Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

07.06.2018 11:15 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 40-47 от 07.06.2018 г.

Нохчийн маттах дош (эссе)

Автор: ХАБАЕВ Исма1ил

Ден, деден хилла, царах йисина, я ворх1е а дегара дуьйна, безам хеташ, ларъеш цхьацца х1ума хуьлу-кх нохчийн доьзалехь: шаьлта, тур, суьлхьанаш, п1елгах дуллу мух1ар… Иштта, вайн ворх1е а, барх1е а, иссе а дас вайна дитина совг1ат, хазна, весет, дика ду нохчийн мотт. Оцу маттал деза дац царах дисина тур а, шаьлта а, мух1ар а, я кхин цхьа а х1ума а. Мотт бу беза, цара бийцина, вайна бисина. Оцу маттаца уьш муьлш хилла а хууш, хьуо мила ву а хууш, нах муьлш бу а хууш ваххал хьан хьайн къоман кхетам мел бу ву хьо нохчи. Шен дайшца йолу з1е хаьддачу м1аьргонехь доьза дан хьаьхна ду къам.

Нохчийн мотт – са ду хьуна, т1ум ю хьуна иза, хьан къам, дага а ца йог1учу заманашкахь дуьйна, кху дуьнен т1ехь, къам а долуш, латтийна йолу!

Нохчийн мотт – тептар ду хьуна, хьан къоман селхане а, тахане а, кхане а юьйцуш долу, хьо нохчи хилар ч1аг1деш долу.

Нохчийн мотт – 1аь ю хьуна, хьан дайн багара йийлина йолу! Иза хьан ц1е ю хьуна, цара «т1аьхьенашна» боху дош моссазза олу догдохаллийца, боккхачу сатийсамца хьехийна йолу!

Нохчийн мотт – коьчал ю хьуна, хьан дедайшкара дуьйна схьа Делан гергарчу нехан беркатаца хьоьга бусалба дин схьакхачийна йолу!

Нохчийн мотт – дош ду хьуна, дуьненан дахарехь дуьххьара хьуна хьайн ненан кийрара хьала хезна долу, юха цо хьо хьистина а, хьуна дика а, вуон а цо хьехна а долу.

Нохчийн мотт – масла1ат ду хьуна, вийна шен ваша, къинт1ераваьлла, гечдина, хийла вашас витина долу.

Нохчийн мотт – машар бу хьуна, буьрсачу девнехь юкъаметтигаш тойина болу, шина мостаг1чух ши доттаг1 вина болу!

Нохчийн мотт – г1иллакх ду хьуна, хьуо велла д1аваллалц нехан диканехь, вуонехь латтар хьуна т1е а дожош, хьо нахах вазош долу!

Нохчийн мотт – тоьшалла ду хьуна, нохчийн мотт – кадам бу хьуна, хьо д1аваьллачу дийнахь хьан тезетахь хьох наха бийр болу!

Нохчийн мотт – бехк бу хьуна, ахь и бицбахь, т1аьхьено хьуна гечбийрбоцу! Хьан сий ду хьуна и, ахь лардахь, лардийр долу, ца лардахь – хьо сийсаз хир волу!

Нохчийн мотт – до1а-весет ду хьуна, хьан дайша хьоьга дина, дитина долу. Нохчийн меттан х1ора дош хьох тешна а ду-кх!

Вайн халкъан иэсехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу Ширди-Махкахь ваьхначу 1еламстагах, масла1атан дех Махьмудан Мохьмадах. Стаг вийна дов хилла, ца доьрзуш, шерашка даьлла. «Хьо ваг1ахьара, Мохьмад, масла1ате, д1адоьрзуш дац-кх тхан дов», — аьлла, наха дехарш а дина хиллера Мохьмаде. Нах Мохьмад волчу бахний хиъначу довхоша хабар дахьийтина хиллера: «Мохьмад, кхана масла1ате ма ваг1ахьара хьо!», — аьлла. Масла1атдар Далла дезаш г1уллакх дуй хуучу Мохьмада сацам бина машар бан ваха. Х1ара хьалха а волуш, х1орш вийначу стеган нахана дуьхьалх1иттинчу заманчохь, «Оха ма волалахь, аьлла, хабар ца даийтира хьоьга, и хабар даийттиншехь, хьо х1унда веана, шайга стаг витахьара аьлла?» — бехк а баьккхина, церан нахах цхьамма юьхь т1е туйнаш туьйхира, бохура, Мохьмадна. Са а тоьхна, ша масла1атана деш долу къамел ца сацош, кхин совдаьккхина х1ума а ца олуш, шен юьхь т1е куьг хьаькхна, туйнаш д1а а даьхна, «Детта аша х1ара туйнаш. Шу тахана х1орш детта ду, тхо х1орш д1адаха бен дац», — аьлла хиллера нехан дов д1адерзо ваханчу Махьмудан Мохьмада. Оцу меттехь наха и пхьа битина а хилла. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо ц1окъболатал ч1аг1делла дегнаш даьстина болу.

Г1ийла ву-кх шен къоман маттаца йолу з1е хаьдда я уьйр малъелла стаг! Шена шен маттахь 1оттар йича а, я ловц боккхуш, хастам бича а, кхетар вац и. Цу тайпаначу стаге вистхуьлуш – хьуна хьуо мотт ца луьйш хета, я хьуо д1алуьйшверг къора хета. Делахь а, кхин цхьа х1ума а ду: цхьа а лазам бац, тахана бийца цалуучо а, цабезачо а нохчийн мотт цабийцар, я и ца1амор. Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша, буьйцуш, кхид1а д1ахьур болуш а бу, кешнийн хьаьрма, эхарта кхаччалц. Нохчий болчу нохчаша! Нохчийн мотт д1а а бер бац! Цунах тешаш мел ду нохчий а хир ду-кх вай, Дала мукъалахь!

Нохчийн мотт цабезачуьнга

Хьо дуьненчу волуш, хьуна х1ун мотт беза, х1ун мохк беза хьуна, хьуна муьлхачу къомах хила лаьа, дег1ан чкъуран бос муьлханиг беза хьуна, аьлла, хьоьга харжийтина х1умма а дац. Шун меттанаш, беснаш баш-башха хиларехь, Дала Шен билгало, ю аьлла, Къор1анчохь шен къеггина бух болуш, сецна, Делан билгалонех билгало ю х1ара мотт! Дала кхоьллина а бу, Дала белла а бу, Дала ларбеш бу. Нагахь санна къам долчу къомах хила а хьо лууш вацахь, д1абаханчара шайн синош ца лардеш а, лардинарг мехала а хьуна дацахь, къам дезаш хьо вацахь, мохк безаш хьо вацахь, яхь бохуш долчу х1уманах х1ума а хьоьца дацахь, махках сийна ц1ий хьалаяьлча а бен д1а хеташ а хьо вацахь, пурба ду-кх хьуна х1ара мотт ца бийца а, ца хаахь, ца 1амо а. Мотт ларбан нах боцуш дац х1ара къам! Нах болучу наха мотт ларбо, мохк ларбо, къам лардо!

Шайн берийн ц1ерш яхар а бехк хеташ, оцу бехках ца бухуш, къам ларделаш бохуш, весеташ деш, бакъдуьненчу бирзинчу оьздачу къонахийн мотт бу х1ара, церан оьздачу 1аьнаран мотт, царах дисина дика дош лардина, цуьнан мах базбина мотт! Х1ара къам Дела вовзаре, Дела везаре, Делах кхераре кхойкхуш, ч1ог1ачу эшарца дин гучудоккхуьйтуш, нах нийсонна т1е а нисбеш баьхкинчу эвлаяийн 1аь хазачу хьехамийн а, царах бисинчу хьекъалечу хьехамийн а мотт бу х1ара.

Ахь ца бийцинера аьлла, х1ара мотт сий дайлур долуш, къелур болуш, я белла д1абер болуш бу моьттуш хьо велахь, хьайн моттарех 1ехавелла хьо, т1аккха х1ара бийца пурба а дац хьуна! Ахь и цабийцар г1олехь а долуш ду хьуна. Х1ара т1аккха хьан мотт бац. Х1ара нохчийн мотт бу! Хьуна и ца безча, тхо цец а ца довлу! Дог1ано яшош, малхо якъош, кхаш т1ехь кхуьучу бецан хелиган болччул орам бац хьан кху махкахь! Х1окху къамелехь хьуо вевзича, хьан юьхь т1ехь юьхь1аьржо къаьстарйоцийла а хаьа суна – 1аьржачу кехат т1ехь 1аьржа шекъа къаьсташ ца хуьлу. Цхьа х1ума-м ду: х1окху къоман ц1е а, х1ара мохк а, х1окху мехкан ког биллал йолу меттиг а хьуна хьакъ-м яц. Я хьан тайпа дог-ойлий йолу къонахий хьашт х1окху махкана а ма бац! Я суо хьоьга х1унда луьйш ву а ца хаьа суна… нохчийн маттахь…

Нохчи мила ву а, нохчий мила вац а къасто нохчийн мотт болуш ду-кх дика! «Моттий, ц1ий ларделаш!» — баьхна Хьаьжас, Дала къайле тойойла цуьнан!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

1132