Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.02.2019 15:02 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 9-10 от 21.02.2019 г.

Нохчийн яхь йола Къонах

Автор: Усумов Яхъя

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» Хаьттира ахь соьга Шуьнехь 1аш вай. — Дерриг а дуьне ду Къонахчун меха! Х1ара дуьне-м къонахийн Белшаш т1ехь дай! Шайн синойх а догдиллина, къам б1арзделла хьийзачу хенахь, г1енах а т1еман эрчаллаш дуьхьалх1уьттуш, Аллах1 Делан дуьхьа къоман маршонна шен са кховдош г1аьттира яхь йолчу к1енташца догмайра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан кхайкхамца цунна юххе д1ах1оьттира Даудов Хожа-Ахьмадан Мохьмад. Ахьмад-Хьаьжа декъалхиллачу дийнахь цунна уллехь хилла цхьаберш, шеконе а бевлла, уьдучу хенахь, Рамзанна юххехь висира Мохьмад, Ахьмад-Хьаьжин маршонан некъа т1ехь шен дахар д1адала кийча а волуш. Хала дара къонахошна, дин ч1аг1деш, машаран дахар д1ах1отто. Хьуьнхахь мехкан мостаг1ий бара шайн тоба стамъеш, 1еламнахана, 1едалан белхалошна тешнабехкаш беш, эвлияаш сийсазбеш. Оцу халачу муьрехь Рамзанна юххе а х1оьттина, Мохьмада а, церан накъосташа а д1ац1анйира Нохчийчоь иблисийн тобанах. Къоман маршонан дуьхьа эгначийн Дала г1азот къобалдойла, чевнаш хиллачарна Дала дарба а, собар а лойла! Мохьмадан доьналлин лаккхара мах хадош, Россин Турпалхо аьлла ц1е елира. Цуьнан къонахалла гойту цунна диначу кхечу совг1аташа а. Рамзана вовшахтоьхначу командехь болх барна, доккха зиэделларг ду Хожа-Ахьмадан Мохьмадан. Цо доккха дакъалаьцна терроризмана дуьхьал д1абаьхьначу къийсамехь, къаьсттина зуламхой х1аллакбарехьа д1аяьхьначу дукха а лерринчу операцешкахь. Даудов Мохьмад ваша а, тешаме накъост а ву НР-н Куьгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьажин Рамзанан. Тешаме хилар
на, Рамзана Мохьмадана т1едохку уггаре а жоьпалле г1уллакхаш. Тахана Мохьмад Нохчийн Республикан Парламентан Председателан даржехь болх беш ву. Ша къона велахь а, шен болх дика бевзаш, Рамзана шена т1едехкина декхарш кхетамца кхочушдеш а ву Мохьмад. Вайн махкахь луьра т1ом болчу муьрехь жима стаг вара Мохьмад, амма даккхий хьуьнарш гойтуш, майраллица халонех чекхвуьйлуш, Рамзанан тешаме накъост хилла д1ах1оьттира иза. Рамзан а, Мохьмад а нохчийн къоман хилла ца 1аш, массо а бусалба нехан вежарий бу, оьшучунна шайгара орца кхочуьйтуш, г1ийлачунна, мискачунна къинхетамца г1о-накъосталла деш. Аллах1-Дала латтабойла вайна ишта къонахий! Ламанца дин лелац, Ца хилча ленаш, Уьш кхачаделлачохь Соцуш бу дин… Иштта бу къонахий, Х1ара дуьне латтош, Къонахий д1абевлча – Духур ду и! Хьекъале дешнаш ду-кха ХожаАхьмадан Мохьмада олуш: «Цамгаро ца лаьцча, могашаллин хьал хуур дац, къиэн ца велча, мискачуьн хьал хуур дац, вонан хьал ца хиъначунна дикачуьн хьал хуур дац, г1иллакх доцчуьнгахь – нохчалла а хир яц, нохчалла йоцчуьн сий а хир дац». Мел нийса аьлла дешнаш ду уьш. Муьлхха болх а Рамзана цунах тешабо, цхьа а юьхь1аьржа ца х1оттош, дикаллица цо кхочушбо дела. Мохьмада шен къамелехь олуш ду-кх: «Къонахчунна уггаре а коьрта дерг къонах шех тешар ду, цо беллачу тешамна шалхо а йина, юьхь1аьржа ца х1отта, 1ожалла т1еэцар ду». Аллах1-Далла доггах хастам а беш, тахана суна лаьа: Аллах1-Дела реза хуьлда шуна! Дала аьтто бойла шун шайн атта боцчу, амма сийлахьчу маршонан некъа т1ехь къам кхин а толаме кхачо, ирсечу дахаро шайн дегнаш а хьоьстуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

350