Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:29 Четверг
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Школехь поэташца цхьаьнакхетар д1адаьхьира

Автор: С.Булатов

Апрель беттан х1ора дийнахь нохчийн маттана лерина иттанаш мероприятеш д1ахьуш ю вайн махкахь. Иза доьзна ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.А. Кадыровс 2007-чу шеран апрель беттан 25-г1а де «Нохчийн меттан Де» №207 лоьмар йолчу Буьйраца д1акхайкхорца. НР-н Куьйгалхочо арадаьхначу дуккхаъчу Буьйрашна юкъахь а, нохчийн меттан хьал тодан билггалчу 1алашонца арадаьккхина и Буьйр 1аламат боккха хилам бара, т1аьхьарчу шерашкахь хаъал де эшна, марг1алделла нохчийн меттан дахарехь. Вайна цахуург дац: нохчийн мотт ишколашкахь, вузашкахь, юкъараллехь, доьзалашкахь а 1амор, бийцар а г1ийла хилар. Уггар хьалха «х1окху заманан нохчаша» лахдина цуьнан сий-ларам бар, «престиж йолуш мотт бац иза», — бохуш. Шаьш цабийцарал сов, т1екхуьуш долу чкъор иза 1аморах а, бийцарх а мелла а юхадаьккхина цара. Оцу бахьанехь нохчийн мотт буьйцучара а шайх
пайдаоьцуш дац б1еннаш, эзарнаш дешнаш. Б1еннаш шерашкахь кавказан къаьмнашлахь а титульни мотт хилла схьабеанчу нохчийн маттана боккха эшам бу иза. 1862-чу шарахь нохчийн маттана дуьххьара алфавит язйинчу кавказоведа-1илманчо Петр Карловича Услара билгалдаьккхина, нохчийн мотт хьалдолчу меттанех цхьаъ бу аьлла. Аш дика ладог1ийша оцу матте, оцу маттахь д1аолучу иллешка, локхучу эшаршка а. Дика ладог1ийша, оцу иллийн, эшарийн а, уьш даг чу юьссуш… Дукха хан йоццуш Соьлжа-Г1алахь ц1еяххана вевзачу этнографо Хасиев Сайдмохьмад, нохчийн маттах, нохчийн мукъамах а тхо къамел деш 1аш, элира: «Нохчийн мотт – вайна Аллах1а делла деза жовх1ар ду, ткъа и мотт санна цхьанне а къоман йоцу шен мелос йолуш бу, нохчийн лард ларъеш язбина болу мукъам а». Мел исбаьхьа, зевне, аьхна, токхо йолуш, шатайпанара даг чу буьжуш, хаза бу
нохчийн мотт. Цунна б1аьрла тоьшалла деш санна, ч1ог1а хаза, дика, чулацаме д1адахара 20-чу апрелехь Къеда-Юьртан юккъерачу ишколехь Нохчийн меттан денна лерина «Ненан мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьоста» — кхоллараллин цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетараллин сий-лараме хьеший бара, кхайкхина баьхкина вайн махкахь дика бевзаш болу яздархой: Борхаджиев Хожбауди, Саиев 1умар а. Ц1архазмана дина цхьа а х1ума доцуш, вовшахтохархоша къахьегна, дика кечам бина мероприяти яра иза. Яздархой ишколан уьйт1а а кхачале, вайн дайшкара схьадеана хьаша т1еэцаран хаза г1иллакх лардеш, белабелла-бекхабелла хьешешна дуьхьалбаьхкира Къеда-Юьртан администрацин куьйгалхо Арсунукаев Шахруди, ишколан директор Домбаева Маржан а. Арахь дуьйна а гуш дара, ишколана юьртан администрацино верасалла деш хилар. Беркатечу адамийн говза куьг кхаьчна хилар хаалора д1а ког баьккхинчохь. Шена т1е б1аьрг бохуьйтуш, сир-кир дина, хаза кечйина ишкол, юкъ-юккъехь парг1ат охьахоийла долу дуккха а г1анташ. Ишколан ков-кертахь сада1а тойина меттиг йолчунна т1е а хазйинера заза хецначу йоккхачу стоьмийн бешо. Зал чохь, олуш ма хиллара, куй биллал меттиг яцара. Цхьабосса долчу дешархойн к1айчу духаро чоь серлаяьккхинера. Кхоллараллин цхьаьнакхетар дика д1адаьхьира 7-чу «В» классан дешархочо Мунталов Шарипа, 8-чу «А» классан дешархочо Сулейманова Аминас а. Мехкарий тобано «Ненан мотт» эшарца д1айолийра литературинмукъамийн программа. Цул т1аьхьа бовзийтира яздархойн Х.Борхаджиевн, 1.Саиевн а кхоллараллин некъ, церан стихаш, говза еша а йоьшуш. Иштта
7-чу «А» классан дешархочо Гачалаева Мархас йийшира Х. Борхаджиевс язйина «Сан шераш» стихотворени, ткъа иштта 3-чу «Б» классан дешархочо Гачалаев Увайса, 6-чу «А» классан дешархочо Делимханова Хедас, 6-чу «Б» классан дешархоша Борчашвили Мархас, Абубакарова Асхьаба, 7чу «Б» классан дешархоша Сулейманова Самирас, Делимханов Самада а йийшира: «Нохчийчоь», «Ненан мотт», «Сан парзаш», «Толаман байташ», «К1анте весет» стихаш. Иштта езаш т1еийцира ладог1архоша 5-чу «А» классан дешархочо Идрисова Элизас яьккхина д1алекхна Х.Борхаджиевн дешнаш т1ехь «Сан Кавказ» ц1е йолу эшар а. Иштта 9-чу «Б» классан дешархочо Халаева Заирас, 10-чу «А» классан дешархочо Мангаева Анисас, 9-чу «В» классан дешархочо Баймуратова Сацитас говза йийшира 1.Саиевс язйина стихаш: «Дахар доьху…», «Нохчийчоь», «Ваха лаьа». Литературин-мукъамийн программа чекхъяьллачул т1аьхьа Х.Борхаджиевс, 1.Саиевс а кхин а шуьйра йовзийтира хьехархошна, дешархошна а шайн кхолларалла, говзарш йоьшуш. Яздархочо 1.Саиевс ешна афоризмаш езаш т1еийцира ладог1архоша. Чаккхенга кхочуш, цхьаьнакхетар хеттаршка дирзира. Дешархойн цхьа а хаттар тидамза ца дуьтуш, дуьззина жоьпаш делира яздархоша. Цхьаьнакхетар дерзош, хьешашна даггара баркалла аьлла, Арсунукаев Шахрудис, Домбаева Маржана а хьешашна совг1аташ а дира, чомечу кхачанан шун а х1оттийра. Цхьаьнакхетар д1адирзича кхоллаелла ойла цхьаъ яра: Къеда-Юьртарчу юккъерчу ишколехь нохчийн мотт 1амо а, бийца а кхачам боллуш хьелаш кхоьллина хилар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

19