайкхина «Нохчийн меттан Де» — апрель беттан 25-г1а де. Т1еэцна НР-чу меттанийн хьокъехь Закон. Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан хилар ч1аг1дина НР-н Конституцин статьяца. Пачхьалкхан т1ег1анехь бакъонан бух биллина нохчийн маттанна. Халахеташ делахь а, оцу бакъонан бух т1ехь бан ма-беззара болх цабар бахьнехь, мотт ша хила безачу т1ег1анехь бац.

Школашкахь нохчийн мотт хьехаран урокийн барам лахбина. Юьхьанцарчу классашна хьехархой кечбечу колледжешкахь 3-4-чуй курсашкахь нохчийн мотт хьалха хьоьхуш хиллехь, х1инца хьехаран сахьташ к1езиг ду я дан а дац. Нохчийн пачхьалкхан университетехь нохчийн меттан, литературан а говзанчаш (хьехархой) хьалхачул а к1езиг кечбеш бу. Берийн бошмашна говзанчаш кечбар хила деззачу т1ег1анехь дац. Нохчийн маттахь долу «Стела1ад», «Орга» журналаш а, «Даймохк» газет а шайн рожехь арадолуш дац. Туьканийн, кафейн, ресторанийн, урамийн, пачхьалкхан хьаьрмийн ц1ерш кхечу къаьмнийн хилла ца 1аш, кхечу къаьмнийн меттанийн йозанашца д1аязйина ю. Вай вовшашка буьйцу нохчийн мотт вай хезаш ду, цуьнах дикка кхеташ дацахь а.

Соьлжа-г1алина чу-араволучохь йинчу нартола (арка) т1е яздина: «Счастливого пути!», «Добро пожаловать!» ду. Амма нохчийн маттахь дац яздина: «Некъ дика хуьлийла!», «Марша дог1ийла!». Дика а, нийса а хир дара нохчийн меттан экзамен ЕГЭ-хь хилча (нагахь ЕГЭ юьтур йолуш елахь), х1унда аьлча нохчийн мотт НР-хь пачхьалкхан мотт хилар Конституцехь ч1аг1дина хиларна. Кхин экзаменаш санна, д1алур яр-кх и экзамен а. Кхин х1умма ца хилча а, к1еззиг а жоьпалла хьаладер дара дешархойн, пачхьалкхан т1ег1анехь меттан сий-ларам а хьалабер бара. Лакхахь хьахийна а, билгалдаьхна а нохчийн меттан хьокъехь дан деза г1уллакхаш шерашкахь гулделла, цундела уьш д1адаха а шераш дезар ду. Маттаца доьзнарг вайх х1ораммо а, къа а хьоьгуш, нис ца дахь, кхане кхин а г1айг1ане, сингаттаме а хир ю вайн.

Суна хетарг иштта ду, ткъа шуна муха хета, лераме газетадешархой!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

326