Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

17.08.2018 16:16 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 60-61 от 17.08.2018 г.

Нохчийн къам а,мохк а ларбина сийлахь к1ант

Автор: Усумов Яхьъя

Вайн къоман дахаран некъ беха хилла
ца 1аш, галморзахаллаш дукха йолуш
хилла. Оцу галморзахаллин, 1отбаккхамийн
а бахьнаш дукхахдерш
вайна юкъадеана хилла, уьш листар
вайна т1ехь дуьсуш хиллехь а. Хьекъал
а, собар а цхьаьна долуш ца
листарна, т1аьхьалонан дика ойла
йина г1уллакхийн йист ца яккхарна,
т1аьхьлонаш сингаттаме хилла. Къоман
ц1арах дош олучух, жоьпалла шена
т1еоьцучух доьзна дуккха а хилла. Цуьнан
дуьнене болчу хьежамех, цуьнан
кхетамах, хьекъалх а доьзна дуккха
а дерг хилла. Иза иштта хиларан вай
теш хилира, Ахьмад-Хьаьжас жоьпалла
шена т1еэцча. Хилларш, лелларш,
долуш дерг а вовшашца дуьстича, гучудериг,
къаьстарг а цхьаъ ду: исторехь
цхьана стагах доьзна дуккха а х1ума хилар.
Нагахь оцу стеган амалехь доьналлий,
хьекъаллий, собаррий, кхетаммий
цхьаьна белахь муххале а.
Нохчийн халкъан яздархочо
А.Айдамировс шен «Дарц» романехь
1еламстагах аьлларг дуьззина дог1у
Ахьмад-Хьаьжин амалца, дахаран некъаца
а:
«Нагахь санна стеган пох1ма а, ша дешнарг,
шена гинарг, хезнарг схьалаца иэс
а делахь, иза д1адийца цуьнан меттан
говзалла а елахь, цо, мало ца еш, къа
а хьегахь, цуьнга шен ойла т1ейирззина
1илма 1амалур ду, Къуръано, жайнаша я
кхечу 1илмано бохург нахана д1адийца
а хуур ду, 1еламстаг я 1илманча аьлла,
наха ц1е а йоккхур ю цуьнан. Амма ишттачу
стагана баккъалла а волу 1еламстаг,
1илманча хилархьама шегарчу 1илманна
т1еоьшуш кхин дуккха а х1уманаш ду.
Шегарчу 1илманан к1оргалла а, шоралла
а хаа хьекъал оьшу цунна. Амма 1илма
а, хьекъал а хиларх а ца хуьлу стагах
бакъволу 1илманча, 1еламстаг. Баккъал
а волу 1еламстаг я 1илманча ч1ог1а Делах
тешаш а, Делах кхоьруш а, Далла
хьалха, адамашна, халкъана хьалха шен
декхар, жоьпалла хууш а, бакъдерг олуш
а, бакъдерг, бакъо, нийсо ларъеш а хуьлу.
Халонаш, иэшамаш, мацалла, къелла
ловш, оцу шегарчу 1илманца, хьекъалца
халкъана пайда луш, халкъана г1уллакх
деш, собаре, оьзда, къинхетаме, доьналле
къонаха хуьлу бакъволу 1еламстаг,
1илманча. Шен 1илманах, хьекъалх
совдегаралла лелош, дуьненан хьолах
вохкалуш, паччахьех, 1едалах, ницкъ
болчарах кхералуш, бакъонна, бакъдолчунна,
нийсонна т1ера вухаволуш, церан
харцонаш, ямартлонаш, къизалла,
кхидолу зуламаш 1орадаха ца ваьхьаш,
уьш бакъдеш, церан г1о лоцуш ца хуьлу
бакъволу 1еламстаг я 1илманча,
Иштта хила бакъо яц цхьана а стеган.
Къаьсттана динадайн, 1илманчийн, яздархойн,
кхиэлахойн, адамашна оьзданиг,
къинхетамениг, ц1енаниг, хьаналниг,
нийсаниг хьехар шайна т1елаьцначу
цхьаьннан а.
Иштта къонахий массо а заманахь
хилла нохчийн къоман. Царах цхьаберш,
дийна болчу хенахь халкъана буйла
а ца хууш, дуьненара д1акхелхина,
цхьаберш дуьненара д1акхелхича, сихха
бицбина, цхьа наггахь волчун ц1е исторехь
йисина».
Хьалхуо Нохчийчохь сих-сиха нислора,
кхо жайна а 1амадой, «со 1еламстаг
ву», олий, цхьа иэхьдайнарш хьехамаш
бан буьйлабалар. Ишттачаьрца даима
луьра къийсам латтийначу бакъ 1еламнахах
вара Ахьмад-Хьаьжа. Дайшкара
схьаэцначу бусулба динан хаарш кхин а
шордеш, к1аргдеш, карладохуш, цо Бухарахь,
Ташкентехь, Амманехь лаккхарчу
бусулба динан кхерчашкахь кхиамца
дийшира. Шеца цхьаьна дешначийн иэсехь
шен а, нохчийн къоман а дика а,
хаза а амат дитира цо. Цунна тоьшалла
ду тайп-тайпанчу мехкашкара баьхкинчу
1еламнаха ден хастаме къамелаш,
тоьшаллаш а.
Бакъ бусулба хиларна, Аллах1-Дела
воцчух, кхин Ахьмад-Хьаьжа озалуш
х1ума дацара. Иза иштта дуйла вайна
шера гира, т1еман къизалло цестина,
дерина нохчийн къам кхачорна гергадаханчу
муьрехь Ахьмад-Хьаьжас вайн
махка т1амца баьхкинчу инарлашца,
Москварчу политикашца, т1ебаьхкинчу
ваххабиташца, меттигерчу церан хьадалчашца,
нохчийн къомехьа къуьйсуш
динчу даккхийчу г1уллакхашкахь. Диц
ца ло, вайн къам емалдечаьрга АхьмадХьаьжас,
б1о ца къажош, доьналлица
ша нохчийн къомах хилар, вайн къам
бехке цахилар дозаллийца юьхь-дуьххьал
баьхна, тоьшаллаш а далош
Т1еман хьаьттахь а лаьттира иза,
1ожаллех ийзавалар доцуш, шен миска,
декъаза къам букъа т1ехьа а лоьцуш.
Адамаш карзахдаьхнарш, зулам
даржийнарш шайн доьзалшца цхьаьна
махкара бевдира, кхечу пачхьалкхашкахь
баха охьахевшира. Ткъа АхьмадХьаьжа
шен доьзалца цхьаьна богучу
махкахь висира, шен къомах хилларг
шайна хилийта реза а хилла, шайна
кхерам кхечарначул алсам боллушехь.
Арахьарчу мостаг1чул ямарт вара чуьра
мостаг1. Делахь а Ахьмад-Хьаьжа
тешна вара Делан лаам боцуш дика я
вон цахиларх.
Цуьнан амалехь дацара цхьаболчу
«1еламнехан» амалехь дерг. Шайн
дог1маш довдийна лелачу царна бен
а дацара нохчийн къомах хуьлуш лаьттарг.
Шайн синошкахьа а бевлла, уьш
къора бара Дала шайна т1едехкинчу декхаршна.
Ткъа Ахьмад- Хьаьжас майрра
д1акхайкхийра, ша т1ом сацо веана цахилар,
кхин цкъа а вайн махкахь т1ом ца
хилийта ша веана хилар. Шен сийлахь и
кхайкхам кхочуш а бира цо, ша г1азотехь
эхарта верзале. Нохчийн къоманна т1е
къиза бала боьссича, дерриге а халкъ
цунах хьалхадаккха, Дала нохчашна велла
1у-верас, сийлахьчех къонах а, Дала
дика динчех 1еламстаг а вара иза.
Ахьмад-Хьаьжас дукха къахьийгира
тобанашка бекъначу нохчийн барт
ч1аг1бан г1ерташ. Цо даима олура:
«Шиъ бен тайпа дац дуьненахь: бусулба
а, керста а, биснарш – мунафикаш бу».
Цунна шен сил а дезнера нохчийн къам
бертахь, ирсе, Делан динан гураш-кахь,
махкахь беркат а дебаш, дахар.
Вайн дахаран бакъ, синойн къилба а хилла
д1ах1иттина тахана Ахьмад- Хьаьжин
сирла сатийсамаш, ц1ена ойланаш. Иза
декъалахиллачийн даржехь совваларан
а, Аллах1ан Ялсаманехь иза веза хьаша
хиларан а билгалонаш ю уьш.
Сан дукха хилла Ахьмад-Хьаьжин дахаран
некъах вайн махкахошца, къаьсттана
интеллигенцин векалшца, дагавийларш.
Ахьмад-Хьаьжа вевзина а, цуьнга
дукха ладийг1ина а ву со. Цуьнан дахаран
некъах язйина статьяш, книгаш а
ешна ас. Массара бохург, ч1аг1дийриг
а цхьаъ ду: эзар шарахь цхьаъ бен ца
волучу къонахех вара Кадыров АхьмадХьаьжа.
Дерриге гина, лайна волчу ас а
изза ч1аг1до.
Сан деган лааме хьаьжжина дешнийн
кхачо яц сан меттан хазнехь, суна малуъу
хас-таме дош ала. «Къонахашлахь
а къонаха вара-кх Ахьмад-Хьаьжа!-
олуш хеза халкъалахь.
Къинхетамечу Аллах1а г1о дира Ахьмад-Хьаьжина
нохчийн къам т1еман къизаллах
маьршадаккха а, ирсечу новкъа
х1отто а. Цхьана юьртара ц1а, куп яцара
т1амо йохийнарг, йогург. Цхьа доьзал,
цхьа стаг вацара шен ц1ийнах воьхнарг.
Цхьа нана, цхьа йиша яцара шен
к1антана, вешина тийжаш, Аллах1-Деле
кхойкхуш, тийжаш йоьлхург. Ерриге а
Нохчийчоь яра йогуш, массо а доьзалшка
кхаьчнера бохам, нохчийн наной, йижарий
бара шайн к1енташна, вежаршна
боьлхуш, Деле машар, ирс доьхуш.
Церан массеран а дог хьос-туш, церан
б1аьрхиш д1адохуш, уьш шайн доьзалийн
кхерчашка д1атарбеш, къа дара
дийнахь, буса а хьега дезаш. Тешнабехк
хьан, мичхьара бийр бу а ца хууш зама
яра иза. Цхьана м1аьргонехь а Делан диканах
дог ца диллинчу адамна бен шена
т1елацалурдоцу хала, амма жоьпаллин
дукъ дара Ахьмад- Хьаьжас шена
т1елаьцнарг. Ахьмад-Хьаьжас доггах олу
дош адамийн лерсине, дегнашка кхочура.
Цуьнан дашо, г1уллакхаша а кханенах
тешийра адам. Цуьнан дашо нанойн,
йижарийн дегнаш хьаьстира, Делан диканах
дог ца диллийтира. Ахьмад-Хьаьжин
дашах, г1уллакхех тешнарш цунна улле
а, т1аьхьа а х1иттира. Дуьххьара дуьйна
цунна уллехь вара цуьнан к1ант Рамзан.
Ц1еро багочу махкахь гечо даьккхира,
т1аккха маршонан, машаран а некъ
баьккхира Ахьмад-Хьаьжас. Дуьххьара
адамийн дегнашка некъ баьккхира Ахьмад-Хьаьжин
масла1атечу, къинхетамечу
матто. Цуьнах тийшира, иза бакъ
дош олуш волу дела, иза мехкан а, халкъан
а дуьхьа къахьега, шен юкъ а йихкина,
араваьлла волу дела. Нохчийчохь
юхаметтах1иттийра лакхара дешаран
хьаьрмаш, школаш. Хьехархой школашкахь
хьеха буьйлабелира. Аудито-реш
чохь студенташ бара. Дуьненна а шайн
хьуьнарш гойтуш спортсменаш. Вайн
къоман исбаьхьа оьздангалла д1агойтуш
артисташ, актераш. Кхечу пачхьалкхашкахь
вайн къомах хастаме дош алийтира
«Вайнах» ансамбло, театрийн актераша.
Нохчийн къоман ц1арна уллехь дика,
хастаме дешнаш хаза дуьйладелча,
къам юха а когах1отта, дуьненахь шен
меттиг д1алаца доладелча, цадезарг,
цатовриг а к1езиг вацара. Нохчийн къоман
верас, да а хилла Ахьмад-Хьаьжа
д1ах1оттар-м шайна цадезар лечкъа а
ца дора цхьаболчу политикаша.
Хийлазза эвлаяаша баьхна олуш,
дуьйцуш хезна: «Цхьана заманчохь бусулба
дин, тай санна, дуткъалур ду,
хадарна герга а г1ур ду. Оцу заманчохь
Нохчийчохь шозза т1ом г1оттур
бу, дукха адам х1аллак а хир ду. Дуьххьарлера
т1ом шина шаре а ца болуш,
д1абоьрзур бу, амма шолг1аниг бахлур
бу, старо- буг1ано цалаллал, адамана
ницкъ хир бу, нагахь мунафикийн
барт хилахь». И дерриге гина а, зийна
а ду вай. Цул т1аьхьа динан да г1оттур
ву аьлла, бусулба дин хадарера юха
стамдеш, марздеш, маьлхан з1аьнарш
санна, адамийн синош Делан новкъахь
ц1ин а деш. Цхьаболчара, шаьш шайх а
ца тешача-ра, шеконе дуьллура иза.
Ахьмад-Хьаьжас динчу дикачу
г1уллакхийн барам боккха бу. Кхин х1умма
а ца хилча а, Ахьмад-Хьаьжас 1ожаллин
багара а ваьккхина, хьуьн чуьра, лаьмнашкара
маьршачу дахаре ц1аверзийна
итт эзар сов т1емало тоьар вара, цунах
даьллачу беркатан дозаллийн хьакъболу
мах хадо. Уьш керлачу 1едалан структурашка
балха а х1иттий цо, Россера цхьаболчу
«политикаша» новкъарло ешшехь.
Муьлхачу меха лара маьршачу дахаре
цхьа стаг юхаверзор а?!
Къам тобанашка, зуламечу тобанашка
декъарна гуттар а дуьхьалволчу Ахьмад-Хьаьжас
сих-сиха хьехамаш бора
къоман цхьааллехьа, бартехьа. Харцонна
дуьхьал къаьхьа, диканиг хасто мерза
а ала дош кхоийначийх вацара иза.
НР-н республикерчу, Россин, кхечу пачхьалкхийн
а журналисташца шен хуьлучу
цхьаьнакхетаршкахь, пресс-конференцешкахь
бакъдерг дийцарна нохчийн
къомана везара, цхьаболчу политикашна
ца везара Ахьмад-Хьаьжа.
«Бандиташ нохчий бац, бандиташ
дуккха а пачхьалкхийн спецслужбийн
агенташ бу, — дерриге а дуьненна а хозуьйтуш,
майрра д1акхайкхийра АхьмадХьаьжас.
– Бандиташ б1еннаш эзарнаш
маьрша нохчийн зударий, бераш, къаной
х1аллакбийраш, эзарнашкахь адамашна
талораш дийраш бу». Оццул доьналлийца,
мехкан, къоман лазамца декна цуьнан
аз к1еззиг хезна вац со х1етахь, оцу
чолхечу, кхерамечу заманахь.
Сан дукха нисделла Ахьмад-Хьаьжица
цхьаьнакхетарш. Собар, кхетам,
къинхетам, юьхь-дуьххьал, къаьхьа делахь
а, бакъдерг алар, йист-барам боцу
доьналла – уьш яра цуьнан васт дузу
коьрта билгалонаш, мостаг1ашна цатовраш.
Нохчийн бакъволчу къонахчуьнга
шайн луьра цабезам цара гучу
а баьккхира 2004-чу шеран 9-чу майхь
– теракт ярца – дерриге а нохчийн къоме
тезетан дакъа а кхачош. Бакъдуьнене
д1авахара Ахьмад-Хьаьжа. Кхерам
кхерстира нехан дегнашкахула – машарехьа
яьккхина ондда г1улч юхайоккхурий-те
боху кхерам.
Шен ден, Ахьмад-Хьаьжин, некъ ца
хадийта ц1ена нигат долчу Рамзана,
шен баьччин нигат кхочушдан лаам болчу
нохчийн къомо а ца хадийтира дикачу,
масла1атечу г1уллакхийн з1е.
Тахана машаречу деноша хьоьсту Нохчийчоь,
адамийн ирсе, екхна яххьаш юхюха
а тоьшалла деш ю Ахьмад-Хьаьжас
динчу дикачу г1уллакхашна. Вайн къоман
оьмарехь, дахаран некъахь к1езиг
ца хила бохамаш, т1емаш. К1езиг ца
хила мехкан а, халкъан а дуьхьа къахьегнарш.
Делахь а, ХХ-г1а б1ешо чекхдолуш,
ХХI- г1а б1ешо долалуш, вайн
махкахь даржийнарг санна зулам, къиза
т1ом а хилла бацара. Иштта киртиг
халкъанна а, махканна а т1ех1оьттича,
хьалхавала, жоьпалла шена т1елаца а
вуно хала ду. Делахь а атта ду, «Дала
бакъо толайойла!» — аьлла, Бакъо толор
бен, кхин 1алашо йоцчунна. «Дала бакъо
толайойла!» — аьлла, къоманна хьалхаваьллачу
Ахьмад-Хьаьжин Дала аьтто
бира цо д1а мел долийначу беркатечу
г1уллакхаш т1ехь. Вайн къоман, кхечу
къаьмнийн а векалша к1езиг ца аьлла
Ахьмад-Хьаьжех хастаме дешнаш.
Цуьнан дахарх, дахаран некъах а книгаш
язйина, документальни кинош яьхна,
иллеш, эшарш а яьхна. Уьш дерриш
а баркаллин дешнаш ду, къомо цуьнан
хьурматдеш аьлла. Т1аьхьайог1учу
т1аьхьенна а масал хилла вехар волчу,
вайн мехкан, халкъан а дуьхьа шен дахар
д1адалар ирс хеташ ваьхначу Ахьмад-Хьаьжина
лерина язйина сайн стих
а йилла лиира суна даггара айса динчу
тоьшаллин-къамелана юкъа:
Делан тур дара хьо, бакъонна даьккхина,
«Бакъонан лом», — аьлла, къомо ц1е яьккхина.
Сийлахь вара хьо, махкана везна,
Веза хьо хьакъволуш, бакъонца ц1ена.
Ницкъ бара хьоьгахь нийсонна т1ехь латта,
Буьрса дара хьан мостаг1чуьнца къамел:
«Хьо стенна веана, бехк а боцуш коча,
Х1иттадеш зударий, бераш а халчу?»
Вацара Деле хьо хьайна бахам боьхуш,
Вара хьайн халкъана хьо ирс доьхуш,
Вайн къам, мохк хилийта хьаьгна маьрша,
Хилира г1азотехь сийлахь во1 Ахьмад.
Кхалхарах ца ваьлла, Ахьмад, хьо къайла,
Дегнашкахь веха хьо тхан х1ора денна,
Г1ийланиг хьостура, дош олий довха,
Цундела еха-кх тхоьца хьан деган йовхо.
Хьан амат дисна вайн къоман иэсехь,
Хьан ц1е ю даимна а мискачийн лерсинехь,
Седа-са бисна хьан стиглахь лиэпа,
Хьо дукхавезначийн юьхь-сибат кхала.
Сийлахьчу ден сийлахьчу к1анта Рамзана
схьаийцира дегара махканна, халкъанна
вацаран и сийлахь-деза дукъ,
туьйранехь санна, Нохчийчохь хаза дахар
д1а а х1оттош.
Дала г1азот къобалдойла АхьмадХьаьжин!
Нохчийн къам мел деха адамийн
дегнашкахь вехар ву АхьмадХьаьжа.
Азаллера схьадог1у вайнехан
1адат ду иштта: къо-нахий леш бац –
уьш т1аьхьенийн ойланашкахь, дегнашкахь,
г1уллакхашкахь беха!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

677